button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

9 — Сýрат Аттавбах1

9 — Сýрат Аттавбах1 [Тóбадар] [Мадийнатахь доьссина, 129 аят ду]

1.[х1ара] Аллах1ерá а, Цуьнан элчанéрá а ц1анвалар ду [Дáлла] дéкъахой бечáрех аша [шайца] барт бинчаьрга.
2.[х1ай Дáлла дéкъахой бинарш] Шу лéла лаьттахула беа баттахь [маьрша], шуна хаийла баккъалла а, аш Аллах1 г1óрасиз вийра вóций, баккъалла а, Аллах1а керстанаш [дуьнéнахь , эхартахь] сийсаз бийр буй.
3.[х1ара] Аллах1ерá а, Цуьнан элчанерá а д1ахаийтар [д1адовзийтар] ду адамашка доккха хьадж дехкаран [г1урбан] дийнахь, баккъалла а, Аллах1 ц1ена ву [Шéца] дéкъаховечáрех, [иштта] Цуьнан элча ву. Ткъа аша [дохко а девлла] тóбадахь , иза тоьлуш ду шуна, [амма] шу д1адерзахь, шуна хаийла баккъалла а, аш Аллах1 г1óрасиз вийра воций. Ахьа кхаъбаккха шаьш [Дéлах] цатешначаьрга лазóчу 1áзапца
4.[Дáлла] Дéкъахойбинчáрех аша шайца барт бинарш бóцурш, цул т1аьхьа [бехкамех] шуна х1уммá эшийна бóцурш, я шуна дуьхьал цхьаннé г1одина бóцурш, цéран барт кхóчуш бé аша, цéран хàн чекх йáллалц, баккъалла а, Аллах1ана дукха бéза [барт ларбарехь Шех] кхоьрурш.
5.Ткъа [ц1ий 1áнорах] дихкина беттанаш д1адевлача, ашa байъа [Дéлаца] дéкъаховийраш шайна уьш карийначохь, ашa схьалéца [йийсар бе] уьш, гó лáца цéран , [к1ела] ховша цáрна массó к1éлонгахь. Ткъа уьш дохкóбовлахь, цáра лáмаз х1оттадахь, закат лахь, ашa [маьрша] бита цéран некъ. Баккъалла а Аллах1 гечдийриг, къинхетамениг ву.
6.[Дáлла] Дéкъаховечáрех цхьаммó хьоьгара [шéна] г1о [к1елхьарваккхар] лехнехь, г1оьна к1ел лáца и, цуна Аллах1ан къамел хазийтархьама, цул т1аьхьа д1акхáчавé иза шéна кхéрам бóцучу меттигé. И [хьукма], баккъаллá а уьш ца хууш къам хиларна ду.
7.Мýха хир бу [Дáлла] декъахóвечéран барт Аллах1ана гергахь а, Цуьнан элчана гергахь а, Хьарам-маьждигна гергахь ашa шайца барт бинарш бóцучéран?! Уьш шуна нийса [тéшаме] хилахь, шу а хила цáрна нийса [тéшаме] ! Баккъаллá а Аллах1ана бéза [Шех] кхоьрурш.
8.[цаьрца барт] Мýха [хир бу]? Шаьш шуна т1ехь тóлахь , цáра тергал дийра [лардийра ма] дац шуна юккъехь [долу] гергарло а , тéшам [барт] а [мелхо а хьийзор дукх шу]. Шу рéза до цáра шайн батошца [хазчу къамéлашца, амма] дуьхьал ду цéран дегнаш [барт т1ехь чекхдовларна], цáрех дукхах берш [тéшамбóцу] пéсакънах бу.
9.Цáра йоьхкина Аллах1ан билгалóнаш к1еззигчу мéхах, [нàх] бухатоьхна цáра Цуьнан новкъах. Баккъаллá а уьш — [ма] вóн хилла [царна] цáра [шá] деш хилларг.
10.Цáра тергал ца до муъмастагехь гергарло а, тéшам [барт] а. Уьш бу уьш [зуламдарехь] т1ехбевлларш.
11.Ткъа уьш дохкóбовлахь, цáра лáмаз х1оттадахь, закат лахь — т1аккха шун вежарий бу [уьш] динехь. Óха билгалйо [Тхан] билгалóнаш [ойла ян] хуучу нáхана .
12.Цáра шайн дуйнаш къарбинехь , шайн барт [хиллачул] т1аьхьа , шун динна 1иттарш йинехь , шу лата керсталлин баьччанех , баккъалла а уьш – дуйнаш [бакъ] бац цéран . Т1аккха совца тарло уьш .
13.Шу ца лета ткъа [шуна биъна] шайн дуйнаш къарбинчу , элча [Маккара] áраваккха г1оьртинчу [дагахь хиллачу] къóмах , цáра [ма] дóлийна шоьца [латар] дуьххьар ?! Шу кхоьру цáрех ?! Аллах1 [ма] ву шу Шех кхéра т1ех хьакъ верг, шу муъманах делахь .
14.Лата цáрех , Аллах1а шун куьйгашца 1áзап лур [ма] ду царна , уьш сийсаз бийр [ма] бу , цáрна т1ехь шуна г1о дийр [ма] ду , муъманéхан кийранаш [дегнаш цáрех] 1áбор [ма] ду ,
15.церан дегнийн дéралла [оьг1азло] д1атилор [ма] ю . Аллах1а Шéна луучунна дохкóвалар къóбал до . Аллах1 хууш верг, кхéтам берг ву .
16.Шуна хетнера [моьттинера] тов шаьш [зéн ца зуьйш д1атесна] 1адда дуьтур ду , Аллах1ана хиънá [бевзинá] бóцуш шух шаьш [дóггах г1áзóтехь] къахьегнарш а , Аллах1 вóцуш , Цуьнан элча вóцуш , муъманах бóцуш [кхин] доттаг1ий ца лецнарш а ?! Аллах1 хууш ву аша дийриг .
