Главная

Коьрта агIо
   Къуръан
   Видео
   Аудио
   Кинош
   Сайташ
   ДоIанаш
   Суьрташ
   Нашидаш
   Хьехамаш
   Жайнийн цIа
   Программаш
   Мультфильмаш
   Хьехаме дешнаш
   Динан программаш
 
жима-ЧАТ
 


 


скачать

ДИННА ГIОДАР

Сахьаби (асхьабех) волчу Джамухьа кIанта Iамрас-АллахI реза хилда цунна-дечига цIу йина хилла шена, ша АллахI цхьаъ веш ийман диллале, Мухьаммадана-IалайхIис-салам-тIаьхьавазале. Iамрас оцу цIунна Iибадат деш хилла. Цунна ойла тIеяхийтина вара и, шен цIачохь и Iалашйора цо. Цуьнца вехаш вара цуьнан кIант МуIаз-АллахI реза хилда цунна. Цочул хьалха, Исламе веана, ийман диллина вара и. ГIайгIа а, сингаттам а болуш вара шен дена иза ша санна муъма цахиларна. Цунна хьехамаш бан вуьйлира иза Исламе вар хьокъехь. Амма цуьнан да хIокху цIунна Iибадат деш лаьттара, цо дан зе я пайда боццушехь. ТIаккха МуIаз ойланаш ян волавелира шен дас Iибадат деш йолу хIара цIу дечигах йина хIума бен яц аьлла, цунна чIагIдан хIун некъ хирбарате, бохуш. Иза ша ларйа а йиш йолуш ца хилар муха хоуьйтар дара-те, бохуш.

 Цхьана буса МуIаза шен цхьаболу доттагIий гулбина, цIу чохь йолчу цIачу бевлира. Ша йолчера и схьаэцна яьхьна Iункар орчу кхоьссира цара и корта лахахь а, когаш лакхахь а болуш. Iуьйранна Джамухьа кIантана Iамранна ша Iибадат деш йолу цIу цакарийра. ТIаккха чIогIа оьгIаз вахара и. Массо меттехь и леха волавелира иза. Аьххар а орчохь карийра цунна и. ТIаккха и схьаэцна шен метте охьахIоттийра цо. ТIаккха, юха а буьйса тIееана Iамранна набкхеттачу хенахь МуIаз, цуьнан доттагIий цIу йолче чубевлира. Хьалха шаьш диннарг дира цара цунна. Иза мосуьйттаза дира цара. Iамранна кхин некъ цакарийра шен далла хуьлуш дерг цунна цахилийта оцу цIунна коча тур оллар бен. Цо элира цуьнга: «Аса АллахIах дуй буу, и хьуна дийриг хьан до хууш ма вац со. Хьо дика болх белахь, хIара тур ду хьуна, айхьа хьо ларъехьа цуьнца».

 Буьйсанна МуIаза а, цуьна доттагIаша а делла жIаьла а деана, иза цунна коча дIадихкира. Цул тIаьхьа  тур схьа а эцна, наха чу нехаш кхуьйсачу гIучу тесира.

 Iуьйранна Iамранна цIу цакарийра. Леха хоьттича гIуна чохь карийра цунна и, коча дихкина жIаьла а долуш. ТIаккха чIогIа догделира цуьна шен цIунах, сийсаз, гIорасиз хийтира. Баха хIоьттира и: «Аса АллахIаха дуй буу, хьо дела велхьара хьо а, жIаьли а гIуна юккъехь хир ма дацара шу». Цул тIаьхьа пайхамар-IалайхIис-салам-волче вахана ша бусулба дин тIелацар дIакхайкхийра цо. (Абу-НаIим, Длаилун-нубува жайни тIера).

 Динна гIодаран агIонаш, некъаш дукха ду. ТIаккха царах хьалхарниг а, лакхарниг а АллахIан новкъа (Цуьнан дин толо а, лакха даккха а, куьйгалла дийриг и хилийта а) джихIад дар ду. Иза Исламан и лардеш гонахьа йина керт хиларна. Исламана гIодар – и хуьлуш ма-хиллара доьшуш а, хезаш а долчу дашца а ду. Масала, иза диканца омра дар а, вониг дехкар а, цунах вухаваккхар хила тарлуш ма-хиллара, жайна, брошюра, статья, хьехам, кассета – иштта и  саннарш. Шегара дика масал гайтарца хила йиш ю динна гIодар, масала, вахаран декъехь ша массарал лакхара гайтарца, Исламана хьехамаш чIогIа тIелаьцна лелош волуш. Уьш доцурш кхин некъаш а ду.

Ирезин Халид

 

 

 

E-mail: islamanserlo@gmail.com
ХIокху сайтан ерриге бакъонаш ларйина ю © 2008  www.islamanserlo.net