|
|

IАРАФАТ ДИЙНАН ДИКАЛЛА

Iарафат де хьахича я дагадеъча, уггар дика а,
беркате а де ду деношха хьахийнарг. Кхузахь цхьá
де дац, шена чохь малх схьакхеташ я дIабузуш,
даим дика а долуш Iарафат дийнал. Суннатехь
деана ду, хьадж деш воцчунна, цу дийнахь марха
кхабаро шина шеран къинош дIадохуш ду аьлла.
Бакъ хилар сецна ду Абу Къатадата алар: АллахIан
элчане – IалайхIис-салáм – хаьттинера Iарафат
дийнан мархех лаьцна. ТIаккха цо элира: «ДIадаханчу
а, тIедогIучу а шерийн къиношна гечдо цо».
Муслим.
Иштта суннатехь деана ду Иблийс цхьанá дийнахь
гина дац жима а, гIаддайна а, холчохь а кхана
Iарафат де хилча, оцу суьйранна санна.
Iарафат дийнан мархин дикалла: Иза Зуль-Хьиджат
беттан уьссалгIа де ду. Iелам нехан хилла барт
бу Iарафат дийнан марха уггар дика марха ду
аьлла. Къиношна гечдаран а, жоьжахатенах
хьалхавийтаран а, Iарафат олучу меттехь лаьттачу
(гулбеллачу) охIланах (хьаджойха) дозалла даран
а де ду иза:
Iáишата – АллахI реза хуьлда цунна – аьлла:
Пайхамара – IалайхIис-салáм – элира аьлла:
Шена чохь АллахIа леш жоьжахатенах дукха
хьалхабуьтуш цхьа де а дац Iарафат дийнал.
Баккъалла а, Иза – ТаIáлá – юххе а вогIуш, цул
тIаьхьа царах дозалла ма-до Цо малийкашна,
тIаккха Цо олу: ХIорш хIун лууш бу?».
Муслим.
Iумаран кIанта аьлла: Пайхамара –
IалайхIис-салáм – элира аьлла: «Баккъалла а,
АллахIа дозалла до Шен малийкашна Iарафат
тIекхочучу суьйранна Iарафатан охIлунца, тIаккха
Цо олу: Хьовсийша Сан лешка, Суна тIебаьхкина
уьш месаш хьирчина, ченех буьзна». Имам
Ахьмад.
Къиношна гечдар а, жоьжахатех хьалхавитар а
доьхуш дукха доIанаш дийр ду хIокху дийнахь, цу
дийнахь доIаийна жоп даларе догдохийла хиларна.
Баккъалла а пайхамара – IалайхIис-салáм – аьлла:
«Уггара дика доIа Iарафат дийнан доIа ду,
уггар дика ас а, сол хьалхарчу пайхамарша а
аьлларг: Лá илáхIа иллаллáхI, вахьдахIý лá
шарúка лахI. ЛахIуль-мулку, ва лахIул-хьамд. Ва
хIува Iалá кулли шайъин къадúр, ду».
Ат-Тирмизий.
Цундела бусалбанан декхар ду хIокху
сийлахь-доккхачу дийнахь дела хьехаварна а, доIа
дарна а, къиношна гечдар дехарна а паргIат вáлар.
Цо доIа дойла шена а, шен дена-нанна а, шен
доьзална а, гергарчарна а, бусалбанашна а! Деха
ца мегарг дехна доIехь доза а талхор дац цо, шен
доIийна жоп даларна сих а лур вац иза.
тIевирззина а доьхур ду цо шен доIехь. Ма
декъала ву доIийн дийнахь доIех кхеташ волу
лай!!!
Шун бусалба ваша ИбрахIим |
|