Хьекъал дайшна шо дIадаларца хьехам хуьлу (Рузбан хьехам, 15.09.2017) — скачать
|
||||
Хьекъал дайшна шо дIадаларца хьехам хуьлу (Рузбан хьехам, 15.09.2017) — скачать Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Питан АллахIа де аьлларг дIатесчий бен хуьлуш дац. АллахIа (Шеца там боцучу массо а хIуманех цIена ву И), бакъонца хила аьлла а, собаре хила аьлла а омра дина. Ткъа питан бакъдерг дIатасарца, я собаре ца хиларца хуьлуш ду». ал-Истикъáма, 1/39. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Декхар дIадала аьтто болуш (и) дIацалуш хьедар зулам ду…». ал-Бухарий, 2287. Имам Шафиlийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «АллахIана хьо гуттаренна а жоьжахатехь вáгийта лууш хиллехьара, Цо хьан даг чу Ша цхьаъвайтар (тавхьид) тосур ма дацара». Дийвáн ал-Имáм аш-Шáфиlий. 20 — Сурат Т1óх1á Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу. 1.Т1ó-х1á [Аллах1 т1ех дика хууш ву Шéна цáрех луург]. Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 7-гIа дарс, 4-гIа дакъа — скачать Цхьана lелам стага аьлла: «Вайга санна барт болуш хила бохуш цхьа а дин дац, хIетте а, вай санна декъаделла цхьа а уммат дац». Анасах (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, цо элира аьлла: «АллахIан элчане (ﷺ) цкъа даккхий къинойх лаьцна хаьттинера. ТIаккха цо элира: «(Даккхий къинош) — АллахIаца накъост вар а, дена-нанна вон хилар а, ша-шен вер а, харц тешалла дар а ду»» — аьлла. ал-Бухарий, 2653. Абу Дардаъах дийцина (АллахI реза хуьлда цунна), цо элира аьлла: «Пайхамарна тIе (ﷺ) цхьа стаг веара дог дакъаделла-кх шен аьлла, шен дог далхош. ТIаккха пайхамара (ﷺ) элира цуьнга: “Хьайн дог кIеда хила а, хьайн хьашташ кхочуш хила а лаьий хьуна?! (Лаахь) Боберах къа хета, цуьнан коьртах куьг а хьакха, хьайн даарха цунна юург а ло, тIаккха дог (къинхетаме) кIеда хир ду хьан, хьашташ кхочуш а хир ду хьан”». Сахьихьул-джамиI, 80. |
||||
© 2008 - 2025 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |