button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Со хьахаве, тIаккха Ас шу а хьахор ду

«Со хьахаве (Суна муьтIахь хиларца), тIаккха Ас шу а хьахор ду (шуна мел лур бу)». Сурат ал-Бакъара, 152 аят. Хáлид Ибн МаIдáна (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Сих а ца луш хIокху аятан ойла е. ВаллахIи, цу аятах тешар чIагIдала ма-дезза хьан дагчохь дIачIагIделча, (Дела хьехочура) хьан ши балда дакъалур ма дацара».

АЬРРУ КУЬЙГА САГIА ДАЛАР.

Хаттар: Аьрру куьйга сагlа дала мегар дуй? Делча цунах ял хира юй? Жоп: Аьрру куьйга сагlа дала мегар ду, иштта аьрру куьйга сагlа делча цунах ял а хира ю. Делахь а, гlолий дерг а, деза дерг а, аьтту куьйга далар ду. Жоп делларг: Шайх Сафвáн lаднáн Дáвуди аш-шáфиIий.

ГIИБАТЕ ЛАДЕГIАР ДУ КЪИЛАХЬ.

Имам ан-Нававийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Хаалахь, гIибат дечунна гIибат дар хьарам хиларе терра, гIибате ладугIуш Iаш волчунна а хьарам ду цуьнга ладогIар а, цунна реза хилар а». 📕 Ал-Азкáр, 291.

Ахьмад Хьамза | Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 9-гIа дарс, 1-ра дакъа

Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 9-гIа дарс, 1-ра дакъа — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/ahmad/mott/2-9_dars-1.mp3

Хьо хийцавелча хьана, хьан хьал хийцалур ду.

❏ «Нагахь санна, хьо хьайн баланаш дlабаха лууш велахь, (цкъа хьалха) айхьа летош долу къинош дlадаха!» ✍️ Имам Ибнул-Жавзий (АллахIа къинхетам бойла цунах).

Фатихь салават

Хаттар: «Фáтихь» цIе йолчу салават хьокъехь хIун эра дар ахь, хIай лераме Шайх? Жоп: «Аллох1умма солли Iала саййидина мухьаммадильфатихьа лима уг1ликъо вальхотимо лима сабакъо насириль хьакъо бильхьаккъи вальх1ади ила сирот1окаль мустакъим ва1ала алих1и хьаккъо къодрих1и вамикъдарих1иль Iазим». Жоп: Иза бух болуш хIума дац. Цу кепара салават диллар Элчанера (саллаЛлахIу IалайхIи ва саллам) деана дац. Жоп […]

Дела хьехор — АллахIана муьтIахь хилар ду

СаIийд Ибн Жубайрера (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, цо элира аьлла: ❏ «Дела хьехор — АллахIана муьтIахь хилар ду. АллахIана муьтIахь хиллачо, Дела хьехийна, Цунна муьтIахь воцург Дела хьехош вац хьуна, цо мел дукха тасбихьаш дахь а, мел дукха Къуръан дешахь а». 📕 ТахIзибу хьилятил-авлияъи ва тIабакъатил-асфияъ, 2/104.

Абу IабдуллахI: ТIалхьа а, Зубайр а (29.09.2017).

ТIалхьа а, Зубайр а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) (Рузбан хьехам, 29.09.2017) — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/abu_abdullah/T1alha_Zubayr_29.09.2017.mp3

ЯЛСАМАНИН ОХIЛУНО БУЬЙЦУР БОЛУ МОТТ.

Хаттар: Ялсамани чохь буьйцур берг хlун мотт бу? Жоп: «Дика хууш верг АллахI ву, бух болуш деана цхьа а хlума дац ялсамани чохь хIун мотт хир бу билгал деш. Цундела вай иза кега ца деш Iаддитича дика хир ду». ✍️ Шайх Мухьаммад ал-Мунажжид

21 — Сурат Альанбийáъ

21 — Сурат Альанбийáъ [Пайхамарш] [Маккахь доьссина , 112 аят ду] Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу 1.Гергадеана нáхана цéран [къемат дийнан] хьéсап [сахьт , ткъа] уьш [цуьнах] чидам бóцуш [кéчам бар дóцуш] д1абирзина бу . 2.Цаьрга ца бóг1у шайн Дéлера [Kъуръáнан] керла хьéхам , цáра цуьнга шаьш ловзуш [кхаьрдаш] болуш ладýг1уш бен , […]