Главная

Коьрта агIо
   Къуръан
   Видео
   Аудио
   Кинош
   Сайташ
   ДоIанаш
   Суьрташ
   Нашидаш
   Хьехамаш
   Жайнийн цIа
   Программаш
   Мультфильмаш
   Хьехаме дешнаш
   Динан программаш
 
сайтан хьесапаш

 

 
Тхан баннер


ЭХАРТАХЬ ХIОРАНГА ХОТТУР ДОЛУ ДИЪ ХIУМА

БисмиллáхIир рахьмáнир рахьи́м
 

АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Цхьá лай (къемат-дийнахь) ша волчера (лаьттачера) меттах вер вац цуьнга хатталц:

1. Цуьнан оьмарха́ а  (дерриг а дахарха), и хIун деш яйина цо.

2. Цуьнан Iилманхá а, цунах хIун пайда бира цо.

3. Цуьнан дохнахá а, и мичара карадеара цунна, и муьлхачу агIор хьовзийра (дайира) цо.

4. Цуьнан дегIах лаьцнá а, цуьнга хIун дайтира цо аьлла». Ат-Тирмизий.

 

ХIокху хьадисо а, иштта кхечу хьадисаша а, а́йа́таша а гойту къематде доккха де хилар, муъма стаг а, зуда а хIокху доккхачу дийнах кхера дезаш хилар.

 

Амма кхузахь оцу доккхачу дийнан халонех хьалхабовлар шайна хирдолуш цхьа тайпа божарий а, зударий а бу, шайн хьокъехь хьадисаш а, а́йа́таш а даьхкина болу:

 

1- Декхар схьадала йиш йоцуш волчунна, цуьнан аьтто хиллалц хан елларг я и цунна дитинарг ву.

2- АллахIа Шениг бен IиндагI доцчу дийнахь Шен IиндагIехь вуьтун волу ворхI тайпа стаг а, зуда а ду:

3- (1) Iедале имам (куьйгалхо, доьзалан да, хьаьким) ву.

4- (2) АллахIана муьтIахь волуш кхиъна жима стаг а, зуда а ду.

5- (3) Шен дог даим маьждигашкахь лаьтташ верг ву.

6- (4) АллахIан дуьхьа вовшашна везна, доттагIалла а, гергарло а лелийна ши стаг ву. Валлалц оцу тIехь лаьттина, оцу тIехь дIа а кхелхина волу.

7- (5) ЧIогIа хазачу зудчо шега кхайкхича, дагара хаийтича: «Со АллахIах кхоьра» - аьлларг ву.

8- (6) ЧIогIа къайлаха сагIа делларг ву, аьтту куьйго делларг аьрру куьйгана ца хьоуьйтуш. (цхьанне ца хаийтина боху маьIна ду цуьнан).

9- (7) Шá волуш, дагчохь АллахI бен воцуш И хьаха а вина, И дага а веана вилхинарг ву.

 

Тхан хьоме йижарий, вежарий, царах цхьаъ хила гIерташ къахьегий вай, АллахI а, Цуьнан элча а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) резаварехула. АллахIа Фирдовс бохучу ялсаманахь цхьана тохийла вай!

 

Шун бусалба ваша ИбрахIим
E-mail: islamanserlo@gmail.com
ХIокху сайтан ерриге бакъонаш ларйина ю © 2008  www.islamanserlo.net