17.[Дáлла] Дéкъаховечарна [бакъó] ца хилла [я цаьрца дóг1уш дац] Аллах1ан маьждигашкахь 1ар , шаьш керста хиларца шайн дог1машна т1ехь [шаьш] теш болуш . Уьш – цéран 1амалаш эрна йайна , гуттар ц1ергахь лаьттар бу уьш .
18.Баккъалла а Аллах1ан маьждигашкахь 1ийр ву , шá Аллах1ах , т1аьхьарчу дийнах тешнарг а , лáмаз х1оттийнарг а , закат делларг а , Аллах1ах бен ца кхийранарг а . Уьш герга бу [бакъонна т1ехь] нисбеллачáрех хила .
19.Ашa хилийтина [тов] хьажóна хидалар а , Хьарам-маьждигехь 1ар а , Аллах1ах а , т1аьхьарчу дийнах а тешнарг , Аллах1ан новкъахь [джих1адца] къахьегнарг санна ? Цхьатерра бац уьш Аллах1ана гергахь . Аллах1а ца нисдо зуламе къам .
20.Шаьш [Дéлах] тешнарш , [Дéлан дуьхьа] махкахбевлларш , шайн даьхнешцá а , шайн дог1машцá а Аллах1ан новкъахь [джих1адца] къахьегнарш – Аллах1ан гергахь т1ех беза бу даржехь . Уьш бу уьш [ялсаманийца] тоьлларш
21.Царна кхаъбоккху цéран Дáла Шéгарчу къинхетамца а , [Шá цáрна] рéзахиларцá а , [ялсаманин] бошмашцá а , шайна чохь цáрна [дáимна] лаьтташ [долу] зовкх долуш [йолчу] ,
22.[шаьш] цу чохь лаьттар [1ийр] болуш дáимнá а . Баккъалла а Аллах1 – Цунна гергахь йоккха ял ю [царна].
23.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Ма лéца шайн дай , шайн вежарий [шайна цáрех] доттаг1ий [бай , нагахь] царна иймáнал керстаналла дукхадезнехь . Шух цáрех [шайна] доттаг1ий бинарг [милла велахь] , уьш бу [шуна] уьш зуламхой .
24.Ахь ала :»Нагахь санна шун дай , шун к1ентий , шун вежарий , шун зударий [майранаш] , шун гергарнаш , ашa гулдина даьхнеш , шá [д1ацадоьдуш] сацарх шу кхоьруш долу совдéгар , шу шайна рéза долу [шун] х1усамаш шуна т1ех дукхаéзаш елахь Аллáх1ал а , Цуьнан элчанал а , Цуьнан новкъахь [джих1адца] къахьéгарал а , т1аккха шу хьéжа Аллах1 вáллалц Шен омaрца . Аллах1а ца нисдо пéсакъ къам».
25.[Дéлóра] Бакъдолуш , Аллах1а тóлийна шу дуккха [т1еман] меттигашкахь , [иштта] «Хьунайн» дийнахь а , [оцу дийнахь] шун дукхаллó тáмашбайтира шоьга , [амма] цо хьалха ца даьккхира шух х1уммá а , [кхéрадаларна] гатделира шуна латта шен шóраллийца , т1аккха [эшна] юхадирзира шу букътоьхна .
26.Цул т1аьхьа Аллах1а синтем боссийра Шен элчаннá а , муъманáханá а т1е , [малийкин] эскарш диссийра Цó , шуна шаьш гина дóцу , Цó 1áзапдира шаьш [Дéлах] цатешначарна . Иза цатешначéран бéкхам бу .
27.Т1аккха Аллáх1а гечдийр [тóба къóбалдийр] ду цул т1аьхьа Шéна луучунна . Аллах1 гечдийриг , къиннхéтамéниг ву .
28.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Баккъаллá а [Дéлаца] дéкъаховийраш боьха бу [шуна] . Уьш [хьадж доьхку аьлла] герга [улле] ма бóг1ийла хьарам-маьждигна х1окху шайн [хьадж дехкаран] шерал т1аьхьа . [нагахь санна] Шу [уьш совдéгарна ца баьхкина аьлла] къоьллах кхéраделлехь , Аллах1а шу хьалдолуш дийр [ма] ду Шен комаьршаллах , Шена лаахь . Баккъалла а Аллах1 хууш , кхéтам болуш ву .
29.Т1ом бé шаьш Аллах1ах , т1аьхьарчу [къéмата] дийнах цатéшачарцá а , шá Аллах1á , Цуьнан элчанó хьáрам динарг хьáрам ца дечарцá а , бакъ дин ца лелóчарцá а , шайна жайна деллачáрех болчу , цáра [имaн ца диллахь , эшначу] куьйга ясакх яллалц , шаьш сийсаз болуш .
30.Жуьгташа элира :»1узайр — Аллах1ан к1ант ву». Насáрáш [керстанаша] элира :»Масийхь [1ийса] — Аллах1ан к1ант ву». Иза [цáра] шайн батошца [аьлла] цéран [бухбóцу] áлар ду . Уьш тарло [оцу шайн къамéлехь] шаьш [шайл] хьалха [Дéлах] цатешначéран áларх . Аллах1а х1аллaкбойла уьш ! [оццул] Тила муха лур бу ?!
31.Цáра [жуьгташа] лéцира шайн молланаш а , [керстанаша] шайн мозг1арш а делий бина , Аллах1 [1адда] витина , Марьяман к1ант Масийхь [1ийса] а [лéцира цáра дéла вина]. Цаьрга омaр ца динéра , цхьана Дáлла 1ибáдат дарца бен , кхин дéла [ма] вац Иза вóцург , ц1ена ву Иза цáра [Шéца] дéкъаховечух .
32.Царна лаьа , шайн батошца Аллах1ан нур [дин] д1адайъа . [амма] Аллах1 рéза вац , Шен нур кхóчуш дан бен , [Шех] цатéшачарна иза цадезнехь а .
33.Иза ву , Шá Шен элча ваийтинарг нийсонцá а , бакъонан динцá а , и тóлорхьама массо динна т1ехь , [Шéца] дéкъаховечарна иза цадезнехь а .
34.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Баккъалла а жуьгтийн молланех а , [керстана] мозг1арех а дукхахберш — [Дéлора] хaрцонца нéха даьхнеш [ма] дуу цáра , Аллах1ан нéкъах [нах] буха [ма] бетта цáра . Шаьш деши , дети гулдеш берш , Аллах1ан некъахь цуьнах харж ца еш , ахьa цаьрга кхаъбаккха лазóчу 1áзапца .
35.Оцу дийнахь ц1ийдийр [кхохкор] ду уьш жоьжахатин ц1ергахь , цаьрца дáгор ду цéран хьаьжнаш , цéран áг1óнаш [хéнаш] , цéран баккъаш . [цаьрга эра ду] «Х1ара ду , шá ашa шайн дог1машна гулдинарг , 1овша шá ашa [дуьнéнахь] гулдеш хилларг».
36.Баккъаллá а Аллах1ана гергахь беттанийн дагардалар [масалла , дукхалла] — шийтта бутт бу , Аллах1ан жайнахь [билгалбина] , Цо стигланаш а , латтá а кхоьллинчу дийнахь , цáрех биъ бихкина [вóниг дан ца магийна , беза] бу . Иза деза [нийса] дин ду . Ашa зулам ма дé царна чохь шайн дог1машна . Ашa т1ом бé [Дéлаца] дéкъахoвечарца массáра , цáра шоьца т1ом ма-барра массáра , шуна хаийла баккъалла а Аллах1 [Шех] кхоьручарца вуйла .
37.Баккъалла а [бутт шен хéнал] т1аьхьататтар , керстаналлехь сов вáлар ду , шéца шаьш [Дéлах] цатешнарш тилош [долу] , цхьана шарахь мага бо цáра и [шайна] , вукха шарахь мага ца бо цáра и , Аллах1а шá цамагийна дагардаларца [масаллийца] нисбалархьама , т1аккха Аллах1а цамагийнарг магорхьама . Царна хаздина шайн 1амалийн вóлла . Аллах1а нис ца до [Шех] цатéша [керста] къам .
38.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Шуна х1ун хилла , шайга Аллах1ан новкъахь [г1азóтана] áрадовла аьлча [кхайкхича , мало , к1áдо йина] лаьттéхьа ма даздели [ма таь1и] шу ?! Шу рéза хилла ткъа , дуьнéнан дáхарна эхартал а [и дукхадезна] ?! Дуьнéнан дáхаран зовкх [ма] дац эхартахь [долчуьнца дуьстича] к1еззиг [х1ума] бен .
39.Шу [г1áзóтана] áра ца довлахь , Цо шуна 1áзап дийр ду лазóчу 1áзапца , кхéчу къóмаца шу хуьйцур ду , ашa Цунна зен дийр дац цхьанá х1уманца . Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .
40.Ашa цунна [элчанна] г1о ца дахь , бакъдолуш Аллах1а г1одина цунна , шаьш [Дéлах] цатешначáра иза áраваьккхинчу хéна , шиннах шолг1аниг волуш , и шиъ хьех чохь волчу хéна , цо [элчано] шен нáкъосте [Абу бакре] óлучу хéна :»Хьо г1айг1ане ма хила , баккъалла а Аллах1 вайца ву» , т1аккха Аллах1а боссийра цунна т1е Шен синтем , Цо ч1аг1вира и [элча] шуна гина дóцучу эскаршца , Цо дира шаьш [Дéлах] цатешначéран дош лахара , Аллах1ан дош – и ду лакхара . Аллах1 сийлахь верг , кхетам берг ву .
41.Áрадовла [дéг1ана] дайнаш [къóна дерш] , [дéг1ана] дезанаш [къéна дерш] , къахьéга [г1áзот-дé] шайн даьхнешцá а , шайн дог1машцá а Аллах1ан новкъахь . Иза [дуьнéнахь , эхартахь] тоьлуш ду шуна шу [пайден дерг] хууш делахь .
42.И [г1áзотан áравáлар] хиллехьáра гергара пайдá а , юххера некъ а хьуна т1аьхьах1уьттур ма бара уьш , делахь а гéнахийтира царна [и Шéма боьду] некъ . Аллах1аца дуйнаш буур бу цáра хьуна , тхан ницкъ кхаьчнéхьáра шоьца áрадевлла хир ма дара тхо [бóхуш] . Шайн дог1маш х1аллак до цáра . Аллах1ана хаьа , баккъалла а уьш харцлуьйш буй .
43.Аллах1 хьайна къинт1éра вáларг , царна [ц1ахь совца] пурба х1унда делла ахьa , хьайна [цáрех] шаьш [бехказлóнашкахь] бакълийнарш билгала бовллалц , харцлуьйраш бовззалц ?!
44.Хьоьга пурба ца доьху шаьш Аллах1ах а , т1аьхьарчу [къéмата] дийнах а тéшачара , шайн даьхнешцá а , шайн дог1машцá а г1áзот дарх [ц1ахь совца] . Аллах1 хууш ву [Шех] кхоьрурш [муьлш бу].
45.Баккъалла а хьоьга [ц1ахь совца] пурба доьху Аллах1ах , т1аьхьарчу [къéмата] дийнах цатéшачáрá а , [ахьa деанчух] шайн дегнаш шекдевллачáрá а , уьш шайн шекóнехь боьхна [лéлаш] бу .
46.Царна [хьоьца] áрабовла лиънéхьáра , цунна [т1еман] г1ирс кечбина хир ма бара цáра , делахь а Аллáх1ана цадийзира [г1áзóтана] цéран [хьоьца] бахкар , [цундела] Цó хьéбира [совцийра] уьш , [цаьрга] элира :»Ц1ахь 1аьчарца ц1ахь 1é !»
47.Шоьца áрабевллехьáра , цáра шу совдóхур ма дáцара [сóбарх , низамах] доьхна хьовзарехь бен , цáра сихó йийр ма яра шуна [юкъахь] питан [эладитá даржа] лууш . Шуна юкъахь бу цаьрга ладоьг1урш . Аллах1 хууш ву [шоьх] зуламхой [муьлш бу].
