button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфий

Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфис (АллахIа Iалашвойла иза), аьлла:

1. «АллахIа массо пайхамаршка омра дина нах Ислам дине кхайкхале хьалха Iибадатехь къахьега аьлла. ХIунда аьлча, хало тIехIоьттича, цу (динан) тIехь сацар оьшу. Ткъа Iибадат тIехь къахьоьгуш воцург, халонашкахь дIахьевзар ву».

2. «ЦIена даггара лелачунна бIаьрга дан ца деза гIаравийлар, бакъонца и делахь а. Ткъа мунепикъна гIаравийлар чIогIа деза, харцонца и делахь а».

3. Аттонгахь диначу Iибадато, халонгахь АллахIана герга валаво и динарг. Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «ПаргIато йолучу хенахь АллахI вовза, халонгахь Цунна хьо а вевзар ву хьуна».

4. Малхбузено (кериста наха) аьлча: «тхо ислам динан мостагIий дац», уьш я харц луьйш бу хьуна, я вай бакъдолчу ислам динехь дац хьуна. (Жуьгтий а, керстанаш а реза хир болуш бац хьуна‚ хьо церан динна тIаьхьа хIотталца). Сурат ал-Бакъара, 120 аят.

5. Шена зулам хиллачух ма кхардалахь, бакъдолуш, шена зулам хилларг гIорасиз мел хуьлу а АллахIа цунна жоп далар а уггара герга хуьлу хьуна. АллахIа, зулам динчуьнгара чIир эцар а тIехчIогIа хуьлу хьуна. АллахI гIийлачарна ницкъ болчарна ца деш долу гIо деш ву хьуна.

6. Делан дуьхьа даггара лелаш верг бакъдерг ца кхайкхош Iийра вац, ша емал вичий а, хIунда аьлча, цо и бакъо кхайкхо йолийна яц ша хаставайтархьама.

7. Рияъ санна дог талхош хIумма а дац, къайлах деш долу Iибадато санна и цIандеш хIумма а дац.

8. Дика Iамал йиначунна цунах цунна хуьлуш беркат ду. Адаманна ша йиначу дика Iамалах шегахь а, шен бахамехь а, шен доьзалехь а беркат ца карадахь, шен нигате хьожийла иза.

9. Дог паргIат хилар и ирсе хиларалла а доккха ду, хIунда аьлча, ирсе хилар цхьана ханна бен дац, ткъа дог паргIат хилар гуттаренна а ду, цомгуш волуш а, баланехь волуш а. И дог паргIат хиларан даккхийчу бахьанашха ду АллахI хьехавар. (АллахI хьехаварца хуьлу дегнашна паргIато).

10. ПIераскан дийнахь уггаре деза зикр пайхамарна (ﷺ) салават диллар ду, хIунда аьлча, деношха уггаре деза де пIераскан де долун дела а, пайхамаршха уггаре веза пайхамар вайн пайхамар хиларна а.

Пайхамара (ﷺ) аьлла: «Шун денойх уггаре деза де пIераскан де ду, суна (цу дийнахь) дуккха а салават дилла аша».

11. Боьха дерг даржош верг, ша и лелош вацахь а, АллахIана гергахь кхин а чIогIа къилахь ву, и лела а деш, амма даржош воцучулла а. ХIунда аьлча, хьалхарчунна (и бахьанехь) и мел лелийначуьнан къа хуьлу, ткъа шолгIачунна деккъа ша диначунна къа хуьлу.

12. АллахI хьехаваро мунепикъаллех дог цIандо. АллахIа аьлла мунепикъ нехан хьокъехь: «АллахI кIезиг бен ца хьехаво цара». Сурат «ан-Нисаъ», 142 аят.

Иштта, муъма нехан хьокъехь аьлла Цо: «ХIай ийман диллинарш! АллахI дуккха а хьехаве аша». Сурат «ал-Ахьзаб», 41 аят.

13. «ЦIеначу нигато адам даржехь хьаладоккху кIезиг Iамал йича а, вочу нигато адам охьадоккху цхьа а Iамал ца йича а».

