19 — Сурат Марьям [Марем].
[Маккахь доьссина, 98 аят ду].
Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу.
1.Кáф-х1á-йá-1айн-сóд [Аллах1 т1ех дика хууш ву Шéна цáрех луург].
2.[х1ара] Хьан Дáла Шен лайх — Закариййáх къинхéтам бар хьахор [ду].
3.Цо кхайкхира шен Дéле хьуламе [къайлаха] кхайкхарца
4.Цо элира :»Х1ай сан Дéла ! Баккъалла а [къáналлийна] даь1ахкаш ледара евлла сан [дéг1ах] , къеждаларх корта буьзна [сан] , со ца хиллéра — х1ай сан Дéла — [х1инццалц айса] Хьоьга кхайкхарца [жоп ца луш] дéкъаза .
5.Баккъалла а со кхоьру [сан] гергарчáрех соьл т1аьхьа [цáра дин д1атасарна] , сан зуда ю бéра ца хуьлуш , лóхьа сýна Хьайна гергара вéрас ,
6.шá соьгара [пайхамараллин] ирс оьцуш , [иштта] Я1къубан ох1лунах ирс оьцуш [хинволу] , вéхьа и — х1ай сан Дéла — [Хьайна гергахь] тáме [стаг]».
7.Х1ай Закарий ! Баккъалла а Оха хьуна кхаъ боккху к1ентаца , шен ц1е Яхьйá йолу , Оха ца вина цуна хьалха [цхьá а] ц1ерхо .
8.Цо элира :»Х1ай сан Дéла ! Сан мýха хуьлу к1ант , сан зуда бéра хуьлуш яц , бакъдолуш со а кхаьчна воккхаллех [къáналлех] гужамалле [тишалле] ?»
9.Цо элира :»Иштта [Дáлла лаарна хуьлу] , хьан Дáла аьлла :»Иза Суна aтта ду . Бакъдолуш Аса хьо а кхоьллина хьалха , хьо дáцара х1уммá а».
10.Цо элира :»Х1ай сан Дéла ! Суна [сан зуда доьзалх хиларна] билгало éхьа». Цо элира :»Хьан билгало — кхá буса хьо нáхе вист ца хилавалар ю , [хьо] могуш волуш».
11.[т1аккха] Михьрáб чуьра шен къóмана [нáхана] т1е áрá а ваьлла цаьрга ишар йира цо :»[Дáлла] Теспахь дарца 1уьйраннá а , суьйраннá а».
12.[Дáла элира] :»Х1ай Яхьйá ! Тасало жайнах нуьцкъала». Оха белира цунна [и] бéраллехь [волуш] кхéтам а ,
13.Тхайна гергара къахéтар а , [къинойх] ц1ано а , и вара [Дéлах] кхоьруш а ,
14.шен дéца-нéнаца дика а , и вáцара къиза , 1éса .
15.Маьршо [кхéрамазалла] ю цунна винчу дийнахь а , лийр волчу дийнахь а , [лахьтийчуьра] дийна [волуш] г1аттор волчу дийнахь а .
16.Хьахайé жайни чохь Марьям ! Нацкъараéлира и шен ох1лунах [болчу нáхех] малхбáлечу меттиге ,
17.[хьуламна] Пардо лéцира цо царна хьалха . Оха дахийтира и йолче Тхан са [Джабрáил] , и тарделира цунна кхáчамéчу адаман суьртахь .
18.Цо [Марьяма] элира :»Баккъалла а со хьоьх ларло Къинхетамéчуьнца , хьо [Дéлах] кхоьруш велахь».
19.Цо элира :»Баккъалла а , со хьан Дéлан гéланча ву , хьуна [уьнах] ц1ена к1ант вала [ваийтина]».
20.Цо [Марьяма] элира :»Сан муха хуьлу к1ант , соьх адам ца хьакхаделла , [я] со нáхацалéлаш ца хилла ?»
