button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Имам Ибнул-Жавзий

Имам Ибнул-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

1.  Рамадан беттан чаккхенга кхьачна хьо, соввала диканашкахь!

«Говраш хохкучу майданахь, говраш шаьш чаккхенга кхача гергаяхача, шайгахь мел болу ницкъ тIебохуьйту, вукхарел хьалха дIакхача гIерташ. Ткъа, говраш хьайла а хьекъале ма хилийталахь! ХIунда аьлча, Iамалш чаккхене хьаьжжина ю хьуна».

2. Хьайн хьаша бан ма-безза лерам бина дIавохуьйтуш вуй ахь?!

«Рамадан бутт новкъабала герга баха, тIекхечи цуьнан дIабоьду хан. Аша йина lамалш эцна дlабоьдуш бу иза. Ткъа кхана, къематдийнахь, аша йина lамалш эцна (тоьшалла дан) шуна дуьхьала богIур бу иза. Алийша соьга, аша хlу эцна бахийти и дIа?! Алийша соьга, муьлхачу lамалшца йи аша цуьнца Iодика?!

3. «Буьсанна боданехь АллахIан хьалха хьо вахьахиъча, беран амал лела е ахь. Шена езарг хиллалца доьлху бер а».

4. «Хаалахь, Иблиса дуьххьара нах шеца Iехийнарг — Iилманах уьш юхатохар дуй! ХIунда аьлча, Iилма – нур долун дела. Ткъа Иблиса церан къуьданаш дIадайича, шена луучу кепара боданехь хьоьшур бу цо уьш (вуьштта аьлча, ширк чу а, бидIат чу а, къиношна чу а эгор бу цо уьш)». Талбис иблис, 1/389.

5. «Нагахь санна, хьо хьайн баланаш дlабаха лууш велахь, (цкъа хьалха) айхьа летош долу къинош дlадаха!».

6. «Ша веллачул тIаьхьа шен Iамал дIахада ца луучо, Iилма даржадойла». ат-ТазкирахI, 55.

7. «Велларг — шена чуьра са арадаьлларг вац, ткъа велларг — Далла хьалхахь шена тIехь долу декхарш хIун ду ца хуург ву». ат-ТазкирахI, 18.

8. «Дикачу чаккхенан марзо дагаяийтиначунна, собаран къахьо йицлур ю». ал-МудхIиш, 188.

9. Ибнул-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Варийлахь, да́зо́нах* ларлолахь! Бакъдолуш, иза иблисан уггаре а доккха эскар ду хьуна». Cайдул-ха́тIир, 179.

————
*Юха дийра дар иза-м — бохуш хIума дIатеттар.

10. «ХIай дегI! Цхьа кIеззиг кIадло хьо, Фирдавс ялсаманехь дуккха а садоIур ду ахь». ЛатIáифул-маIáриф, 304.

11. «Масане дикачу нехан Iамалш талхийна гIийбато!».

12. «Езачу буьйсанашкахь а, деношкахь а (Iибадатана а, дикачу Iамалшна а) ледарло ян мегар дац. ХIунда аьлча, совдегархочо сá йоккхучу муьрахь ледарло йича, маца яккха воллу ткъа и сá?!». Имам ибн ал-Жавзий — МинхIа́жул-къа́сидийн, 1/343.

13. «АллахIана Iибадат деш хуьлуш йолу хало дIайолу, ткъа цуьнан ял юьсу. Иштта, къинош леточу хенахь хуьлуш йолу марзо а дIайолу, амма цуьнан таIзар дуьсу». Имам Ибнул-Жавзий — Cайдул-ха́тIир, 43.

14. «Варийлахь, Iилма а доцуш Iибадат дарах ларлолахь! Бакъдолуш, дукхах болу суьпа нах а, суфисташ а Iилма а доцуш Iамал яр бахьанехь нийсачу новкъах тилла хьуна». Сайдул-хатIир, 512.

15. «Хьо муьлхачу хьолехь ву хьажа. Нагахь санна, хьо вала а, коша вижа а кийча волчу хьолехь велахь, кхин дIа а цу хьолехь Iе хьо. Ткъа нагахь санна, вала а, коша верза а кийча воцчу хьолехь хьо велахь, тIаккха АллахIе тоба а дай, цаьршинга верза мегар долчу хьоле юхаверза». Буста́нул-ва́Iизи́н, 1/192.

16. «Аллахlа Шен лена цхьа дика дан лиъча, цуьнан маттан атта до Пайхмарна ﷺ салаваташ дахкар». Буста́нул-ва́Iизи́н, 1/300.