14. АллахIа Шен лайна дина диканах ду — дог паргIат хилар. Цундела, цхьаболу нах карабо хьуна шайгахь тамашийна онда собур долуш. Шен кIант велча а «Хастам бу-кх АллахIана олу цо». Иштта, кхинверг хаало хьуна, шен хьайба делча а хийцалой, оьгIуз воьдий.

Ца хаало шуна и? Хаало лой? Башхалла хIун ю ткъа? Дог паргIат хилар ю.

15. «Лайлатул-къадр буьйсанна а, (мархийн беттан) тIаьххьарлерачу итт буьйсанна а йича уггаре еза, дика йолу Iамалш — ламазаш дар, Къуръан дешар, доIанаш дар ю. Ткъа уггаре гIолехь, деза дерг — и кхо Iамал цхьаьна яр ду, Къуръан а доьшуш дехха ламазаш деш, иштта, сужудехь дехха доIанаш а деш».

16. Халонаш (баланаш) бакълуьйчарна зер ду, ткъа дукхах болу нах паргIато йолчу хенахь бакъонна тIаьхьабозу, хало тIееача бухабовлу.

17. «АллахI хьехавар — дегнийн кхача бу. Пайхамара а, (ﷺ), цуьнан асхьабаша а Iуьйранна шайн дегнашна кхача луш хилла АллахI хьехаварца, шайн догIмашна юучуьнца шаьш кхача луш ма-хиллара».

18. «Дукхах долу нехан къамел цхьатера хуьлу, амма, нехан дегнаш чохь цунах юьсуш йолу лар тайп-тайпана хуьлу. ХIунда аьлча, хьехам багахь бинарг бац, амма хьена дуьхьа бина хилар ду. АллахIан дуьхьа бина я АллахI воцчунна кхечунна дуьхьа бина».

19. «ГIайгIа дIаяларан а, къиношна гечдаран а бахьанех ду пайхамарна (ﷺ) салаваташ дахкар. Ткъа пIераскан дийнахь дехкина салаватийн асар кхин а чIогIа ю. Пайхамара (ﷺ) шена салаваташ дохкуш волчунах лаьцна аьлла: «ГIайгIанах а кIелхьаравоккхур ву хьо, хьан къиношна а гечдийра ду».

20. Нах вовший къинхетам беш белахьарий, царна тIе АллахIан къинхетам буссур бара. Уьш дукха хIаллакбеш долу хIума — хьагI ю. Ткъа хьагI а, къинахетам а цхьана гуллуш хIума дац.

Пайхамара (ﷺ) аьлла: «Къинхетаме хила шу, шух а (АллахIа) къинхетам бийра бу».

21. Бераш кхетош-кхиор цкъа а хедаш йоцу, уггаре а езачу Iамалех Iамал ю. Шаьш мел Iамийна дикачу Iамалца цара Iамал яхь, цунах хуьлуш болу мел и Iаминачунна а хира бу. Ткъа нагахь санна цара шайна Iамийнарг кхин дIа шайн тIаьхьенна а дIахьехахь, дуьххьара Iамийна волчунна а мел хир бу цунах.

22. «Бакъон тIехь болчеран нийса дешнаш вочу гIиллакхаша эрчадоху. Ткъа харцон тIехь болчеран харц дешнаш хазачу гIиллакхаша хаздо.

Ах бакъдерг хазачу гIиллакхаша дIакхачадо, баххаш даладале хьалха».

23. «Шелла лахарниг сийсазвеш, цунна тIехь куралла еш волчунна, шелла а лакхарниг карор ма ву ша сийсазвеш а, шена тIехь куралла еш а».

24. «ДегI маьрша хиларха пайда бац, дог дегIан лаамаша йийсаре дина делахь».

25. «Дуьнен тIехь долу Ислам-дин цкъа а дIаболуш боцу маьлхах тера ду. Цхьана махкахь чу буьжча, кхечу махкахь гучуболу и».

