button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Ахьмад Iиса ал-МаIсаравий

1. Къуръанан лоьмарийн исбаьхьалла!

ХьегIан дайша (набарш кхетна) хьегIахь яьккхина йолу хан 309 шо ду. Ткъа Къуръан чохь сийлахьчу АллахIа церан дийцар дуьйцуш 309 дашца дийцина.

2. АллахIан дешнел дика а долуш дешнаш дан а дац. ХIай ирс лоьхушверг! ПаргIато а, я ирс а, я синтем а бан ма бац Къуръанций бен.

3. Хьайн де, цхьа а хIумма а ца деш дIа ма далийта. Велакъажа, сагIа даккха, АллахI хьехаве, Цуьнга гечдар деха. Цхьанне а ца хоуьйтуш АллахIан дуьхьа хIуа дай а цхьаъ де.

4. Муъманехан куьцашха ду, берриге нах хьере хилла, кхерамехь болчу хенахь, АллахIа церан дегнаш чу синтем боссош хилар.

Сийлахь — Везачу АллахIа аьлла: «АллахI ву, муъманехан дегнашка синтем боссийнарг, шайгахь долчу ийманна тIе кхин а ийманехь уьш совбахархьама…» Сурат «ал-Фатхь», 4 аят.

ХIай везан Дела! Тхуна тIе синтем боссабехьа! Тхо ийманехь а, Хьо везарехь а сов а дахахь!

5. Рамадан беттан тIаьхьарчу итт буьйсанах пайдаэца. Бакъдолуш, царна юкъахь эзар баттал дика йолуш цхьа буьйса ю хьуна.
(Цу буьйсанашкахь) сужудехь вехха Iелахь, хьайн доIанаш а деха делахь!

ХIай Везан Дела! Лайлатул-къадр буьйсане кхачаде Ахь тхо.

6. Самое́!

Лайлатул-къадр буьйса, билгалонашца ма леха. Мелхо а, дуккха а Iибадат дарца лаха и.

АллахIа, Шена Iибадат дар тIехь аьтто бойла вайн!

«Я АллахI, бакъдолуш, Хьо Гечдийриг ву-кх, гечдар дезаш а ву-кх Хьо, гечдехьа суна».

7. «Массо хIуманехь а, Делаца йолу хьайн дог-ойла дика хилийталахь. АллахIаца вон дог-ойла хилар мунепикъийн куьцашха куц ду хьуна».

«وَظَنَنْتُمْ ظَنَّ السَّوْءِ وَكُنْتُمْ قَوْمًا بُورًا»

«…Вон ойланаш йир аша, хIаллакьхилла нах дара шу». Сурат ал-Фатхь, 12 аят.

8. Ялсаманин охIлунах лаьцна АллахIа хIоттийна долчу суьртан цкъа а ойла йиний ахь?

«МагIаршкахь дIахIиттийначу маьнгеш тIехь дIатевжина хир бу уьш…». Сурат ат-ТIу́р, 20 аят.

«Чухула ездари тесна долчу гоьнашна тIе дIатевжина хир бу уьш…». Сурат ар-Рохьма́н, 54 аят.

«Баьццарачу гIайбанашна тIе кортош а дехкина, тIеххазачу гоьнашна тIе дIатевжина хир бу уьш». Сурат ар-Рохьма́н, 76 аят.

«Вовшашна дуьхь-дуьхьал бирзина, дIатийжина хир бу уьш». Сурат ал-Ва́къиIа, 16 аят.

Тахана дуьненчохь (дика Iамалш еш) кIадло хьо, ялсамани чохь дIатевжина садоIуш Iархьама.

9. Рамадан баттахь хуьлуш долу уггаре доккха зен — хьо мукъа Iар ду. Адаман са, бакъонна а, АллахIана муьтIахь хиларна тIехь а къахьоьгуш дацахь, харцонна а, АллахIана Iеса хиларна тIехь а къахьоьгуш хир ду. «Бакъдолуш, са вониг хьоьхуш ду».

Жиммал шайн электронни гIирсаш дIа а байъий, Къуръан деша а, Дела хьехо а мукъадовла!