button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Вицваларан дарба

«Хьо виц моссаза ло АллахI хьахаве ахь, бакъдолуш, АллахI хьахоро вицвалар дIадоккху хьуна». ат-Тафсирул-муяссар, 296.

Ша цхьанхьа воьссича деш долу доIа

Хьаки́йман йоIа Хавлас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (ﷺ) олуш хезира шена аьлла: «Цхьамма ша цхьанхьа воьссича “АIýзу би калимáтиллáхIит-тáммáти мин шарри мá халакъ” (Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца, Цо кхоьллиначу массо хIуманийн вонах) алахь, цу меттера и дIаваххалца цунна цхьанне а хIумано зе дийра дац». Муслим, 2708.

Хавариж мила ву?

Сийлахь табиIийнех волу Маймун Ибн МихIрана (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Хавариж – Ахь шен ойлана духьала кхин ойла ялийча, хьоьх кафир вой, хьан цIий хьанал деш верг ву». Фатхьул-бáрий ли-ибн Ражаб 5/99.

Белхан мах сихха дIало

Iумаран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда царшинна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Белхалочуьнан мах, цуьнан хьацар дакъадалале дIало». Ибн МаджахI, 2443.

Бедарш

Шайх Iабдул-Iазийз ас-Садхьáнас (АллахIа Iалашвойла иза) аьлла: «Вайн хIусамашкахь вай лелош йоцуш, вайна оьшуш йоцуш бедарш ю вайн. Цхьа хан ма яьлнехь тишъелла дIакхуьссур йолуш ю уьш. Вай сихо ян еза и тайпа хIуманаш сагIина мискачу нахана дIаяла. Вайна цунах ял а хира ю, царна пайда а хира бу».

Шен дин лардар

«Бусалба стеган декхар ду, шен динан хьокъехь ша шек воккхур волчу массо а хlумнах ларвалар». Шайх lабдул-Карим Зайдан.

Ахьмад Хьамза: Сурат «Сурат ал-АIла»

Тафсирул-Жалалайн, сурат Сурат ал-АIла — скачать http://www.islamanserlo.net/audiosh/ahmad/tafsir/juz_1amma/al-a1la/87_al-A1la.mp3

ПIераскан дийнан Iамалш:

ПIераскан дийнан Iамалш: 1. Рузбана вахале лийчар 2. Хаза хьожу йогIу хIума хьакхар 3. Сивак хьакхар 4. Хаза бедар йохар 5. Сурат ал-КахIф дешар 6. Пайхамарана дуккха салаваташ дахкар (саллаллахIу IалайхIи ва саллам). 7. Хьалххе рузбана вахар 8. ГIаш маьждиге вахар 9. ДоIийна жоп ло хан ларъяр.

Абу IабдуллахI: Хьекъал дайшна шо дIадаларца хьехам хуьлу (15.09.2017).

Хьекъал дайшна шо дIадаларца хьехам хуьлу (Рузбан хьехам, 15.09.2017) — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/abu_abdullah/Heqal_dayshna_sho_d1adalarca_heham_hulu_15.09.2017.mp3

Питан АллахIа де аьлларг дIатесчий бен хуьлуш дац

Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Питан АллахIа де аьлларг дIатесчий бен хуьлуш дац. АллахIа (Шеца там боцучу массо а хIуманех цIена ву И), бакъонца хила аьлла а, собаре хила аьлла а омра дина. Ткъа питан бакъдерг дIатасарца, я собаре ца хиларца хуьлуш ду». ал-Истикъáма, 1/39.