button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзия

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

1. «Къа жима дара алий паргIат ма валалахь, цунах ца вешаш ма хилалахь. ЗаьIпачу, гIор доцучу бецах онда муш бо хьуна, тIаккха цуьнца ерстина эмкал садукъадой охьатуху хьуна».

2. «Цхьана сахьтана йолчу марзонна ялсамани йоьхкинарг хьекъал долуш муха хира ву?!». ал-Фавáид.

3. «Лай шен Далла хьалхахIуттуш ши меттиг ю: хьалхарниг: ламазехь Цунна хьалхахIоттар, шолгIаниг: Цунна дуьхьал ваханачу хенахь Цунна хьалхахIоттар. Дуьххьара долучу АллахIана хьалхахIоттарехь ша хIотта ма-веззара хIоьттиначунна — шолгIа хIоттар а атта хир ду. Хьалхара долучу АллахIана хьалхахIоттарехь кIадо йина волучунна, цуьнан хьакъ кхочуш а ца дина волучунна – шолгIаниг а хала дийр ду». ал-Фаваид, 200.

4. «Шен берана пайдехь дерг Iамор тIаламбоцуш дитиначо а, иза тесна дитиначо а — кхин дойла йоцуш, доккха зулам дина. Дукхах долчу берийн талхар а, церан хьокъехь ледарло яр а, динан парзаш а, суннаташ а Iамонза дисар а — дайн бехкенна ду. Кегийра доллуш хIаллакдина цара уьш. Цундела жималлехь шайна а ца хилла уьш пайдехь я баккхийра хилча шайн дайшна а ца хилла уьш пайдехь».

5. «Ахь Iамал яре хьаьжжина хьуна бекхам а хир бу хьуна. Хьайн луучу кепара хила хьо, (кхерам тосуш аьлла дешнаш ду уьш), баккъала а, АллахI хьоьца хьо Цунций, Цуьнан лайшций ма-хиллара хира ву хьуна». [ал-Вабил ас-Саййиб].

6. «Хьалха дIабаханчеран къамел кIеззиг а долуш беркат алссам долуш хилла. Ткъа тIаьхьа богIучеран къамел дуккха а долуш беркат кIеззиг долуш ду».

7. Ламаз рицкъ тIедаран бахьана ду.

Могушалла ларъеш ду и.

Халахетар, цатам дIакъахкош ду и.

Цамгарш, лазарш дIаэккхош ду и.

Дог чIагIдеш ду и.

Юьхь кIайеш ду и.

Сина самукъа ду и.

Мало йойуш ду и.

Меженаш жигареш ду и.

ГIора латтош ду и.

Воккхавевеш ду и.

Сина кхача латтош ду и.

Дог нуьредеш ду и.

НиIмат Iалашдеш ду и.

Бала бухатухуш ду и.

Беркат тIедохьуш ду и.

ШайтIанна генавоккхуш ду и.

Къинхетамечу АллахIана гергавалош ду и.

8. «СагIа лучунна цунах дерг ма-дарра хаахьара а, цо сурт хIоттош делахьара а ша луш долу сагIа къечу стеган кера кхачале хьалха АллахIан кера кхочуш хилар, сагIа луш волчуьнан самукъадалар доккха хир ма-дара, иза схьа оьцуш волчуьнан самукъадаларалла а».

9. «Къуръанан аяташа дегнаш дендо, хица латта дендаларе терра». Мифтахьу дарис-саIáдахI, 2/250.

10.  Абу ТIалибан кIентан Iалийн (АллахI реза хуьлда цунна), велхар а, АллахIах кхерар а.

Шина хIуманах кхерар чIогIа хилла цуьнан — эхарт диц а дина дуьне чIогIа дезархий, дегIан лаамашна тIаьхьавазархий.

Iелас аьлла: «Дуьне чIогIа дезаро эхарт дицдо, ткъа дегIан лаамашна тIаьхьавазаро бакъонна генавоккху. Дуьне чеккхе йолуш ду шуна, эхарт тIедогIуш ду шуна. Царшинан хIоранна а шен-шенан кIентий бу шуна. Варийлаш, шу дуьненан кIентий ца хуьлуш, эхартан кIентий хила хьовсалаш. Бакъдолуш, тахана Iамал ю, хьесап дац, ткъа кхана хьесап хира ду, Iамал хира яц». Ал-МажмуIул-Къаййиму мин калами ибнил Къаййими, 2/666.

11. «Къематдийнахь цхьаволу лай вогIур ву лаьмнаш санна даккхий диканаш а долуш, амма, шен матто уьш хIаллакьдина карор ду цунна. Иштта, кхин цхьа лай вогIур ву лаьмнаш санна даккхий вониш а долуш. Амма шен матто уьш дIадаьхна карор ду цунна, Сийлахь-Веза АллахI дукха хьехавар бахьан долуш». ад-Дáъ вад-давáъ, 231.

12. «Дукхах болчу нехан хьолан ахьа ойла йича, АллахIа шайна дала дезаш долчу хьокъе хьоьжуш хуьлу уьш, амма, шаьш АллахIана дIадала дезаш долу хьокъе хьоьжуш ца хуьлу». ИгIáсатул-лахIфани фи масáидиш-шайтIáни, 1/89.

13. «Ислам дин дендархьама Iилма Iамийнарг сиддикъийншах (бакълуьйчарах) ву. Ткъа Iилма Iамочуьнан дарж пайхамарийн даржана тIаьххье догIуш ду». Мифтáхьу дáрис-саIáдахI, 1/121.

14. «Къиноша цхьацца доккхуш лайгара ниIматаш дIадоху, уьш деригге дIадевла довлалца». ТIарийкъул-хIижратайн, 542.

15. «Лайна ша латийна къа жима мел хета а, АллахIана гергахь инзаре доккха хуьлуш ду иза». ад-Дáъ вад-давáъ 75.

16. «Деа хIумано юьхь кIай йо: оьздангалло, тешаме хиларо, комаьршалло, Делах кхераро.

Деа хIумано оьгIазло тIейоуьйту: куралло, хьагIано, харцлеро, мотт-эладита лелоро.

Деа хIумано рицкъа хуьлуьйту: буьйсанна ламаз даро, Iуьйкъанна дуккха гечдар дехаро, сагIа даларо, де долалуш а, чекхдолуш а Дела хьехоро.

Деа хIумано рицкъ духатуху: Iуьйранна вижина Iаро, ламаз кIеззиг даро, малоно, тешнабехко.

Деа хIумано дегI талхадо: гIайгIано, сингаттамо, мацалло, буьйсанна наб ца йаро». Зáдул-маIáд, 4/378.

17. «ДIаяханчу хенахь хилла долчунна дохко вуьлуш Iар, керахь йолу хан яйъар ду». Мадáрижус-сáликийн, 3/49.

18. «Нагахь хьуна стаг аяташка ладогIар а дитина байташка ладоьгIуш, Къуръане ладогIар а дитина эшаршка ладоьгIуш самукъа долуш а, царга чIогIа шовкъ йолуш а гахь, иза АллахI везарха а, Цуьнан Къамел дезарха а цуьнан дог деса хиларан йоккха билгало ю хьуна». ал-Жавáбул-кáфий, 236.

19. «Бакъонан некъ схьалацалахь, оцу некъа тIехь берш кIеззиг хиларна сингаттаме ма хиллахь. Варийлахь, харц некъах ларлолахь! ХIаллакхуьлуш берш дукха хиларна Iеха ма лолахь».

20. «Шен дог паргIат хила луъчо, (Дала) шен къиношна гечдан луъчо, сингаттам дIабала луъчо, гIайгIа дIаяла луъчо, Пайхамарна дукха салаваташ дохкийла (саллаллáхIу IалайхIи ва саллам)».

21. «ДоIа а дина цунна сихха жоп ца делча и доIа дар дIатеснарг, хIу дIа а дийна, цунна хи а дуьллуш, и Iалаш а деш, кхоно стом ло хан тIе кхаьчча и схьа а ца лахьош Iадбитинчух тера ву».

22. «Айхьа цхьа къа латийначул тIаьхьа хьайн дагчохь хьуна бода (хорам) хаалахь, хьуна хаийла хьан дагчохь нур (ийман) дуйла. И нур цу чохь дацахьарий хьуна и бода хаалур бацара хьуна».

23. «АллахIах кхерар бохучуьн маьIна — Цунна муьтIахь хилар а, Цунна Iеса хилар Iаддитар а ду. АллахIах кхераро ша мел долу дика хIума чулоцу». ат-ТасхIил, дакъа: 1, агIо: 124.

24. «Лайна ялсаманин хьокъехь ойла яр а, жоьжахатин хьокъехь ойла яр а дагарадаьлча, диканаш дан лаар а гIелло».

25. «Суннатан охIлуно нехан къамелаш Iаддуьту, суннатан дуьхьа. Ткъа бидIат лелочара суннат Iаддуьту, нехан къамелашан дуьхьа». ас-СавáIикъ, 4/1603.

26. «Эрна хан яйъар валарал а чIогIа ду. ХIунда аьлча, эрна хан яйъаро АллахIах а, эхартах а дIахадаво, ткъа валаро — дуьненах а, цу чохь болучарах а дIахадаво». ал-Фавáид, 44.

27. «Бакъдолуш, массо а питанан бух – хетарг шарIо бохучунна хьалхадаккхар а, дегIан лаам хьекъална тIехулабаккхар а бу». ИгIáсатул-лухIфáн, 2/165.

28. «Даьхни хьан даг чохь а доцуш хьан керахь мел дукха хиларх а, цо зе дийра дац хьуна. Ткъа хьан керахь цунах хIумма а дацахь а, амма хьан дагчохь и мел лаьтта, цо зе дийра ду хьуна». Мадáрижус-сáликийн, 1/463.

29. «Къуръан хазаро дог синтеме до, паргIато а ло цунна. Ткъа эшар хазаро дог гIайгIане а до, сингаттам а хуьлуьйту цунна». БадáиIут-тафсир.

30. «Цхьанна а дийнахь малх чу ма бузийла, хьайн дагчу ахь Iилманах цхьа дакъа чу дилланий бен».

31. «Iилма — деган кхача а, малар а, молха а ду. Деган дахар Iилманах хIоттаделла ду, ткъа Iилма дагах дIакъастахь, иза делла дог ду». Мифтáхьу дáрис-саIáдахI, 1/344.

32. Шена йоI йича оьгIаз вахар Ислам-дин тIедале хьалха хиллачу мушрик нехан гlиллакхех ду. АллахIа Шен дашехь цаьрга бехкбоккхуш аьлла: «Царах цхьаьнга йоI йина (хьуна) аьлла кхаъ баьккхича, юьхь Iаржалой дIахIутту иза, шен оьгIазло хьул а еш. Шега (иштта) вон кхаъ баккхарна нахах (эхь хеташ) дIалечкъа иза, шена тIе эхь даийтина Iадйита те ша и (йоI) я лаьттах йоллий йийна дIаяккха те ша и бохуш. Ма вон сацам бу-кх цара бийриг!». Сурат «ан-Нахьл», 58-59 аят.

Тухьфатул-мавдýд, 25 агIо.

33. АллахIан мостагIчунна (Иблисана) хиинчул тIаьхьа, Сийлахь-Везачу АллахIа Ша цхьаъвеш (тавхьидаца) болчу а, цIенна даггара (ихласца) Iамал еш болчарна тIехь а шега куьйгалла дойтур доций, цо элира: «Хьан возаллора! Уьш берриге а тилор ма бу ас, царех Ахь хаьржина дог цIена (ихласца) болу Хьан лайш боцурш». Сурат «Сόд», 82-83 аят.

АллахIан мостагIчунна (Иблисана) хиъна, Сийлахь-Везачу АллахIах тасавелларг а, Цунна цIеначу даггара (ихласца) муьтIахь хилларг а, Цунна тIе болх буьллуш верг а шега Iехалур воций а, галвакхлур воций а.  ИгIáсатул-лухIфáн, 1/99.

34. «Къинош чевнаш ю, ткъа цхьайолу чов вуьйш чов хуьлу». ал-Фавáид, 41.

35. «Деган дахаран догIа – Къуръан тIехь долчунна ойла яр а, Iуьйкъенашкахь доIанаш деш АллахIана хьаставалар а, къинош Iаддитар а ду». Хьáдил-арвáхь илá билáдил-афрáхь, 100.

36. «Пайде болу безам кхаа кепара бу: АллахI везар а, АллахIана дуьхьа болу безам а, АллахIана муьтIахь хилар тIехь гIо ден болу безам а». ИгIáсатул-лухIфáн, 2/853.

37.  «Дог АллахI хьехорах гIел мел ло а, деган дакъадалар а чIагIло. Ткъа АллахI хьахийча деган дакъадалар даша а деший дIадолу, цIергахь даш лала а лаьлла дIа ма-даллара». ал-Вáбилус-сайб, 146.

38. «Уггаре атта меттахъхьелуш йолу меже иза мотт бу, ткъа и (мотт) бу лайна (адамана) уггаре а доккха зен деш берг». ал-Жавáбул-кáфий, 281.

39. «ГIайгIанаш, баланаш, сингаттамаш шина бахьанаца хуьлу: Хьалхарниг — дуьне чIогIа дезарна а, цунна чIогIа сутар хиларна а. ШолгIаниг — дика Iамалш кIезиг ярна а, Далла муьтIахь хилар лагIдаларна а». Iуддатус-собирийн, 256.

40. «Шен баланаш, гIайгIанаш совдевлачо «Лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхI» алар совдоккхуьйла». Зáдул-маIáд, 4/183.

МаьIна: «Ницкъ а, гIора а дац, АллахIехь бен».

41. «Бусалба стаг шен бусалба вешина гечдар доьхуш хила веза: «Сан Дела! Суна а, сан дена-нанна а, бусалба божаршна а, бусалба зударшна а гечде Ахь» — олуш. Цхьаболчу салафша и доIа хIора дийнахь дар дика лоруш хилла». Мифтахьу дарис-саIáдахI, 1/339.

42. «Къиноша а, (дог) талхаро а гIайгIа-бала, кхерам, синхьийзам, хорам, деган цамгараш хулуьйту. Ткъа царна цхьа а дарба ма дац, тоба дар а, АллахIе гечдар дехар а бен!». За́дул-маIа́д, 4/191.

43. «Ойла а еш Къуръан дешар — дог тодаларан бух бу». Мифтáхьу дáрис-саIáдахI, 1/187.

44. «Iилма а, Iелимнах а безначунна, АллахIана дезарг дезна». Мифтахьу дарис-саIáдахI, 1/435.

45. «Марханаш уггаре дика кхобуш берш — шайн марханашкахь АллахI (Сийлахь-Веза ву И), дукха хьехош берш бу». ал-Вабил ас-Саййиб, 152.

46. «СагIано тамашийна Iаткъам бо тIера ба́ла дIаайбарехь а, бахана бIаьрг дIабаккхарехь а, хьагI йолчуьн вон юхатохарехь а». Бада́иIул-фава́ид 2/234.

47. «Къуръан тIера а, суннатера а далил доцуш мел болу некъ — жоьжахатин а, Дала эккхийна долу шайтIан а некъ бу». Мада́рижус-са́ликийн, 2/439.

48. «ПIераскан де — Iибадат до де ду. Беттанашна юкъахь, Рамадан бутт санна (деза) ду и. Цу пIераскан денна чохь доIина жоп луш йолу хан, Рамадан батта чохь Лайлатул-къадр буьйса санна (еза) ю». Зáдул-маIáд, 1/398.

49. «Къиноша оьмаран беркат а, рицкъан беркат а, Iилман беркат а, Iамалан беркат а, Далла муьтIахь хиларан беркат а дIадоккху». ал-Жава́бул-ка́фий, 101.

50. «Бусалба динах хьакхалуш боцу муьлха а бала атта бала бу. Ма-дарра аьлча, и (дуьненан бала) ниIмат ду. Бакъболу бала, бусалба динехь зуьйш тIебеана болу бала бу». Мада́рижус-са́ликийн, 1/306.

51. «Лаьтта букъ тIехь мотт санна чу йолла хьакъ долуш цхьа а хIума яц». ал-Фаваид, 942.

52. «Марха кхобучарех уггаре гIоли берш, шаьш марха кхобучу хенахь дуккха а АллахI хьехош берш бу, Сийлахь-Веза ву И». ал-Вабил ас-Саййиб, 153.

53. «Эшарша дог талхадо, ткъа дог телхича, цу чохь мунепикъалла даьржа». ИгIáсатул-лахIфáн, 1/251.

54. «Шайхул Ислам Ибн Таймия (АллахI реза хуьлда цунна) нехан хьашташка чIогIа хьожуш хуьлура. ХIунда аьлча, цунна хаьара, ша кхечунна гIо деш мел ву, АллахI а шена гIо деш вуй». Имам Ибнул-Къаййим — Ровдатул-мухьиббийн, 1/168.

55. «Деш долу хIума АллахIан дуьхьа дацахь, эрна къа ма хьега». Бада́иIул-фава́ид, 3/235.

56. «Къинош Iаддитаро санна, АллахIера рицкъ хуьлуьйтуш хIумма а дац». ад-Дáъ вад-давáъ, 133.

57. «Цхьана махкахь я кIоштахь Iилма даьржича, цигарчу нахана юкъахь вон хIуманаш лахло. Ткъа цигара Iилма дIадаьлча, вон мел дерг а, телхина мел дерг а даьржа цигахь». ИIла́мул-мукъиIийн, 5/257.

58. «Сийлалла деккъа Iилма Iаморца хуьлуш яц. Бакъдолчунна тIаьхьавазарца а, ша Iамийнчуьнца Iамал ярца а хуьлуш ю». ИIла́мул-мукъиIийн, 1/167.

59. «Ойла а еш Къуръан дешарехь дерг нахана хаахьарий, дерриг хIума Iад а дитина цунна тIебоьрзур ма бара уьш». Мифта́хьу да́рис-саIáдахI, 1/187.

60. «Шеца Къуръан тIера а, суннатера а бух мел боцу некъ — жоьжахати боьду некъ а, Дала Шех эккхийначу шайтIанан некъ а бу». Мада́рижус-са́ликийн, 2/468.

61. «Ялсаманехь уггаре доккха зовкх хьегар шина хIуманца хир ду. Хьалхарниг — АллахIе хьежарций а, шолгIаниг — Цуьнан кхайкхаме а, къамеле а ладегIарций а». Мифтáхьу дáрис-саIáдахI.

62. «Дала Шех тешаш волчу Шен лайна дуьненан цхьа а хIума доьхкуш ма дац цул диканиг а, пайде дерг а цунна деллий бен. Шех тешаш воцучунна луш а дац Цо и хIума». ал-Фавáид, 57.

63. «Стагана уггаре вон долу хIума — болх ца беш, мукъа Iар ду. ХIунда аьлча, са мукъа Iалуш дац. Цул совнаха, пайде долчу хIуман тIехь цуьнга къа ца хьегийтахь, цунна зене долчу хIуман тIехь къахьегаз Iийр дац и». ТIарийкъул-хIижратайн.

64. Далла тIебоьду некъ цабевзург а, и некъ лохуш воцург а ву хьуна, АллахIа шен хьокъехь «сийсазверг» аьлла верг:

«وَمَن يُهِنِ اللَّهُ فَمَا لَهُ مِن مُّكْرِمٍ».

«АллахIа сийсазвинчун цхьаммо а сий дийр дац». ал-Хьажж, 18.

ТIарийкъул-хIижратайн, 177.