button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Имам Ахьмад Ибн Хьанбал

Имам Ахьмад Ибн Хьанбала (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

1. «Iилманга кхочуш хIумма а дац, Iамочунан нигат цIена делахь». Цуьнга хаьттира: «ЦIена нигат муха хира ду цуьнан?» Цо аьлла: «Хьалха шена тIера а, юха кхечарна тIера а жохIлалла дIаайба нигат дийра ду цо».

2. «Суннат дIадовзийта ахь, цу тIехула къийса а ца луш». Ал-áдáбуш-ШарIиййахI, Ли-бни Муфлихь.

3. Имам Ахьмад Ибн Хьанбалс сужудехь доьхуш хилла: «Я АллахI! ХIокху умматера ша нийсонна тIехь ву а моьттуш цу нийсонна тIехь воцург, нийсонна тIе нисве Ахь, нийсонна тIехь болчу охIланах и хилийтархьамма». ал-Бидая ван-нихIая, 10/329.

4. «Дуьне — Iамал йо меттиг ю, ткъа эхарт — бекхаман цIа ду. Кхузахь Iамал ца йинарг, цигахь дохковера ву». аз-ЗухIду лил-БайхIакъий, 282.

5. «ШафийIий санна хьадийсо бохург деш стаг суна гина вац». Хьилятул-авлияъ, 9/107.

6. «Хаа а хууш витр ламаз Iаддитинарг вон стаг ву, цуьнгара тешалла къобалдан а ца деза». РухIбáнул-лайл, 2/331.

7. «Ламазехь куьйгаш хьалаайбар,* дикачу белхашкахь соввалар ду». ТIабакъатал-ХьанабилахI, 1/343.
———
[*] Ламаз дIадоьхкучу хенахь, рукуIе воьдуш, рукуIера хьалавогIуш, кхоъ, диъ ракаIат долчу ламазашкахь хьалхара этхьиг а дешна, хьаланислучу хенахь а.

8. Имам Ахьмад Ибн Хьанбале хаьттина хилла: «ХIай Имам! Дегнаш хIун дича кIадло?». Имама жоп делла: «Юург-мерг хьанал хилча кIадло» — аьлла. Хьилятул-авлияъ, 9/182.

9. «Нагахь санна, цхьамма кхечуьнгара ша оьцург лачкъийна юй а хууш эцахь, цо къола деш дакъа лаьцна». Масáилу ал-Имáм Ахьмад, ривáяту ал-БагIавий, 68.

10. «Хьайн бусалба вешина къинтIера вала. Хьуна хIун пайда хуьлу, АллахIа хьо бахьанехь цунна Iазап дича?!». Сияру аIлами ан-Нубалаъ, 11/262.