button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Имам ан-Нававий

Имам ан-Нававийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

1. «Бага гIаттийча цу тIе куьг диллар суннат ду, ламаз тIехь волуш а, воцуш а». ат-Тахькъикъ, агIо: 184.

2. «ДегIаца eш йолчу Iамалех уггаре еза Iамал — ламаз ду. Суннат Iамалшна юккъахь уггаре еза Iамал — суннат ламаз ду». ат-Тахькъикъ, агIо: 224.

3. «Къаьжъелла йолу маж Iаьржачу басе хийцар хьарам ду». Фатáвá ал-Имáм Ан-Нававий, 23.

4. «Кериста нахах тарвала мегаш дац церан духаршкахь, я кхечу хIумангахь а. Цу хьокъехь бух болуш хьадисаш ду». Фатáвá ал-Имáм Ан-Нававий, 61.

5. «Хаалахь, гIибат дечунна гIибат дар хьарам хиларе терра, гIибате ладугIуш Iаш волчунна а хьарам ду цуьнга ладогIар а, цунна реза хилар а». Ал-Азкáр, 291.

6. «Цхьа дош ала, я цхьа къамел дан луучо, ша къамел дале хьалха цкъа ойла ян еза. Нагахь санна, ша олург пайде хир ду аьлла хетахь эра ду цо, пайде хир дацахь IадъIийра ву и». Шархь сахьихь Муслим, 18/328.

7. «Шен дена-нанна дика дан луучо, цаьршинна тIера сагIа доккхийла. Бакъдолуш, сагIа велла чунна дIа а кхочу, цунах цунна пайда а хуьлу, цу тIехь Iеламнахана юкъахь къовсам а бац». Шархь сахьихь Муслим, 1/89.

8. «Хаалахь, дийнахь Дела хьехо уггаре а еза, сийлахь хан — Iуьйра ламаз динчул тIаьхьа ерг юйла». ал-Азкáр, 155.