button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Ибн Касийр

Ибн Касийра (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

1. «ХIижрин 478-чу шарахь Iиракъехь, Хьижазехь, Шемахь дáгар а, ун а чIогIа даьржина хилла. Цкъа акхарой, царна тIаьхьа хьайбанаш а делла. Юха, цхьа Iаьржа мох а хьаькхина, дитташ дакъаделла охьаэгна. ТIаккха ал-Мукътадий БиамриллахI бохуш волчу Халифа «дикниг де, вониг ма де» алар карладаккха (жигардаккха) аьлла омра дина. Иштта эшарийн гIирсаш кегбе аьлла а хилла. ТIаккха цул тIаьхьа ун дIадаьлла». Ал-бида́яту ван-нихIа́яхI, 16/93.

2. Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

{لَهُمْ فِيهَا مَا يَشَاءُونَ خَالِدِينَ}

«Царна цу (ялсамани) чохь шайна мел дезарг хир ду, гуттар Iийр а бу уьш цу чохь…». Сурат: ал-Фуркъан, 16 аят.

«Вуьшта аьлча, зовкх хьегар хир ду юучуьнца-молучуьнца, бедаршца, хIусамашца, дIасалеларан гIирсашца, исбаьхьа меттигашка хьежарца. Уьш доцурш кхин а зовкхаш хир ду цу чохь, цхьаьна бIаьргана гина доцу, я цхьана лергана хезна доцу, я цхьана дена дагадеана а доцу». Тафсир ИбнКасийр, 6/98.