Шайх Ибн Базáс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:
1. «Iуьйра ламазна ледарло яр а, шен хеннахь и ца деш вижина Iар а уггаре яккхийчу хьарамлонех а, мунепикъ нехан Iамалшех а ду». МажмуI фатáвá, 3/424.
2. «АллахI хьехош а, Къуръан доьшуш а, дикачарна юххе гIерташ а, гIопул болучарна генаволуш а шен хан ларйинчуьнан дог цIена а, кIеда а хир ду». МажмуI фатáвá, 5/244.
3. «Майрачо шен зудчунна наьIалт алар вон хIума а, ца магийна хIума а ду, цул совнаха, даккхийчу къинойх а ду. Бух болчу хьадисехь пайхамарера ( ﷺ ) деана, цо элира аьлла: «Бусалба стаганна наьIалт алар, иза вер санна ду», аьлла». МажмуI фатáвá 3/217.
4. «Эшаршка ладегIар хьарам ду, мегаш дац. Дегнаш цомгуш дечу а, уьш дакъочу а, Дела хьехорах а, ламазах а юхаветтаран бахьанех цхьа бахьана ду иза». МажмуI фатáвá, 3/423.
5. «Ламаз а, сагIа а баланаш юхатухучу уггаре даккхийчу бахьанех ду. Иштта, вониш дIадохучу а, диканиш совдохучу а бахьанех а ду». МажмуI фатáвá, 3/257.
6. «ХIара уммат дIахуттучухенахь даимна а кегийчу нехан белш тIехь дIахоьттина ду. Баккхий нах ца оьшу бохург дац сан иза, делахь а (ислам динехь) кегийчу нехан дакъа доккха ду бохург ду иза».
7. «ХIара зама кIеда-мерза хилар, собар, хьикмат оьшуш зама ю, (нахаца) шога хуьлу зама яц. ХIунда аьлча, дукхах болу нах жехIил, гIопул, дуьненах тасабелла бу. Цундела, собур а, кIеда-мерза хилар а оьшу, нахе даIват дIакхачийтархьама». МажмуI фатáвá, 8/376.
8. «Суннат даржош къахьегар важиб ду. И кхечарна дIахьехар, уггаре деза АллахIана гергавуьгучу а, уггаре сийлахь Цунна муьтIахь хуьлучу а Iибадатех ду». МажмуI фатáвá, 8/54.
9. Хlай бусалба нах! Баккъалла а, шу сийлахь, беркатечу батта чохь ду шуна, Рамадан бутт шех олуш болу. Шена чохь мархнаш кхобуш, буьйсанна ламазаш деш, Къуръан доьшуш, жоьжахатих лайш хьалхабохуш, къиношна гечдеш бутт бу иза. Шена чохь сагlанаш луш, диканаш совдоху бутт бу иза. Цу батта чохь ялсаманин неlарш дIайоьллу, дечу дикан ял совйоккху, йийлиначу ледарлонашна гечдо. Шена чохь доlанашна жоп луш, ялсаманин охIлу даржанашкахь совбоху бутт бу иза. Цу батта чохь АллахI Шен дикнаш совдахарца комаьрша хуьлу. Шен гергара болчу лайшна совгIаташ шортта до АллахIа. АллахIа хIара бутт кхабар коьрта парзашха цхьа парз а дина тIе диллина вайна.
[Фадáилу шахlри Рамадан].
10. «Рамадан беттан тIаьхьара итте буьйса денйинарг, лайлатул-къадр буьйсане кхочур ву». Шайх Iабдул Iазиз Ибн Баз МажмуI фатáвá, 15/430.
11. «Iуьйранна а, суьйранна а кхузза «ал-Фалакъ», «ан-Нас» сураташ дешар, сихьранах а, и санна долчух а ларвен бахьана ду». Фатава нурун-Iалад-дарб, 3/295.
12. «ДIавуьжуш “аятул-курсий” дешар сихьранах а, шайтIанах а ларвен бахьана ду». Фатава нурун-Iалад-дарб, 3/295.
13. «Къуръан дукха дешар а, тасбихь алсам дар а, ла́ила́хIа иллаллахI дукха бахар а шайтIа эккхочу, генадоккхучу бахьанех ду».