Шайх Мухьаммад ибн Салихь ал-lусаймийнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:
1. Шен вешийна ца хоуьйтуш, цунна букъ тIехьашхула деш долу доIано къеггина гойту иза бакъ ийман долуш хилар, хIунда аьлча пайхамара (саллаллох1у Iалайх1и ва саллам) ала ма аьлла: «Шух цхьа а (дуьззина) ийман диллина ма вац, шена дезарг шен (бусалба) вешийна деззалц».
Хьайн бусалба вешийна ца хоуьйтуш ахь цунна доIа дахь, цо шена и де аьлла хьоьга весет дина а доцуш. Иза тоьшалла ду-кх, хьуна иза везаш хиларан а, хьо цунна хьайна дезаш доллу дика дезаш хиларан а.
2. «Бусалба умматан цхьа барт хир бац диканиг де, вониг ма де олуш хилчий бен. Бусалба уммат диканиг де, вониг ма де олуш, Къуръанца а, суннатаца а хьукма деш а хилахьарий, цкъа а декъалур дацара».
3. Ахь «АСТАГIФИРУЛЛАХI» олучу хенахь АллахIе доьхуш ши хIума ду:
Хьалхара; къа хьулдар ду.
ШозлугIа; къинтIеравалар дехар ду, АллахIа и къа бахьана долуш хьуна таIзар дийра доцуш. «ал-Фатава, 16-87».
4. «Ламазехь хьуна хало хаалахь, суннат ламаз бен и дацахь а, хьуна хаийла хьан дагчохь мунепикъалла дуйла. ХIунда аьлча, ламаз хала дар мунепикъийн гIиллакхах ду. АллахIа церан хьокъехь ала ма аьлла: «Ламазе хIуьттучу хенахь мало еш хIуьтту уьш». Нагахь санна, хьан дагна и ламаз атта хилар а, самукъадалар а хаалахь, ткъа хьуна хаийла иза хьан ийман чIогIа хилар дуйла».
5. «Адаман бакъ долу дахар — иза деллачул тIаьхьа дерг ду».
6. «Дарба деш верг сийлахь волу АллахI ву. Лор вац хьуна дарба деш верг, я молха а дац. Ткъа лор иза бахьан ду, иштта молха а бахьан ду. Дарба деш верг цхьа АллахI бен вац». Шархь риядус-салихьийн, дакъа 4, агIо 480.
7. «ХIинца яржош цхьацца информациш хуьлу, бух боцу хьадисаш а, иштта бух боцу дийцарш а хуьлу царна юкъахь. Юха, иза нахана юкъахь даржадо. Иштта уьш даржош болчарга бах ас: «Къа латош ду шу, нах АллахIан динах галбохуш а ду шу»». Фатава нур Iалад-дарб.
8. Шайх ибн Iусайминас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:
«Адам (шега кхочуш долу) баланашха шена мел хиларе са а ца туьйсуш собарца чекхдалахь, цунна тIера къинош дIадохура ду цара. Ткъа мел хиларе са а туьйсуш собаре хилахь, деккъа къинош дIадовларал сов, мел а хира бу цунна.
«Мел хиларе сатийсар» бохучуьн маьIна — иза тешна хилар ду, цу собурна дуьхьал шена мел хир бу аьлла. АллахIах йолу ойла цIанйийра ю цо, тIаккха АллахIа, Сийлахь-Веза ву И, Шех лаьцна хилла йолу (лайн) ойлане хьаьжжина лур ду цунна». ат-ТаIликъ Iала сахьихь Муслим, агIо 342.
9. «Нагахь санна, ахь Iилма хIокху умматан тIера жохIлалла дIаайбар дуьхьа Iамадахь, АллахIан некъахь, АллахIан дин даржош болчу мужахIидашха хира ву хьо». МажмуI фатава ва расаиль аш-Шайх ал-Iусаймин, дакъа 26, агIо 75.
10. «Стеган Iамалийн тептар тIехь долу цхьа «СубхьáналлáхI» гIолехь ма ду дуьненалла а, цу чохь мел долчулла а. ХIунда аьлча, дуьне а, цу чохь мел дерг а пана хуьлий дIадолу, ткъа «СубхьáналлáхI» алар а, дика Iамал а бухадуьсуш ду». Шархь Риядус-салихьийн, 3/578.
11. «Шен дена-нанна дика хиллачуьнан бераш а хира ду цуьнца дика. Шен дена-нанна вон хиллачуьнан бераш а хира ду цуьнца вон».
12. «Адамо шен бусалба вешин цхьа сакхт тIехтохахь, АллахIа шеца и сакхт долчунах къинхетам а бина, дарба а дина, цунах дIацIанван мега. Цул тIаьхьа, и тIехбеттам бинарг вукхуьнгахь хилла долу сакхтаца зен а там бу». Шархь риядус-салихьийн, 6/263.
13. «Бакъдерг — шена бало бух берг ду. Бакъдерг — наха дóра аьлла динарг дац». ал-Фатава, 7-367.
14. «Цхьа а шеко йоцуш Къуръанан аяташка а, суннате а, ян ма-езза ойла еш нийса хьаьжначунна билгалдер ма ду, сигаьрка хьарам хилар». аш-Шархьул-мумтиI Iала задил-мустакъниI, 8/15.
15. «АллахIа шена Iилма даларца дика дина волчунна, АллахIа цунна даьхнел а, тIаьхьенел а, хIусам-нанойл а, гIаланел а, машенашал а, массо хIуманал а тIех деза-доккха хIума делла хьуна». Шархь Риядус-салихьийн, 5/229.
16. «Юкъа мостагIалла долла Iалашо йолуш цхьаьнан къамел кхечуьнга дийцар, уггаре а даккхийчу къинойх къа ду». ал-Къовлул-муфид Iала китабит-тавхьид 2/278.
17. «Нагахь Къуръанах (и дешча я хезча) хьан дагна асар хуьлуш дацахь, айхьа-хьайга бехк баккхалахь. ХIунда аьлча, АллахIа аьлла: ХIара Къуръан лома тIе доссийнехьара (дукха хьастабаларна) áтабелла дIабера ма бар иза». Шархьул-Iакъидатил-вáситIия, 440.
18. «Шен бIаьрса зударшка хьежош волу стаг, шега цхьа бала банза вуьсур вац. Бакъдолуш, зударшка хьежар иблисан дIовшечу пхерчех цхьа пха бу. АллахIа лардойла вай цунах» Фатáвá ал-Iусаймийн, дáкъа 19, агIо 237.
19. «Дукхах болу нахана таIзар гуш долчу хIуманашкахь бен ца хуьлу моьтту – догIмашкахь, даьхнешкахь я доьзалашкахь хуьлийла и. Ма-дарра аьлча-м, деганаш цомгуш а, телхина а хиларна долу таIзар, цу гуш долчу хIуманашкахьчул чIогIох а, доккхох а ду». Ахькаму минал-Къуръанил-карийм, 1/87.
20. «Хьо Къуръан доьшуш а волуш,хьайна молла кхойкхуш хазахь, Къуръан саца а дай, моллакхойкхучунна тIаьхьара ала». Ибн Iусаймийн — Фатава нур Iалад-дарб, 4/171.
21. «Новкъара хIума дIаяккхар сагIа хилча, новкъарло йийра йолу хIума новкъа кхоссар а (жима) къа ду». Шархь риядус-салихьийн, 3/37.
22. «Хьайн мотт ларбе. Бакъдолуш, ахь мел олург, тептар тIе дIаяздеш ду хьуна. Юха, къемат-дийнахь, хьуна хьалха дуьллур долуш а ду хьуна и». Тафсир жуз Iамма, 73.
23. «Хьуна хаийла, хьайн бусалба вешин сакхташ ахь даржийча, хьан сакхташ даржошверг АллахIа хьуна а тIетосур вуйла, хьуна хьакъболу бекхам беш». Тафсир сурат ал-Хьужурат, 52.
24. «Нагахь санна хьан дог ахь летийначу къиношна сагатдеш дацахь, хаалахь хьан дог цомгуш дуй. ХIунда аьлча, дийна дог цомгуш а хилла Iан реза хуьлуш дац, ткъа деган цамгар — иза къинош ду». Тафсир жуз Iамма, 250.