48.[Дéлóра] Бакъдолуш [цул] хьалхá [ма] лиънéра цáрна питан , хьýна [дерриге] г1уллакхаш [белхаш] кéгийра [т1екелдéхира] цáра , бакъдерг дáллалц , Аллах1ан болх гучубáллалц , уьш [и] цадéзаш болуш .
49.Цáрех ву шá óлург :»[ц1ахь 1ан] Пурба лóхьа сýна , ма зéхьа со [хьайца áраваккхе] !» Вá , [оцу дашца] питне эгна уьш ! Баккъалла а жоьжахати , керстанна гó бина ма ю .
50.Хьуна т1е [цхьа] дика деача , царна цатам бо цо . Ткъа хьуна т1е [цхьа] бáла беача , цáра óлу :»Бакъдолуш , óха [х1окхул] хьалха [т1едирзина] дóладира тхан г1уллакхан». [д1аберзе] Д1абоьду уьш , [шайн балхах] шаьш баккхийбуьйш .
51.Ахь áла :»Тхýна [даннé а] т1едóг1ур ма дац , Аллах1а тхýна яздинарг бен , Иза ву тхан эла . Аллах1ана т1етовжийла муъманах !»
52.Ахь áла :»Шина диканах [г1áзотехь кхалхарх , я тóлам баккхарх] цхьаьнга бен хьоьжий ткъа шу тхуна ? Тхо ду шуна хьоьжуш , Аллах1а Шéна гергара , я тхан куйгашца шуна 1áзап т1едаийтаре . Хьéжа шу , баккъалла а тхо ду [шуна] шоьца хьоьжуш 1аьш».
53.Ахь áла :»Харжйé-аш лаьаш , я цалаьаш , шоьгара [яннé а] къóбал йийр ма яц и . Баккъалла а шу хилла пéсакъ къàм».
54.Уьш буха ма ца тоьхна шайгара шайн харжаш къóбал ярха , баккъалла а уьш Аллах1ах , Цуьнан элчанах а цатéшаро бен . Лáмазе ца бóг1у уьш шаьш малончанаш болуш бен , харж ца йо цара шаьш [и харж-яр] цадéзаш болуш бен .
55.Хьо цец ма воккхийла цéран бáхамашá , цéран бéрашá . Баккъалла а Аллах1ана лаьа цаьрца уьш дуьнéнан дáхарехь 1áзапé лáцá а , уьш керста болуш цéран синош довлá а .
56.Аллах1аца дуйнаш буу цáра , баккъалла а шаьш шоьх ма ду [бóхуш] . Уьш [ма] бац шоьх , амма кхоьруш къам ду уьш .
57.Шайна д1алечкъийла , я хьéхарш , я лаьттах доьду 1уьрг кардахьáра , цига д1ахьолхур ма бара уьш , шаьш сихбелла .
58.Цáрех ву шá сáг1анашкахь [закаташ нийса дéкъарехь] хьан бехкбоккхург , ткъа шайна цáрех [цхьа дáкъа] делча шаьш рéзахуьлуш , ткъа шайна цáрех ца делча шаьш оьг1азоьхуш .
59.Баккъаллá а уьш рéзахиллéхьáра шайна Аллах1á а , Цуьнан элчанó а деллачунна , цáра аьллéхьáра :»Тхýна тоьур ву Аллах1 , тхýна лур ду Аллах1а a Шен комаьршаллах , [иштта] Цуьнан элчано а . Баккъалла а тхо Аллах1е догдохуш ду».
60.Баккъаллá а сáг1анаш [закаташ] Аллах1ера парз хилла пéкъаршнá а , мисканашнá а , [уьш гулдеш] цу т1ехь болхбечарнá а , шайн дегнаш [ислáмаца] бертадáлочарнá а , [лайш] азатбáхарехь [маьршабáхарехь] а , [т1ехь] дéкхардоллучарнá [шайх г1ýда хьаьрчанчарнá] а , Аллах1ан новкъахь [г1áзотдечарнá] а , [некъбоьхначу] нéкъан к1антанá [некъахочуннá] а [дóг1уш , луш] ду . Аллах1 хууш верг , кхéтамé верг ву .
61.Цáрех бу шаьш пайхамарна [къамéлаца] халахоьтуьйтурш , цáра олу :»Иза [шéга схьааьлларг , схьадийцинарг бакъдеш] лергаш [долуш] ву». Ахь ала :»Шуна диканна [бакъ-харц девзаш] лергаш [долуш] ву [иза , шá] Аллах1ах тéшаш , муъманáхах [хезначух] тéшаш ву , шоьх шаьш [Дéлах] тешначарна [шá] къинхетам бу [иза]» . Аллах1ан элчанна халахоьтуьйтурш , цáрна лазош [долу] 1áзап ду .
62.Шуна Аллах1аца дуйнаш буу цáра шу рéзадархьама , Аллах1 а , Цуьнан элчá а сов хьакъ вар-кха цáра Шá рéзаван , уьш муъманах хилча .
63.Царна ца хиъна , баккъаллá а шá Аллах1ацá а , Цуьнан элчанцá а мостаг1алла [дов] лéлóриг [милла велахь] , баккъалла а цунна жоьжахатин ц1е хир юй [шá] гуттар цу чохь лаьтташ [хир йолу] ? И ю-кх [и] йоккха сийсазалла [дéкъазаллa].
64.Мунéпикъаш кхоьру шайна т1е [Дáла] сýрат доссóрах , шайга шайн дегнаш чохь дерг дуьйцуш . Ахьа áла :»[х1аъ] Кхарда шу [ма дáша шу элчано деанчух] ! Баккъалла а Аллах1а áра [1óра] доккхур [ма] ду шу шех кхоьрург».
65.[Делора] Ахьа цаьрга [шу] бусалбанашна [х1унда лийра] хаьттича , цара эра ма ду :»Баккъалла а тхо-м [бéгашна хабарш] дуьйцуш а , ловзуш а дарий». Ахь áла [цаьрга] :»Аллах1ах , Цуьнан áятех , Цуьнан элчанах кхаьрдаш [цадéшаш] дара шу ?!»
66.Бехказа ма дийла , бакъдолуш керстаналла дина ашa шаьш [Дéлах] тешначул т1аьхьа ! Тхо шоьх цхьана тóбанна къинт1éра довлахь а , [шоьх цхьайолчу] тóбанна 1áзап дийр ду Оха . Баккъалла а уьш къиношдеш хиларна .
67.Мунéпикъстегарий а , мунéпикъзударий а цáрех цхьаберш вукхáрех [схьабевлла цхьаъ] бу [уьш] , цáра омaр до вóчуьнца , цамагадо [диканца] девзинарг , шайн куьйгаш къовлу цáра [харж ярха] , Аллах1 [ца хьахош] вицвина цáра , [т1аккха] Цо а бицбина уьш [Шен диканех] . Баккъалла а мунéпикъаш , пéсакънах бу уьш .
68.Аллах1а ч1áг1о йина мупéпикъстегаршнá , мунепикъзударшнá , керстанашнá жоьжахатин ц1ерца [шаьш] гуттар цу чохь лаьтташ [хир йолу] . И тоьур ю царна [1áзап даларехь] . Аллах1а шайна не1алт аьлла [Шен къинхéтамах гéнабаьхна уьш] . Царна [цахéдаш] д1ах1оьттина [лаьтташ долу] 1áзап ду .
69.Шул хьалхарчарна санна [1áзап хир ду шуна а] , уьш бара ницкъехь шул чóг1á а , даьхнешкахь , доьзалшкахь [шул] àлсам а [х1еттé а 1áзап дира царна] . Цáра шайн дéкъах зовкх хьийгира , ашa шайн дéкъах зовкх хьийги , шул хьалхарчáра шайн дéкъах зовкх ма-хьеггара , ашa [харцдерг] дийцира цáра ма-дийццара . Уьш — цéран 1амалаш [мéл бóцуш эрна] яйна дуьнéнахь а , эхартахь а . Уьш бу уьш эшнарш .
70.Цáрна ца деана [тов] шайл хьалхарчéран хабар – Нýхьа къóман [хичубахийтарх] а , «1áдин» [мохца х1аллакбарх] а , «Самýдан» [ц1ог1ано лáцарх] а , Ибрáх1им къóман а , «Мадьяна» дайн [Шу1айб къóман] а , [Лýт1ан къóман] шахьарийн [яртийн] а ?! Царна баьхкира цéран элчанаш билгалóнашца [баххашца] . Аллах1 вáцара цáрна зуламдийр долуш , делахь а уьш бар-кха шайн дог1машна зуламдеш .
71.Муъмастегарий а , муъмазударий а цáрех цхьаберш вукхáрех [схьабевлла цхьаъ] бу [уьш] , цáра омар до [диканца] девзинчуьнца , цамагадо вóниг , лáмаз [х1отта] до цáра , закат ло , Аллах1анá а , Цуьнан элчаннá а муьт1ахь бу уьш . Уьш – Аллах1а къинхéтам бийр бу цáрех . Баккъалла а Аллахь сийлахь верг , кхéтам берг ву .
72.Аллах1а ч1áг1о йина муъмастегаршнá а , муъмазударшнá а шайна к1елахула тáтолаш лéлаш [йолу , шаьш] гуттар цу чохь лаьттар болу [ялсаманин] бошмаш [яларцá] а , «1адн» [дáхаран] бошмашкахь хаза х1усамашцá а . Аллах1ера [царна] рéзахилар вунó доккха [деза] ду . И бу иза боккха тóлам .
73.Х1ай пайхамар ! Джих1ад [г1áзот] дé керстанашцá а , мунепикъашцá а , к1оршаме [шóга] хила цаьрца . Цéран чуг1ойла жаьжахати ю . Ма вон воьрзийла ю-кх и .
74.Аллах1аца дуй буу цáра , шаьш [и] аьлла [ма] дац [бóхуш , Дéлора] бакъдолуш цáра керстаналлин дош [ма] аьлла , шайн бусалбаллин т1аьхьа керстá [ма] хилла , шаьш ца кхаьчначуьнга [кхáча] хьаьвсира уьш . Цáра гáмó ца лéлийра , Аллах1á а , Цуьнан элчано а шаьш Шен комаьршаллах хьал долуш дарнá бен . Уьш [тóба дина] дохко бовлахь , царна тоьлуш хир ду и , [ткъа тóбадарха] уьш д1аберзахь , Аллах1а царна 1азап дийр ду лазочу 1азапца дуьнéнахь а , эхартахь а .
75.Цáрех ву шá Аллах1ана ч1áг1о йинарг , [Дéлора] Цо тхуна Шен комаьршаллах [тарó] лахь , оха сáг1á лур ма ду , тхо диканáхах хир ма ду [аьлла].
76.Ткъа Цо шайна Шен комаьршаллах делча , сутара хилира уьш цуна , д1абахара уьш , шаьш д1áбирзина .
77.Цо мунéпикъалла йитира [кхоьллира] царна шайн дегнашкахь , уьш Шéна дуьхьалкхéтар болчу [къéмата] дийналц , цáра Аллах1ана хилпало [шалхо] ярна а шаьш Цунна йинчу ч1áг1онгахь , уьш харцлуьйш хиларнá а .
78.Царна ца хиъна , баккъалла а Аллах1ана шайн хьуламéниг а , къайлахниг а хууш хилар а , баккъалла а Аллах1 къайлéнаш сов хууш верг вуйла а ?!
79.Шаьш анташ дóхурш муъманáхах сáг1анаш даларна т1ийра болчéран , шайна шаьш къахьегнарг бен цакарош болчу , цáрех [муъманáхах] кхаьрда уьш , [т1аккха] Аллах1 кхаьрдара цáрех [мунéпикъех] , царна лазош долу 1áзап [хир] ду .
80.Ахьa царна гечдар дéхийла , я царна гечдар ма дéхийла , ахьa царна кхузткъе иттаза гечдар дехчá а Аллах1а царна [даннé а] гечдийр ма дац . Иза , баккъалла а уьш Аллах1ах а , Цуьнан элчанах а цатéшарна ду . Аллах1а ца нисдо пéсакъ къам .
81.[г1áзоте] Цабаьхкинарш баккхийбийра Аллах1ан элчане лáцадýг1уш шайн ц1ахьбисарх , царна цадийзира Аллах1ан новкъахь шайн даьхнешцá а , шайн дог1машцá а джих1ад [г1áзот] дар . Цáра элира :»Сих ма ло йовхонгахь [г1áзотана áрадовла] !» Ахь áла [цаьрга] :»[шу доьрзур долу] Жоьжахатин ц1е йовхонна [цул] сов ч1óг1а ю [шуна]», уьш кхéташ хиллехь .
82.К1еззиг боьлийла уьш , дуккхá боьлхийла уьш шаьш гулдеш хиллачун бéкхамна .
83.[ткъа] Аллах1а хьо цáрех цхьана тóбанé вухáверзийна , цáра хьоьга [г1áзотана юхахула áрабовла] пурба дехча , ахь áла :»Цкъá а соьца [г1áзóтана] áрадевр ма дац шу , цкъá а соьца [цхьанá] мостаг1на дуьхьал т1ом бийр ма бац ашa . Баккъалла а шу рéза хилира ц1ахьдиса [со] дуьххьара [áравóлуш] . [х1инцачул т1аьхьá а] Ц1ахь-1é шу [хьалха] цабаьхкинчарца».
84.Цкъá а цáрех цхьаннé т1ехь [и] велча [докъа] лáмаз ма дéлахь , цуьнан каш т1е ма х1отталахь . Баккъалла а уьш цатешна Аллах1ах а , Цуьнан элчанах а , уьш белла шаьш пéсакъ болуш .
85.Хьо цец ма воккхийла цéран даьхнеш а , доьзалш а . Баккъалла а Аллах1ана лаьа царна дуьнéнахь цаьрца 1áзап дан а , шаьш керста болуш цéран синош довлá а .
86.[Аллах1а] Цхьа сýрат доссийча :»Аллах1ах тéша , Цуьнан элчанца [цхьана] джих1ад [г1áзот] дé» — [аьлла] , цáрех хьóлан дайша хьоьга [ц1ахь-1ан] пурба дийхира , цáра элира :»Дитахь тхо ц1ахьбуьсучарца хила».
87.Уьш рéзахилира цабаьхкинчарца шаьш хила , [цундела] цéран дегнаш т1е мух1ар тоьхна [Дáла] , кхéташ бац уьш [шайнa пайден дерг х1ун ду].
88.Амма элчано а , шаьш цуьнах тешначарá а джих1ад [г1áзот] дира шайн даьхнешцá а , шайн дог1машцá а . Уьш – царна [эхартахь] диканаш ду, уьш бу уьш дéкъалберш .
89.Аллах1а царна кечйина , шайна к1елахула тáтолаш лéла [ялсамани] бошмаш , [шаьш] цу чохь гуттар лаьтташ [йолу] . И бу-кх боккха тóлам .
90.Áкха [áренан] 1арбойх [шаьш г1áзот ца дарна] бехказбуьйлурш баьхкира шайна [и] магадайта [гечдайта] . Шаьш Аллах1 а , Цуьнан элчá а харцвинарш [бехказбовлá ца бóг1уш] ц1ахьбисара . Цáрех шаьш [Дéлах] цатешначарна лазош долу 1áзап т1едóг1ур ду .
91.Заь1апхошнá [г1ийлачарнá] а , цомгучарнá а , шаьш [т1еман г1ирсана] ян харж ца карош болучарнá а т1ехь къа дац [уьш ц1ахьбисарна] , Аллах1ацá а , Цуьнан элчанцá а уьш догц1ена хиллехь . Дикадечарна т1ехь [бехк билла] цхьá некъ бац . Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ву .
92.Хьоьга шаьш [г1áзоте] бигийтархьама хьо волчу баьхкича , ахьа [шайга] :»Суна ца карайо шéна т1ехь шу дига [шу т1еховшо] х1умa» -аьлча , харж ян шайна х1умма ца караярна г1айг1анна шайн б1аьргаш б1аьрхих дуьзнá долуш д1абирзинчарна т1ехь а дац [къа].
93.Баккъалла а [бехк билла] некъ бу , шаьш хьóладай болуш хьоьга [шаьш ц1ахь-1ан] пурба доьхучарна т1ехь .Уьш рéзахилира цабаьхкинчарца [зударшца бухабисана] шаьш хила . Аллах1а мух1ар тоьхна цéран дегнаш т1е , царна ца хаа [и].
94.Шуна бехказабуьйлу уьш шу [шахьаре] духадирзича , ахь áла [цаьрга] :»Ма дийла [тхуна] бехказа , тхо шух [тешнé а] тéшар [долуш] ма дац . Бакъдолуш Аллах1а дийцина [довзийтина] тхуна шун хабарех [хьéлашех дерг] . Шун 1амал гур ю Аллах1анá а , Цуьнан элчаннá а , цул т1аьхьа шу дерзор ду къайлаха дерг , къайлаза [гуш] дерг Хуучуьнга , т1аккха Цо дуьйцур ду шуна ашa деш хилларг».
95.Шу [г1áзотера] уьш болчу духадирзича , Аллах1аца дуйнаш буур бу цáра шуна , шу шайгара [бехкаш дáхарх] д1адерзийта . Д1адерза шу цáрех , баккъалла а уьш боьха [нах] бу . [эхартахь] Цéран чуг1ойла жоьжахати ю , цáра [къинойх] гулдеш хиллачунна бéкхамна .
96.Шуна дуйнаш буу цáра шу шайна рéзахилийтархьама . Шу царна рéзахилчá а , баккъалла а Аллах1 рéза [хир] вац пéсакъ нáхана .
97.Áкха 1арбой керстаналлехь а , мунéпикъаллехь а [кхéчарел] сов ч1óг1а бу , Аллах1а Шен элчанна т1едоссийнарг шайна ца хаар [ца довзар , шайца] сов дóг1уш [хьакъ долуш] бу . Аллах1 хууш верг , кхетам берг ву .
98.Áкха 1арбойх ву шá [Аллах1ан новкъахь] ен харж зен [г1ýда] лóрург [хéтарг] а , шуна хьовзамаш [бáланаш т1ебахкар] ларбийриг [царна к1елахиънарг] а . Царна хулийла [и] вон хьовзам [бáла] . Аллах1 хезаш верг , хууш верг ву .
99.Áкха 1арбойх ву шá Аллах1ах , т1аьхьарчу [къéмата] дийнах тéшарг а , шá [Аллах1ан новкъахь] еш йолу харж Аллах1ана гергавахар , элчан до1анаш [к1елавахар] лóрург а . Вá ! Баккъалла а иза , царна [Аллах1ан] гергавахар [ма] ду . Аллах1а Шен къинхéтам юкъабáлор бу уьш . Баккъалла а Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ву .
100.Махкахбевллачáрех [мух1áжирех] , г1оьнчех [ансáрех] хьалхарнаш , дуьххьарлéранаш а , шаьш диканца царна т1аьхьабаьзнарш а , Аллах1 рéзахилла царна , уьш а рéзахилла Цунна , Цо царна кечйина , шайна к1елахула тáтолаш лéла [ялсаманин] бошмаш , [шаьш] цу чохь гуттар абадехь лаьтташ [хир йолу] . И бу-кх боккха тóлам .
101.Áкха 1арбойх шуна гóнахарчех а , Мадийнат [шахьар] ох1лунах а мунéпикъаш бу . Мунéпикъаллин т1ехь марзбелла [боьлла] , хьуна цабевза уьш , Тхуна бевза уьш . Оха шозза 1áзап дийр ду царна , цул т1аьхьа уьш берзор бу доккхачу [буьрсачу] 1áзапе .
102.Вуьйш [малонна , сада1арé товжарна ц1ахьбисанарш] къéра хилира шайн къиношна , цáра эйира [шайн] дика 1амал а , важа вóниг а . Аллах1 герга ву царна гечдан . Баккъаллá а Аллах1 гечдийриг , къинхéтамениг ву .
103.Цéран даьхнех сáг1а [закат] эца ахь , уьш [къинойх] ц1анбеш , [мéлехь] уьш совбохуш , царна до1а дé ахьа , баккъаллá а хьан до1а царна синтем [къинхéтам] бу . Аллах1 хезаш , хууш ву .
104.Царна ца хиъна , баккъаллá а Аллах1а Шен лешкара дохкобовлар къóбал дой а , сáг1анаш схьаоьций а , баккъалла а Аллах1 – Иза дохкобовлар къóбал дийриг , къинхетам бийриг вуйла ?!
105.Ахь áла [цаьрга] :»1амалйé аша , Аллах1анá а , Цуьнан элчаннá а , муъманаханá а гур ю шун 1амал . Шу дерзор ду къайлаха дерг а , къайлаза [гуш] дерг а Хуучуьнга , т1аккха Цо шуна дуьйцур ду аша деш хилларг».
106.Кхиберш Аллах1ан омарга догдóхуш бу . Я царна 1áзап дийр ду Цо , я цéран дохкóбовлар къóбул дийр ду Цо . Аллах1 хууш верг , кхéтаме верг ву .
107.Шаьш зеннá а , керстаналлийнá а , муъманах бéкъарнá а , хьалха Аллах1ацá а , Цуьнан элчанцá а т1ом бинчарна бухкечбарнá а маьждиг доьг1нарш , [Дéлора] цáра дуйнаш буур ма бу :»Тхуна ца лиънéра диканиг бен» [бóхуш]. Аллах1а тéшалла до баккъалла а уьш харцлуьйш ма бу [аьлла].
108.Хьо [лáмазна] ма х1отталахь цу [маьждиг] чохь цкъá а . [Дéлора] Дуьххьарлерачу дийнахь [дуьйна Дéлах] кхéрарна т1ехь доьг1на маьждиг [цул] сов хьакъ ма ду хьо шéна чохь [лáмазна] х1отта . Цу чохь бу шаьш [дéг1ана] ц1анбала лууш [болу] къóнахий . Аллах1ана [дукха] бéза [шаьш] ц1анойийраш .
109.Шá шен г1ишло Аллах1ех кхерарнá а , [И] рéзахиларнá а т1ехь йоьг1нарг тоьлуш ву , я шá шен г1ишло чутекхар болчу берда йистехь йоьг1нарг [тоьлу] , т1аккха шá цуьнца жоьжахатин ц1ерга хаьрцина [йолу] ?! Аллах1а ца нисдо зуламе къам .
110.Цáра шá йоьг1на [йолу] цéран г1ишло соцур яц , [шá] цéран дегнашкахь шéко [хиларх , уьш балá белла] цéран дегнех дáкъош хилча бен . Аллах1 хууш верг , кхéтаме верг ву .
111.Баккъаллá а Аллáх1а эцна [г1áзотана áрабевллачу] муъманáхера цéран дог1маш а , цéран даьхнеш а баккъаллá а царна ялсамани яларца . Аллах1ан новкъахь [мостаг1ех] лéта уьш , цáрá бойъу [мостаг1ий] , уьш а бойъу [мостаг1аша , шá] Цунна т1ехь ч1áг1о [хилла] , Товрат чохь а , Инжийл чохь а , Къуръан чохь а [шá] бакъхилла [ду и] . Мила ву Аллах1ал г1óли шен ч1áг1о кхóчуш еш верг ? Шу даккхийдé шайн совдéгарах [йохк-эцарх] , ашa шéца бартбинчу . И бу и боккха тóлам .
112.[баккхийбийр бу] Дохкобевлларш , 1ибáдатдийраш , хàстамбийраш , мàрханаш кхóбурш , руку1 дийраш , сужуд дийраш , [диканца] девзинчуьнца омaр дийраш , вóниг цамагóраш , Аллах1ан дóзанаш лардийраш . Кхаъбаккха муъманáхе !
113.Пайхамаран а , шаьш [Дéлах] тешначéран а [бакъо йолуш , я цаьрца дóг1уш] ца хилла цáра [Дáлла] дéкъаховечарна гечдар дéхар , уьш [шайн] гергара хиллехь а , шайна билгала даьллачул т1аьхьа баккъалла а уьш жоьжахатин дай [хирг] хилар .
114.Ибрáх1има шен дéна [иза валлалц] гечдар дéхар ца хилла ч1áг1онна бен , цо шá цунна йина йолу , ткъа цунна билгала даьлча баккъалла а и [шен дá] Аллах1ан мостаг1 хилар , ц1анвелира и цуьнах . Баккъалла а Ибрах1им ах1нé [до1анé] , эсала [сóбаре , к1éда хилла] ма ву .
115.Аллах1 [ма] вáцара [Шá цхьá] къам тилор долуш , Шá и нисдинчул т1аьхьа , царна шаьш кхéра [ларбала] бéзарг билгала даккхалц . Баккъалла а Аллах1 массó х1умá хууш [девзаш] ву .
116.Баккъалла а Аллах1 , стигланийн а , лаьттин а паччахьалла [óлалла] Цуьнан ду , дендо Цо , кхалхá до . Шун вац Аллах1 вóцург [цхьá] вéрас а , вац г1оьнчá а .
117.[Делóра] Бакъдолуш Аллах1a дохкóбовлар къóбал дина пайхамаран а , махкахбевллачéран [мух1ажирийн] а , г1оьнчийн [ансáрийн] а шаьш халóнан муьрехь [сахьтехь] цунна [элчанна] т1аьхьах1иттина болу , цáрех цхьана тóбанна дегнаш [бакъóнах] д1ахьовза [дóха] герга хиллачул т1аьхьа , т1аккха царна гечдира Цо . Баккъалла а Иза цáрех къахéташ , къинхетам беш ву .
118.Шаьш бухабитинчу кхаьнна а , царна латта гатделча , шá шуьйра [доккха] долу , царна шайн синош гатделча , уьш тешча Аллах1ах Цуьнга бен лочкъийла йóцийла , т1аккха гечдира Цо царна уьш дохкобовлийтархьама . Баккъалла а Аллах1 тóба къóбал дийриг , къинхетам бийриг ву .
119.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Аллах1ах кхéралуш , бакълуьйчарца хилалуш !
120.Мадийнат ох1лунан а , áкха 1арбойх царна гóнаха-бéха-чéран а [бакъо] ца хилла [г1áзоте ца бóг1уш] Аллах1ан элчанах т1аьхьабисá а , цуьнан синал [сов] шайн синош дéзá а . Иза , баккъалла а уьш – царна Аллах1ан новкъахь хьогалла а , хало а , мацалла а т1е ца йóг1у , [шаьш] керстанаш дарбечу [кхéрочу] меттиге ца буьссу уьш , мостаг1чуьнгара тóлам ца боккху цáра , [Дáла] шайна цуьнца дика 1амал язйинá бен . Баккъаллá а Аллах1а ца йойъу дикадечéран ял .
121.Жима [к1еззиг] а , йоккхá [дукхá] а харж [ма] ца йо цáра [Аллах1ан новкъахь , цхьá] тóг1и [боьра ма] ца хáдайо цáра [мостаг1на т1ебоьлхуш , цаьрца] шайна [ял] язйинá бен , Аллах1а царна [совг1атна] далархьама цáра дешхиллачух тоьлуш дерг .
122.Муъманах берригé а áрабовла [дéкхар] ца хилла . Цáрех х1ора тайпанах [дика лууш] цхьа тóба áраяьлча [кхáчам бу] , уьш динехь кхéта а , шайн къóмана д1ахьéдархьама а шаьш цаьрга бухабирзича , [т1аккха] уьш [вóчух] ларбала тарло [мега].
123.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Керстанех шаьш шуна уллехь [1аш] болчарца [хьалха] т1ом бé , цáрна карайойла шоьгахь дéралла [буьрсалла] , шуна хаийла баккъаллá а Аллах1 [Шех] кхоьручаьрца вуйла !
124.[Дáла] Цхьа сýрат доссийча , цáрех [мунéпикъех] ву шá óлург :»Муьлха ву шух х1окхо шá ийманехь сов ваьккхинарг ?!» Амма шаьш [Дéлах] тешнарш , цо сов баьхна уьш иймáнехь , уьш баккхийбоь [цуьнах].
125.Амма шайн дегнашчохь цамгар ерш , цо уьш сов баьхна [шайн] боьхаллийна a т1е боьхаллехь [шéкóнехь] . Уьш белла шаьш керстанаш болуш .
126.Цáрна [мунéпикъашна] ца го ткъа , баккъалла а шаьш х1όра шарахь цкъа , я шозза зуьйш хилар ?! Цул т1аьхьа уьш [шайн къиношна] дохкó ца бовлу , цара ойла ца йо .
127.[Дáла] Цхьа сýрат доссийча , цáрех цхьаберш вýкхарга хьаьвсира [шаьш óлуш] :»Цхьаннé гуш дуй шу ?» Цул т1аьхьа [бакъóнах] д1абирзира уьш , [т1аккха] Аллах1а д1адерзийра цéран дегнаш , баккъалла а уьш ца кхéташ къам долун дéла .
128.[Дéлора] Бакъдолуш шуна веана [шá] шух [волу] элча , цуна [дагна] деза ду ашa [халóнех] лайнарг , шуна [диканиг дарна] т1ехь сутара ву [иза] , муъманáхах къахéташ , [цаьрца] къинхéтаме ву [иза].
129.Ткъа уьш [ахьa деанчух] д1аберзахь , ахь áла :»Аллах1 тоьуш ву сýна , кхин дéла вац Изá бен , Цунна т1етевжина со , Иза сийлахьчу «1аршан» Дéла ву».

12/01/2016

Comments are closed.