button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

БIаьрг ларбар – ийман долчу нехан куц ду

Дерриге хууш ву И

«Цуьнан (Юсуф пайхамаран ден) ши бIаьрг сингаттамна кIайбелира, и шегахь (чIогIа) хьулбарна».

«Цхьанна а дена ца хаьа вайгахь болу сингаттам иза вай гучубаккхалц. Амма, АллахIана хууш бу хьоьгахь болу сингаттам, и хьул а бина хьо тапп-аьлла Iаш велахь а».

Шайх IабдуллахI Балкъа́сим

Нахана юкъахь уггаре а ницкъ болуш верг

«‏مَنْ سَرَّهُ أَنْ يَكُونَ أَقْوَى النَّاس فَلْيَتَوَكَّلْ على الله».

«Нахана юкъахь уггаре а ницкъ болуш хила луучо, болх АллахIана тIебуьллийла».

Имам Ибнул-Къаййим — Задул-маIад, 2/364.

Ялсамани

«Ялсаманин охIланна Сийлахь-Веза АллахI гича, ялсаманин ниIматаш дицлур ду царна».

Имам Ибнул-Къаййим — Ровдатул-мухьиббийн, 422.
━━━━━━━━
Йа АллахI! Хьоьга хьажаран марзо а, бIаьрг бузар а доьху ас Хьоьга.

Бусалба стага аьшпаш ца буьтту!

Аьтту агIон тIе вижаран пайданаш

Ша шена зулам дар

Iеламнаха аьлла: Маьждиг чу вахча, хьалхара могIанехь охьахаа меттиг болуш хьо тIехьара могIане охьахаахь, ахь хьайна зулам дина хьуна.

хIокху деношкахь суннат дерг

ХIокху Зул-Хьижжат беттан хьалхара итт дийнахь алсам такбир дар суннат ду.

АллáхIу акбар,
АллáхIу акбар,
АллáхIу акбар,
Лá илáхIа иллаллóхI.

АллáхIу акбар,
АллáхIу акбар,
ва лиллáхIил-хьамд.

Езачу хенахь латина къа кхин чIогIа кхераме ду

Имам Ибн Ражаба (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Къинойх ларлолаш, бакъдолуш, цара къинхетам бечу (езачу) хенашкахь гечдарах воккху шуна».

«احذروا المعاصي، فإنها تحرم المغفرة في مواسم الرحمة».

ЛатIаа́ифул-маIаа́риф, 295.

Уггаре деза денош

АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла:

«Дуьненан уггаре деза денош — (Зул-Хьижжат беттан хьалхара) итт де ду».

«أفضلُ أيامِ الدُّنْيا أيامُ العَشْرِ».

Сахьихьул-Жа́миI, 1133.