26. «Дикачу стагана цхьаьнгара гIалат даьлча хала а хета, цунна хьехар а до. Ткъа вочу стагана хазахетар а хуьлу, цуьнан гIалат Iора а доккху».

27. «Зул-Хьижжат беттан итт дийнал а сийлахьчу дийнахь малх ма ца кхета. Цу деношкахь йина Iамал еза, сийлахь лерина ю (кхечу деношкахь йинчул а). Цу Iамалх уггаре диканиг — ламаз дар, такбир дар (АллахIу акбар бахар), сагIа далар, марха кхабар, хьаж дар ду. Иштта, еза лериначу хенахь йина вон Iамалш а, къилахь совйовлуш ю».

28. «Куралла а, хьагI а цхьанне хIуманах дIахьакхалур ма яц, цо и хIума талхийний бен».

29. «Айхьа гучахь еш йолу Iамалха хьо тамашбан (воккхавеван) волахь, къайлах еш йолчу Iамалца и цIанъелахь. Бакъдолуш, къайлах еш йолчу Iамало, гучахь еш йолу Iамал цIанйо хьуна!».

30. Хазачу гIиллакхо Iамалаш язйо, мел кIезиг уьш елахь а. Ткъа вочу гIиллакхо Iамалаш талхайо, мел яккхий уьш елахь а.
Хьадисехь деана: «Бакъдолуш, вочу гIиллакхо Iамал талхайо, къонзано моз ма талхадарра».

31. «Мéла баккха уггаре дика хан Iуьйкъа хан ю, рицкъ даккха уггаре дика хан Iуьйре хиларе терра».

32. «Пайхамарша а, я церан асхьабаша а даздина дац пайхамар вина де. Иштта (вайн пайхамарал тIаьхьа) деана долчу кхаа бIе шарчохь цхьана а бусалба стага а ца даздина вайн пайхамар (ﷺ) вина де, хIунда аьлча, и везар а, и вазвар а Iамалашца цунна тIаьхьавазар ду, даздарца дац».

33. «Хьекъал -доккха ниIмат ду. Амма и кураллица эделча, боккха бала бу».

34. «АллахIа цхьа де даздинехь, цу чохь йина йолу дика Iамал а язйина Цо». Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам), аьлла: «Шена чохь малх хьалабаьлла долу уггаре дика де пIераскан де ду…». Муслим.

35. «Цхьайолчу хенахь АллахIа зуламхо (нахана юкъахь) вазвой айво. Иза Шена дукха везарна ца айво Цо, амма, лаккхара и чу кхоссархьама айво».

36. «Хьо АллахIана тIе некъ беш велахь, Цо бийцинчу новкъахула бен Цунна тIе ма гIолахь!».

37. «Керахь даьхни хиларха пайда бац, дог къен хилча».

38. «АллахI вазварх ду Цуьнан пайхамар вазвар (ﷺ). Ткъа пайхамар вазварх ду, денойх уггар деза долчу пIераскан дийнахь цунна дуккха а салаваташ дахкар».

39. «ШариIат — кхетамаш бIарзделлачарна серло ю, синпаргIато ю, дегнийн дахар ду, цунах тасвелларг кIелхьаравера ву, цунна букъ тоьхнарг дакъазавера ву».  ал-ИIлáм битавдийхь навакъидил-ислам.

40. «Декъаза стаг — гIорасиз верг вац, декъаза стаг — шен дика белхаш дан аьтто боллушехь уьш ца деш Iаддитинарг ву».

41. ДIатесна, ца лелочу суннатех ду, буьйсанна сурат ал-Ихлас (Къулха) дешар. Пайхамара (ﷺ), аьлла: «Цхьана буьйсанна Къуръанан кхоалгIа дакъа ца дешалуш шух цхьаъ гIорасиз вуьсур варий?.. «Къул хIуваллохIу ахьад» Къуръанан кхоалгIа дакъа санна ду».

42. Зен хилла, зен хилла, эшам хилла, цхьа масех сахьтан дуьхьала, дезткъе кхо шо ца эцначунна! «Лайлатул-къадр буьйса эзар баттал дика ю». Сурат «Ал-Къадр», 3 аят.

43. «Вочу нигато санна стеган Iамал йохош хIумма а дац. Вон нигат а долуш, цо цхьа дика дахь, цу дикан беркат дIадера ду. Ткъа вочу нигатца адамо вон хIума дахь, цу вочу хIуман бохам а кхин а боккха хир бу».

44. Дуьненал тIаьхьа ялсамани я жоьжахати бен кхин цхьа а хIусам яц.
Дуьне — цхьа хан йолуш хIусам ю.
Ткъа эхарт — гуттар а лаьтташ хIусам ю.

45. «Хьо бакъонна тIехь вара аьлла зен ца зуьйш а я бала ца хьоьгуш а вуьсур вац. Пайхамарех Яхья а, Закария́ а вийна, Муса махках ваьккхина, Юсуф набахти чу воьллина. Ткъа пайхамарийн эла волу Мухьаммад лаьцна а латтийна, етта а йиттина цунна, махках а ваьккхина иза. Цул тIаьхьа бакъо тоьлла».

46. ДегI набахти чу а доьллина, дог маьрша дисар гIоли ма ду хьуна, къиноша дог дIа а лаьцна, дегI маьрша дуьсучул». Юсуф пайхамара аьлла: «Сан Дела! Набахти гIолехь ю-кх суна, цара соьга де бохуш долчу къинал».

47. Харцонца фатваш лучуьнгара, я и (харцо) нахе юьйцуш волчуьнгара тоба къобалдийр дац, цо ша тилийнчарна бакъдерг билгал даллалца.

АллахIа аьлла: «Тоба а дина, шаьш талхийнарг нис а дина, бакъдерг билгалдинчеран тоба къобалдийр ду Ас». 

48. АллахIан динна гIодеш воцург, АллахIера гIо кхачаре ма хьоьжийла. «Нагахь аш АллахIана (Цуьнан динна) гIо дахь, Цо шуна а дийр ду гIо». Къуръан 47/7.

49. «Бакъонна тIаьхьаваза атта ду, нах цу бакъонна тIебирзинчу хенахь. Амма, цу бакъонна тIехь латта хала ду, нах цу бакъонах дIабирзинчу хенахь».

50. «Шеца ницкъ боцу бакъдерг гIийла ду. Шеца бакъдерг доцу ницкъ а зуламе бу. Ткъа бакъдерг а, ницкъ а цхьаьнакхетча, нийсо дIахIутту».

51. Уггаре вон хан — диканан цIарах вониг деш, вонан цIарах диканиг деш ерг ю. Цхьана дийцарехь деана: «Нахана тIе цхьа хан йогIур ю, дика дерг вон гуш, вон дерг дика гуш».

52. «Стаг Iилмангахь сов мел волу а, шеца бакъо къуьйсуш духьал ваьллачунна алсам бехказло юьту цо. Ткъа Iилмангахь и кIезиг мел хуьлу а, бехказло а кIезиг юьту цо цунна».

53. «Iáшýрáъ марха кхабаро дIадаханчу шеран къиношна гечдо. Цул хьалха а я цул тIаьхьа а марха а ца кхобуш, ша и цхьа марха кхаьбначунна, шеран къиношна гечдеш йолу ял хир ю. Амма жуьгтех схьакъастарна хуьлуш йолу ял хир яц цунна. Иштта къа а хир дац цунна (хьалха я тIаьхьа марха ца кхобуш) царах схьа ца къастарна».

54. «Питанаш сов мел довлу Iилманга хьаште хилар совдолу, хIунда аьлча, питан хьере веш болу бода бу, ткъа Iилма и бода дIа боккхуш долу нур ду, ткъа уггар питане зама тIеххьарниг ю. Пайхамара ﷺ аьлла: «Къемат де догIар ма дац питанаш совдовллалца».

55. «Адам дикачу хьолехь а долуш цунна тIе бала боссахь — иза цунна зер ду. Ткъа иза вочу хьолехь а волуш цунна тIе бала боссахь — тIаккха иза цунна таIзар ду».