button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Хьо ламаз тIехь мел ву, Паччахьан неI етташ ву хьуна

IабдуллахI ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Бакъдолуш, хьо ламаз тIехь мел ву, Паччахьан неI етташ ву хьуна. Ткъа Паччахьан неI дукха етташ волчунна, и дIаяьлла герга ду».

ас-Сунанул-кубра лил-БайхIакъий, 2/684.

Вицваларан дарба

«Хьо виц моссаза ло АллахI хьахаве ахь, бакъдолуш, АллахI хьахоро вицвалар дIадоккху хьуна». ат-Тафсирул-муяссар, 296.

Ша цхьанхьа воьссича деш долу доIа

Хьаки́йман йоIа Хавлас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (ﷺ) олуш хезира шена аьлла: «Цхьамма ша цхьанхьа воьссича “АIýзу би калимáтиллáхIит-тáммáти мин шарри мá халакъ” (Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца, Цо кхоьллиначу массо хIуманийн вонах) алахь, цу меттера и дIаваххалца цунна цхьанне а хIумано зе дийра дац». Муслим, 2708.

Хавариж мила ву?

Сийлахь табиIийнех волу Маймун Ибн МихIрана (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:

«Хавариж – Ахь шен ойлана духьала кхин ойла ялийча, хьоьх кафир вой, хьан цIий хьанал деш верг ву». Фатхьул-бáрий ли-ибн Ражаб 5/99.

Белхан мах сихха дIало

Iумаран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда царшинна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Белхалочуьнан мах, цуьнан хьацар дакъадалале дIало». Ибн МаджахI, 2443.

Бедарш

Шайх Iабдул-Iазийз ас-Садхьáнас (АллахIа Iалашвойла иза) аьлла:

«Вайн хIусамашкахь вай лелош йоцуш, вайна оьшуш йоцуш бедарш ю вайн. Цхьа хан ма яьлнехь тишъелла дIакхуьссур йолуш ю уьш. Вай сихо ян еза и тайпа хIуманаш сагIина мискачу нахана дIаяла. Вайна цунах ял а хира ю, царна пайда а хира бу».

Абу IабдуллахI: Мухьаррам бутт тIе беача хаа дезарг (22.09.2017).

Мухьаррам бутт тIе беача хаа дезарг (Рузбан хьехам, 22.09.2017) — скачать

Шен дин лардар

«Бусалба стеган декхар ду, шен динан хьокъехь ша шек воккхур волчу массо а хlумнах ларвалар».

Шайх lабдул-Карим Зайдан.

Ахьмад Хьамза: Сурат «Сурат ал-АIла»

Тафсирул-Жалалайн, сурат Сурат ал-АIла — скачать

ПIераскан дийнан Iамалш:

ПIераскан дийнан Iамалш:

1. Рузбана вахале лийчар
2. Хаза хьожу йогIу хIума хьакхар
3. Сивак хьакхар
4. Хаза бедар йохар
5. Сурат ал-КахIф дешар
6. Пайхамарана дуккха салаваташ дахкар (саллаллахIу IалайхIи ва саллам).
7. Хьалххе рузбана вахар
8. ГIаш маьждиге вахар
9. ДоIийна жоп ло хан ларъяр.