button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Яхья Ибн МуIáз

Яхья Ибн МуIáзас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

1. «Ма пекъар ву-кх Адаман воI! Къеллах санна жоьжахатин цIарах кхерахьара, ялсамани гIура ма вара иза».

2. «Iилма хьо нахе Iелам стаг ву алийтархьама ма Iамаде, я эхь хеташ и ца Iамош а ма Iе».

3. «Дуьне дезачарна къамелехь марзо карайо, ткъа эхарт дезачарна маьIнангахь марзо карайо». Хьилъятул авлияъи, Абу НуIайм ал-АсбахIáний, 10/68.

4. «Ялсамани муъма стеган деган безам бу. Ткъа шена дезаш доцу дуьненах иза муха юхкур ю цо?!».

5.  «Лехна а доцуш лайна тIе рицкъ дáр билгало ю, цу рицкъане лай лаха аьлла дина омра хилар». ал-Калáмул-аххáз Лияхья Ибн МуIáз, 237.

6. «АллахI вéза бохуш, Цуьнан дозанаш лардеш воцург бакълуьйш вац». ЖáмиIул-Iулуми вал-хьикам, 86.

7. Цхьана стага МуIазан кIант Яхья волчехь хIара аят дешна хилла: «Аша-шимма ала цуьнга (ФирIовне) кIеда дош». ТIаккха Яхьяс велха а вилхина аьлла: Сан Дела! «Со дела ву» бохучуьнца хьо оццул къинхетаме, кIеда-мерза хилча, ткъа «Сан Дела Хьо ву» бохчуьнца хьо мел къинхетаме хир ву?! «Со ву шун уггаре а лекхара, веза, сийлахь дела» бохучуьнца Хьо оццул кIеда-мерза хилча, ткъа «ЦIена ву сан лекха Дела», бохучучуьнца Хьо мел къинхетаме хир ву?!”. Тафсир ал-БагIавий, 1/274.

8. «Адам делча цуьнан даьхнех (ахчанах) ши бала хуьлу цунна».

Цуьнга хаьттина: «ХIун ши бала бу и шиъ?»

ТIаккха МуIáза жоп делла:
«Деригге даьхни дIа а доккху цуьнгара.
Деригге даьхнех барт а хотту цуьнга».

Сифатус-сафвати, 2/293.