button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Бес-бесара аларш

1. Вайна дика хаа деза, хIоразза а кхечуьнца вай зуьйш долу валар, цхьана дийнахь вайна тIекхочур дуйла, вайца кхиниш зерхьама.

2. Массо а ирсе вар тIехь дац хьуна, амма, хьуна тIехь дерг цхьанне а зе ца дар ду.

3. Нана — хьуна цхьа а бехкамаш а ца хIиттош, даимна а хьо везан долу адам ду хьуна, тIаьххьара шен са хьаладалалца.

4. Цхьадолу адам бежнийн долчулла а хьекъал долуш дац. Бежано шена зене йолу хIума Iадъюьту, ткъа адамо, АллахIа шаьш шайн куьйга хIаллак ма де шаьш бохуш лаьтташехь, шена зене дерг Iад ца дуьту.

5. Делаца галваьлча эхарт телхар ду, Iедалца галваьлча дуьне телхар ду. Нохчийн кица.

6. Iумар ал-Мухтар шен зуда елча вилхина хиллера. Цуьнга хаьттина: «Хьо стенна воьлху?» Цо аьлла: «Со хIоразза а, Ливи дIалаьцна Iаш болу Италхошна дуьхьала бечу тIамера сайн цIа (четар чу) веача, суна неI хьалаойбура цо, со чу валийта». ТIаккха ас хаьттира цуьнга: «ХIунда до ахь и?», аьлла. Цо жоп делира: «Хьо даимна а корта айбина хилийтархьама, цхьанне хIуманна и охьа а ца таIош», аьлла.

7. Хьехар: Нехан хIусаме воьдуш бIаьрзе а волуш гIо, цу чуьра хьо араволуш мотт цахуург санна вала.

8. Хьуна хаийла ерриг серлонаш дIаяйчий а, хьо валлалца дIаевра йоцуш цхьа серло юйла! Иза — ТОБА олу серло ю хьуна!

9. ДоттагI, иза хьуна хазахетар хилча хаза а хеташ, хьуна халахетар хилча хала а хеташ верг ву. Цунах доттагI алар бахьана, цунна хьо доггаха дукхавезар ду. (Хьашият ал-Байжурий Iала шархь ал-ГIаззий).

10. Дена-нанна дика хилар ахь айхьа язъеш йолу хьан истори ю хьуна, ткъа иза хьан бераш юьцур ю. Цундела, хьайн яздар дика (исбаьхьа) хилийталахь.

11. Цхьамма хаьттина: «АллахIана хьаста а луш паргIат ламаз муха до ахь», аьлла?

Цо жоп делла: «Сурт хIоттадо ас, хьажицIа сайна хьалхахь долуш санна, ялсамани сайна аьтто агIор йолуш санна, жоьжахати сайна аьрру агIор йолуш санна, са оьцу Мулкулмот сайна тIехьа долуш санна, АллахIан элча сайн ламазе хьоьжуш волуш санна».

12. Дог дакъадаларан бахьанех цхьа дерг: «АллахI воцучунна т1етийжар, Къуръан дIатасар, къинош летор, дукха велар, вон доттагIий хилар, дуьне дукха дезар, эшаршка ладегIар».

13. Велакъажаро хьан юьхь тIера цхьа кIезиг меттиг бен ца лоцу хьуна, амма нехан дегнаш чохь цо йоккха меттиг дIалоцу хьуна.

14. Хьан Дела санна хьоьца къинхетаме цхьа а вац хьуна.. Хьан Далла санна хьан сингаттам дика хууш цхьа а вац хьуна.. Хьан бала дIаайъа ницкъ болуш хьан Дела бен цхьа а вац хьуна.. Цундела АллахIера гIо лаха ахь, массо хенахь Цунна тIе а товжа хьо..

15. Хьалха дIабаханчу дикачу нахах цхьамма аьлла: «Мел олург дIаяздеш долу шина маликана аша кехат оьцуш делахьара, къамелаш дукха дийра ма дацар аш».

16. Цхьана дийнахь соьга хаьттира: «Хьан нана ю хаза я бутт бу хаза», — аьлла. Ас цаьрга элира: «Сайн нене со хьаьжча баттал хаза го суна иза, ткъа батте со хьаьжча сайн нана дага тосу суна», — аьлла.

17. Цхьана Iеламстага дийцина, ша Африкехь волчу хенахь, цигахь цхьа жима кIант гира шена аьлла.

Хаьттина цо цуьнга: «Къуръан Iамадар хIун бахьан ду хьан?» Оцу жимачу кIанта иштта жоп делира: «Суна даар а, малар а луш волчу АллахIан къамел аса муха Iамор дацара?!».

*Ойла ян луучунна дукха ойла ян хIума ду оцу дешнашкахь. Йа АллахI, Хьан сийлахь долчу Къуръанца дахар ло Ахь тхуна, Хьо Хезаш верг а, доIан жоп луш верг а ву-кха!

18. Къуръанаца гергарло леладе ахь, иза дуккха а дешарца а, сих-сиха чекхдаккхарца а.

Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам), аьлла хьуна: «Къуръан деша аша, баккъалла а, иза ша доьшуш хиллачарна къематдийнахь шафаIат деш догIур ду шуна». Муслим.

19. Тахана лаьттан тIехь ду вай, кхана лаьттан кийрахь хира ду вай. Кхана карон дерг — тахана ахь дIадийна долу диканаш ду.

20. Нахалахь уггаре диканиг, шен мотт ларбинарг а, диканна шен куьг дIа кховдийнарг а ву. Нахалахь уггаре вониг, шен куьг диканна дихкинарг а, шен мотт баьстинарг а ву.

21. Ялсаманехь цомгушчунна шен цамгар йицлур ю, къечунна шен къоьлла йицлур ю, бона ша бо хилар дицлур ду, заьIапхочунна ша заьIап хилар дицлур ду, зулам хиллачунна шена хилла зулам дицлур ду, тутмакхна шен набахти йицлур ю, гIорсиз хиллачунна шен гIорасизалла дицлур ду.

Ма хаза дахар ду-кха иза! Сан Дела! Со царах велахь!

22. Цхьана дикачу стаганна тIе а веана шен къа-бала белхош цхьамма аьлла: «Массо хIуманна мехаш тIекхетта вайна!».

ТIаккха, дикачу стага аьлла: «ВаллахIи сан бала ма бац цуьнца! ВаллахIи сан бала ма бац мекхан (ячмень) цхьана буьртигах дешин цхьа дийнар даькхичи а. Суна тIехь дерг АллахIа соьга омру ма-дарра Цунна Iибадат дар ду, ткъа Цунна тIехь дерг, Ша лур ду аьлла тIелаьцна хиларна, суна рицкъ далар ду!».

23. Дас шен кIанте аьлла: Буьйсанан бода хьуна тIаьхь-тIаьхьа чIагIлуш гахь, хьуна хаалахь са тасар герга дуьйла.

Нагахь хьуна муш тIаьхь-тIаьхьа булалуш гахь, хьуна хаалахь иза хада герга буйла.

Нагахь хьуна гIайгIа-бала тIаьхь-тIаьхьа чIагIлуш гахь, ткъа хьуна хаалахь паргIато герга юйла.

