button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Шайх Ахьмад Дидат

1. Ас шоьга аьлча: Iуьйре дика хуьлда шун, йа суьйре дика хуьлда шун, со шуна Iуьйренца, йа суьйренца дика билгал докхуш бен ма вац.

Делахь а ас аьлча: Ассаламу Iалайкум (Делера салам маршалла хуьлда шуна), хьо гIайгIанехь а волуш, ткъа ас хьуна дийриг до1а ма ду, маршо а, парг1ато а йоьхуш.

Вуьштта аьлча: Хьуна деш до1а ма ду иза Iуьйранна а, суьйранна а, буьйсанна а хьо маьрша хилар доьхуш.

2. Ислам динан мостагIех уггара чIогIа мостагI нийса кхетам боцуш волу бусалба стаг ву, шен цакхетам тIера дIа ца волуш волу. Бакъдолчу Исламан сурт эрчадоккхий дохадо цо ша лелош долчу хIуманашца, дерриг дуьненна а иза Ислам ду а моттуьйту цо.

3. Жуьгташа а, кериста наха а бусалба стаг хестош хьуна гахь, хаийла хьуна иза харцонна тIехь вуйла. Ахьмад Дидат (АллахIа къинхетам бойла цунах).