button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Iа — Iибадат дечеран хIонц ю

Iумар Ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цаьршинна), аьлла: ❏ «Iа — Iибадат дечеран хIонц ю». 📕 Хьилятул-авлияъ, 8/134.

Хьекъалечу зударшна доккха хьехар

ХIай лераме йиша! Хьайн марзахошца хьан мел дика юкъаметтиг елахь а, наггахь юкъа цхьаъ дожаза ца дуьсу хьуна. Цунах хьо кхеташ елахь, дахар иштта бен хир доций хууш елахь, шайна юкъа цхьа къовсам боьжча, и хьекъалца, сих а ца луш дIабаккхалур бу хьоьга.

Къематде атта ден йолу Iамал

ал-АвзаIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Буьйсанаш дуккха а (ламазашкахь) ден йиначунна, АллахIа къематдийнахь латтар а атта дийра ду». 📕 Сияру аIлáми ан-Нубалáъ, 7/119.

АллахI веза бахарх тоьуш дац, Цо бохург деш дацахь

Яхья Ибн МуIáзас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «АллахI вéза бохуш, Цуьнан дозанаш лардеш воцург бакълуьйш вац». 📕 ЖáмиIул-Iулуми вал-хьикам, 86.

25 — Сурат Алфуркъáн

25 — Сýрат Алфуркъáн [Къастóриг] [Маккахь доьссина ‚ 77 аят ду] Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу . 1.[сийлахь] Беркате [лекха] хили Шен лайна т1е [хьáрам-хьáнал] къастóриг [Kъуръáн] Шá [юх-юха] доссийнарг , и хилийтархьама 1áламашна д1ахьéдийриг [кхéрамтосург] , 2.Шá стигланашин а , лаьттан а дóлалла [óлалла] Шен [карахь] долуш волу , Цо ца лаьцна […]

Мéла баккха уггаре дика хан

Мéла баккха уггаре дика хан Iуьйкъа хан ю, рицкъ даккха уггаре дика хан Iуьйре хиларе терра. Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий.

СаIийд ибн Зайд ал-Къураший (27.10.2017).

СаIийд ибн Зайд ал-Къураший (АллахI реза хуьлда цунна) (Рузбан хьехам, 27.10.2017) — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/abu_abdullah/Sa1iyd_ibn_Zayd_al-Qurashiy_27.10.2017.mp3

ДоттагIий дуккха а леца хьайна

IубайдуллахI Ибн ал-Хьасана цхьана стаге аьлла: ❏ «ХIай хьанех! ДоттагIий дуккха а хилийта ахь хьайн. ХIунда аьлча, хьо велла аьлла шайга хабар кхаьчча, цаьргара уггаре а кIезга хьуна хин долу дика — хьо Деле воьхуш хьуна доIа дар ду хьуна». 📕 ал-Ихвáн ли-ибн Аби ад-Дуня, 29.

Ахьмад Хьамза | Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 9-гIа дарс, 3-гIа дакъа

Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 9-гIа дарс, 3-гIа дакъа — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/ahmad/mott/2-9_dars-3.mp3

Хьайн АллахIана тIе некъ бар нисде

❏ «Хьо АллахIана тIе некъ беш велахь, Цо бийцинчу новкъахула бен Цунна тIе ма гIолахь!». ✍ Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий.