|
|||
Лераме бусалба вежарий, йижарий! Къинхетаман бутт тIебеа вайна. Жоьжахатих хьалхадуьту бутт тIекхечи вайна. Вайга кхойкхуш кхайкхамча ву: «ХIай диканиг лоьхуш верг, схьавола, хIай вониг лоьхуш верг юхавала» — бохуш. АллахIа диканиг лоьхучарех дойла вай, Дала беркате бойла вайна хIара сийлахь бутт! @islamanserlo Лукъмана шен кIантана дина хьехар 1-ра дакъа (Рузбан хьехам, 30.03.2018) — скачать Яхья Ибн МуIáза (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:: ❒ «Адам делча цуьнан даьхнех (ахчанах) ши бала хуьлу цунна». Цуьнга хаьттина: «ХIун ши бала бу и шиъ?» ТIаккха МуIáза жоп делла: 📕 Сифатус-сафвати, 2/293. IабдуллахI Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: ❒ «Хьайна ца хуург ца хаа алар — Iилма ду» 📕 Сахьих ал-Бухарий, 4774. Ахча дукха дара алий воккха ма велахь, нагахь и диканна а, Дела реза волче а хьовзош дацахь ❒ Абу Зарра (АллахI реза хуьлда цунна), аьлла: «Къемат-дийнахь ши дирхIам (сом) долучуьнга барт чIогIох хоттур бу, цхьа дирхIам долучуьнгачул». 📕 Аз-ЗухIд ли-Аби Давуд, 186. Парз ламазаш а, рузбан ламаз а АллахIа омра ма-дарра лардан дезаш ду — дуьззина а деш, церан хенаш а, куцош а, меттиг а ларъеш. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Пхи ламаз а, рузбанна тIекхаччалц долу рузба а, Рамаданна тIекхаччалц болу Рамадан бутт а шайна юкъахь эгна къинош дIадохуш ду, даккхийчу къиношха ларвелчахьана». Муслим, 233. Кхин дIахьажа Суфъян Ибн Iуйайнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❒ «Хьекъал дерг – дика а, вон а девзарг вац. Хьекъал дерг – дика дерг шена гича, цунна тIаьхьавозуш а, ткъа вон дерг гича, цунна генаволуш верг ву». 📕 Хьилятул-авлияъ, 8/339. |
|||
© 2008 - 2025 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |