button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Имам ал-Хьасан ал-Басрий

Имам ал-Хьасан ал-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

1. Хьасан ал-Басрийс боху:

«Гечдар доьхуш волу стаганна АллахIа Iазап дийра ду аьлла ца хета суна».

Цунга хаьттина: «ХIунда?».

Цо жоп делла: «Цунна во дан лууш хилча, цуьнан дага гечдар дехар муха тосур ду Цо?».

«АллахI Iазап лур долуш вац царна, уьш гечдар доьхуш мел бу». Сурат ал-Анфáл, 33.

2. Суна хиира сай рицкъ со воцчо цхьаммо дуур доций, тIаккха дог паргIат делира сан, суна хиира ас ян езаш йолу Iамал со воцчо цхьаммо йийра йоци, тIаккха айса йира ас иза, суна хиира АллахIана со гуш вуйла, тIаккха эхь хийтира суна Цунна Iеса волуш со гайта, суна хиира Iожалла соьга хьоьжуш хилар, тIаккха, сайн Далла дуьхьал яхьа Iамал кечйира ас.

3. АллахIах тешаш болу доттагIий дукха леца хьажа хьайна, къемат дийнахь царна шафаIат дарж лур долуш ду хьуна.

4. Буьйсанна гIаьттина ламаз хьоьга далуш дацахь, дийнахь марха хьоьга кхабалуш дацахь, хьуна хаийла  хьой диканах хадийна вуйла, къиношна юкъавахарна (диканиг дарха) вихкина ву хьо.

5. «Варийлаш, гIийбатах ларлолаш! Со Шен керахь волчу АллахIах дуй ма буу ас, цIаро дечиг дагочул а сиха ягайой дIа ма йоху цо дика Iамалш». ал-ГIийбату ван-намима, 163.

6. Хьасан ал-Басрега хаьттина: «ПаргIато мичахь карор ю?»

ТIаккха, Хьасана аьлла: «ГIопалалла тIаьхьа сужудехь а, къа динчул тIаьхьа тоба дарехь а карор ю паргIато».

7. Хьасан ал-Басрега хаьттина хилла: «ХIай СаIидан да! Стага къа а латадой, юха дохко волу. Юха а къа дой дохко волу. Юха а къа дой, цунна а дохко волу иза. Мел лелор ду те цо и хIума?»

ТIаккха цо жоп делла: «Дера лелор ду, шайтIано цунах дог диллалца».

8. «Суна цхьа нах гира, аша шайн ахча лардарах терра, шай хенаш чIогIа ларъеш».

9. «Ахь къа ца латийна долу де — иза ду хьуна дезде».

10. «Салам луш куьг даларо, вовше дезар совдоккху».

11. «АллахIан Шен лайшех уггара дукхавезаш верг, АллахI дукха хьехош верг а, АллахIах чIогIа кхоьруш долу дог шегахь дерг а ву».

12. Ал-Хьасан Ал-Басрийна тIе а веана цхьана стага аьлла: АллахIан Iеса хуьлу со, къинош до ас, хIетте а, АллахIа дуьне делла суна. Со хеташ вац, АллахIа cо цхьанне хIуманах ваьккхина ву аьлла!

Ал-Хьасана хаьттина цуьнга: Буьйсанна ламазна гIоттоуш вуй хьо? Стага аьлла: вац. Ал-Хьасан Ал-Басрийс аьлла цуьнга: тоьуш ду-кх АллахIа хьо цунах ваккхар!

13. «Цхьаммо а ахчан сий деш (массо хIуманал) и даздина ма дац, АллахIа и сийсаз виний бен».

14. «Цхьана стага хаьттина хилла Хьасан ал-Басрега:

— Сан йоI йоьхуш дуккху а нах бу, иза хьаьнга ягIийтича гIолехь хир дара-те? — аьлла.

ТIаккха Хьасан ал-Басрийс жоп делла:

— АллахIах кхоьруш волчуьнга ягIийта ахь, нагахь санна цунна иза дукха езаш хилахь цо дика лелор ю иза, нагахь санна цунна иза ца езаш нислахь, зулам дийра дац цо цунна». МавIизатул-муъминийн, агIо: 197.

15. Дукхах болу нахана моьтту, деккъа маттехула «ЛÁ ИЛÁХIА ИЛЛАЛЛÁХI» аьлларг ялсамани гIур ву.

Хьасан ал-Басрега (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла хилла: «Цхьаболчу наха олу: «ЛÁ ИЛÁХIА ИЛЛАЛЛÁХI» аьлларг ялсамани гIур ву!»

ТIаккха, Хьасан ал-Басрийс аьлла: «Цу дешан дала ма-дезза хьакъ дIа а луш, цуьнан парзаш кхочуш а деш и аьлларг вуьгу цо ялсамане». ал-ХутIаб ал-минбариййахI, 1/56.

16. Хьасан ал-Басрега (АллахIа къинхетам бойла цунах), хаьттина: «Эсалалла (скромность) бохург хIун ду?». Цо аьлла: «Эсалалла бохург – хьуна муьлхха а бусалба стаг хьайла а гIолий хетар ду».

17. «ХIай Адаман кIант! Бакъдолуш, хьо денойх тера ву. ХIора де дIа моссуз долу, хьох а цхьа дакъа дIадолуш ду хьуна». Хьилятул-авлияъ, 2/148.

18. «Варийлахь, хIокху дуьненах Iехаваларха ларлуш хилалахь! Баккъалла а, дуьне текхаргах тера ду хьуна, тIе куьг Iоьттича кIеда ю иза, амма цуьнан дlовшо адам доь хьуна». Мин васóйá ас-салаф, агIо 74.

19. «Еш цхьа а Iамал йоцуш, ялсаманига сатийсар, къинойх цхьа къа ду». АййухIал-валад, агIо 43.

20. «Адамийн дерриге къамел бакъ делахьарий, цуьнан ерриге Iамал а хила ма-езза дика елахьарий эшам хила герга дара цунна. ТIаккха цхьамма хаьттина: «эшам муха хира бу цунна?» – аьлла. ТIаккха ал-Хьасан ал-Басрийс аьлла: «Ша-шех воккхавеварца эшам хира бара цунна». ШуIабул-ийман – ал-БайхIакъий, 5/454.

21. «Къуръан ойла яйта а, шеца Iамал яйта а доссийна ду, ткъа наха деккъа и дешарха Iамал йина». Таъвийлу мушкилил-Къуръани, 181.

22. «Бакъдолуш, дегнаш леш а, денлуш а хуьлу. Нагахь санна уьш лахь, парз Iамалшца денде аша уьш, ткъа денделча, суннат Iамалшца кхиаде аша уьш». аз-ЗухIд ли-Ахьмад Ибн Хьанбал, 233.

23. «Вонан кхоъ бух бу, ткъа цуьнан дакъош ялх ду.

Вонан баххаш иштта ду:
ХьагI а,
Сутаралла а,
Дуьне дезар а.

Ткъа цуьнан ялх дакъа иштта ду:
Наб езар,
Вуззалца хIума яар дезар,
ПаргIато езар,
Коьртехь хилар дезар,
Наха ша хестор дезар,
Дозалла дезар». Ал-Iикъдул-фарийд, 2/151.

24. Дуьне — кхо де ду:

Селхане ю. Иза шен чохь мел долчуьнца дIаяхана.
Кхане ю. Хьо цуьнга волий а ца хаьа.
Тахане ю. Ткъа иза хьан керахь ю, цундела, дика Iамалш е цу чохь. аз-ЗухIд лил-БайхIакъий, 196.

25. «Стага шен бала боцург лелош хилар, АллахIа и лай дIатесна хиларан билгало ю». ФикъхIун-нафс, 221.

26. «Бусалба стеган гIуллакхе хьажар, эзар ракаIат (суннат ламаз) дечул а дукха ма деза суна». Ибн Аби ад-Дуня «Къадáул-хьавáиж» 48.

27. «ХIай, Адаман воI! Бакъдолуш, хьан (АллахIах) тешар гIийла хилар бахьана, АллахIан керахь долчу хIуманал а, хьайн керахь долчу хIуманах хьо алсам тешаш хилар ду (Сийлахь-Веза ву И)». МавсуIа ибн Аби ад-Дуня, 1/36.

28. «АллахIа шена цхьа ниIмат делла волчу стага “Алхьамду лиллáхIиллази́ биниIматихIи́ татиммуссóлихьáт*” алахь, Сийлахь-Везачу АллахIа долчух кхачам а бийр бу цунна, ниIматехь кхин сов а воккхур ву и».

الحَمْدُ للهِ الَّذِي بِنِعْمَتِهِ تَتِمُّ الصَّالِحَاتُ

Хьилятул-авлияъ, 2/148.

________________
*Цуьнан ниIматаца диканаш дуьззина кхочуш хуьлуш волчу АллахIана хастам бу.