24. Цхьана Iелам стага аьлла: Хьай кIантана бакъдерг Iамаде ахь, ткъа бакъоно цунна массо хIума Iамор ду хьуна.

25. Боданна ле ма ле, чиркх латабай нах серлонга баха.

26. Доцца дийцар

Цо элира: «Кхана дийра ду ас тоба». Цу буса дIавижча, кхин сама ца велира иза.

27. Адамана валарца болу хьехам тоьур бара-кх, кхин цхьа а хьехам ца хилчий а.

28. ДарбанцIийне гIо хьо, могушаллин хам хаархьама. Набахте гIо хьо, маршонан хам хаархьама. Кешнашка гIо хьо, дахаран хам хаархьама. Ткъа царга хьаьжча, хьо гIайгIане веш дерг хIун бахьан ду те?!

ТIаккха ахь ала: Хастам бу АллахIана!

29. Цкъа а эшам ца хуьлу кхо мах!

Къуръан дешар — Ламаз дар — СагIа далар.

Веза-Сийлахьчу АллахIа аьлла: «Баккъалла а, АллахIан Жайна доьшуш берш а‚ ламаз деш берш а‚ Оха шайна деллачу рицкъанах къайлах а‚ гучахь а сагIа луш берш а сатуьйсуш бу, цкъа а хIаллакьхир доцучу йохк-эцаре (Ялсамане)». Сурат «ФатIир», 29 аят.

30. Хьайн къайленаш нахе ма йийцалахь! Хьайга цхьаммо дийцина долу къайлах долу къамел кхечуьнга а ма дийцалахь. Баккъала а, иза (иштта) дийцар ямартло ю хьуна. «ЖавáмиIул-áдаби фи ахлáкъил-анжáби».

31. Цхьана хьекъалчас аьлла: «Iилма ницкъ а, герз а ду. Цундела, уггаре гIийла мохк а, кIезиг ницкъ болуш долу къам а дешарна тIехь кIезиг къахьоьгуш дерг ду».

32. Цхьана хьекъалче хаьттина: «Уггаре ирсе стаг мила ву?» – аьлла.

Цо жоп делла: «Нах ирсе бийриг ву» — аьлла.

33. Тахана, я кхана маьркIиж молла ма кхайкхинехь шайтIанашна буржулш тухур ду, ялсаманийн неIарш дIайоьллур ю.

Ткъа иблисас шена тIаьхьа телеканалашкахь даггара болх беш нах буьтур бу. Цундела, ларлолахь царах.

Телевизорх а дIахада, хьо ялсаманина гергавуьгун долчунга хьожур вацахь.

Рамадан баттахь пайде ерзае хьайн хан. Цхьа кIеззиг денош дIалилхича вайх къаьстар бу и сийлахь бутт.

ЧIогIа ирс долуш ву-кх кху деношах пайда эцнарг.

АллахIа къобул йойла вайгара дика Iамалш.

34. Цхьа банк ю-кха дуьненахь а, эхартахь а шен филиалаш йолуш, оцу банкан цIе «СагIа» ю. Дуьненахь ахча цу чу дилла ахь, эхартахь цу чуьра схьаоьцур ду ахь.

35. Маликаш шена доIа дечарах а, гечдар, къинхетам боьхучарах а ву:

1. Нахана диканиг Iамориг а 2. Хьалхарчу могIанехь ламаз дийриг а 3. Цомгуш волчунна тIехIотта воьдург а 4. Марха лаца Iуьйкъе йийриг а

36. Къуръан тIехь ахь «дукхах болу нах» аьлла дош лахахь, хьуна карор ду цунна т1аьхьа догIуш долу дош: «хууш бац», «шукр деш бац», «тешаш бац» аьлла.

Нагахь ахь Къуръан тIехь «Царех дукхахберш» аьлла дош лахахь, я таллахь хьуна карор ду цунна тIаьхьа дог1уш долу дешнаш: «песакъ бу (телхина бу)», «ца хууш бу», «(дикачух) д1а бирзина бу», «кхеташ бац», «хезаш бац» аьлла.

Ткъа хьо хила АллахIа шайн хьокхехь аьллачу кIеззигчарех «Сан лайшха шукур дийриш к1еззиг бу». «КIеззигчара бен цуьнга (Нухьега) ийман ца диллира».

Ибнул-Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Бакъонан некъ схьалацалахь, оцу некъа тIехь берш кIеззиг хиларна сингаттаме ма хиллахь. Варийлахь, харц некъах ларлолахь! ХIаллакхуьлуш берш дукха хиларна Iеха ма лолахь».

АллахIа декъал хиллачарех а, дика хиллачарех а дойла вай! АллахIехь бен дикачунна тIе верзо а, вончух дIа хьовзо а ницкъ бац.

37. Къеданаш кхаа тайпана бу: 1-ра къеда: «Бакъдерг довза а девзина, цуьнца кхел йинарг ву». Иза ялсамана г1ура ву. 2-гIа къеда: «Бакъдерг довза а девзина, шена хуъушехь харцо йинарг ву». Иза жоьжахата г1ура ву. 3-гIа къеда: «1илма а доцуш кхел йинарг ву». Иза а жоьжахата г1ура ву.

Пайхамара (саллаллах1у 1алайх1и ва саллам) аьлла: «Къеданаш кхаа тайпана бу, ши къеда жоьжахатахь хира ву, цхьа къеда ялсаманахь хира ву. Шена хуъушехь харцонца кхел йина стаг ву. Иза жоьжахатахь хира ву. (Нийса кхел ян) ца хууш волу къеда а ву, цундела, нехан хьаьккъаш х1аллак дина цо. Иза а жоьжахатахь хира ву. Бакъонца кхел йина къеда а ву. Иза ялсаманахь хира ву». ат-Тирмизий.

38. Къен стаг гира суна воьлхуш, цуьнга ас хаьттира, хилларг хIун ду? Цо элира: массо х1уман мехаш тIе кхетна, адам доцчуьна. **** Жижига а, котами а **** Шури а, нехчи а, стоьми а **** Ткъа хIинца а Адам воI лахар мах болуш а, сийсаза а ву.

39. Хьуна хаьий, ламаз тIехь хьо волуш, хьан къинош мича дохкуш ду?

АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Баккъалла а, (АллахIан) лай ламазана хIоьттича, цуьнан дерриге къинош схьадохьу, тIаккха уьш цуьнан коьрта тIе а, шина белшана тIе а дохку. ТIаккха цо рукуI а, сужуд а моссуза ди, уьш цунна тIера охьаоьгу». Ат-ТIабараний, Сахьихьул-жамиIис-сагIир 1671.

ХIай рукуI, сужуд сиха деш верг! Хьайн ницкъ ма-кхоччу сужуд а, рукуI а дахде ахь, къинош охьаэгийтар хьамма.

40. Само яр!

Цхьаболу нах, лайлатул-къадр буьйса цхьана сахьтехь я буьйсан кхозлагIа декъахь ю олий кхета, ткъа иза гIалат ду. Лайлатул-къадр буьйса малх чубуьзча дуьйна Iуьйра хан хиллалца ю. Сийлахьчу АллахIа аьлла: «И маршо лаьтта садаржалца». Сурат «Ал-Къадр», 5 аят.

41. Цхьаболчу Iелимнаха аьлла: «ПирIунас шен къам Iехош бозбуунчалла леладойтуш хилла, ткъа кху заманара пирIунаша телевизор а, Iилма доьхкина болу Iелам нах а лелабо. Iалашо массеран а цхьаъ ю — нах Iехо».

42. Ма сийлахь ду-кх хIара вайн дин!

Хурман ах декъо жоьжахатих вай генадохуш хилча, сагIано Делан оьгIазло йойъуш хилча, «субхьаналлахIи ва бихьамдихIи, субхьаналлахIил-Iазыйм» бохучу шина дешо вайн Iамалийн терза даздеш хилча, оьцуш долчу ламазо дерриг дегIан тIера къинош дIадохуш хилча, цхьа дика иттане совдолуш хилча, ткъа цхьаболчарна хIунда моьтту те, ялсамане кхачалур вац аьлла?

АллахIа ялсаманин охIлунах дойла вай!

43. Салафшха волу цхьана дикачу стагана АллахIан хIара дош хезна: «Ламазна герга ма гIолаш дехна а долуш, шаьш хIун дуьйцу хаалца».

ТIаккха цо аьлла: «Масне ламаз дийриг ву-кх вахош йолу хIума молуш а воцуш, делахь а, шен ламазехь ша хIун дуьйцу ца хаа-кх цунна дуьненан гIуллакхаша ша вахорна».

44. Хьуна хаийла, хьайла а хала воллуш верг а вуйла.

Цундела, даимна а АллахIана хастам беш хила хьо.

«АЛХЬАМДУЛИЛЛАХI».

45. Цхьана дийнахь цхьана къечу стаге хаьттинера ас: «ХIун оьшу хьуна», аьлла. Цо жоп делира: «ХIара хьан хаттар оьшу-кх», аьлла.

46. Стага ша заправкана тIе кхочуш шен керара цигаьрка охьакхуссу, шех цIе латарна кхералой. Амма, жоьжахатин цIарах кхеравелла Iад ца юьту цо иза.

47. Яхкаеллачу кхелано уллера кхела талхош хиларе терра, галваьллачу доттагIчо уллераниг а талхаво.

48. Шайн берашна Iамаде: «хIара хьанал ду, хIара хьарам ду. ХIокхо АллахI реза во, хIокхо АллахI оьгIуз вохуьйту», бохуш. Деккъа «эхь ду» бохуш ма Iамаде. Мухле а, шайна тIе хьоьжуш АллахI вуй хууш долу, къайлах а, гучахь а Цунах кхоьруш долу чкъор кхиорхьама, нахах кхоьруш долу чкъор а ца кхиош.

49. Нанас йоIе аьлла: «ХIай сан жима йоI, айхьа ког боккхучу хенахь и стенга буьллу а хьожуш баккхалахь».

ТIаккха йоIа жоп делла: «ХIай сан нана, хьо ларлуш хилалахь, со хьан ларашна тIаьхьайогIуш ю хьуна».

Хьайн хьал дикачу агIор тоде ахьа, хьан бераш а хьуна тIаьхьадозур ду хьуна.

50. Хьайн дай-наний хьайна хьестадала доьлча, хьо оьгIуза вахарна кхоьруш дешнаш хержа доьлча, хьуна хаалахь хьо вон доьзалхо вуйла.

51. Веллачо ша юха дуьненчу верзийча «сагIа далар» хIунда хоржура дара те? Сийлахь-Везачу АллахIа ма-аллара: «…Сан Дела! КIеззиг ханна тIаьхьатеттина велара Ахь со, сагIанаш лур ма дара ас…».

Веллачо ца аьлла: «Iумрат дийра дара-кх ас, ламаз дийра дара-кх ас, я марха кхобур дара-кх ас…».

Iеламнаха аьлла: «Веллачо сагIа хьаха ма ца дина, ша веллачул тIаьхьа сагIа даларан йоккха ял шена гичий бен».

Дуккха а сагIанаш даха аш, баккъалла а, АллахIах тешаш хилларг, къематдийнахь шен сагIанан IиндагIехь хир волуш ву шуна.

52. ЖехIил стаг вевзура волуш ялх хIума ду:

-Цхьа бахьана а доцуш оьгIуз вахар. -Пайдабоцу къамел дар. -Дала ца дезаче совгIат далар. -Къайле яржор. -Массарех а тешар. -МостагIчух доттагI схьакъасто ца хаар.

Хьилйатул авлияъ 10/233.

53. Церан хIусамнаной хилла хьарам рицкъанах ларлуш

Асхьабийн хIусамнаноша шайн цIийндайшка, уьш рицкъ лаха арабовлучу хенахь олуш хилла: «ХIай сан цIийнда! Вайн хIусаме хьарам рицкъ ма далахь. Тхоьга тахана дуьненчохь мацаллина сатохалур ду хьуна, амма, жоьжахати цIе лалур яц хьуна тхоьга».

54. Цхьана Iелам стага аьлла: «ВаЛлахIи адаман сий ма ца хуьлу цуьнан дине хьаьжжина бен.

Хьайн тайпах воккхавеш АллахIах кхерар дIа ма тасалахь!

Ислам дино айвина хьуна персашна юкъара Салман.

Ширко Элчан ден ваша хилла волу Абу ЛахIаб дакъаза ваьккхина хьуна».

55. Мовлид дийнах лаьцна къовсадаларш (конкурс).

*Хьалхара хаттар: Пайхамара (ﷺ) ша вина де мосуз даздина? *ШолгIа хаттар: Асхьабаша (АллахI реза хуьлда царна) пайхамар (ﷺ) вина дуьххьара де стенгахь даздина? *КхоалгIа хаттар: Пайхамар (ﷺ) вина де даздечу дийнахь цара йоькъуш ерг хIун хилла? *ДоьалгIа хаттар: Пайхамар (ﷺ) вина де даздеш олуш хилла йолу гIараяьлла назма муьлхарниг ю?

Тидаме эца: Жоп Къуръан тIера а, суннатера а, я асхьабашкара, я царна тIахьабаьхкинчу тáбиIинашкара хила деза хьуна.

Нагахь санна цу хеттаршна жоп хьуна ца карадахь, бусалба динехь керла юкъадаьккхина и хIума стенгара даьлла, муха даьлла довзуьйтур дарий ахь?

56. Цхьана ларамечу стага аьлла: «ДIабаханчу дикачу нехан дийцарех тамаш бора аса, уьш ехха хенахь кIад а ца луш, кIорда а ца деш Къуръан доьшуш, Iибадат деш, Iилма Iамош муха Iара те аьлла.

Амма, хIокху вайн заманахь сайна хаддаза шайн телефонаш тIехь бохкуш нах гича, сан тамаш бар дIаделира.

ХIунда аьлча, суна хиира, дагна цхьа хIума дезаделча, цкъа а и кIадлур доций а, я цунна кIордор доций а».

57. Адамашка ма белхабе хаьйн гIайгIа-бала, АллахI Дела ву хьуна бохуш: «Соьга деха, Ас жоп лур ду шуна».

58. Цхьана воккхачу стага аьлла: «Со а, сан могушалла а цхьана хенахь ахча лоьхуш дара. Ткъа тахана, со а, сан ахча а могушалла лоьхуш ду».

59. Уггаре дика раж (диет) — нехан жижигаш дуучура сацар а, церан сийнна тIе ца кхийдар а ю.

60. Хьо бахьана долуш цхьанге а къа ма латадайталахь!

Жоьжахата баханчара эра ду: «Тхан Дела! Тхо дуьнен чохь долуш нийсонах тхо тилийначунна жоьжахатин цIеран Iазап совдаккха Ахь!». ат-Тафсирул-муяссар. Сурат «Сóд», 61 аят.

61. Бакъдолу вовшахкъастар

Бакъдолу вовшахкъастар генна новкъавалар, я везачух къастар, я валар а дац хьуна. Эхартахь вай цхьанакхетар долуш ду. Амма бакъдолу къастар – вайх цхьаверг ялсаманехь, важа жоьжахатехь хирг хилар ду хьуна.

Я АллахI! Ялсамани охIлунах де Ахь тхо!

62. Хьайн кошара хIусам, дика Iамалш ярца кечъе ахь.

63. Iожалла хьо бусалба динехь нисваларе ца хьоьжу хьуна. Цкъа нислой, тIаккха Iожалле хьежа хьо.

64. Iа тIедеана. Хьайн ишкап схьа а еллий миска стаг вохве. Цунна йовхо оьшу, ткъа хьуна мел оьшу.

65. Цхьана дийнахь айхьа дIадийна хIу стенгахь дийна те аьлла хьо ца карош висахь, догIано хаам бийра бу хьуна, ахь и мичахь дIадийна хилла. Цундела, дика хIума латта тIехь миччанхьа а, стигал кIелахь хьайна луучехь а дIаде ахь, хьуна ма ца хаа хьайна и стенгахь а, маца а карор ду.

66. АллахIа (Сийлахь-Веза ву И), аьлла: «Оха ло царна рицкъ». Сурат ал-Исраъ, 31.

Хьайн берашна рицкъ ца хиларна ма кхера хьо. АллахIа рицкъ латтор ду хьуна царна, хьо ца хилча а.

67. Хьайн берана Фатихьат сурат айхьа Iамаде, цо и мел доьшу мел хир бу хьуна!

Цхьамма аьлла: «Берашна «Фатихьат» сурат сайла а хьалха цхьанге Iамадойтур дацар ас, хIунда аьлча, шен деригге а дахарехь цо и ламаз тIехь доьшур долун дела».

(Ма сийлахь ойлаяр ду иза!).

68. Iовдал стаг еша а, яздан а ца хууш верг вац, бакъдолуш, Iовдал стаг, къилба мича агIор ду а хууш ламаз ца деш верг ву!

69. Шен селхане йицйиначу къоман кхане гIийла хир ю.. БIаьрзе, ЗаьIпа.. я хиллане а хир яц!

70. Дика стаг велча, ша паргIатволу, ткъа вон стаг велча, нах паргIатбовлу.

71. Делан дуьхьа долу гергарлонан масал

Цхьана дикачу стага аьлла: «АллахIан дуьхьа долу вежаралла куьйгах а, бIаьргах а тера ду. БIаьрг билхича, куьйго цуьнан хи дIадоккху. Ткъа куьг лазийча, бIаьрг цунна боьлху».

72. «Мел дукха хиларх а айхьа ечу дикачу Iамалех тамаш ма бе ахь. АллахIана ахь дIадала дезачу хьокъаца юьстича, уьш кIезиг ю хьуна».

73. Мотт — хьо декъала веш а, дакъаза вокхуш а меже ю.

74. Тахана цхьаболу нах доллар хьаладаьлча, давлени хьалайолуш, иза охьадаьлча, давлени охьайолуш телхаш бу.

76. Шайн берех барт хоттур бу шуьга. Цундела, шайн дахар хIаллак ма дайта цаьрга, дуьненан пайдабоцу хIуманашка а, церан оьмар лачкъош болчу къушка а.

77. Вайна хилларг хIун ду?!

Шайна новкъарло ца йичахьана бохуш, дас-нанас шайн бераш цу мультфильмаш чу а, ловзарш чу а доьхкина-кх! Юха иза доккха хилча, аьлларг деш дац бохуш боьлхуш лела!

78. Цхьанне а хьарам хIуман тIехь накъост ма хила хьо

Лело хьарам долу цхьа а хIума а эца мегаш дац хьайн дена, узуш хIума хуьлийла и, я кхин хIума хуьлийла. Хьайга и хьарам йолу хIума эца аьлла цо омра дахь а эца мегар дац хьуна иза.

Хьуна тIехь ду, цунна хазачу куьцара хьехар а деш, уьш ца эца бехказвалар. Фатáвá ал-Лажна ад-дáима 13/64.

79. Гечдар дехар — къинхетам баран бахьана ду.

Ашa АллахIе гечдар дехахьара, (Цо) шух къинхетам бийра бара. Сурат ан-Намл, 46 аят.

80. Хаза гIиллакх долуш хила хьо, дегнашна цкъа а вицлур вац хьуна хьо.

81. Нийсачу хьадисехь деана ду:

Къематдийнахь цхьа а лай ша волчера меттахвера вац, цуьнга хатталца:

«Хьайн оьмар хIун деш яйъира ахь?» — аьлла.

82. Цкъа а эшам ца хуьлу кхо мах!

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: «Баккъалла а, АллахIан Жайна доьшуш берш а‚ ламаз деш берш а‚ Оха шайна деллачу рицкъанах къайлах а‚ гучахь а сагIа луш берш а сатуьйсуш бу, цкъа а хIаллакьхир доцучу йохк-эцаре (Ялсамане)». Сурат «ФатIир», 29 аят.

83. Нене хаьттина: «Хьайн берех дукха муьлхург деза хьуна?» — аьлла. Нанас жоп делла: «Царах цомгушниг, цунна гIоли хиллалца. Царах генахь дерг, иза цIа дерззалца. Царах жиманиг, иза доккха хиллалца. Уьш деригге а, со яллалца».

84. КIант веллачу ненан дешнаш: Ахь «сан хьомениг» бохуш хьистина хьан зуда маре яхна хьуна. Ахь чехош лелийна хьан нана хIинца а хьан кошабарз тIехь йоьлхуш ю хьуна.

85. Хьан гIуллакхаш хьаладевлча, хьан доттагIашна хьо вевзар ву. Ткъа хьан гIуллакхаш тишделча, хьуна хьайн доттагIий бевзар бу.

86. Ал-Хабийр — Гучахь дерг а, къайлах дерг а хууш верг ву Иза.

87. Шайн бераш кегий долуш дуьйна кхетош-кхиаде, кхоно тIаьхьа хир. ду шуна!

88. ХIора Iуьйранна Делан новкъахь харж еш волчун, малико стиглара охьа дуссе доIа до:

«Я АллахI! СагIина харж еш волчун рицкъ совдаккха Ахьа!» — оле.

89. Цхьаболу салафша аьлла: «Тхо ламазе даьхкича, дуьне тхайн мачашцаний охьатосуш дара тхо».

90. Цхьана стага шен доттагIчуьнга хаьттина: «Хьайн хIусамера балха тIекхаччалца новкъахь мел хан йолу хьан?» — аьлла.

Цо жоп делла: «Некъахь пробкаш йолчу хенахь 800 тасбихь даккхал хан йолу, ткъа некъ паргIат болчу хенахь 250 тасбихь даккхал хан йолу» — аьлла.

Ма хаза жоп ду-кх иза!

Цхьана сахьабийчо (АллахI реза хуьлда цунна), аьлла: «АллахIан элчанца (ﷺ) цхьана Iуьйкъе а йина, цул тIаьхьа ламаз дан дIахIиттира тхо. цхьамма хаьттира: “Мел хан яра царшинна юкъахь яьлларг?” — аьлла. Цу сахьабийчо жоп делира: “50 аят дешшала (хан елира)” — аьлла.

Ма сийлахь синош ду-кх уьш, Къуръанан сий дар бахьана долуш сийлахь хилла!

91. Шен Делан кхелана реза хилларг, АллахIа иза реза вийр ву Шен хазачу йозанца.

92. Рамадан бутт схьакхечи вайна. Цу батта чохь ахь уггаре а дика гергарло лелон хьакъ дерг — Къуръан ду хьуна.

93. «Массо сино валар Iовшур ду». Сурат [Али Iимран, 185 аят].

Массара а боккхур бу валаран чам – дикачо а, вочо а, хьоладас а, къечо а, эсалчо а, курачо а…

Ткъа массеран чаккхе и валар хирг хилча, ма декъалалла ю-кх шен дахар шен ницкъ ма-кхоччу Iибадат деш, нах АллахIан дине кхойкхуш, нахана пайде волуш шен Далла дуьхьала ваханчунна!

94. Хьайн доьзалхочунна Къуръан Iамаде ахьа, ткъа Къуръано цунна массо хIума Iамор ду хьуна.

95. ТIетаьIIина хьоьгуш къа а доцуш аьттоне сатийсар, айхьа дIадийна доцучу меттехь/аренна тIехь ялта хьакха гIертарха тера ду.

96. Хьалха вай дIабахана болу дика нах шайн Iамалш нахалйовларха кхоьруш чIогIа къайлахьуш хилла. Ткъа тахана, ша мел лелориг гайта гIерташ инстаграм чу доккхуш къахьоьгуш бу.

97. ЛАЙЛАТУЛ-КЪАДР БУЬЙСАН БИЛГАЛОНАШ:

1) Цу буьйсана дог синтеме хуьлу. 2) Цу буьйсана дог самукъане хуьлу. 3) И буьйса сирла, лепаш хуьлу. 4) Цу буьйсана седарчий охьа ца оьгу. 5) Цу буьйсана чIогIа шийла а, я чIогIа йовха а ца хуьлу. 6) И буьйса дIаяьллачу Iуьйрана малх схьакхетачу хенахь, зIаьнарш йоцуш цIена гуш хуьлу.

98. Ас муха доьхур ду Деле, сан вуно дукха къинош хилча?!

Хьайх лаьцна хьан вон ойла хиларо а, хьан дукха къинош хиларо а хьуна новкъарло ма йойла хьайн Деле деха. АллахIа иблисан доIанна а жоп ма делла цо даьхначу хенахь: «Сан Дела, къематде тIе даллалца дитахь со» — аьлла. Фатхьул-бáрий 11/168.

99. Цхьана хьекъалчо аьлла: «Дерриг дуьне бодане ду, Iилма долу меттиг йоцург. Ткъа дерриг Iилма эрна ду, шеца Iамал еш доцург. Ткъа ерриг Iамал а эрна ма ю, цIена даггара ихласца еш яцахь».

100. Юсуф пайхамар набахти чохь волуш цуьнга аьлла: «Хьо дика дечу нахах го тхуна».

Иштта, иза Мисар пачхьалкхехь хазнашна тIехIоттийна волчу хенахь а аьлла цуьнга: «Хьо дика дечу нахах го тхуна».

ЦIена кхоллам хьелаш хийцадаларха хийца ца ло!

101. Цхьана Iаьрбочо боху: «Цхьана хенахь жена Iуналла деш лелла уммат дара вай, юха Ислам-дин деача, цо кхечу умматашна Iуналла деш дIахIиттийра вай. Ткъа вай цу Ислам-динна генадевлча, кхечу умматаша Iуналла деш жа хили вайх!».

Iовжаме бакъдерг

102. Корехула арахьаьжначу зудчо шен майрачуьнга элира бах: «Хьажахь стаг, вайн лулара зудчо йиттина хьалаоьхкина хIуманаш ма боьха а ю!». ТIаккха майрчо куьзган бIаьрг цIанбича, хьалаоьхкина бедарш цIена йиттина хилар гина зудчунна!

Айхьа кхечарна цхьаъ алале хьалха, хьайн сакхташ нисде!

103. «Вежаралла дIакхехьархьама гIалат дIадаккха, гIалат бахьана долуш вежаралла дIа ма даккха».

104. «Гlурба дийначул тIаьхьа, ша гlурбан урс хьаькхна долчу хьайбан тlера цхьа хIума йохка мегаш дац, жижиг хуьлийла иза, я дум хуьлийла иза, я цIока хуьлийла иза, я маl хуьлийла иза, я тlаргlа хуьлийла иза, цу тIера хlумма а йохка мегар дац». [ал-МуIтамад, дакъа: 2, агIо: 485].

105. «АллахIа кхоьллина долчу хlуманца дуй биъча цунах дуй хуьлуш бац. Масала: «Делан Элчанора», я «Жабраил маликора», я «маликашца дуй буу ас», «Хьаьжин цlинора», я «дайшца дуй буу ас»- аьлла. Иштта, АллахIа кхоьллина долчу муьлхха а хlуманца дуй баар къилахь ду, дика дац иза, цо иштта дуй баахь къа хира ду цунна». [ал-МуIтамад, дáкъа: 2, агIо: 532].

106. «Дахар-м дIадоьдуш ду хьуна, хьо веларах а, велхарах а. Цундела, хьайна хиллане а пайдане хин йоцу гIайгIане хьо хIаллак ма вайта. Жимма велакъежаш хила».

107. Сан бусалба йиша! Хьижаб хазаллина кечлуш юхуш яц хьуна, хьижаб хазалла къайлайоккхуш юхуш ю хьуна.

108. НИЦКЪ ЦХЬААЛЛЕХЬ БУ. Цхьана lелам стага аьлла: «Вайга санна барт болуш хила бохуш цхьа а дин дац, хIетте а, вай санна декъаделла цхьа а уммат дац».

109. Вицваларан дарба «Хьо виц моссаза ло АллахI хьахаве ахь, бакъдолуш, АллахI хьахоро вицвалар дIадоккху хьуна». ат-Тафсирул-муяссар, 296.

110. «Ша латийна къа доккха мел хета а, АллахIана гергархь жима хира ду иза».

