button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Маьждиг чохь цхьана ламаз тIера, вукха ламазан хан тIекхаччалц хьоьжуш Iаран дозалла

АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «Ламаз керара даьлла а воцуш, ша ламаз динчу меттехь (хиина Iаш) волчунна маликаша доIанаш до. Олу цара: «Йа АллахI, гечдехьа цунна, йа АллахI, къинхетам бехьа цунах!». قال رسول الله (ﷺ): «الْمَلاَئِكَةُ تُصَلِّى عَلَى أَحَدِكُمْ مَا دَامَ فِى مُصَلاَّهُ الَّذِى صَلَّى فِيهِ ، مَا لَمْ يُحْدِثْ ، تَقُولُ اللَّهُمَّ اغْفِرْ لَهُ […]

Салам далар

АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «Жимачо воккхачуьнга хьалха салам лур ду, тIехволучо хиънаIачуьнга лур ду, кIезиг болчара дукха болчаьрга лур ду». قَالَ رَسُولُ اللَّهِ (ﷺ): «يُسَلِّمُ الصَّغِيرُ علَى الكَبِيرِ، والمارُّ علَى القاعِدِ، والقَلِيلُ علَى الكَثِيرِ». البخاري ٦٢٣١. ал-Бухарий, 6231. […]

ПIераскан буьйсанна а, пIераскан дийнахь а салават диллар

АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «ПIераскан буьйсанна а, пIераскан дийнахь а суна салават алсам дилла. Суна цхьа салават диллинчунна, АллахIа итт салават дуьллу». قَالَ رَسُولُ اللَّهِ (ﷺ): «أَكثِروا الصَّلاةَ عليَّ يومَ الجمعةِ وليلةَ الجمعةِ فمن صلَّى عليَّ صلاةً صلَّى اللَّهُ عليْهِ عشرًا». ал-БайхIакъий, 5994. […]

Малхбуза ламаз

Пайхамара (ﷺ) аьлла: «(Бехказло а йоцуш, хаа а хууш, мало а йина) малхбуза ламаз ца динчуьнан Iамал яйна ю». قال النبي (ﷺ): «مَنْ تَرَكَ صَلاَةَ الْعَصْرِ فَقَدْ حَبِطَ عَمَلُهُ». البخاري، ٥٥٣. ал-Бухарий, 553. […]

Бусалба динехь билгал цадеш дисина хIума дац

АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «Шу ялсаманина гергадуьгуш долу а, жоьжахатина генадохуш долу а цхьа хIума шуна билгалданза дисина ма дац». «مَا بَقِيَ شَيْءٌ يُقَرِّبُ مِنَ الْجَنَّةِ، ويُبَاعِدُ مِنَ النَّارِ، إِلَّا وَقَدْ بُيِّنَ لَكُمْ». ас-Силсилатус-СахьихьахI, 1803. Цундела, хьайн Iамал Къуръанца а, суннатца а йогIуш юй хьажа! […]

АллахIана уггаре ца еза меттигаш

Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (ﷺ) элира аьлла: «АллахIана уггаре дукха езаш йолу меттигаш маьждигаш ду, ткъа АллахIана уггаре ца езаш йолу меттигаш базарш ю». Муслим, 671. Имам ан-Нававис (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: “«АллахIана уггаре ца езаш йолу меттигаш базарш ю», хIунда аьлча цигахь пуьташ а, Iехор а, риба […]

Витр ламаз

Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (ﷺ) витр ламаз а дина элира аьлла: «ХIай Къуръанан охIлу, витр ламаз делаш, бакъдолуш, АллахI (Сийлахь-Веза ву И) цхьаъ ву, Шен лено витр ламаз дар дезаш а ву И».  عَنْ عَلِيٍّ (رَضِي اللهُ عَنْهُ) قَالَ: أَوْتَرَ رَسُولُ اللهِ (ﷺ) ثُمَّ قَالَ: يَا أَهْلَ الْقُرْآنِ، أَوْتِرُوا، فَإِنَّ […]

Ахь ког мосузза боккху йоккха ял хуьлуш долу Iибадат

АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «ПIераскан дийнахь била ма-безза корта а буьлуш, лийча а лийчина, цул тIаьхьа хутIба дIадоладалале, хьалххе хIуман тIехиъна воцуш, гIаш рузбана вахана, вахалуччул имамана улле а вахана, меттах ца хьуьйш, тапъаьлла (хутIбане) ладоьгча, цо хIора яьккхинчу гIулчах цхьана шарахь марханаш кхобуш, буьйсанна гIуьттуш ламазаш деш Iамал йича санна мела хир бу […]

Дарба доцуш цхьа а цамгар яц

АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «АллахIа цхьа а цамгар йоссийна ма яц, цунна (дуьхьала) дарба доссийна бен». مَا أنْزَلَ اللَّهُ دَاءً إلَّا أنْزَلَ لَهُ شِفَاءً ал-Бухарий, 5678.

Шен воцу ден ву ша бахар

Пайхамара (ﷺ) аьлла: «Шен да воций хуъушехь кхечу ден кIант ву ша бохуш волчунна, ялсамани хьарам ю». ал-Бухарий, 6766. Муслим, 63.