21.Цо элира :»Иштта [Дàлла лаарна хуьлу] . Хьан Дáла аьлла :»И [кхоллар] Суна aтта ду . [Оха кхоьллина и 1ийса хьан кийрахь] Тхаьш иза вархьама нáхана билгало а , Тхоьгара къинхéтам а» . И [1ийса кхоллар] сацам бина [баьлла] г1уллакх дара».
22.Цуьнах [1ийсах] бéрах хилира и [Марем , т1аккха] цуьнца нацкъараéлира и гéнарчу меттиге .
23.[бéр деш дóг1учу] Лазаро йáлийра и хурман [диттан] г1одаме , [цуьнах тевжина] цо элира :»[дáвискха] Х1окхул хьалха ялá а елла , [цхьаннé а] дагáцайóг1у йицъелла [х1ума] хилла елахьáра со».
24.Цо [Джабрáило] кхайкхира цуьнга цуьнан [диттан] к1елара :»Г1айг1а ма йé ! Бакъдолуш хьан Дáла хьуна к1елахь [мала] тáтол дина [хьуна] .
25.Ластадé хьайгахьá хурман [диттан] г1ад , цо эгор ю хьуна мéда [ховха] хурманаш .
26.Йаа [хурма] , мала [тáтолан хи] , [к1антах] б1аьрг буза [йоккхайé] . Хьайна адамех цхьаъ гахь [т1аккха цо хьайга к1антах лаьцна хаттахь] ахь áла :»Баккъалла а аса Къинхетамéчунна ч1áг1о йина [цхьанггé а] йистцахила , со йист хир ма яц тахана аддамé а».
27.Иза еара цуьнца шен къам долчу , шá [карахь] и [к1ант] вохьуш . Цáра элира :»Х1ай Марьям ! [Дéлора] Бакъдолуш ахьа [ма] дина инзаре [доккха , х1инццалц шайн доьзалехь хилла дóцу] х1ума .
28.Х1ай Х1áрунан йиша ! Хьан дá [ма] вáцара вóн стаг , [я] хьан нáна [ма] йáцара нáхацалéлаш !»
29.Ишар йира цо цунна т1е . Цáра элира :»Тхо дист муха хуьлу шá áганахь бер долчуьнга ?»
30.Цо [1ийсас] элира :»Баккъалла а со Аллах1ан лай ву , соьга жайна делла Цо , пайхамар вина Цо соьх .
31.Беркатé а вина Цо со миччахьá а велахь , Цо весет дина соьга лáмазцá а , закатцá а со дийна мел ву ,
32.муьт1ахь а [вина Цо со] сайн нàнна , Цо ца вина со къиза , дéкъаза .
33.Маьршо ю суна винчу дийнахь а , лечу дийнахь , дийна [волуш] г1аттóчу дийнахь а».
34.Иза ву 1ийса — Марьяман к1ант , шéгахь уьш шек болу бакъóнан дош .
35.Аллах1аца дóг1уш [ма] дáцара [Шéна] доьзалхо лáцар [цхьá а] . Ц1ена ву-кх Иза [цуьнах] . Шá цхьана белха сацам бича , баккъалла а Цо óлу цуьнга :»Хила !» — т1аккха и хуьлу .
36.Баккъалла а Аллах1 [ма] ву сан Дéлá а , шун Дéлá а , Цунна дé 1ибáдат . Х1ара бу [шуна] нийса некъ .
37.Екъаелира тóбанаш шайна юккъехь . Бáла [хир] бу шаьш [Дéлах] цатешначаьрна доккхачу [къéмата] дийнахь гурдолчух .
38.Ма дика хеза царна , ма дика го [царна] Тхуна [дуьхьал] бóг1учу дийнахь , х1еттé а зуламхой тахана [дуьненахь] билгалчу тиларехь бу .
39.Д1ахьéдé цаьрга дагахьбáлламан де ! [оцу] Белха сацам бина , [ткъа] уьш [тахана] чидам [тергам] бáцарехь бу [оцу д1ахьéдарх] , уьш [къéмата дийнах] тéшаш бац .
