|
РАМАДАН БЕТТАН МАРХА КХОБУЧУЬНАН РАЖ (ПРОГРАММА)

Iуьйра-ламаз
дале хьалха дан дезарг
1)
ТахIажжуд
ламаз дар.
АллахIа
(Лекха ву И) аьлла:
«Боккъалаъ, эхартах кхоьруш а, шен Делан къинхетаме догдохуш а, суждане
оьхуш а, (ламазехь) лаьтташ а муьтIахь
буьйсанаш хьуш верг»
(«аз-Зумар»: 9).
2) Iуьйкъе
яр.
Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Сатасале хьалха хIума
яа (я
Iуьйкъе
е),
хIунда
аьлча
Iуьйкъе
ярехь беркат ду»
(барт хилла хьадис ду).
3) Iуьйра-ламазна
моллалла кхайккхалц Деле гечдар дехар.
АллахIа
(Лекха ву И) аьлла:
«Сатасарал а хьалха гечдар доьхуш бара уьш»
(«аз-Зарият»: 18).
4) Iуьйра-ламазал
хьалхара суннат ламаз дар.
Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Iуьйра-ламазал
хьалхара ши ракIат
(суннат ламаз) диках ма ду хIокху
дуьненал а, оцу чохь мел долучул а»
(Муслим).
Iуьйранна
сатесначул тIаьхьа
дан дезарг
1) Iуьйра-ламазе
хьалххе дIавахар.
Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Царна хууш делахьара, пхьуьйра-ламазехь а,
Iуьйра-ламазехь
а
(дакъалаьцначунна хуьлуш йолу ял),
билггал, богIур
ма бара уьш оцу шинга, текхаш баьхкина а»
(барт хилла хьадис ду).
2)
Къамат даллалц йолучу ханна зуькар деш а, доIанаш
деш а мукъаза къахьегар.
Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Моллалла кхайкхарний, къамат дарний юккъехь дина доIа
жоп даланза дуьтуш дац»
(Ахьмад, Тирмизи, Абу Давуд).
3)
Маьждигехь Дела хьехош а, КъурIан
доьшуш а хан яккхар - малх схьакхетталц йолучу ханна (Iуьйренан,
суьйренан азкараш а доьшур ду).
«Пайхамар (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша
Iуьйра-ламаз
диначул тIаьхьа,
шен когаш чучча а дохкий, хиъна
Iара
- малх схьакхетталц»
(Муслим).
4)
Ши ракаIат
ламаз дар.
Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«ЖамаIатехь
Iуьйра-ламаз
а дина, цул тIаьхьа
малх схьакхетталц АллахI
хьехош хиъна а
Iийна,
тIаккха
ши ракaIат
ламаз дина волучунна хьаж даран ял а,
Iумрат
даран ял а хир ю – юьззина, юьззина, юьззина»
(Тирмизи).
5)
АллахIе
карарчу дийнахь хьайна беркат дар дехар.
Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьда цунна) аьлла:
«Я АллахI!
Аса хIокху
дийнан дика доьху Хьоьга. ХIокхуьнан
толам а, хIокхуьнан
гIо
а, хIокхуьнан
нур а, хIокхуьнан
беркат а, хIокхуьнан
нийсо а йоьху Хьоьга. Со Хьоьца лар а ло хIокхунна
чохь долучу вонах а, хIокхул
тIаьхьа
долучу вонах а»
(Абу Давуд).
6)
ДIавуьжучу
хенахь, оцу дIавижарах
ял хиларе дог а дохуш, вижар.
МуIаза
(АллахI
реза хуьлда цунна, аьлла):
«Сайн йоццачу набарх а йоле дог ма доху аса - со-о гIаьттина
волучу хенахь йоле дог ма даххара».
7)
Балха я деша вахар.
Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Цхьамма а, цкъа а хIума
йиъна ма яц шен куьйга (болх бина) яьккхиначулла а гIолехь
йолу. Боккъалаъ, АллахIан
пайхамар волучу Давуда ша-шен куьйга болх бина яьккхинарг юуш хилла»
(Бухари).
8)
Дерригечу а дийнахь АллахI
хьехор, мукъа ца
Iар,
Дела хьехонза хан ца яхийтар.
Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Ялсаманин охIла
гIайгIане
хир бац - Лекха волу АллахI
а ца хьехош, шайна тIехйийлийтиначу
хенашна бен»
(ТIабарани).
9)
Дийнахь сагIа
далар.
Малеко доIа
дийриг хилар дагахь а долуш:
«Я АллахI!
СагIа
деллачунна - меттахIоттаде
Ахьа».
Делкъа-хенахь дан дезарг
1)
ЖамаIатехь
делкъан ламаз дар, ламазна хьалххе дIа
а воьдуш.
Ибн МасIуда
(АллахI
реза хуьлда цунна) аьлла:
«Боккъалаъ, АллахIан
элчано тхуна
Iамийна
нийсонан
Iадаташ
(суннаташ). Нийсонан
Iадатех
(суннатех) моллалла кхойкхучу маьждигехь ламаз дар а ду»
(Муслим).
2)
Делан дуьхьа негат а долуш, дегIе
садаIийтар.
Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Боккъалаъ, хьан дегIан
а ду хьуна тIехь
хьакъ».
Малхбуз-хенахь дан дезарг
1) Малхбуз-ламаз дар, цул а хьалха деш долу диъ ракаIат
долу суннат ламазаш а деш.
Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«АллахIа
къинхетам бойла стагах – малхбуз-ламазал хьалхара диъ ракаIат
ламаз диначу»
(Абу Давуд, Тирмизи).
2)
Маьждигерачу хьехаме ладегIар.
Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Маьждиге ваханачунна, шена диканиг
Iамо,
я и нахана дIахьеха
йоцург кхин
Iалашо
а йоцуш, - дуьззина а деш хьаж диначунна хуьлуш йоллу ял хир ю»
(ТIабарани).
3)
Маьждигчохь хиъна
Iар,
оцу чохь соцунгIа
хилар.
Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Шен цIахь,
эца ма-деззара, хаза ламаз а эцна, цул тIаьхьа
маьждиге веънарг - иза АллахIан
хьаша ву. Ткъа хьаша ларар тIехь
ду шена тIе
хьаша воьссиначунна»
(ТIабарани).
МаьркIаж-хенахь
дан дезарг
1)
Малх чубузале хьалха доIанаш
дар.
Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Кхоъ
ву, церан доIа
жоп даланза ца дуьтуш, (царех цхьаъ) марха дерг (ву), цо марха
достучу хенахь (доIа
дича)...»
(Тирмизи).
2)
Марха досту хан хилча, доIа
а деш, хIума
кхаллар.
Марха достучу хенахь деш долу доIа:
«ЗахIабаз-замау,
вабталлатилIурукъу,
ва сабатал ажру инша АллахI»
(«Хьогалла а дIаели,
пхенаш а тIундели,
инша АллахI,
маьл а хили»)
(Абу Давуд).
3)
Хьалххе дIа
а воьдуш, маьркIаж-ламаз
жамаIатехь
маьждигехь дар.
4)
Суьйранна доьшуш долу азкараш а, доIанаш
а доьшуш, маьждигехь сацар.
5)
Доьзалца, йиша-вешица цхьаьнакхетарш а, гулдаларш а дар - вовшашна пайдехь
дерг
Iамо
а, хьеха а.
Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Боккъалаъ, хьан зудчуьнан а ду хьуна тIехь
хьакъ».
6)
Пхьуьйра-ламазна а, таравихь ламазашна а кечвалар.
Пхьуьйра-хенахь дан дезарг
1)
ЖамаIатехь
маьждигехь пхьуьйра-ламаз дар, ламазе хьалххе дIа
а воьдуш.
2)
Маьждиган имамаца цхьаьна дуьззина таравихь ламазаш дар.
Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Делах а тешаш, ял хиларе дог а дохуш, Рамадан баттахь гIаьттина
волучунна - яханачу хенахь диначу къиношна гечдо»
(Бухари, Муслим).
3)
Витар-ламаз дар тIаьхьа
таттар - буьйса чекхъяла гергга яххалц.
Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Шайн буса тIаьххьара
ден ламаз - витар нисде»
(барт хилла хьадис ду).
Йиллина раж
- ЗихIарте,
гергарачаьрга, доттагIий
болчу, лулахо волчу вахар.
- Рамадан беттан хьокъехь болу хьехамаш беш жигара къахьегар.
- Ша-шен таллар, шен хьал довзар, шен дика а, вон а агIонаш
муьлхарш ю хьажар.
- Хастаме дерг, дешар
Iамор
– хьукманаш, гIиллакхаш,
оьздангалла, иштта дIа
кхин а.
- Ша-шен бакъахьа кхиор. Куьпан цхьаьнакхетарехь дакъалацар.
Оцу дерригенна а тIе
- иманан юкъаметтигашна тIехь
сутар а хуьлуш, хIокху
сий долучу баттан езачу хенех пайда а оьцуш.
Шайн дикачу доIанашкахь
диц ма дойла аша тхо!
Шайн дикачу доIанашкахь
тхо а юкъалоцийла аша!
Турпалан кIант Фарукъ
Иштта шун аьтто бу кхуьнга ладогIа:
скачать |