button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Шайх Iáид ал-Къарний

1. Хьайн ши куьг хьала а айдина айхьа «АллахIу акбар» аьлча, дерриг дуьне а, цу чохь мел верг а хьайн букъ тIехьа кхосса ахьа. ХIунда аьлча, хьо Сийлахь-Воккха а, паччахьийн Паччахь а волчунна дуьхьала хIуттуш волун дела — ЦIена ву Иза.

2. Рицкъ дезачо, АллахIе доьхийла.
Шена гечдан луучо, АллахIе доьхийла.
Жоьжахатих кIелхьаравала луучо, АллахIе доьхийла.
Доьхучо массо дика хIума Цуьнга бен ма доьхийла — Сийлахь, ЦIена ву И.

3. Хьо гIайгIано лаьцча, сужуде а гIой Далла герга гIо.
Хьайна тIе бала беача, сужуде а гIой Далла герга гIо.
Хьо сингаттамо хьовзийча, сужуде а гIой Далла герга гIо.
Хьо къелло я декхаро лаьцча, сужуде а гIой Далла герга гIо.

4. «Соьга деха аша, Ас жоп лур ду шуна».
Шайн куьйгаш АллахIе хьала а айъадай шайн хьашташ Цуьнга дийца, шайна дезарг Цуьнга деха, шайн рицкъ Цуьнгара лаха, шайн хьал Цуьнга далхаде.

5. ХIара Зул-Хьижжат беттан хьалхара итт де:
Даржашкахь лакхавоккху а,
Дика Iамалш совйоху а,
Къиношна гечдо а хан ю.
Цундела, кху деношкахь дика Iамалш ярехь алсам къахьега.

6. «Хьайн дех-ненах хьо къастталца, церан мах ца хаьа хьуна. Цундела, ишиъ дийна долччуьра, алсам пайда эца цаьршиннах! Дика хила цаьршинца, церан гIуллакхе хьажа, цара бохучунна муьтIахь хила!».

7. «Хьайна кериста стаг гича, хьо бусалба хиларна АллахIана хастам бе ахь. Хьайна Iеса стаг гича, хьо АллахIах кхоьруш хиларна Цунна хастам бе ахь. Хьайна ЖехIил стаг гича, хьайгахь Iилма хиларна АллахIана хастам бе ахь. Хьайна баланашца цхьаъ зуьйш гича, хьо маьрша-могуш хиларна АллахIана хастам бе ахь». Шайх Iáид ал-Къарний — Ла тахьзан, 412.