40.Баккъалла а Тхуна [ирсана] кхóчур ду латтá а , цу т1ехь [мел] верг а , Тхоьга бухаберзор бу уьш [бéкхамна].
41.Хьахавé жайнахь Ибрáх1им , баккъалла а иза хилла бакъ луьйриг , пайхамар .
42.Цо элира шен дéга :»Х1ай сан дáда ! Х1унда до ахьа 1ибáдат шá хезаш дóцучуннá а , шá [х1уммá] гуш дóцучуннá а , [цхьаннé а] х1уманах хьо хьалха ца воккхучуннá а ?
43.Х1ай сан дáда ! Баккъалла а , соьга деана хаарах шá хьоьга ца деанарг , суна т1аьхьах1оттахь , [т1аккха] аса хьо нисвийр вара нийсачу новкъа .
44.Х1ай сан дáда ! Ма дéхьа шайт1ана 1ибáдат , баккъалла а шайт1а Къинхетамéчунна 1éса [ма] хилла .
45.Х1ай сан дáда ! Баккъалла а со [кхéра ма] кхоьру [хьо дохко ца вáлахь] Къинхемéчуьнгара 1áзап хьоьх хьакхадаларх а , хьо шайт1анна вéрас хиларх а» .
46.Цо [дáс] элира :»Х1ай Ибрáх1им ! Цабéзам болуш ву хьо сан дéланашка ? [Дéлора] Хьо ца сацахь , аса [вyo] човхор ма ву хьо , вита со еххачу хáнна !»
47.Цо [Ибрáх1има] элира :»[соьгара] Маьршо ю хьуна . Аса гечдар доьхур ду хьуна сан Дéле , баккъалла а Иза соьца к1éда-мерза ву .
48.Со гéна волу шух а , аш Аллах1 [1адда] витина шéга кхойкхучух а , аса кхойкху сан Дéле . Со дéкъаза ца хила тарло [догдóху аса] сан Дéле кхайкхарца».
49.Иза гéнаваьллачу хéнахь царна а , Аллах1 витина цáра шéна 1ибáдат дечух а , Оха велира цунна Исхьакъ а , Я1къуб а . Оха вира [уьш] массо а пайхамар .
50.Оха делира царна Тхан къинхéтамах [цхьа дáкъá] а , [иштта] Оха белира царна [т1аьхьенашкахь а дика ц1е йоккхур йолун] бакълуьйн лаккхара мотт а .
51.Хьахавé жайнахь Муса , баккъалла а иза хилла [1ибáдат дарехь] догц1ена , иза хилла элча , пайхамар .
52.Оха кхайкхира цуьнга [Т1ýр] лáман аьтту áг1орхьáра , Оха [Тхайна] гергавáлийра иза меллаша къамелдеш
53.Оха велира цунна Тхайгарчу къинхéтамна шен ваша — Х1áрун , пайхамар вина .
54.Хьахавé жайнахь Исма1ил , баккъалла а иза хилла [шен] ч1áг1о бакъйолуш , иза хилла элча , пайхамар .
55.Цо омaр дóра шен ох1луне лáмазцá а , закатцá а , иза вара шен Дáлла гергахь [Иза] шéна рéза волуш .
56.Хьахавé жайнахь Идрис , баккъалла а иза хилла [къамéлехь] бакъ луьйриг , пайхамар . 57.Оха хьалаваьккхира иза лаккхарчу меттиге .
58.Уьш [и хьахийнарш] , Аллах1а шайга зовкх хьегийтинарш бу , [шаьш] Áдаман т1аьхьéнах [болу] пайхамарашхá а , Нýхьаца Оха [х1ордкéманахь] баьхьначáрех а , Ибрáх1иман а , Исрáилан а т1аьхьéнех а , Оха нисбинчáрех а , хаьржинчáрех а болу . [ткъа] Шайна Къинхетамéчун áяташ дешча , уьш гор оьгу [сужудана] корта бетташ , [шаьш] боьлхуш .
59.Цáрел т1аьхьа яьхкира [вуон] т1аьхьéнаш , шаьш лáмаз дитина , дéг1ан лаамашна [марзóнашна] т1аьхьах1иттина [йолу] , царна карор ду [цунна дуьхьал] вуон [зен] ,
60.шá дохкó а ваьлла , [Дéлах а] тешна , дика динарг вóцучунна . [ткъа] Уьш — ялсамани чуг1ур бу , царна цхьанá кéпара зуламдийр дац .
61.Дáхаран [1адн] бошмашчу [г1ýр бу уьш] , шаьш Къинхéтамечо Шен лайшна ганза [а йолуш , делахь а хир ю аьлла] ч1áг1о йина [йолу].
62.Царна ца хеза цу чохь эрнадерг [даьсса хабар , ца хеза] салам [маршалла] дóцург , царна шайн рицкъа [хир] ду цу чохь [дуьненахь] 1уьйраннá а , суьйраннá а [ма хиллара]
63.И ялсамани ю Оха шá ирсана луш [ерг] Тхан лайшха шá [Дéлах] кхоьруш хиллачунна
64.[Джабрáилa элира] :»Тхо охьа ца дуьссу хьан Дéлан омaрца бен , Цунна [хаарехь] ду шá вайна хьалхадерг а , вайна т1аьхьадерг а , шá оцунна юккъехь [мел] дерг а . Хьан Дéла ца хилла вицлуш .
65.[Иза] Стигланашин а , лаьттан а , цаьршинна юккъехь [мел] долчун а Дéла ву . 1ибáдат-дé Цунна . Сатóха Цунна 1ибáдат дарна [т1ехь] . Хьуна вевзий Цунна ц1ерхо ?»
66.Адамо óлу :»Со велча , денвина г1аттор ву [те] ?»
67.[ойла ца йо те] Дага ца дóг1у [те] адамна , баккъалла а Оха шá [цул] хьалха х1умма дóцуш [долу] кхоллар ?
68.Хьан Дéлóра , Оха [денбина] гулбийр ма бу уьш а , шайт1анаш а , цул т1аьхьа Оха бáлор ма бу уьш жоьжахатан гóнаха горбахана [болуш]
69.Цул т1аьхьа Оха схьавоккхур ма ву х1óр тóбанах , Къинхетамéчунна дуьхьал вáларехь царах уггар ч1óг1аниг .
70.Цул т1аьхьа , Тхо ма ду т1ех дика бевзаш шаьш [жоьжахатахь] бáгарехь цуьнца хьалха [хьакъ] берш .
71.Шух [цхьá] ма вац , [шá] цу чу г1ун волуш бен . И хилла хьан Дáлла т1ехь [хаддош] бина сацам [кхел].
72.Цул т1аьхьа , Оха [оцу жоьжахатах] к1елхьара бóхур бу шаьш [Дéлах] кхийринарш , буьтур бу Оха зуламхой цу чохь горлаьтташ .
73.Ткъа шайна Тхан билгала áяташ дешча , шаьш [Дéлах] цатешначáра элира шаьш тешначаьрга :»[вай] Шина тóбанах муьлха ю [х1усамийн] хьóлаца г1óли а , пхьоханца [гуоца] тоьлла а ?»
74.Хийла чкъор [къам] х1аллак дина Оха цáрел хьалха , шаьш [цáрел сал-пал] бáхамцá а , вàстацá а тоьлла долу .
75.Ахь áла :»[вайх] Шá тиларехь хилларг [милла велахь] , Къинхетамéчо цунна хан яхйойла . Ткъа царна гича шайна ч1áг1о йийриг : я 1áзап [т1едеана] , я [ц1аьххьана] сахьт [т1ех1оьттина] , т1аккха хуур ду царна мила ву и [вайх] меттигца вуон верг а , б1оца г1ийла верг а».
76.Аллах1а совбóху шаьш [ийманца] нисбелларш [шайн] нийсаллехь . [доврадóцуш] Бухдуьсу диканаш хьан Дàлла гергахь тоьлуш ду [хир йолчу] йóлехь [мелехь] а , тоьлуш ду [шайга] верзарехь а.
77.[дийцахь] Гирий хьуна шá Тхан áяташха цатешна , «[Дéлора] Суна бáхам а , доьзал а лур ма бу» — аьлларг ?
78.Къайле хиъна цуна , я Къинхетамéчун гергахь ч1áг1ам эцна цо ?
79.Х1ан-х1á ! Оха цо бóхург д1аяздийр ду , цунна 1áзап дàхдийр ду дàхдарх а .
80.Тхуна кхóчур [дуьсур] ду цо бóхург , Тхуна т1е вóг1ур ву и [шá] цхьалха [волуш].
81.Цáра лийцира Аллах1 [1адда] витина дéланаш [ц1уйш] , уьш хилийта шайна [т1ех1уттур йолун] сийлалла .
82.Х1ан-х1á ! [къéмата дийнахь] Цáра д1атосур ду царна [ц1уйшна] 1ибáдат дар , уьш хир бу царна дуьхьал [мостаг1ий].
83.Хьуна ца гина , баккъалла а Оха шайт1анаш дахкийтар [Дéлах] цатéшачарна , цáра уьш [1éсаллийна] т1ехьоьхуш [карзахдóхуш] ду т1ехьéхарх а ?
84.Хьо сих ма ло царна т1ехь [1áзап дéхарца] , баккъалла а Оха дагардеш ду царна [цáра дийриг] дагардарх а [1áзап хáнналц].
85.Оцу дийнахь Оха д1агул бийр бу [Дéлах] кхоьрурш Къинхетамéчуьнга [шаьш эмкалшна] т1ехевшина [сийлахь болуш].
86.Оха жоьжахате лохкур бу [шаьш] къинош динарш хьогах [долу хьайбанаш хи т1е санна]
87.Цéран [цхьанне а] дóлахь дац [вовшашна] т1ех1оттар [шафá1ат дар] , шá Къинхетамéчун гергахь ч1áг1ам эцнарг вóцург .
88.Цáра элира :»Къинхéтамечо [Шéна] доьзалхо лаьцна».
89.[Дéлора] Бакъдолуш , инзаре [доккха] х1ума дина аша [шаьш и áларца].
90.Герга ю стигланаш [шаьш] эт1арна цуьнах , лàтта шá эккхарна , лаьмнаш доьхна эгарна .
91.Цáра кхайкхорна Къинхетамéчунна доьзалхо
92.Ца дóг1у Къинхетамéчунца [Шá] доьзалхо лáцар .
93.Массо а шá стигланашкахь а , лаьттахь а дерг ма дац , шá Къинхетамéчунна [дуьхьал] лай хилла дóг1ур долуш бен .
94.[Дéлора] Бакъдолуш , Цо [лáра а] лерина уьш , дагар а дина уьш дагар дарх а .
95.Уьш дерригé а дóг1ур ду Цунна къéмата дийнахь цхьалха .
96.Баккъалла а шаьш [Дéлах] тешнарш а , диканаш динарш а , Къинхетамéчо бийра бу царна [нéхан дегнашкахь] бéзам .
97.Баккъалла а Оха àтта дина и [Kъуръàн] хьан [1арбийн] маттахь , ахьа цуьнца [Дéлах] кхоьручарна кхаъ баккхархьамá а , ахьа цуьнца девнéчу къóманна д1ахьéдархьамá a .
98.Хийла чкъор [къам] х1аллак дина Оха цáрел хьалха , хаалой хьуна цáрех цхьá а , я хезий хьуна цéран тата ?
16/12/2015