button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Шайх Мухьаммад Салихь ал-Мунажжид

Шайх Мухьаммад ал-Мунажжидас (АллахIа Iалашвойла иза), аьлла:

1. Къуръан хьехаралла а, суннат хьехаралла а, АллахIах кхоьруш хилла болу Iелам-нехан дийцарш дийцаралла а чIогIа а, пайде а хIума ма дац, кхуьуш долчу берашна а, хьалакхуьуш болу кегийрахошна а.

2. «Вайн йижаршах цхьанна моттахь, ша маре яханчул тIаьхьа шен дахар цхьа ша кепара романтикан дийцар хира ду, я цхьа хаза гIан хира ду, иза хила йиш йоцург лоьхуш ю! Дуьненан дахар халонашца бен хира ма дац. Цундела, халонаш ла езар ю. Сийлахь волчу АллахIа аьлла: «Баккъалла а, Оха адам кхоьллина цо халанош ла езар йолуш»». [Сурат ал-Балад, аят 4].

3. Зудчо шен майрчунна муьтIахь хилархьама деш долу собур, и ялсамане чу яхар бахьанех цхьа бахьана ду.

Ибн Хьиббáна дийцина хьадисехь ма-хиллара: «Зудчо шен (парз) пхи ламаз дахь, (мархийн) бутт кхабахь, шен бехке меттиг лар а яхь, шен майрчунна муьтIахь а хилахь, цунга эра ду: “ЧугIо хьайна ясламане, хьайна луучу неIархула”, аьлла». ХIара хьадис Албáнис нийса хьадис ду аьлла, «Сахьийхь ал-жáмиI ассагIийр» олу жайнахь, 660 лоьмарца долучу. Шайх Мухьаммад Салихь ал-Мунажжид «хаттар-жоп, №21421»

4. БАККХИЙ НАХ ЛАРАР. Ислам дино вайна хьехна, баккхий нах ларар. Хьекъале болу баккхийчу наха чIогIа доккха дакъа лоцу нах бекъа ца балийтар тIехь а, нах гал ца бовлийтар тIехь а. Цара деш долу уггара доккха долу хIума — нахана юкъахь барт бар ду.

5. Iумаран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда царшинна а), байшций, мискачу нахаций бен марха достуш ца хилла.

Масне хьоладай гина-кх вайна а маьркIаж хан тIееанчул тIаьхьа белхалойн а, мискачу нехан а гIуллакхе хьовсуш, марха достуьйту четарш чохь.

6. Къийсадаларехь болу бохам

Лайлатул-къадр буьйса маца ю хаийта араваьлла хилла АллахIан элча (саллаллахIу IалайхIи васаллам). ТIаккха къийсалуш цхьа ши стаг а гина йицъелла цунна иза маца хуьлу.

Масне дика а, беркат а дIаоьцу вайна юкъара, вайна хаа а ца хууш, къийсадалар а, дегнаш чохь хьагI-гамо хилар а бахьана долуш?!

7. «БидъIат даржош болчеран а, галбевлачу нехан а агIонаш (соцсеташ) яржо мегар дац. Иштта мегар дац, бидъIат дечу нехан жайнешна реклама ян а, цара деш долу совгIаташ къобул даран гуране ша лацийта а, цара кечдеш долу сарташ даржо а, царна реклама ян а».

8. Хьалха заманахь наха шайн де АллахI хьехаварций, ламаз дарций дIадолош хилла. Ткъа хIинца, цхьа а дIавуьжуш вац-кх шен керахь телпо йолуш бен, юха ша самаволлушехь, сихха вацапан я фейсбукан тIе хьоду! Ткъа хIоранна а ша диннарг карор ду!

9. ГIурбан дийнахь, Iийда ламаз а дина юхаверзалца хIума ца яар суннат ду, нагахь санна ша гIурба дуьйш велахь. Ша гIурба дуьйш велахь шен гIурбанах кхоллур ю цо, амма гIурба дуьйш вацахь Iийда ламазе вахале а хIума яарха хIумма а дац. Хаттар-жоп, № 36442.

10. Хаттар: Iибадатан марзо хIунда ца хаало вайна?

Жоп: Вайна Iибадатан чам хаабала новкъарло еш дерг, къинош дукха хилар ду. Цомгушчунна моз къахьадаларе терра. Мазехь цхьа сакхат хиларна ма даций иза, амма цомгушчуьнан туй кхаьхьа хиларна ду.

11.  АллахI хьехоро сингаттам а, хало а дIайоккху

Шайхул Ислам Ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), шена цхьана хIуманах кхетар холчадаьлча олуш хилла: «ХIай ИбрахIим (пайхамар) Iамийнарг, Iамадехьа суна! ХIай Сулайман (пайхамар) кхетиийнарг, кхетавехьа со!».

12. «АллахIана бу хастам! Группанаш чуьра админашна тIехь доккха жоьпалла ду АллахIана хьалха. Пурба а доцуш группан чу цхьа а ма воккхийла цара, цунна цунах новкъарло цаярхьама. Цхьамма цу группан чохь къилахь дерг лелош делахь, админаш сацо деза и, дIадаккха хьовса беза. Цу группан чохь питанаш деш цхьаъ велахь, араваккха веза иза цу чуьра. Терго еш, само еш хила деза вай. Хьайна тIехь жоьпалла долуш цхьа хIума хилча, кхочушдан хьажа иза. Уьш вайна тIехь долу декхарш ма ду. АллахIе гIо дар доьху вай».

13. «Ма сийлахь бу-кх лоьрийн болх! Лоьрана хаахьара ша беш болчу белхан мел мах бу, тIаккха ша-кепара бийра бара цо и шен болх. Лоьрийн болх чIогIа коьрта мехала бу. Цундела аьлла-кх Имам аш-ШáфиIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах): «Хьанал-хьарам дерг къастош долу Iилма дIадаьллачул тIаьхьа, лоьрийн Iилманал сийлахь Iилма ца девза суна. Делахь а, кериста нах хьалхабевлла-кх цу тIехь вайла а»».

«Вайн заманахь муьлхха а къам кхиаме ду я дац къастош болу барам — къам лоьрийн Iилмана тIехь мел говзалла йолуш ду а, царна и мел дика хаьа хьаьжжина а бу».

14. Шайх Мухьаммад ал-Мунажжидас аьлла,
АллахIах кхоьруш волу цхьана стага элира аьлла:

«Деган цамгарийн* дарба пхиъ ду:
I) Къуръан ойла а еш дешар.
2) Марха кхабар.
3) Буьйсанна ламазаш дар.
4) Iуьйкъанна доIанаш дар.
5) Дикачу нахах веттавалар».

*Деган цамгарш: Хьагl лацар, Iамал цIархазмана яр, бусалба нехан хьокъехь вон ойла яр, иштта кхин дIа а.

15. Марха даста йиначу яахIуманна реза воцуш ахь дош аларо нанна, йа хIусамнанна, йа йишина халахетийта тарло.

Ша марха кхобуш а йолуш, кухни чохь шортта хан яьккхина цо хьо бахьанехь. «АллахIан Элчано ﷺ цкъа а юург емал ца йина хьуна».

16. АллахIора, хIорш (зул-Хьижжат бетта) санна деза денош дан ма дац!
Хьайга ялуш йолу массо а дика Iамал е ахь!

17. «Цхьаболчу наха шайна кера хIума деача кураллаш йо, шайна тIе бала беача собарха буху, къа латийча кхин а Iесаллийна чу оьгу.
Ткъа ишттачу хьолехь цара дан дезарг хIунд ду?! Шайна кера хIума деача АллахIана шукур дар, шайна тlе бала беача собаре хилар, къа латийча АллахIе гечдар дехар ду».

18. Цхьанна шен бусалба ваша АллахIан дуьхьа везалахь, и цуьнга дIахаийтар суннат ду.

Пайхамара (ﷺ) аьлла: «Шух цхьанна шен (бусалба) ваша везча, цо цунна дIахоуьйтийла шена иза везаш хилар». Ахьмад, 16303.

19. Нигат цIена хиларан билгалонаш

ЦIеначу даггара лелачуьн нигат цIена хилар билгалдоккхуш, Iелимнаха йийцина билгалонаш ю:
1. ГIаравийлар ца дезар.
2. Ша наха хестор ца дезар.
3. Динан белхашкахь жигар хилар.
4. Дика белхаш дарехь сихо яр а, Делера а бен йоле са ца тийсар а.
5. Собаре хилар а, шена хуьлуш йолу халонаш нахе ца елхор.
6. Шен Iамалш чIогIа къайлаяхьа лууш хилар.
7. Къайлах еш йолу Iамал дика яр.
8. Къайлах еш йолу Iамал совъяккхар.
9. Къайлах еш йолу Iамал, гучохь еш йолчу Iамалал а йоккха хилийтар.

АIма́лул-къулу́б, 43 агIо. Мухьаммад Сóлихь ал-Мунажжид.

20. «Зул-Хьижжат беттан итт дийне хьо кхачар доккха ниIмат ду. Бан ма-беззара хам бо дикачу наха цу итт дийнан. Ткъа бусалбана тIехь ду, и ниIмат шена тIехь хаадолуьйтуш, цу аьттонах пайда эцар а, алсам тидам тIе а бохуьтуш, къа а хьоьгуш АллахIана Iибадат дар».