Ал-Фудайл ибн Iийадас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:
1. «Къинойх юха а ца волуш гечдар дехар, харц луьйчу нехан тоба ду». ал-Азкар — ан-Нававий, 481.
2. «ВаллахIи, бакъо а йоцуш жIаьлина а, я хьакхина а новкъарло ян мегаш ма дац хьуна, ткъа бусалба стагана новкъарло муха йийра ю ахь?!».
3. «Муъма стага нехан гIалаташ хьулдо, (царех дог лозуш) хьехар до, ткъа Iеса стага нехан гIалаташ Iорадоху, уьш тIех а детта». ЖáмиIул-Iулуми вал-хьикам, 1/225.
4. «Нах хьехор цамгар ю, ткъа АллахI хьехор дарба ду».
5. «Дуьйраш чохь совца а еш, шена чухула цIена дама чекхдоккхуш болчу цацанах тера ма хилалаш, хаза мел дерг шайн маттехула ала а олуш, хьагI а, гамо а шайн дегнаш чохь сецочарах терра». Сифатус-сафвати, 1/457.