Главная

Коьрта агIо
   Къуръан
   Видео
   Аудио
   Кинош
   Сайташ
   ДоIанаш
   Суьрташ
   Нашидаш
   Хьехамаш
   Жайнийн цIа
   Программаш
   Мультфильмаш
   Хьехаме дешнаш
   Динан программаш
 
сайтан хьесапаш

 

 
Тхан баннер


ШИНА БЕШАН ДА

БисмиллáхIир рахьмáнир рахьи́м

МухIаннад: Сан да, сихха дийцар дIадоладехьа, со чIогIа шовкъийла ву..

Да: МухIаннад, сих ма лолахь!

Са́ра: Тахана тхуна хIун дуьйцур ду ахь, сан да?

Да: Ас шуна дуьйцур ду шина бешан ден дийцар.

Мухьаммад: Дийцахь тхуна сихонца!

Са́ра: ХIаъ, сихонца, сихонца.

Да: Цхьана дийнахь кхузахь цхьа хьал долуш стаг хилла. Йоккха ши беш хилла цуьнан, дукха дитташ а, дийна ялташ а долуш. Дохка, тайп-тайпана стоьмаш а хилара цунна оьцу бешара. ХIокху мах барха дуккха а са́ йолуш даьхни хилара цунна, амма иза АллахI (Сийлахь-веза ву И) цхьаъ веш а, Цунах тешаш а вацара.

Мухьаммад: Цул тIаьхьа хIун ду?

Да: Цхьана дийнахь, шина бешан дас элира цхьана къечу, АллахI (СийлахI-веза ву И) цхаъ веш а, Цунах тешаш а волчу стаге.

Шина бешан да: Со чIогIа хьал долуш ву. Сан дукха даьхни а, ба́хам а бу. Йоккха ши беш а ю. Сан куьйга кIел болх беш йоккха тоба белхалой а, хьадалчаш а бу. Ткъа хьо къен стаг ву, сан долчуха хIумма́ а до́лахь долуш вац хьо.

Са́ра: ЭхI, стеган сий дойу хIара къамел дина цо цуьнга?! Баккъалла а, ма къиза стаг хилла-кх иза!

Да: Деккъа хIара хилла ца Iа иза. Муххале а, бешахь ша хьожуш чекхволуш цо аьлла:

Шина бешан да: ХIара сан исбаьхьа беш ца хедаш, даим заза доккхуш лаьттар йолуш ю. Цхьа́ а вац ницкъ кхочур болуш цунна бохам а, зе а дан, мел ницкъ болуш и велахь а.

Мухьаммад: Сан Дела, хIара товш доцу дешнаш аьлла цо?!

Нана: Сан жима кIант, цецма вала хьо! Иза Дела цхьаъ веш а, Цунах тешаш а ма вац. Цундела цуьнгара муьлхха хIума а да́ларе хьежа хьо.

МухIаннад: Хетарехь шовкъийла веш дийцар ду иза, сан да, сихха дийцахь тхуна и.

Мухьаммад: Къечу стага жоп муха делла цунна, дерриг хIара къамел шена хезначул тIаьхьа?

Да: ГIиллакхехь, цунна хьехам бан хIоьттина иза, хIокху дешнашца:

Къен стаг: Сан ваша, хьайха тоаме ма хила. Диц ма де, баккъалла а, хьо кхоьллинарг АллахI (Сийлахь-веза ву Иза) хилар. Хьоьгахь долу ниIматаш дерриге а хьуна делларг И АллахI ма ву. Иза (Ницкъ болуш а, Воккха а ву И) баккъалла а, хIара ши беш Цо хьуна яларха терра, ницкъ болуш ма ву И, цаьршинан диканах хьо ваккха а (хадо), хьох къен стаг ван а, цхьана а хIуманан да а воцуш. Цундела АллахIах  кхера, юха хIара санна долу къамел а ма де. Хьо хьайн беша ваьлча, цуьнан сурт хьуна хаза а делча, АллахIана (Сийлахь-веза ву И) цIе яккха, «Ма́ша́ АллахI, ла́ къуввата илла билла́хI» але.

«Ма хаза́ а, тайна а ю хьо (беш), АллахIана ма лаъара! АллахIаниг бен ницкъ бац».

Да: Шина бешан дас цунна жоп луш, элира:

Шина бешан да: Докъазалла хьулда хьуна, хIай стаг, хIун дуьйцу ахь?

Да: ТIаккха АллахI цхьаъ вечо а, Цунах тешачо а элира:

Къен стаг: Хьуна хезнарг боху ас. Со хууш ву АллахI (Сийлахь-веза ву Иза) ницкъ болуш хилар, стиглара цунна тIе Iазап а даийтана и хIаллак ян я цунна гонахара хинан татолаш дакъадалийта. ТIаккха цунна дилла хи мичара дохьур ду ахь?

Са́ра: Делахь а, цул тIаьхьа хилларг хIун ду?

Да: Муъма стаг кхоьруш хилларг доьжна-кх. Шина бешан да самаваьлча, и шиъ юьззина хIаллак йина карийра цунна. АллахIа Шена гергара хIаллак хилар (Iазап) хьажийнера оцу шина бешана тIе, таIзарна, цаьршина да керстаналла деш а, дуьхьал а хиларна.

Шина бешан да: ХIара хIун ду? Сан шина бешана хилларг хIун ду? Суна гуш дерг бакъ хеташ вац со. Къечу стеган къамеле ла́ а доьгIна, Iа́ламийн да́ волчу АллахIе ийман диллина делира ас.

Мухьаммад: ХIара цавашаран а, дуьхьал ва́ларан а бекхам бу.

МухIаннад: Ма вон бекхам бу иза!

Да а, доьзал а: Йа́ АллахI, Хьуна шукр динчех а, Хьо хьехийначех а диелахь тхо.. Ами́н!

Гочдинарг: IабдуллахI
E-mail: islamanserlo@gmail.com
ХIокху сайтан ерриге бакъонаш ларйина ю © 2008  www.islamanserlo.net