button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Хьайн дена-нанна доIа деш хила!

Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бакъдолуш стаг ялсамани чохь даржехь лакхавоккхур ву, тIаккха цо эра ду: “ХIокху дарже хIун бахьана долуш кхаьчна со?” ТIаккха цуьнга эра ду: “Хьан доьзалхочо хьуна гечдар дехар бахьана долуш кхаьчна”». Ибн МаджахI 3660. Сохьихьул-ДжамиIис-СогIир 1617.

Везан Дела, тхан дайшна-наношна гечде Ахь, царех къинхетам бе Ахь, уьш ялсаманахь уггаре лакхарчу дарже лакхабаха Ахь, я АлллахI! Гечде Ахь царна, Хьо воцург кхин цхьа а вац-кх къиношна гечдеш.

Comments are closed.