button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

34 — Сурат Сабаъ

34 — Сýрат Сабаъ
[Маккахь доьссина‚ 54 аят ду]

Къинхетаме а, къинхéтам беш а волчу АллáхIан цIарца.

1. Хастам Аллах1ана бу, Ша стигланашкахь а, лаьттахь а мел дерг Шен [дόлахь] долуш волчу. Цунна бу хастам эхартахь а. Иза ву хьéкъалениг, хуург.
2. Цунна хаьа [девза] ша лаьттах [мел] доьдург а, ша цуьнах схьа [мел] дόлург а, ша стиглара [мел] дуссург а, ша цига [стигал] хьала [мел] дόлург а. Иза ву къинхетамениг, гечдийриг.
3. Шаьш [Дéлах] цатешначáра элира: «[Къемат дийнахь г1овттόран] сахьт дόг1ур [долуш] дац вайна». Ахь [цаьрга] áла: «Бакъдолуш, къайле хууш волчу сан Дéлόра, и [сахьт] шуна [т1е] дáнне а дόг1ур ма ду». Цуьнах хьуллур [къайладер ма] дац заррат бáрамехь [жиманиг] стигланашкахь а, лаьттахь а, [хьуллур] дац цул жиманиг а, дац [цул] доккханиг а [ша] билггалчу [лавхьулмахьфуз] жайнахь долуш бен.
4. [Диканца] бéкхам бархьама шаьш [Аллах1ах] тешначарна а, дика 1амалш йинчарна а. Уьш – царна [Дéлера] гечдар а, [ялсамани] лéраме [хаза] рицкъа а [хир] ду.
5. Ткъа шаьш Тхан áяташкахь [шайн дагахь Тхо] г1орасиз деш къахьегнарш, уьш – царна вόчух [боьхачух] лазош [долу] 1áзап [хир] ду.
6. Хьан Дéлера хьоьга доссийна [долу] 1илма шайга деллачарна го [хаьа], и бакъдуй а, цо сийлахьчун, хастамечун новкъа нисвой а.
7. Шаьш [Дéлах] цатешначáра [ца бéшаш] элира: «Оха нисдай шу цхьана стагана т1е [ша] шуна дуьйцур [довзуьйтур] долчу [баккъал а] шу цестарх а [дукха] цистича [лаьтто талхийча], баккъал а, шу керлачу кхолларехь [юхакхуллур] ма ду [бохучу]?
8. Аллах1ана т1ехь харцо кхоьллина цо, я [коьртана] телхина иза?» Мелхо а, шаьш эхартах цатéшарш 1áзапехь а, гéнарчу [к1оргечу] тиларехь а бу.
9. Царна ца гина [уьш ца хьаьвсина] тов шайна хьалхарниг а, шайна т1ехьарниг а стигланах [шайна т1ехуларниг] а, лаьттах [шайна к1елхьáрниг] а? Тхайна лаахь латта цаьрца чудужуьйтур ду Оха [ша уьш д1ахýдуш] я царна т1е стиглара аьхгаш [кескаш] эгор ю. Баккъал а, цуьнгахь билгало ма ю массо а [дохковáларца Дáлла] т1евоьрзучу лена.
10. [Дéлόра] бакъдолуш Оха елла Дáвýдана Тхайгара комаьршалла [пайхамаралла].[Оха элира]: «Х1ай, лаьмнаш! Т1аьхьара айъа [áла] цуьнца [Cуна теспахь дар], олхазарш [аша] а!» Оха к1аддира цунна эчиг.
11. [Óха элира]: «Дéха [дег1 хьулдеш] г1аьг1наш де ахь [цуьнах], бáрам бе ахь [цéран] х1азарш дýцарехь. Дика де ашa. Баккъал а, Со ашa дийриг гуш ву [шуна]».
12. Сулайманна мох [муьт1ахь бира Оха]. Цуьнан 1уьйренца [делккъалц х1о] хьакхар [бáрам цхьа] бутт бу, цуьнан суьйренца [х1о] хьакхар [бáрам а] бутт бу. Оха дáлийтира [лáлийра] цунна ц1естан хьост. Жинех ду шаьш цунна хьалха а, цуьнан Дéлан пурбанца [омранца] болх бийриш а. Ткъа цáрах Тхан омранах ша [1éсахиларца] д1ахьаьвзинарг [д1ашершинарг], Оха цуьнга [жоьжахатин] ц1еран 1áзап 1овшуьйтур ду.
13. Цáра цунна до цунна луург михьрáбех а, х1олламех а, 1аьмнаш санна [даккхий а, шуьйра а долу] кéдаш а, нуьцкъала éш а. 1амал е, х1ай, Давудан ох1ла, [Цунна] баркалле долуш. [Ма] к1еззиг ву-кх Сан лешха баркаллениг. 14. Оха цунна [ирахь волуш] валарца кхиэл йинчу хéнахь, иза валарна т1е уьш [жинаш] ца нисдира лаьттан чхьаьвриго бен, ша цуьнан 1áса юуш йолчу. Ткъа иза [шен 1áса кагъяларна охьа] воьжча, жинашна билгалдéлира шаьш къайле хууш хиллéхьáра, лаьттина хирдоцийла сийсазчу 1áзапехь.
15. [Дéлόра] бакъдолуш Сабаан [тайпанан] яра шайн х1усамехь билгало – ши беш – аьтту а, аьрру а áг1ор. [Цаьрга элира]: «Даа шайн Дéлан рицкъанех, Цунна баркалле а хила шу. [Х1ара] беркате [дика] мохк а, гечдеш Дéла а [ву шуна]».
16. [Амма] д1абирзира уьш [баркалле хиларх], т1аккха Оха царна т1е хьажийра [т1етесира цéран ч1ингаш йόхош йолу] карзахе [яккхий] 1овраш. Оха царна хийцира шайн ши беш кхéчу шина бешаца – къаьхьа [йолчу куллан к1охцалан] даар долуш, эрзах а, áкхачу стоьмах к1еззиг х1ума а.
17. Оха царна и бéкхам бина уьш цатéшарна. Оха бéкхам бой ткъа т1ех цатешачуннá а бен?
18. Оха йина царна [Сабаъ тайпанна] а, Оха шайн чохь [шортта] беркат динчу ярташна а юккъехь [вовшех х1иттина] гуш ярташ. Оха бира цу чохь некъ. Шу лéла царна чухула буьйсанашкахь а, дéношкахь а маьрша [долуш].
19. Цáра элира: «Х1ай, тхан Дéла! Гéнабéхьа тхан нéкъаш!» Шайн дог1машна зулам дира цáра. Оха бира уьш [т1аьхьабόг1учарна] дийцаршна [вон масална бáлош]. Оха цестарх а цистира [эт1ийра] уьш. Баккъал а, цигахь билгалόнаш ю массό а сόбаречунна, баркаллéчунна.
20. [Дéлόра] баккъал бакъ ма дира Иблисо цáрах [керстанех] шéна хéтарг. Цунна т1аьхьах1иттира уьш, муъма нáхах [йолу] тόба йόцург.
21. Цуьнан [Иблисан] ма бáцара царна т1ехь цхьа а ницкъ [куьйгаллин бух], Тхуна [и царна т1етасарца] лаар дόцург эхартах тéшарг цуьнах шекволчух вовзар. Хьан Дéла массо а х1уманна тидаме [тергаме] ву.
22. Ахь [цаьрга] áла: «Аша кхайкха Аллах1ан метта шуна шаьш [дéланаш] хеттарш!» Цéран дόлахь дац заррат бáрамехь [дика а, вон а] стигланашкахь а, лаьттахь а, цéран вац цаьршингахь [стиглахь а, лаьттахь а] цхьа а дéкъахо, Цуьнан вац цáрах цхьа г1оьнча.
23. [Цéран] т1ех1оттаро [шапá1ато] пайда ца бо [царна] Цунна [Дáлла] гергахь, Цо шéна [цуьнгахь] пурба деллачунна бен. Цéран дегнех кхéрам д1атилийча [д1аайбича], цáра элира: «Х1ун аьлла шун Дáла?» Цáра элира: «Бакъдерг. Иза лекха, воккха ву».
24. Ахь [цаьрга] áла: «Хьан ло шуна стигланашкара а, лаьттара а рицкъа?» [Цáра жоп ца лахь] ахь áла: «Аллах1а [ло]. Баккъал а, тхо я шу нийсонна т1ехь ма ду, я билггалчу тиларехь ма ду».
25. Ахь [цаьрга] áла: «Шуьга жоп доьхур дац оха динчу [латийначу] къинойх, [я] тхоьга жоп доьхур дац аша дечух [лéлочух]».
26. Ахь áла: «Вайн Дáла вай д1агулдийр ду [Къемат дийнахь], т1аккха кхиэл йийр ю вайна юккъехь бакъонца. Иза кхиэлахо, хуург ву».
27. Ахь áла: «Гайта суна аша Цуьнца шаьш дéкъахой бинарш! Х1ан-х1а. Мелхо а, И Аллах1 сийлахь, хьéкъале ву».
28. Оха хьо ваийтина ма вац массо а нáхана бен, [муъма нáхана] кхаъ боккхуш а, [керста нáхана] кхéрам тосуш а. Дéлахь а, дукхахболчу нáхана ца хаьа [и].
29. Цáра όлу: «Маца [йόг1ур] ю и [1áзапан] ч1áг1о, шу [цуьнгахь] бакълуьйш хилча?»
30. Ахь áла: «Шуна [дόг1ур долуш] хан йиллина де ду. Аша цуьнах [цхьа] сахьт юхаýзур дац, [я] хьалхадоккхур дац».
31. Шаьш [Дéлах] цатешначáра элира: «Тхо тешшане а тéшар ма дац х1окху Къуръáнах а, дац цул хьалха [деана] долчух а». Хьайна гича зуламхой шайн Дáлла гергахь д1ах1иттийна [совцийна], цхьаберш боьрзуш [буьйлуш] вýкхаьрга [бехк бáккхарца] къамéле. Шайна г1éло йинчáра όлу шаьш куралла йинчаьрга: «Шу ца хиллехь, тхо [хилла] хир ма дара муъма нах».
32. Шаьш куралла йинчáра элира шайна г1éло йинчаьрга: «Оха юхатоьхна [д1адерзийна] тов шу [ийманан] нийсόнах шуна и еанчул т1аьхьа? [Х1ан-х1а] мелхо а, шу дара зуламхой [къалатόриш]».
33. Шайна г1ело йинчáра элира шаьш куралла йинчаьрга: «Мелхо а, буьйсанан а, дийнан а мéкарло хилла [и] аша тхоьга омра дечу хéнахь Аллах1ах цатéшарца а, Цунна тераниш [декъахой] барца а». Цáра хьулдира [шайн] дохкόбовлар [дагахьбáллам] шайна 1áзап гинчу хéнахь. Оха дира буржалш шаьш [Дéлах] цатешначéран легашкахь [кочахь]. Цáра деш хилларг [цуьнца] бен бийр буй ткъа царна бéкхам?
34. Оха хьажийна [вахийтина] ма вац [цхьана] юьрта [цхьа] кхерамтасархо цуьнан [юьртан] хьоладайша аьлла бен: «Баккъал а, тхо шу шéца хьажийначух [дахкийтиначух] тéшаш дац».
35. Цáра элира: «Тхо [муъма нáхал] алссам [эвсара] ду бáхамашца а, доьзалшца а. Тхо ма дац 1áзапе лόцур долуш».
36. Ахь áла: «Баккъал а, сан Дáла Шéна луучунна рицкъанан шортто а йо [и зуьйш], гатто а йо, делахь а, дукхахболчу нáхана ца хаьа [и].
37. Шун бáхамаш а, доьзалш а ма бац Тхуна гергахь мелла а шу [Тхýна] юххе дáлор долуш, ша [Дéлах] тешнарг а, дика 1амал йинарг а вόцург. Ткъа уьш – царна шалха бéкхам [хир] бу шаьш динчунна [дуьхьал]. Уьш [ялсаманин] чоьнашкахь маьрша [хир] бу.
38. [Шайн дагахь] шаьш Тхан áяташкахь [Тхо] г1όрасиз деш къахьоьгурш, уьш [Къемат дийнахь] 1áзапе бáлор бу.
39. Ахь áла: «Баккъал а, сан Дáла Шéна луучунна рицкъанан шортто а йо [и зуьйш], гатто а йо. Аша [диканехь] харжйина [саг1ийна елла] х1ума, Цо меттах1оттар ю и. Иза рицкъа лучáрах уггаре а г1όлиниг ву».
40. Цу дийнахь Цо [Аллах1а] гулбийр бу уьш берриге а, т1аккха малийкашка Цо эр ду: «Х1орш бу [уьш] шуна лолла [1ибадат] деш хилларш?!»
41. Цáра [малийкаша] элира: «Ц1ена ву Хьо [дéкъахόчух]. Хьо ву тхан Вéрас, уьш бόцуш. Мелхо а, жинашна лолла деш бара уьш, цáрах дукхахберш цáрах [жинех] тéшаш а бара».
42. Ткъа тахана, шух цхьаболчéран дόлахь [карахь] бац вýкхарна [кхéчарна] бан пайда а, дац [дан] зен а. Оха όлу зулам динчаьрга [керстанашка]: «1овша [х1инца] шаьш харцъеш хиллачу [жоьжахатин] ц1еран 1áзап».
43. Шайна [Элчано] Тхан билггал [долу] áяташ дешча, цáра элира: «Х1ара ма вац, шун дайша лолла деш хиллачух [ц1уйх] шу юхатόха лууш волу стаг бен». [Иштта] цáра элира: «Х1ара [Къуръáн] ма яц, [Дáлла т1ехь] кхоьллина [йолу] харцо бен». Шаьш [Дéлах] цатешначáра элира бакъонна, и шайна еанчу хéнахь: «Х1ара [Къуръан] ма яц, билггал [йолу] бозбуанчалла бен».
44. Оха царна ца делла, цáра шаьш [1áмош] доьшуш [долу] жайнаш а, Оха цаьрга ца хьажийна хьоьл хьалха [цхьа] кхерамтасархо а.
45. Шаьш цáрал хьалхарчáра а харцбира [элчанаш]. [Ткъа] цаьрга ца кхаьчнéра Оха вýкхарна [хьалхалéрчарна] деллачух [хьуьнарх] итталг1а дáкъа а. [Х1етте а] цáра харцбира Сан элчанаш. Ткъа муха дара Сан та1зар?!
46. Ахь áла: «Баккъал а, ас хьéхам бо шуна цхьаьнца; шу Аллах1ан [дуьхьа] шишша а, цхьацца а д1ах1иттарца, т1аккха аша ойла ярца [йича шуна хаара] шун накъостаца [Мухьаммадца цхьа] талхар [хьéравáлар] доций. Иза ма вац шуна кхерамтасархо бен, ч1όг1а [буьрса] 1áзап т1едале хьалха [шуна ваийтина волу]».
47. Ахь áла: «Ас [цхьа] ял ца ехна шуьга [цу т1ехь], и шун ю. Сан ял ма яц Аллах1ана т1ехь бен. Иза [цхьаъ] ву массо а х1уманна т1ехь теш [верг]».
48. Ахь áла: «Баккъал а, къайлéнаш хуучу сан Дáла бакъо йоссайо [пайхамарашка]».
49. Ахь áла: «[Аллах1ера] бакъдерг деана, [ткъа керстанан] харцо гучуер [юхайόлалур] а яц, юхайоьрзур [юхайόг1ур] а яц».
50. Ахь áла: «Со [бакъόнах] тилавеллехь, баккъал а, сайн дéг1ана туьлу со, ткъа со нисвеллехь, сан Дáла соьга хьоьхучунна [бахьана] ду [и]. Баккъал а, Иза [доьхург] хезарг, [жоп дала] гергарниг ву».
51. Хьайна гинехьáра уьш 1áдийначу [кхéрабеллачу], юххерчу меттéра схьалецначу хéнахь [Тхан та1зарх] к1елхьарбовлар [бовдийла] дόцуш, [инзаре хьал гур дара хьуна].
52. [Шайна и гича] цáра элира: «Тхо тешна цуьнах». Царна муха ду [ийманах] хьакхабалар [ийман диллар] гéнарчу меттера [эхартахь]?!
53. Бакъдолуш, уьш ца тийшира цуьнах хьалха [дуьненахь]. Цáра туьйсу [кхуьйсу шайна] хéтарг [моьттург] гéнарчу меттéра.
54. Д1асакъастийра царна а, цáра сатуьйсучунна [тобанна] а юккъехь, [цáрал] хьалха цáрах терачаьрца ма-дарра [и]. Баккъал а, уьш тéшамзачу шéконехь бара.

30/09/2016

Comments are closed.