|
ДОТТАГIИЙ
ХАРЖАР

Къаьсттина долчу доттагIаллин
кIорггера
Iаткъам
(влияние) бу стаг а, цуьнан хьекъал а новкъа даккхарехь. Яккхин, ладаме тIаьхьенаш
а ю цуьнан (доттагIаллин)
еригге (бусалбанин) джамáIатана
хуьлуш долчу: хьалха таIарехь
(кхиамехь) я тIаьхьа
дисарехь, сингаттамехь я синтемехь.
ХIокух
уьйрийн а, зIенийн
а Исламо (чIогIа)
терго а йина, тидам а бина, хьо (кхечу) адамех возуш а, дIаветталуш
а веш йолчу, хьуна цара
Iаткъам
беш, ахьа царна
Iаткъам
беш, ехачу ханна хьан дáхарна чIогIа
юххе баьхкина болу.
Шеко
йоцуш, хIара
уьйраш, зIенаш,
гергарлонаш нагахь санна сийлахь а, цIена
а долалахь, дебахь, кхиахь, АллáхIа
уьш къобал а дийр ду, беркате а дийр ду. Нагахь санна уьш сийсаз а, мехаза а
делахь, и тайпа уьйраш лелочарна юьхь дуьхьал туху Цо уьш, беркат цадо Цо
цаьргахь, къобал цадо.
«Оцу
дийнахь,
(дуьненахь
Iасаллин тIехь) гергара хилла доттагIой,
вовшийн мостагIий
хилла дIахIуьттур
бу, АллáхIах
кхийринаш боцурш.
(Цаьрга
эр ду) ХIай
Сан леш, тахана кхерам бац шуна, гIайгIане
хирдац шу».
Аз-Зухруф: 67-68.
Хьуна
ма-хаъара, Ислам, баккъаллá а, уьйран а, цхьанакхетаран а дин ду. Нах бовза
лаам хилар, уьш бовза гIертар,
цаьрца юкъаметтиг лело безам хилар, цуьнан хьехамашкахь ша-тайпанара ду. Иза
адамех кхехкарна тIехь
лаьтташ дац. Цо ша лелош берш кхойкхуш бац юкъарчу (всеобщий) цхьалле а, дIакъастаре
а, дахаран декхарех идаре а я бусалба стеган хIокху
лаьтта тIехь
долчу декхаран сурт а ца хIоттийна,
иза монастырь чохь дIакъастар
ду я цхьана лаппагIин
чохь
Iибáдат
(лолла) дар ду аьлла.
ХIан-хIа,
хIан-хIа,
данне иштта дац и. Баккъалла а, и лакхара даржаш АллáхIа
– Сийлахь-Лекха ву И, гIорасиз
болчу, оцу къаьхкина, дIакъовлабелла
санна болчушна кечдина а дац я царна уьш лур ду аьлла дош а цаделла.
• АллáхIан
элчано –
IалайхIис-салáм,
аьлла: «Адамашца ийна, тIекере
волу муъма стаг, цаьргара хуьлучу цатамана собаре а волуш, дика ву нахаца
ийна а, тIекере
а, церан цатамана собаре а воцчу муъма стагал».
Тирмизи.
ДжамáIатехь
ламазаш дар хьанна диллина ду? Рузбана ламаз хьанна тIедиллина
ду? ДжихIадан
халонаш дIакхоьхьург
а, цуьнан бодане, кхерамечу хьелашкахь гIо
дийриг мила ву? Баккъалла а, оцу дерригено а уммат хилар тIедожадо,
боккхачу барамехь чIагIъелла,
шелахь (шена юкъахь) юкъара а, къаьсттина а йолу уьйраш а, зIенаш
а йолуш.
•
Цундела,
Iаббáсан
кIанта
– АллáхI
реза хуьлда цаьршинна, жоп делла, шега масийттаза хаьттинчу хенахь, цхьана
стеган хьокъехь, дийнахь марха а кхобуш, буса (Iибáдатана)
гIатта
а гIоттуш
волчу, амма иза рузбане я джамаIаташка ца вогIу? ТIаккха
цо аьлла: «Цунна дIахаийта
аша иза жоьжахатенан охIлунах
хилар».
Тирмизи.
Цуьнан
бахьана ду, баккъала а, Ислам чIогIа
лууш хилар шен сийлахь – даккхийн
Iедалш
а,
Iадаташ
а (Iибáдаташ)
адамаш гулдаларан а, цхьанакхетаран а меттиг хилар. Цигахь бусалбанаш гул а
луш, уьш кхочуш дарна тIех
вовшашна гIо
даран дуьхьа а, церан цIенчу
хьолаха, литтина цIенчу безаман синхаамаш(чувства) а, кIорггера
догцIаналла
а схьаэцаран дуьхьа а.
Бусалба
стаг шен вежаршца могIара дIахIуттуш болу барам боккха а, дукха а мел хили
а, АллáхIан беркаташ алсам доьлху цунна тIе (догIа санна).
•
Хьадúсехь ду: «Баккъала а, шина стага деш долу ламаз сов долуш ду, ша
динчу ламазал. Цо шина стагца дина ламаз сов долуш ду, цо цхьана стагаца
динчу ламазал. Уьш дукха мел хили а, иза АллáхIана – ТаIáлá, алсам дезаш
ду». Ахьмад, Абу Дáвýд.
• Кхечу
хьадийсехь ду: «Шина стеган ламаз, цаьршиннах цхьамма шен накъостана
имáмалла а деш, АллáхIана гергахь сов ду, тIаьхьа-хьалха (ша-ша) веа
стага динчу ламазал. Веа стеган ламаз АллáхIана гергахь сов ду, бархI стага
тIаьхьа-хьалха динчу ламазал. БархI стеган ламаз, царах цхьаъ царна имам
хилла хьалха а волуш, АллáхIана гергахь сов ду, бIе стага ша-ша динчу
ламазал». Баззáр, ТIабарáни.
ХIокху
суннаташа (хьадúсаша) гойту, бусалбанин тоба алсамяккхарехь (уьш дукха
барехь) а, иштта уьш алсамюьлуш тобанаш гарехь а, Исламан безам хилар,
хедда, къистина шаьш-шаьш йоцуш.
Делахь а,
дIакъастаран, (нахаца) тIекере, ийна хиларан болх а, цунна тIаьхьа догIу
зIенаш кхоллар (тийсар) а, доттагIаллаш хоттор а тайп-тайпана хьукманаш
(решение) долуш бу.
ТIаккха
умматах, муьлхха а, дIакъастар, дика долчуьнца омра даран а, вониг дехкаран
а джихIадах (къахьегарха) воккхуш ду, я Исламан мостагIашна хьалха, и
лардаран цхьа агIо гIелъеш ду.. ТIаккха иза зулам (преступление) ду. И
динчуьнгара цхьá тайпа бехказло къобалйийр йолуш яц.
Цул
тIаьхьа, адамаш башхалонаш а, амалш а йолуш ду. Цараха дукха нах болчу
тобана сихвелла юкъа воьдург а ву. Цо дукха сиха уьйр тосу хIокхуьнца,
дIочуьнца.
Воккхавуь иза (церан) яххьашка лерина хьежарха а, юххерачуьнга, генарчуьнга
къамелаш дарха а.
Цараха
оцу амалша, дукхалла тулгIе етташ йолчу йоккхачу, тобана юкъа кхуссуш верг а
ву. ТIаккха иза шена гонаха керт хIотто волало, цунаха нахана тIе ларлуш ара
а хьоьжуш, цунна тIехьа дIа а лечIкъаш, шеца гIуллакх долуш верг веъча. И
шийа амал Исламо нисйина цаьршингахь хилабезачу нийсачу некъа. ТIаккха
хьалхарчуьнга олу: «Нахаца тIекере хила, царна юкъа воьдуш, цаьрца уьйр
йолуш хила, хьайн динна чов ма е». Вукхуьнга олу: «Муъма стаг атта, кIеда,
уьйр йолуш, шеца уьйр тосуьйтуш хила везаш ву».
ХIетте а,
баккъалла а, Исламо питанашха дIакъастар тIедожийна. ТIаккха, махкахь
питанаш карзахдевлча, дуьне къуьйсуш махкахой девнаш дан боьлча, дикачу а,
хазачу а гIиллакхин уьйраш ястаяла йоьлча, цигахь, шек йоцуш, бохамах
дIакъастар и емалбаран а, цунна реза цахиларан а цхьа дáкъа а, агIо а ю. Иза
(вониг) хийцаран даржийн барамийн а, дозанийн а чохь хила дезаш ду. И даржаш
АллáхIа, вончуьнца къийсам латторна, билгал дина охьадехкнарш ду: куьйга и
хийцар, тIаккха маттаца, тIаккха дагца: Абу СаIúд Аль-Худрийс аьлла: Суна
АллáхIан
элчано –
IалайхIис-салáм,
олуш хезира: «Шуха вониг гинчо – иза шен куьйгаца
хийцийла, цу тIехь
ницкъ цакхачахь, шен маттаца, цу тIехь
ницкъ цакхачахь, шен дагца. Иза уггар гIийла
ийман а ду».
Муслим.
Вуьшта
аьлча, бохамех а, питанех а вадар, ша вáлар къобал дийр долуш дац, мегар
долуш дац и (вониг) шен маттаца хийца йиш йолуш а, гIор долуш а волчуьнгара,
цуьнан куьйгаца и хийцар ца хьехийча а.
ДIакъастар герз ду, хIокху заман чохь, хьекъалцá а, кхетамцá а, лелийна а,
шех пайдá эцна а долу. Шайга гIело яллийна, хьийзийна долчу умматаша зийна и
шайн гIорадолш волчу мостагIца… Къийсаман кхечу герзашка дилча (дуьстича),
дIакъастаран герзан дарж (меттиг), дIакъастаран (ша вáларан), меттиг (дарж),
санна ду, хьал тодаран дуккха а долчу некъашха долу. И бохург, гIорсиз болчу
нехан кIелхьардолийла (убежище - нахана юкъара дIаваьлла, чуволар) ду иза,
шайн дин эцна бовдар бен шайна кхин некъ ца карийначу хенахь. Амма питанаш
шайца дIадайа йиш йолу агIонаш а, некъаш а дукха хилча, тIаккха дIакъастар –
вай билгал ма-дарра – доккха зулам ду.
• ХIокху
вай билгалдинчуьнан серлонгахь, кхета веза хьо АллáхIан элчанан –
IалайхIис-салáм, дашах, цуьнга хаьттина хилла:
ХIай
АллáхIан элча, нахаха уггар диканиг муьлха ву?
Цо аьлла:
«Шен даьхнийца а, ша а АллáхIан новкъахь (Цуьнан дин бахьанехь)
джихIáд деш волу муъма стаг ву».
ТIаккха
аьлла: Цул тIаьхьа мила ву?
Цо –
IлайхIис-салáм, аьлла: «Нахах паргIат йолчу, ломаха цхьана меттехь, шен
далла Iибáдат деш, дIакъаьстина стаг ву». Бухарий, Муслим.
Цул
тIаьхьа, ша вáлар а (уединение, одиночество), нахана юкъа вахар а адамашна
даим латта йиш йолуш ши хьал, ши куц дац… Цундела бусалба стаг шен хан
йоькъуш хилийла пайде долчу шá вáларна а, хаза долчу нахана юкъа вáларна а
юкъахь... Шина хьолаха, шен берриг а болх тобеш, схьаваларан дуьхьа.
***
ХIокху
бух тIе а доьгIна, хоржур бу вай накъостий, доттагIаллаш тасарехь безам хир
бу вайн я царах къаьхкар ду вай.. Сийлахь а, хаза а долчу доттагIаллин
бехкамех хьалхарниг, шена пайда а, сá а цалехар ду. ЦIенна АллáхIан дуьхьа и
хилар ду. И гергарло кхолладалар, доккхахилар ду ийманан а, гIо даран а
новкъа. ХIара ду и АллáхIан дуьхьа везаран маьIна.
Баккъалла
а, адаман дагчохь шеко йоцуш АллáхI хилар сецча, ийманан лепар цуьнан дагах
дIаийча, шен чомехь цунна ийманан марзо хааелча, и адам дIахIутту, массо
чохь садолчу хIуманашка, даггара ша тIевирзина долчу, Iакъийдатан (дин:
вера) серлонгахь, хьоьжуш. Цунна тIаккха (цхьа хIума) деза бухе (принципе)
хьаьжна (цунна тIе а доьгIна), иза чIогIа шена дезаран дуьхьа а доцуш.
Цунна (цхьа хIума) цадезаш хир ду, бухе хьаьжна, ша цхьана хIуманах валар
кхераран дуьхьа а доцуш.
Бажа
вовшахкхета тарло цIенчу я даьржинчу хи тIехь, адамаш вовшахкхета тарло,
наггахь, цхьана ханна я гуттаренна а кара деанчу дуьнен тIехь. Царна юкъахь
чIогIа уьйраш тасаяла тарло. Амма хIара тайпа вовшашна довзар а, дезар а
тардан йиш яц тIехъяьлла дика Iалашонийн дайшна юкъахь кхоллабелчу безаме а,
догцIаналле, вовшин гIодаре, вовшашна тешамен хиларе а..
Цундела
Ислам тергам а, сий а деш ду цIенчу доттагIаллин деган а, безаман а. Ийман
диллинчарна доьзуьйтуш а ду иза, цIена АллáхIан дуьхьа и хилийтар а. Цуньнан
дуьхьа и латтадар а. И охIлу долу, цунна догIуш долу хаза совгIат дина цо
цунна.
•
АллáхIан элчано – IалайхIис-салáм, аьлла: «АллáхIа – ТаIáлá, аьлла: Сан
сийлахь – воккхалийн дуьхьа вовшашна безнарш Сан Iаршан IиндагIехь хир бу,
Сан IиндагI бен доцчу дийнахь». Ахьмад.
•
Аль-ХаттIáбан кIанта Iумара – АллáхI реза хуьлда цунна, аьлла: АллáхIан
элчано – IалайхIис-салáм, элира аьлла: «АллáхIан лешха цхьа нах бу,
пайхамарш бац уьш, я гIазоташ бац, (хIетте а)
пайхамарш а, гIазоташ а, къемата дийнахь, хьоьгуш хир бу царах, АллáхIана
гергахь церан йолчу меттигана».
Цара
элира: ХIай АллáхIан элча, ткъа тхуна хаийтахь муьлш бу уьш?
Цо аьлла:
«АллáхIан къинхетам бахьана долуш вовшашна безна нах бу уьш, шайлахь
гергара боцуш, я вовшашна луш даьхнеш доцуш… ТIаккха ас АллáхIах дуй ма буу
шуна, баккъалла а, церан яххьаш нур долуш хир ма ю. Баккъалла а, уьш нуьре
(некъа тIехь) хир ма бу. Нах кхоьручу хенахь, кхоьруш хир бац уьш.
Нах сингаттаме, гIайгIане болчу хенахь, сингаттаме, гIайгIане хир бац уьш».
Цу тIе цо дийшира: «ЛадогIалаш, АллáхIан гергара, дика леш
(авлияаш), царна кхерам хир болуш бац шуна, уьш гIайгаIане хир болуш бац
шуна». (Юнус: 62) Абу Дáвýд.
АллáхIан
дуьхьа везар хIораммо а тIечIагIдан йиш йолуш хIума дац. ХIора ша-шен
кхайкхийнарчуьнгара (самозвáнец) бакъдийр долуш дац и..
Цундела,
хьалха, адамна, нийса (вовза ма-веззара), шен дела вовза веза, цул тIаьхьа
хIокху (дела) вовзаран лакхара мах хадор бу цо, кхечу хIуманал шегахь цо сов
оззалц (кхечул иза тоьлушха хиллалц). Цул тIаьхьа хIара вай дуьйцуш долу
АллáхI вовзар, АллáхI Ша везаре а, Цунна Iамал яр кхечу хIуманал харжаре а,
хьалхатаьIар ду. Оцу хенахь къонахчуьнгахь бакъхир ду, цунна цхьа хIума
дезахь я цадезахь, цунна АллáхIан дуьхьа деза бохург а, АллáхIан дуьхьа
цунна цадеза бохург а.
Амма
къонаха цIе яханчу стагах гIадвахар, я кхечуьнан Iар-вахаран кеп безаме
хетар, тIаккха цьунга безам бахар, иза доттагIаллин кхин тайпа дáкъа ду, вай
дуьйцург а доцуш.
•
АллáхIан элчано – IалайхIис-салáм, аьлла: «Кхоъ хIума ду, уьш шегахь
долчунна иймана марзо а, цьунан чам а карор (хаалур) болуш: АллáхI а,
Цуьнан элча а цунна сов везар ду и Шиъ воцчу кхечу моссо хIуманал а. Цунна
АллáхIан дуьхьа везар ду. АллáхIан дуьхьа ца везар. Йоккха цIе а латийна,
тIаккха цу чу вожар сов дезаш хилар ду, АллáхIаца муьлхха а цхьа хIума
накъост вечул». Бухарий, Муслим.
АллáхIан
дуьхьа везар тIаьхьара мур хиллачу хенахь а, ийманан тIегIанашкахь хьалха
цунна (стагана) тIекхочуш, цьунан том хиллачу хенахь а, гучу ца болуш,
даггара хиларан (искренность) йовхоно шаьш кхиаран (созревоние) хьоле
кхáчийначарна гергахь бен, хIокху везаран шорто хьулу кхачамаллин а,
цIаналлин а билгало, шаьшшинна уггар сийлахь-доккха совгIат хьакъ долу.
•
АллáхIан элчано – IалайхIис-салáм, аьлла: «Къайлах, вовшашна АллáхIан
дуьхьа везна волу ши стаг вац, цаьршиннах АллáхIана сов везаш верг волуш
бен, цаьршиннах шен накъост везарехь чIогIаверг». ТIабарáний.
***
Вовшашна
везна волу и шиá ваша АллáхIа дола даран а, Iуналлин а кIел ву.
•
АллáхIан элчано – IалайхIис-салáм, аьлла: АллáхIа – ТаIáлá аьлла: «Сан
безам хьакъ хилла, Сан дуьхьа вовшашна безаш болчарна. Сан безам хьакъ
хилла, Сан дуьхьа вовшашна тIе хьажа-хIотта оьхуш болчарна. Сан безам хьакъ
хилла, Сан дуьхьа, ца кхоош, вовшашна хIума яларан куьг кховдош болчарна.
Сан безам хьакъ хилла, Сан дуьхьа вовшашца доттагIалла а тесна, и лелош
болчарна». Ахьмад, ТIабарáни.
ДоттагIчуьна шен доттагIчуьнгахь Iаткъам (влияние) боккха а, кIорга а бу.
Цундела къонахчунна тIехь ду шен вежарий къастор а, харжар а, церан бакъдерг
зер а, уьш муьлш бу хьажар а, церан бакъдолчуьна бухах тешна а, са паргIат
хиларан а дуьхьа.
•
АллáхIан элчано – IалайхIис-салáм, аьлла: «Къонаха шен доттагIчуьна дин
тIехь хуьлу. Цундела, шух хIора а хьажийла ша доттагIалла хьаьнца тесна
лелош ву». Абу Дáвýд.
Уьш
къонахой белахь, уьш цуьнан гIодеш хир бу, декхар кхочуш дарна тIехь а,
хьаькъаш лардарна тIехь а. Хьарам дерг дарха а, вончуха а и саца а вийр ву
цара. Цундела уьш дIахеца мегардоцу дика накъостий бу. Цаьрца долу гергарло,
безам хадарна кхоьруш, и шиъ лардарна тIехь чIогIа сутар хила везаш ву и..
Иштта уьш ца хилахь, Iехаваларха ларлойла иза, шена тиларан некъаш хаздеш
болчеха я эхь ца хеташ шеца ловзаран а, кIад бацаран а бахьанашкахь
хецабелла болчеха.
Баккъалла
а лараме волчу доттагIчо шен доттагI дуьненахь кхиамна тIе, эхартахь декъала
хиларна тIе вига тарло. Амма сонта, хьекъал доцу доттагI, ткъа иза бала бу
шен накъостана.. Маса жиманиг, зеделларг доцург ву къаьхьа (чIогIа)
дохковаьлла хIокху вончу доттагIаллийна, цо ша, чухарца герга баханчу, берда
йисте ваьхьна охьавилларна а, тIаккха жоьжахатан
цIерга цо ша вожаварна а.
АллáхIа –
ТаIáлá, аьлла: «Зуламхочо (мушрико) шен ши куьг дуъчу дийнахь
(къематдийнахь, дохко ваьлла), цо эр ду: «Элчанан новкъа ваха велир со!
ХIаллак хили-кх со! Хьанехаца доттагIалла тасаза висанвелира со! Къурáн
тIийра со тили-кх цо, соьга и кхаьчначул тIаьхьа». Баккъалла а шайтIано
(керста) адам гIо доцуш дуьту». Аль-Фуркъáн: 27-29.
ГIиллакх
гIиллакхаха лачкъош (схьаоьцуш) ду. Мел сиха воьду стаг шен накъостана езачу
агIор! Уьнан (зарáза) шен къáнýн (закон) ду гIиллакхашкахь лелош а,
догIмашкахь лелош санна. Муххале а, адамаш гулделлачу меттехь лаьтташ долу
хьал (дух), нуьцкъалчу, чIогIачу стагера шен схьадалар долуш хуьлу(массо а
цуьнга ладугIуш
хуьлу). Цо шена гонаха берш бузу шен кийрара схьадолуш долчу шортонах а,
комаьршаллех а.
(Вайна)
гина ма ду вончу хIумунийн ун леларехь а, кхечуьнга дáларехь а чIогIа хилар,
хIаллак варехь нуцкъала хилар, дикадолчу хIуманийн уьнал. Дукха хьолахь
тонка озаран ун, и озарца бáла хьогуш волчуьнгара, цунах цIена волчуьнга
долуш ду. БIостанехьа дерг наггахь бен дужуш ца хуьлу.
ХIара
дийцарш лáраран дуьхьа а, хаза гIиллакх а, сийлахь Iадаташ а лардаран дуьхьа
а АллáхIан элчано – IалайхIис-салáм, омра дина накъост харжарца. Цо аьлла:
•
«Дика накъост миск (IатIар) духкуш верг санна ву (цунах тера ву).
Цуьнгара хьуна хIумма а схьацакхетахь а, цуьнан (хазачу) хьожанах
хIума кхетар ду хьоьх. Вон накъост пхьалгIахь левсийца болх беш верг санна
ву. Цуьнан кIурз хьуна тIе ца биллахь а, цуьнан куьрах хIума кхетар ю
хьоьх». Абу Дáвýд.
ТIаккха
иза, хьо цунна дуьхьалкхета там болуш волу, накъостан хьал хилча, кIеззигчу
ханна долчу вовшахкхетарехь, буьйсанаха я дийнаха кIеззигчу сахьтана, ткъа
хьо муха хир ву аьлла хета хьуна ýмаран накъостаца, хьоьца тIекере волчу,
диканехь а, вонехь а? хазахетарехь а, гIайгIанехь а? Хьекъал долуш а, делах
кхоьруш а болчаьрца тасделла долчу доттагIалло (стаг) лакхенга хьалаваккха
тарло. Амма Iовдал а сонта а болчаьрца тасделла доттагIалла – иза сиха Iинах
чукхуссу шера меттиг ю.
АллáхIа –
ТаIáлá, аьлла: «Баккъалла а, зуламхой (керстанаш) вовшин гIоьнчий
а, доттагIий а бу. Ткъа АллáхI Шех кхоьруш болчу муъма нехан доладийриг ву.
ХIара (Къурáн) гайтаме куьйгалла ду нахана, тешамен некъ а, къинхетам
а бу (Оха денбарха, гIовтторха) тешаш долчу адамашна».
Аль-ДжáсийахI: 19-20.
Баккъалла
а, доттагIалла динна а, сийлахь-лекхачу Iамалашна (белхашна) а тIетевжина
хила дезаш ду.. Къонахчо шайца гергарло а, доттагIалла а даим хилийта а,
дуьненна, эхартана шайца безам ца хадийта а уггар диканаш хIокху дийцаро
(предание) хьахийнарш бу:
• «Нахаца
царна зулам цадеш ваьзнарг а, цаьрца юкъаметтиг лелийнарг а, царна пуьчаш ца
буьттуш цаьрца къамел динарг а, царна ваIда йина (дош делла) и кхочушйинарг
а, шен стогалла а, къонахалла а юьззина кхочуш хиллачеха а ву и, шен делах
кхерар, Iедале хилар гучудаьллачех а ву и, шеца важаралла лело хьакъ долчеха
а ву и».
АллáхIан
дуьхьа доттагIалла кхолладеллехь, амма и лаьттар дац Цунна муьтIахь хиларцан
бен, цо заза а доккхур дац, ши доттагI цхьаьна генавáларцин бен шалхонах а
(юьхьдегалла), бохамах а. ТIаккха цаьршиннах цхьанна я шинне дахаран кепана
Iáсалла юкъадалахь, дегнаш хийцалур ду, безам а лаьттах дахана хи санна бовр
бу.
•
Хьадийсехь ду: «Со Шен карахь волчуха дуй
буу ас! Шинна вовшашин везар вац, цаьршиннах цхьамма дина къа бахьна долуш
и шиъ вовшехкъастош бен».
Цундела
АллáхIан элчана – IалайхIис-салáм, асхьабаша (накъосташа) вовшашка
бакъдолчуьнца (ийманаца) весеташ дарха а, дикачунна тIехь вовшин
гIо-накъосталла дарха а, керт еш хилла, царна юкъахь болу безам ларбеш а,
уьш АллáхIа гечдарна а, Иза реза хиларна а герга буьгуш а.
• Абу
КъилáбахIа аьлла: «Базарахь цхьа ши стаг цхьанакхетта. ТIаккха цаьршиннах
цхьамма вукхуьнга аьлла: Схьаволахь, нах гIопал боллучуьра (царна ца
хоуьйтуш) АллáхIе гечдар деха вайшимма! Цаьршимма и дина. Цул тIаьхьа
цаьршиннах цхьаъ велла. ТIаккха вукхунна гIенах гина и. цо (веллачо)
аьлла: Хьуна хаьий АллáхIа вайшиъ базарахь цхьанакхеттачу сарахь вайшинна
гечдина хилар?». Ибн Абу ад-Дунйа.
• Мáликан
кIанта Анаса – АллáхI реза хуьлда цунна, аьлла: Равáхьатан кIентан
IабдуллахIа Iедал дара, АллáхIан элчана – IалайхIис-салáм, асхьабашха
стагана тIекхаьчча, олуш: Схьаволахь, цхьана сахьтехь вайшина деле ийман
диллий вайшима! (И хьахаве вайшима бохург лууш: дикачуьнца вовшашка весет
дарца а, цхьамма вукхунна хезаш Къурáн дешарца а). Иштта цхьана дийнахь
цхьана стаге аьлла цо и! И стаг тIаккха оьгIаз а вахна пайхамар –
IалайхIис-салáм, волче вахна. Цо аьлла: ХIай АллáхIан элча, Равáхьатан
кIанта лелориг гой хьуна, хьан ийманах дог даьлла, сахьтан ийманехь безам
болуш ву-кх и? ТIаккха пайхамара – IалайхIис-салáм, аьлла: «АллáхIа
къинхетам бойла Равáхьатан кIантах; Иза баккъалла а, малийкаша шайха дозалла
ден меттигаш езаш ву». Ахьмад, ТIабарáний.
ДоттагIий
вовшашна дика бевзаш хилар декхар ду, церан гергарло леладар билгалчу некъа
тIехь хилийтаран дуьхьа. Царах цхьаммо вукхунна дийцар а, дIахаитар а декхар
ду цуьнга шен дагахь болу безам а, ша и ларар а:
•
АллáхIан элчано – IалайхIис-салáм, аьлла: «Шуха цхьанна шен ваша взча, цо
цунна дIахаийтийла шена и везаш хилар». Ахьмад.
• Анаса –
АллáхI реза хуьлда цунна, аьлла: Пайхамара – IалайхIис-салáм, волчехь
(цуьнца) цхьа стаг вара. ТIаккха цхьа кхин стаг цаьршинна тIехваьлла
дIавахара. ТIаккха хIокхо элира: ХIай АллáхIан элча, хIара везаш ву-кх со!
Пайхамара
– IалайхIис-салáм, аьлла: «Цунна и дIахаийтиний
ахь?».
Цо аьлла:
ХIан-хIа.
Пайхамара
– IалайхIис-салáм, аьлла: «Делахь, дIахаийта
цунна».
ТIаккха
цо цунна тIаьхьа а кхиъна аьлла: АллáхIан дуьхьа хьо веза суна.
ТIаккха
вукхо аьлла: Шен дуьхьа хьуна со везачунна хьо а везийла. Абу Дáвýд.
•
АллáхIан элчано – IалайхIис-салáм, кхин а аьлла: «Стага (кхечу)
стагаца вежаралла, гергарло тосуш хилча, цо цуьнга хаттийла цуьнан цIе а,
цуьнан де цIе а, иза хьанаха ву а але. Иза, баккъалла а, безам сов чIагIбеш
ду». Тирмизий.
Шеко яц,
ойла яр а, амал а цхьатера йогIуш хиларна (я хиларан) доккха дáкъа хилар,
доттагIаллаш кхолларехь (тийсарехь) а, уьйраш чIагIярехь а. Аьлла ма ду:
«Хьан нанас вина а воцуш, наггахь (я дукха), ваша хила тарло хьан». Иштта
къонахчунна наггахь каро а тарло, дахаран гаттехь, ша цуьнан сиха вогIуш а,
цунна тIехь шен дог лаьтташ а хаалуш верг, дукха шерашкахь хьалха и вевзаш
хилча санна.
• Ткъа
хIара хьадийсо тIечIагIдеш ду: «Синош чот йоцуш дукха а, тайпа-тайпана а
эскар ду. Царах (áмалашкахь, ойла ярехь, сибаташкахь) цхьана догIучу
синойн барт хилла. Иштта доцачин барт, уьйр, гергарло ца тасаделла».
Бухарий.
Амма
хIара безам Iакъийдатан (динан) куьйгалло а, цуьнан низамо а урхалла деш
лелош хила безаш бу; муъма стага лакхара схьаоьцуш долчу хIокху куьйгалло
урхалладеш, шен деган дерриг дог-ойланашкахь (склонности). ТIаккха цо
(куьйгалло) вина дIахIоттор ву и, АллáхIан дуьхьа везаш, шена юьхьадухьал
хIоьттина гина боцуррш а, генахь хиларна я шен заманахь уьш ца нисбаларна.
Иштта ца
везаш а дIахIоттор ву цо и, шеха, цIахь я новкъахь, цабеттабелларш, цхьанá а
хIуманан дуьхьа а доцуш, шена диканаш безаш а, вониш цабезаш а хилларан
дуьхьа бен. ЦIенна хIокху кепехь йолчу деган дог-ойланаша, церан да даржашка
хьалаойу, юкъараллехь йолчу цуьнан меттигал лакха.
• Абу
Заррас – АллáхI реза хуьлда цунна, аьлла: «ХIай элча, элира ас: Стаг
цхьа нах безаш ву (ша ву цунна лууш верг), цара еш йолу Iамал ян
ницкъ а ца кхочу цуьнан?» Цо аьлла: «Абу Зарр, хьо хьайна (хуьна)
везачуьнца хир ву хьуна». Тирмизий.
ДоттагIаллехь долчу Исламан суннатех (некъашха) ду, вовшна зиярате вахар,
хьайна пайда а ца лоьхуш, цIенна АллáхIан дуьхьа а долуш.
• Абу
ХIурайрата – АллáхI реза хуьлда цунна, аьлла: Пайхамара – IалайхIис-салáм,
элира аьлла: «Цхьа стаг зиярате ваха араваьлла шен вешийна кхечу юьртара.
ТIаккха АллáхIа и воьдучу некъахь и вáрехьоьжуш малийк кечдина (цунна).
ВогIýш и цунна тIекхаьччи, цо аьлла: ХIун лууш араваьлла хьо?
Цо
аьлла: ХIокху юьртахь волу сайн
(сан)
ваша волчу ваха араваьлла со.
Цо
аьлла: Ахьа цунна динчу цхьана диканна дуьхьал цуьнгара цхьа пайда безаш
воьдуш-м вац хьо и волче?
Цо жоп
делла: Вац дер-кх, АллáхIан – ТаIáлá, дуьхьа суна и везаш хилар доцург.
Малийко аьлла: Делахь со, баккъалла а, хьуна тIедаийтина АллáхIан геланча
ду, АллáхIана хьо везна хилар
(хаийта),
хьуна Шен дуьхьа и везар санна». Бухарий.
Баккъалла
а, хIара гIулчаш лакхара мáх болуш ю.. АллáхIан некъахь болчу муджáхIидийни
гIулчаш санна ю уьш, шеко йоцуш, уггара бокхха мел боккхуш а, и хуьлуьйтуш
а.
•
АллáхIан элчано – IалайхIис-салáм, аьлла: «Цхьаъ лазархочуьнга
(цомгушниг) хьажавахча я АллáхIан дуьхьа волчу шен вешийна зиярате вахча,
(малийкашха) кхайкхархочо кхайкхар до: Реза а, ирс долуш а хуьлда
хьо. Декъал а хуьлда хьан вахар. Ялсаманахь цIа а хуьлда хьуна – (оле)».
Абу Дáвýд.
Я доIа а
доцуш, и сийлахь хIуманаш хили хьуна аьлла цуьнга боккхуш кхаъ хила тарло
оцу хьадийсан маьIна. Дика хуург АллáхI ву!
• Кхин а
аьлла цо – IалайхIис-салáм: «Цхьá а лай вац шен ваша волчу веана,
АллáхIан дуьхьа цунна зиярат дан, стиглара кхайкхархо цуьнга кхойкхуш бен:
Ирс долуш хили хьо, ялсамане аьхна хили хьуна.. АллáхIа олуш бен Шен Iаршан
олаллехь: Сан лай Сан дуьхьа зиярате вахана, Суна тIехь ду и (хьаша
санна) лерар. Ялсаманел лахара цунна мелана реза хир вац И». Муслим.
Бусалба
стаг, массо а нахана диканиг лууш велахь а, амма шен доттагIашна диканиг
лаар сов дезаш ву и, цаьрга кхочуш болчу дикачу балхана воккхавер кхин а сов
ду цуьнан. Шеначул совяьлла шегахь цунна хIума караяхь, хIумма дац цо шен
накъосташна цунаха хIума кхачийтарх (яларх):
«Шайлахь дика дар диц ма делуш. АллáхI, баккъалла а, аша дийриг гуш ву».
Аль-БакъарахI: 237.
•
АллáхIан элчано – IалайхIис-салáм, хастаме лерина, доттагIашна юкъахь,
вовшашна совгIаташ дIасадалар. Цо аьлла: «Вовшашна совгIаташ де,
баккъалла а, совгIато дагчу лелхаш йолу вон йоланаш дIайоху». Тирмизий.
• Iаишата
– АллáхI реза хуьлда цунна, аьлла: «АллáхIан элча – IалайхIис-салáм,
совгIат къобалдеш вара, цунна дуьхьал цхьа дика я совгIат цадеш ца Iáра и».
Баззар.
ХIетте а,
хIара лекха (сийлахь) гIиллакх, сов дерш лелоро шен дозанел арадаьккхича,
хастаме долчуьра дIадолу. Ислам дин моттаргIийцá, шалхонцá къийсам а, тIом а
латторна а, чолхазалла (атта хилар) даржадарна а тIедоьгIна ма ду.
Муьлхха а
хIума даран а, леларан а куц, шегахь ийзавалийтар (гатвар) а, хьеставалийтар
а долуш делахь, ткъа Ислам цунах цIена ду. Ислам динан Iалашо,
доттагIаллийна гонаха, цьунан сурт хаздеш долу, бес-бесара гIиллакхалла
хилар ду. цьунан дух цIена а, маьрша а хиларха тешначул тIаьхьа. ШозлагIа,
цуьнан Iалашо, цунах (доттагIаллех) дахар аттадарна а, цуьнан халонаш яйярна
а некъ а, бахьана а дар ду.
•
«АллáхIан гергахь уггар дика накъост, шен накъосташна царах уггар диканиг
ву. АллáхIан гергахь уггар дика лулахо, шен лулахочунна царах уггар диканиг
ву». Аль-Хьаким.
Баккъалла
а, Исламо стагана магийна шен доттагIчуьна даарха хIума яа, шен ден-ненан а,
вежарин а, гергарчеран а юуъчу хIуманах яар санна:
«…Шуна а
(къа)
дац аша шайн доьзалийн цIачуьра яарх, я шайн дайн цIачуьра, я шайн наной
цIачуьра, я шайн вежарийн цIачуьра, я шайн йижарийн цIачуьра», тIаххьара
аьлла Цо: «..Я кхечунна аша дIайиллинарг, я шайн доттагIчуьнниг».
Ан-Нýр: 61. (уьш цIахь ца хиларх, реза хир буй хиъчахьана).
Иза
цецвала оьшуш хIума дац, хIунда аьлча, доттагIалла тасаран мах боккха а,
Iаткъам боккха а болуш хиларна. ХIаллак хуьлчу халонашкахь а орца хила там
болуш хIума ду и (доттагIалла) тосуш бина мах, хIара халонаш жоьжахатенан
Iазапах хьалхавалар делахь а!!
АллáхIа –
ТаIáлá,
аьлла, ширка охIлуна
хьал дуйьцукш, царна
Iазаплучу
хенахь: «АллáхIаха дуй буу оха, билгал долчу
тиларан чохь ма-хилла тхо.
Iаламийн
деле шу нисдинчу хенахь. Тхо тила а ма-цадина къиной дайша бен. Цундела
шапаIат дан вац тхуна цхьа. Я доглазамен доттагI
а вац».
Аш-ШуIарáъ:
97-101.
ХIокху
доттагIаллех
дехкалуш даккхий хьаькъаш хиларна, АллáхIан элчано –
IалайхIис-салáм,
аьлла:
«Муъма
верг бен доттагI
ма лацалахь, делах кхоьручо бен хьан юу хIума
а ма яийла».
Абу Дáвýд.
Ас элира:
ваша ву!! Цара элира: цIийн ваша ву?
Ас тIаккха
элира цаьрга: Гергарнаш вовшех теранаш бу.
Сан
доттагI
ву и сан хадамехь, сан лаамехь, сан некъехь, баххашкахь (орамашкахь)
гергарлонаша тхо вовшашна гена даьхнехь а.
ПIераска,
17 Маьттан бутт «июль» 2009 шо.
Мухьаммад
ГIазалий:
«Хулукъуль муслим – Бусалба стеган гIиллакх» жайни тIера, «ДоттагIий харжар»
цIе йолу дáкъа.
Гочдинарг:
Шун бусалба ваша ИбрахIим.
Шаьш доIа деш
тхо диццадар доьху.
| |