Хьасанул-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Хьайн вешин къайле йийцар, ямартлонах ду». .«إنَّ من الخيانة أن تُحدِّث بسرِّ أخيك» ас-Самт, Ибн Аби ад-Дуня, 404.
|
||
Хьасанул-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Хьайн вешин къайле йийцар, ямартлонах ду». .«إنَّ من الخيانة أن تُحدِّث بسرِّ أخيك» ас-Самт, Ибн Аби ад-Дуня, 404. «Бусалба стагана кхечу бусалба стагах кхарда мегар дац и къен вара я цо къа латийнера аьлла, я кхечу муьлха хIуманна а». «فلا يحل لمؤمن أن يسخر من مؤمن لا لفقره ولا لذنبه ركبه ولا لغيره ذلك». Тафсирул-ТIабарий, 22/376. […] Aд-Даххьáка (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «»Диканиг де, вониг ма де» — алар, Беркате а, Сийлахь а волчу АллахIа тIедехкинчу парзашах цхьа парз ду». «الأمر بالمعروف والنهي عن المنكر من فرائض الله تبارك وتعالى». Имам Ибнул-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Хьо муьлхачу хьолехь ву хьажа. Нагахь санна, хьо вала а, коша вижа а кийча волчу хьолехь велахь, кхин дIа а цу хьолехь Iе хьо. Ткъа нагахь санна, вала а, коша верза а кийча воцчу хьолехь хьо велахь, тIаккха АллахIе тоба а дай, цаьршинга верза мегар долчу хьоле […] Суфьян ас-Саврийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «»Ла́ила́хIа иллаллахI» боху дашо санна иблисан букъ кагбеш хIумма а ма дац». Сияру аIла́ми ан-Нубала́ъ, 7/260. Уггаре вон хан — диканан цIарах вониг деш, вонан цIарах диканиг деш ерг ю. Цхьана дийцарехь деана: «Нахана тIе цхьа хан йогIур ю, дика дерг вон гуш, вон дерг дика гуш». أسوأ الأزمنة هي التي يُفعل فيها شر باسم الخير، والخير باسم الشر. ففي الأثر: «يأتي على الناس زمان يرون المنكر معروفا والمعروف منكرا». […] «Къуръан дукха дешар а, тасбихь алсам дар а, ла́ила́хIа иллаллахI дукха бахар а шайтIа эккхочу, генадоккхучу бахьанех ду». Шайх Iабдул Iазийз Ибн Ба́з (АллахIа къинхетам бойла цунах). «Шеца Къуръан тIера а, суннатера а бух мел боцу некъ — жоьжахати боьду некъ а, Дала Шех эккхийначу шайтIанан некъ а бу». «كُلُّ طَرِيقٍ لَمْ يَصْحَبْهَا دَلِيلُ القُرْآنِ وَالسُّنَّةِ، فَهِيَ مِنْ طُرُقِ الجَحِيمِ وَالشَّيْطَانِ ِالرَّجِيمِ». Ибнул-Къаййим — Мада́рижус-са́ликийн, 2/468. […] «Хьайн ламазехь хьуна марзо ца караяхь, хаалахь хьан дагчу марзо ца кхочуьйтуш хьан ламазехь кхачамбацар а, сакхат а дуйла». Бава́батул-хушу́Iи фис-сала́ти, 15. «Сийлахь-Везачу АллахIан авлия́ах уггаре дикаверг, везаверг — Элчано (ﷺ) деанарг алсам довза а девзуш цунна тIаьхьавозург ву; асхьа́баш санна, шаьш кху умматехь Элчано (ﷺ) деана дин дуьззина девзаш а, цунна тIаьхьабозуш а хилла болу.Абу Бакр ас-Сиддийкъ уггаре дукха Элчано (ﷺ) деанарг девзуш а, цуьнца алсам Iамал еш а хилла ву, ткъа иза уггаре веза […] |
||
© 2008 - 2023 islamanserlo.net - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |