|
ВЕСЕТАШ

БисмиллáхIир рахьмáнир рахьúм
Сан
бусалба ваша, сан бусалба йиша,
дуьненахь а, эхартахь а декъал,
ирсе, кхиам болуш хила лаахь,
хIара весеташ кхочуш де:
1- Хьай
деца-ненаца къамел гIиллакхе де. И шиъ а, цаьршима деш долу къамел а цадезаш
«тпуй» ма ала. И шиъ чеха а маде. Сийлахь, лераме дош бен ма ала цаьршинга.
2- Даим
хьайн дена-нанна муьтIахь хила АллáхIана Iеса йоцчу агIор. Махлýкъана (стагана)
муьтIахь хила мегаш ца хиларна, Хáликъана (АллáхIана) Iеса
хуьлчу агIор.
3- Хьайн
деца-ненаца (даим) гIиллакх лáца. Цаьршина юьхь дуьхьал оьгIазе ма хьажа.
ОьгIаз а вахна цаьршинна тIе ши бIаьрг ма богIа.
4- Хьайн
ден-ненан яхана цIе а, цаьршина сий а, даьхни а лардан а, Iалашдан а хьажа.
Цаьршина пурба доцуш цхьá хIума а схьамаэца.
5-
Цаьршима хьоьга де ца аьллехь а, и шиъ самукъне хир долу хIума де: цаьршина
гIуллакхе хьажар, оьшуш йолу хIуманаш эцар, дешарехь леррина къахьгар санна
долу.
6- «Дика
ду, сан нана, сан дá» - олуш, цаьршина кхайкхарна, елаеллачу юьхьца, дукха
сиха жоп ло. Папа, мама ма ала, уьш вайн меттан дешнаш цахиларна.
7-
Цаьршина доттгI а, гергарнаш а лара, церан пусар де, и шиъ дийна долуш а,
деллачул тIахьа а.
8-
Цаьршинца къийса а ма къийса, и шиъ галдаьлла ма лара. Нийсаниг, гIилкхаца,
цаьршинна билгал дан гIорта.
9-
Цаьршинна къарцалуш дуьхьал ма гIерта. Цаьршинна тIе а ма чеха. Цаьршинан
къамеле (юкъа ца лелхаш) ладогIа. Цаьршинца гIиллакхе хила. Хьан вежарех
цхьаьнна са ма гатде, хьан дега-нене болчу лерамна.
10- Хьан
да-нана хьо волче чу деъча, дукха сиха цаьршинна дуьхьал хьалагIатта,
цаьршинан коьртах барт а ло.
11- ЦIа
чохь хьайн нанна гIо-накъосталла де. Хьайн дена цуьнан балха тIехь
гIо-накъосталла дан хье ма ло.
12-
Доккхачу гIуллакхана делахь а, цаьршина пурба доцуш цхьанхьа а ваха гена
новкъа мавáла. Хьо ца вахча ца волуш хьал делахь, цаьршинна бехказа вáла.
Хьайн зIе а ма хадае цаьршиннах.
13-
Цаьршина пурба доцуш и шиъ долче чу ма гIо, къасттина и шиъ набарна тийначу
а, цаьршима садоIчу а хенахь.
14- Хьо
кIур ца баьккхича ца мегаш, ца Iалуш велахь, цаьршинна хьалха ма оза и.
15-
Цаьршинал хьалха юучу хIуманна тIе ма кховда. Юучу а, молучу а хIумангахь
сий а, ларам а бе цаьршина (тоьлашха ерг цаьршинна хьалха йилларца).
16-
Цаьршинна тIехь эладита ма кхалла. Цаьршинна аьшпаш ма ботта. Хьуна хаза ца
хеташ долу хIума цаьршима дича, цаьршинна бехк ма билла.
17- Хьайн
зуда а, доьзалхо а цаьршиннал ма харжа. Массо а хIуманал хьалха и шиъ реза
хилар лаха. АллáхI реза хилар и шиъ реза хиларха доьзна а, Иза огIаз вахар и
шиъ огIаздахарха доьзна а хиларна.
18- Хьайн
дена-нанна зиярат де кест-кеста, совгIаташ де царна. Хьо кхиаварна баркалла
ала цаьршинна, хьо бахьана долуш цаьршима кIадлуш къахьегарна. Хьайн берашца
а, ахь цаьрца хьоьгуш долчуьнца а тергам лаца.
19- Лерам
а, сий а дан нахаха уггар хьакъ верг хьан нана ю, цуьл тIаьхьа хьан да ву.
Хаалахь, сан бусалба ваша, сан бусалба йиша, ялсамане нанойн когаш кIел
хилар.
20-
Да-нана оьгIаз дахарха а, цаьр шина вон хиларха ларлолахь. Иштта хьо ца
хилахь, дуьненахь а, эхартахь а дакъазвалар хир ду хьуна. Хьан доьзал а хир
бу хьуна хьоьца, хьо хьайн деца-ненаца хиларе терра.
21- Хьайн
де-ненера хьо цхьахIума йоьхуш велахь, цаьршинца гIиллакхе кIеда-мерза
хилалахь. Цаьршима хьуна лахь, цаьршинна баркалла алалахь, цаьршима хьуна
ахь йоьхург ца лахь, и шиъ бехказа диталахь. Хьайн ехарш цаьршинга дукха ма
хилийта, цаьршинан сацагатдаран дуьхьа.
22- Рицкъа
лаха гIор долуш хьо дIахIоттича, хьайн дена-нанна, болх беш, гIодан хьажа.
23- Хьайн
дена-нанна хьуна тIехь хьакъ ду хьуна. Хьан зудчунна хьуна тIехь хьакъ ду
хьуна. Цундела, хIора хьакъ дена цуьнан хьакъ дIалолахь. Цаьршинан къовсам
хилча бартбан гIорталахь цаьршина юкъахь. Шина а агIонна вовшашна ца
хоуьйтуш совгIат де.
24- Хьан
ден-ненан, хьан зудчуьнца довдаьлча хьекъал, кхетам болуш хилалахь. Хьайн
зуда кхетае хьо цуьнгахьа хиларха, и бакълуьйш елахь, хьо и шиъ реза ца дича
цаволуш хиларха а.
25- Хьан
деца-ненаца хьан ойла цхьана ца еъча зуда ялоран я йитаран хьокъехь, и
гIуллакх къастадар шарIе дилла, иза шуна дика гIо ду шуна.
26-
Дас-нанас диканца а, вонца а дина доIанна жоп луш ду шуна. Цундела, вочуьнца
цаьршима хьайна доIа дарха ларлолахь.
27-
Адамашца девнаш цадохуш гIиллакхе хилалахь. Нахана лийначунна, уьш а луьйр
бу хьуна цунна. Пайхамара – IалайхIис-салáм, аьлла: «Даккхийчу къинойха
ду стаг шен дена-нанна лер: стеган дена луьйр ву и, тIаккха иза цуьнан дена
луьйр ву. Цуьнан нанна луьйр ву и, тIаккха иза хIоккхуьнан нанна луьйр ву».
Бухарий, Муслим.
28- Хьайн
дена-нанна зиярате гIо и шиъ дина долуш а, и шиъ деллачул тIаьхьа а.
Цаьршинна тIера сагIа а ло. Цаьршинна дукха хIокху дешнашца доIа де: «Сан
дела, суна а, сан дена-нанна а гечде ахь». «Сан дела, цаьршиннах къинхетам
бе ахь, цаьршима со жима волуш (къа а хеташ) кхиаварах терра».
Кечдинарг:
Саййид Iабдур-Рахьмáн Ас-СубайхIий
Гочдинарг:
ИбрахIим
Оршот, 3
Овхаран бутт «Август» 2009 шо.
|