111. «Нахе хьайна дагахь мел Къуръан хаа ма дийца, муххале а, хьайн тIехь гайта ахь и Къуръан – мецаниг вузош, тIе-кога доцчунна тIе-кога духуш, боберах къинхетам беш, хьайна во дечунна къинтIераволуш, хьайн нанна муьтIахь хуьлуш».

112. Ма тамашийна ву-кх стаг! Шен машенна сиз дарна кхоьруш и дIахьулйо цо. Ткъа шен зуда а, йоI а АллахIах кхералой дIа ца хьулйо цо!

113. Ма тамашийна ю-кх зуда! Шелонах кхоьруш йовха бедаршца дIакъовлало иза, ткъа АллахIах кхералой хьижабаца ша дIа ца къовлу цо!

114. Массо дарба (молха) къаьхьа ду, Къуръан доцург!

115. Къуръанца хьайн дагана хи дилла, даимна а иза дийна латтийтархьама.

116. ДоIа молха санна ма леладе, цомгуш хилчий, тIе цхьа бала беачий бен ца деш. Муххале а, доIа хIаваъ санна леладе. Хьайн Деле массо а хенахь деха – халонехь а, аттонехь а.

117. Хьалхалера дикачу нахах цхьамма ша Iуьйранна туьканахь цхьа хIума йоьхкича, цул тIаьхьа шена тIе кхиниг хIума эца веача олуш хилла: «Хьада вало, сан лулара туьканара эца, цо Iуьйранна дуьйна хIумма а йоьхкина яц!».

Ченалгалла а хьагI йоцу дегнаш ду уьш.

118. Салафши заманахь хIуманан мехаш тIекхетта хилла, тIаккха цхьана дикачу стаге иза дийцича цо аьлла: «ВаллахIи сан бала ма бац мекхан цхьана буьртигах дешин цхьа дийнар даькхичи а!. Суна тIехь дерг АллахIа соьга омру ма-дарра Цунна Iибадат дар ду, ткъа Цо, Ша лур ду аьлла тIелаьцна долу рицкъ, суна лур ду».

119. Барт хоттучу Дийнахь ураттал хьайн дена-нанна, я хьайн доьзалхочунна цхьа а дика дала ницкъ кхочур бац хьан. Амма, хьайна ца везаш хилла волчу а, тIаьхьашха луьйш гIийбат диначунна а, я айхьа зулам дина хилла волчу стагана-м дIалур ду ахь хьайн диканаш.

Дикка ойла елахь цу белхан!

120. Беркате рицкъ ахь хьанал даьккхинарг ду, нах Iехош, хIилланца даьккхинарг дац.

121. Цхьана адамах вай кхераделча, цунах довду вай, амма АллахIах вай кхийрича, Цунна гергадоьлху вай. Иштта, адаме цхьаъ доьхучу хенахь коьртеш охьатаIадо вай, амма АллахIе вайн хьашташ доьхучу хенахь вайн коьртеш стигал хьалаойъу вай!

Сан Дела! Массо кхачам бацарех ЦIена ву-кх Хьо, ма йоккха ю-кх Хьан комаьршо!

122. ДоIа — массо дикачу хIуманан догIа ду.

123. Хьо мел вехаш велахь а, кхоамаза даьхни дайарх ларлолахь! Ткъа таIзар цIаьххьана догIу хьуна.

124. Дахаро Iожалле хаьттина: «Нахана со дукха хIунда деза, ткъа хьо дукха хIунда ца еза?» — аьлла.
Iожалло жоп делла тIаккха: «Хьо хаза аьшпаш болун дела, ткъа со къаьхьа бакъдерг долун дела».

125. Хьо Рамадан баттахь санна вáхахьарий, эхарт дезде (Iийд) хилла карор ма дара хьуна.

126. Къуръанаца хьайн дагана хи дилла, даимна а иза дийна латтийтархьама.

127. Ахь кIант Iамийнехь, цхьа адам Iамийна ахь. Ткъа йоI ахь Iамийнехь, дийнна къам Iамийна ахь.

128. Цхьаьнга хаьттина: «Юьхь елаелла, екхаелла хIунда ю хьан?». Цо жоп делла: «Сан берриге болх АллахIан керахь бу. Цундела, гIайгIане хила эхь хета суна».

129. Хьо Iуьйра ламазе вахча, хьайна ламазе баьхкинарш кIезиг гахь – хьуна хаийла АллахIа хьо хаьржина хилар.. Шен лешна юкъара.

Ма декъалалла ю Iуьйра ламаз жамаIатаца дина чунна, баккъалла а иза АллахIан Iуналлехь ву.

130. Цхьа стаг IабдуллахI Ибн Мубаракан тIе а веана, шен кIанта аьлларг ца до шена бохуш арз деш хилла. ТIаккха Ибн Мубарака хаьттина цуьнга: «Цунна вон доIа* диний ахь?» — аьлла.

Стага аьлла: «ХIаъ, дина».

ТIаккха Ибн Мубарака аьлла: «Хьада дIавало, айхьа талхийна ахь иза».

131. Массо хьолехь «АлхьамдулиллахI» ала

Сан кога йоха мачаш яц бохуш къа-бала белхош вара со, сайна ши ког боцуш стаг галлалца… Беригге хастам хьуна бу я АллахI!

132. Цхьаболчу Iеламнаха аьлла: «Айхьа къамел дечу хенахь, АллахIана хьо хезаш хилар дагадаийта ахь. Хьо тап-аьлла Iачу хенахь, АллахIана хьо гуш хилар а дагадаийта ахь». ЖáмиIул-Iулуми вал-хьикам, 290.

133. Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

{لَهُمْ فِيهَا مَا يَشَاءُونَ خَالِدِينَ}

«Царна цу (ялсамани) чохь шайна мел дезарг хир ду, гуттар Iийр а бу уьш цу чохь…». Сурат: ал-Фуркъан, 16 аят.

Вуьшта аьлча, зовкх хьегар хир ду юучуьнца-молучуьнца, бедаршца, хIусамашца, дIасалеларан гIирсашца, исбаьхьа меттигашка хьежарца. Уьш доцурш кхин а зовкхаш хир ду цу чохь, цхьаьна бIаьргана гина доцу, я цхьана лергана хезна доцу, я цхьана дена дагадеана а доцу. Тафсир Ибн Касийр, 6/98.

134. Цхьаболчу хьекъалчаша аьлла: «Iилма къайладахьар — хIаллакьхилар ду, ткъа Iамал къайлаяхьар — кIелхьаравалар ду». ал-Истизкар, 2/143.

135. «Бусалба динан бакъболу имамаш шаьш-шайх тамашбарах а, ас-со бахарах а ларло. ХIунда аьлча, иблис и хIума бахьанехь хIаллак а хилла, тилбеллачеран имам хилла».

136. «Хьоьх шиъ бен кхетар вац: Хьуна тIехIоьттинарг шена тIехIоьттина хилларг бен. Хьо шена дукха везаш верггий бен».

137. ХIай да, ларлолахь, хьайн берашна хьо:

Хьарам хIумнашка хьоьжуш гайтарах, я телефон чохь маьттаза сарташка хьоьжуш гайтарах, я эшаршка ладоьгIуш гайтарах.

Хьайн берашна масал ду хьо, цундела АллахIах кхоьруш хила.

138. Цхьаболчу нехан самукъадоккху бохуш, АллахI оьгIазвохуьйту хIума ма даржаде.

139. «Ма гIийла хIума ю-кх адам! Селхана тIадам бара и, кхана дакъа ду и». Абу Юсуф ал-ГIасулий. аз-ЗухIдул-кабийр, 204.

140. «Iилман шен чам бу. цуьнан чам кхеттачо, и дIа ца тосу».

141. «Муъма стаг баьццара гIах тера ву, мел чIогIа мехаш хьакхарх охьа ца вужу и».

142. «ГIалат ца долу адам хила ма гIерта, иза хила йиш йоцург ду. Мелхо а, шен гIалатех Iемаш долу адам хила хьо, иза сийлахь адам ду хьуна».

143. Массо бала — вон бац, я массо ниIмат дика а дац.
«Бала — ниIмат ду хьуна, нагахь хьо хьайна тIе бала беача АллахIана гергаваханехь. Иштта ниIмат а бу хьуна бала, нагахь хьо хьайна тIе ниIмат деача АллахIана генаваьллехь».

144. «Хьалха дIабаханчу дикачу наха дIабийшале хьалха шаьш лелочунна хьесап дой дIабуьйшуш хила! Амма, вай дIадийшале хьалха нахан хьесап дой дIадуьйшу!».

145. «Ислам дин — доккха ниIмат ду, нагахь вай цунах кхеташ делахь!
ИбрахIим пайхамара шен дена и ниIмат хиларе сатийсина, Нухь пайхамара шен кIантана и хиларе сатийсина, Мухьаммад пайхамара (ﷺ) шен девешина и ниIмат хиларе сатийсина.
Ткъа АллахIа, вай дехна а доццушехь, я и хиларе сатийсина а доццушехь делла вайна и ниIмат».

«Баккъалла а, АллахI адамашца Комаьрша ву, делахь а, дукхах долу адамаш баркалле дац». Сурат, ГIафир, 61.

146. «Къемат дийнахь ахь латийнчу къинна тешалла дийр ду АллахIа а, маликаша а, матто а, куьйгаша а, когаша а, хазаро а, бIаьрсино а, чкъуро а, жижиго а, даьIахкаша а, ахь и къа латочу хенахь хьешна долчу лаьтто а».

147. Цхьаьна доттагIчо шен кхечу доттагIчуьнга хаьттина: «1000 сом алапа а оьцуш, шен цIахь болх бар гIоли ду, я шен цIенна 300 метр бен генахь йоцчу меттигехь 27 000 сом алапа а оьцуш болх бар гIоли ду?» — аьлла.

ДоттагIчо вела а велла жоп делла: «Шеко йоцуш, шен цIенна 300 метр бен генахь йоцчу меттигехь болх бар гIоли ду-кх» — аьлла.

ТIаккха хаттар дина волчу доттагIчо аьлла: «Иштта башхалла ю хьуна ахь чохь диначу ламазний, маьждигехь диначу ламазний юкъахь».

Бакъдолуш, ойла ян догIуш хIума ду иза!

148. «СаIийд ибн Жубайра, Рузбан дийнахь, малхбуз-ламаз динчул тIаьхьа малх чу буззалц, цхьаьнге къамел ца дора, доIина жоп ло хан ларъеш». ФикъхIун-нафс, 115.

149. Цхьаьна хьекъалче цхьамма хаьттина:

«Iуьйра ламазан хенахь хIаваъ цIена хIунда хуьлу?» — аьлла.

Хьекъалчо аьлла: «Дера хуьлу, цу хенахь мунепикъаш бийшина хуьлун дела».

150. Цхьаболчу салафша аьлла: «Юьхь дуьхьала ша хастийначо олийла: «Я АллахI! Царна къайлах долу сан къиношна гечде Ахь, цара со хесторна со бехке ма ве Ахь, царна моьттучулла а со дика а ве Ахь»». Фатхьул-Бáрий, 10/478.

151. Нагахь, хьан ницкъо хьо нахана зулам даре кхайкхахь, ахь дагадаийтлахь, АллахIан ницкъ хьайчул боккха хилар.

152. Дийнахь 100 хаам бешало вайга вешан тилпонаш тIера. Амма, Къуръан тIера 10 аят ца дешало вайга, и деша хан яц бохуш!

Ваьшца мукъане а бакълей вай?!

153. «Шен дог нахах хоьттинарг, церан неIарш шена чIаьгIна карийча я шен хьашт кхочуш дан церан ницкъ ца кхаьчча, сингаттаме хир ву. Амма, шен дог АллахIах хоьттинарг, синтеме хир ву, хIунда аьлча, Цуьнан неI цкъа а къовлуш яц я хьашташ кхочуш ца далуш И кIелвуьсуш а вац».

154. «Ши юьхь йолуш ваьхнарг, цхьа а юьхь йоцуш лийр ву».

155. «Берана «Фатихьат» сурат Iаморехь хьайла хьалха цхьа а ма валийта. ХIунда аьлча, дийнна дахарехь ша ламаз моссуз до, доьшур долуш ду цо иза».

156. ЗУДА IАТIАР ТОЬХНА АРАЯЛАР

ШарIо ца магийначух ду: IатIар тоьхна зуда араялар. Иза хьарам а, даккхийчу къинойх къа а ду.

АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «IатIар а тоьхна шех хаза хьожа яийтархьама нахана юккъехула йолаелла зуда, зина дина ю». ат-Тирмизий, 2786.

157. «Наха шайн вай-файшна санна, шайн батошна а догIанаш тохахьарий ма кIезиг питанаш хир дара вайна».

158. ХIокху деношкахь догIмаш чу доьхкина совцийна ду. Амма, мотт хецна бу: гIийбаташ деш, эладиташ дуьйцуш, даьсса, пайда боцу къамелаш деш, кхердаш, бакъдоцу къамелаш даржош.

Ибн ал-Къаййима аьлла: «Лаьтта букъ тIехь мотт санна чу йолла хьакъ долуш цхьа а хIума яц».

Я АллахI! Тхан меттанаш Хьо хьехорца тIуьна латтаде Ахь. Амин!

159. «Маха дахар долуш, тай хьан рицкъ делахьарий, цу механ Iуьйрга хуьла тIекхочур ма дара хьуна и тай. Цундела синтеме хила».

160. «Наггахь хьуна тIе цхьацца халонаш хIуьтту, хьан доьналла зуьш а, хьоьх ницкъа болуш онда адам деш а».

161. «СагIа даларан марзо чIогIох ю, сагIа схьаэцаран марзонал».

162. Хьайн дерриге дахар галдаьлла, массо некъ хьайна дIакъовла белла аьлла хьуна хетначу хенахь, АллахIера гIо кхочур ду, хьуна ца моьттучара. АллахIа Шен хьикматаца эзар некъ схьабоьллур бу хьуна, цултIаьхьа ницкъ болуш а, алсам собар долуш а хир ву хьо.

163. Хьайн лаккхара сатийсамашка хьо кхочур ма вац, дуккха а халонаш ахь Iовшалца.

Юьхьанца халонийн къаьхьалла ца Iевшинчунна, чаккхенгахь сатийсаман марзо хаалур яц.

Халонийн къаьхьалло хьо юха ма воккхийла, сатийсаман марзоне кхачарха

Иза АллахIан суннат ду, Шен халкьана юккъехь Цо лелош, Цунна лиъначунна бен хуьлуш дац и (Сийлахь-Лекха ву И).

164. Кхечаьргахь болу баланаш гиначунна, шен баланаш байлур бу.

165. Хила мел яздинарг уллехь ду, массо гIайгIа-бала дIаболуш бу. Цхьана хьолехь лаьтташ цхьа хIума а дац!

166. Бала тIебеача собаре цахилар, кхи цхьа бала бу. АллахI собаре болчаьрца ву!

167. Хьуна Пайхамар (ﷺ) везаре хьаьжжина хир ду, цуьнан суннатна хьан тIаьхьава́зар а. Цундела, хьо цуьнан суннатна мел тIаьхьа- возуш ву хьажа, тIаккха хуур ду хьуна, хьайна Пайхамар (ﷺ) мел веза!

168. Нагахь хьайн беранна Къуръан а дитина хьо стихаш Iамош елахь, хаалахь хьо вон нана юйла. Ахь цунна деш дерг зулам дуйла!

169. Коронавирусах кхоьруш шен зудчуьнга а, берашка а куьйгаш дила олу. Амма, жоьжахатах кхоьруш ламаз эца ца олу!

170. Хьайн тилпо чуьра эшарш дIаяха сацам маца бийр бу ахь?

Къуръан хаза дац?!
Къуръан цIена дац?!
Къуръан гIолий дац?!
Къуръан синтеме дац?!
Къуръан самукъане дац?!

Уьш дIаяха сацам биний бен хIара дIа ма къовлийла ахь!

171. Хьо дуьненчуьра дIавалале хьалха, эхартахь ирсе вийр йолу Iамалш е!

• Лелаш долу сагIа даккха..
• Iилма даржош дакъалаца..
• Къуръанаш эций, доьшур долчарна дIало уьш.

172. Цхьаболчу Iелимнаха аьлла: «Цхьана меттигехь АллахIана Iеса хуьлуш ахь къа латийнехь, цу меттигехь АллахIана муьтIахь хуьлуш а дика Iамал е ахь; (астагIфируллахI бохуш) Деле гечдар доьхийла ахь я АллахI хьехавойла ахь я муьлхха а дика Iамал йойла ахь. Цу меттиго хьуна дуьхьала тешалла ма-дарра, хьоьгахьа а тешалла дийр ду хьуна цо».

173. «Дуьненан дахар хьан велхарца дIадолало, иштта чекх а долу и хьуна тIаьхьа белхарца».

Цундела, шена чохь даимна ирсе хинволу, ялсаманин дахаре кхача гIерташ къахьега ахь.

174. Ма кIеззиг хьекъал долуш ву-кх, хIара дерриге Iалам кхоьллина волу АллахI Шега кхайкха бохуш волушшехь, Цо тIадамах кхоьллина волчуьнга доьхуш-кхойкхуш верг.

Йа АллахI! Со Хьоьца ларло Хьоьца накъост варх, сой хууш а волуш, сайна ца хуучунна гечдар а доьху ас Хьоьга.

175. Декъала хуьлда пIераскан дийнахь Пайхамарна (ﷺ) алссам салаваташ дехкинарг!

Пайхамар (ﷺ) везаран билгалонех ду дерриге деношкахь а, къаьсттина рузбан дийнахь а цунна дуккха а салаваташ дахкар.

~~~
اللَّهُمَّ صَلِّ وَسَلِّمْ عَلَى نَبِيِّنَا مُحَمَّدٍ

АллóхIумма солли ва саллим Iалá набиййинá Мухьаммад.

176. Ахь нийса Iакъийдат ца Iамаяхь:

Iаьржачу цициго некъ хадийча, некъ ца тов аьлла юха воьрзур ву хьо.
Куьйган кераюкъ кIамъелча, рицкъ тIе догIу бохуш лелар ву хьо.
Ког хьаьшча, нана ле бохуш Iийр ву хьо.

Синтемехь вахархьама нийса Iакъийдат Iамае!

177. Дуьненчохь дика Iамалш ярехь хьалхе яьккхинарг, эхартахь ялсамана боьлхучарна а хьалха хир ву.

«Дика гIуллакхаш дарехь хьалхе яккха гIерташ хила шу» Къуръан, 2/148.

178. Къонахошка доцца кехат

«Хьан зуда хьо воцчун кхин цхьанне ма яц. Цундела, хийрачу божарийн бIаьргех ларъеш дIахьулъе иза, хьо яхь, эмгаралла йолуш велахь!».

179. «Стагана тIе дуьссуш долу баланаш, халонаш, цуьнан къинош бахьанехь ду, ткъа цхьайолчу хенахь, и зуьш а, даржехь и соввоккхуш а дуьссу цунна тIе и баланаш».

180. «Дас-нанас шайн доьзалхочунна дечу диканех уггаре диканиг — цунна бусалба динах хIума Iамор ду».

181. Асхьабаш (АллахI реза хуьлда царна) — нахалахь уггаре а дика АллахIан дин девзаш а, дика белхаш дарехь уггаре сутара а, пайхамар (ﷺ) уггаре чIогIа везаш а, суннатах чIогIа тасабелла а хилла бу. Ткъа хIетте а пайхамар (ﷺ) вина де даз ца дина цара. И даздар дика болх хиллехьара, вайла а хьалхабевла хира бара уьш и даздарехь!

182. Цхьана Шайхе хаьттина, дуккха а Дела реза волу Iамалш а еш, амма гIийбаташ деш волчу стагах лаьцна.

ТIаккха Шайха аьлла: «АллахIа кхечунна Iамал йойтуш ю-кх цуьнга».

183. «Хьайн ламазехь хьуна марзо ца караяхь, хаалахь хьан дагчу марзо ца кхочуьйтуш хьан ламазехь кхачамбацар а, сакхат а дуйла». Бава́батул-хушу́Iи фис-сала́ти, 15.

184. «Бусалба стагана кхечу бусалба стагах кхарда мегар дац и къен вара я цо къа латийнера аьлла, я кхечу муьлха хIуманна а». Тафсирул-ТIабарий, 22/376.

185. АллахIан къинхетам боккха бу бохуш, къинош леточунна хаа деза, Цо Шен Iазап а чIогIа буьрса а, лазаме а ду аьллий.

«…وَاعْلَمُواْ أَنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ».

«Хаалаш, АллахI таIзар чIогIа долуш вуйла». Сурат ал-Бакъара, 196 аят.

186. «Ахь нахана дина долу дика дицдар — уггаре лакхара дарж а, лакхара меттиг а йолуш ду. Иза ахь хьайн дика белхаш бицбар ду, хьайгара цхьа а дика болх ца баьлча санна». Сýул-хулукъ, 115.