button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Дерриге хууш ву И

«Цуьнан (Юсуф пайхамаран ден) ши бIаьрг сингаттамна кIайбелира, и шегахь (чIогIа) хьулбарна». «Цхьанна а дена ца хаьа вайгахь болу сингаттам иза вай гучубаккхалц. Амма, АллахIана хууш бу хьоьгахь болу сингаттам, и хьул а бина хьо тапп-аьлла Iаш велахь а». Шайх IабдуллахI Балкъа́сим

Нахана юкъахь уггаре а ницкъ болуш верг

«‏مَنْ سَرَّهُ أَنْ يَكُونَ أَقْوَى النَّاس فَلْيَتَوَكَّلْ على الله». «Нахана юкъахь уггаре а ницкъ болуш хила луучо, болх АллахIана тIебуьллийла». Имам Ибнул-Къаййим — Задул-маIад, 2/364.

Ялсамани

«Ялсаманин охIланна Сийлахь-Веза АллахI гича, ялсаманин ниIматаш дицлур ду царна». Имам Ибнул-Къаййим — Ровдатул-мухьиббийн, 422. ━━━━━━━━ Йа АллахI! Хьоьга хьажаран марзо а, бIаьрг бузар а доьху ас Хьоьга.

Ша шена зулам дар

Iеламнаха аьлла: Маьждиг чу вахча, хьалхара могIанехь охьахаа меттиг болуш хьо тIехьара могIане охьахаахь, ахь хьайна зулам дина хьуна.

хIокху деношкахь суннат дерг

ХIокху Зул-Хьижжат беттан хьалхара итт дийнахь алсам такбир дар суннат ду. АллáхIу акбар, АллáхIу акбар, АллáхIу акбар, Лá илáхIа иллаллóхI. АллáхIу акбар, АллáхIу акбар, ва лиллáхIил-хьамд.

Езачу хенахь латина къа кхин чIогIа кхераме ду

Имам Ибн Ражаба (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Къинойх ларлолаш, бакъдолуш, цара къинхетам бечу (езачу) хенашкахь гечдарах воккху шуна». «احذروا المعاصي، فإنها تحرم المغفرة في مواسم الرحمة». ЛатIаа́ифул-маIаа́риф, 295.

ЖихIадал деза дерг

«Зул-Хьижжат беттан хьалхара итт де дийнахь-буса Iибадат деш даккхар, жихIадал а деза ду, нагахь санна шен са а, шен даьхни дIа а луш и дIакхелхина вацахь». «وَاسْتِيعَابُ عَشْرِ ذِي الْحِجَّةِ بِالْعِبَادَةِ لَيْلًا وَنَهَارًا أَفْضَلُ مِنْ جِهَادٍ لَمْ يَذْهَبْ فِيهِ نَفْسُهُ وَمَالُهُ». Ибн Таймийя — ал-Фатáвá ал-кубрá, 5/342.

Зул-Хьижжат баттах хIун хаьа хьуна?!

«Зул-Хьижжат беттан хьалхарчу итт денчохь дина АллахIа Муса пайхамарга къамел, Ислам дин а царна чохь кхочуш дина, цу итт денца АллахIа дуй а биъна. Кхечу деношкахь динчул а деза ду царна чохь дина Iибадат, къаьсттина такбир дар а, марха кхабар а. Ткъа Iарафат де, шеран уггаре а деза де а ду». Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфий

Рамадан баттахь кхабаз дисина долу марханаш

«Рамадан баттахь кхабаз дисина долу марханаш, Зул-Хьижжат беттан хьалхарчу итт дийнахь кхабар дика ду. Цу деношкахь уьш кхобучунна, доькхуш марханаш кхабарна а, Зул-Хьижжатан итт марха кхабарна а ял хиларе сатийсам а бу». Iумар Ибн ал-ХаттIáба (АллахI реза хуьлда цунна), аьлла: «Рамадан беттан дисина марханаш доькхуш кхаба, хIокху итт дийнал а дукха дезаш денош ма дац […]

СагIано беркат совдоккху

Шайн даьхних уггаре чIогIа беркат хуьлуш болу нах — сагIа дукха луш берш бу. Хьадисехь Пайхамара (ﷺ) аьлла: «СагIа даларо даьхни ца эшадо». Иштта къудси хьадисехь АллахIа, Сийлахь ву И, аьлла: «ХIай Адаман кIант! Хьайн даьхних сагIа ло ахь, Ас дуккха а совдоккхур ду хьуна хьан даьхни». Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфий