button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Абу IабдуллахI: АллахI хьехоран нийса некъ 1-ра дакъа (05.01.2018).

АллахI хьехоран нийса некъ 1-ра дакъа (Рузбан хьехам, 05.01.2018) — скачать

Декъаза стаг

Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфис (АллахIа Iалашвойла иза), аьлла:

❏ «Декъаза стаг — гIорасиз верг вац, декъаза стаг — шен дика белхаш дан аьтто боллушехь уьш ца деш Iаддитинарг ву».

Ахьмад Хьамза: МудариI фиIлана Жазм дар а, хьалхара шардар а (ан-Нахьвул вáдихь)

МудариI фиIлана Жазм дар а, хьалхара шардар а — скачать

ДоIа бусалба стеган герз ду

Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ «Куьйгаца тIом беш ма-хиллара, доIанца а хуьлу тIом беш».

📕 МинхIажус-суннахI, 4/482.

ГIийлонехь болчу шайн вежаршна гIо де, доIанца дай а!

Дегнаш талхарна долу таIзар

Шайх Мухьаммад ибн Салихь ал-lусаймийнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ «Дукхах болу нахана таIзар гуш долчу хIуманашкахь бен ца хуьлу моьтту – догIмашкахь, даьхнешкахь я доьзалашкахь хуьлийла и. Ма-дарра аьлча-м, деганаш цомгуш а, телхина а хиларна долу таIзар, цу гуш долчу хIуманашкахьчул чIогIох а, доккхох а ду».

📕  Ахькаму минал-Къуръанил-карийм, 1/87.

Бакъдолу валар!

Имам Ибнул-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ «Велларг — шена чуьра са арадаьлларг вац, ткъа велларг — Далла хьалхахь шена тIехь долу декхарш хIун ду ца хуург ву».

📙 ат-ТазкирахI, 18.

АллахIан къинхетамах цкъа а дог ма дилла!

Цхьана стага МуIазан кIант Яхья волчехь хIара аят дешна хилла: «Аша-шимма ала цуьнга (ФирIовне) кIеда дош». ТIаккха Яхьяс велха а вилхина аьлла: Сан Дела! «Со дела ву» бохучуьнца хьо оццул къинхетаме, кIеда-мерза хилча, ткъа «Сан Дела Хьо ву» бохчуьнца хьо мел къинхетаме хир ву?! «Со ву шун уггаре а лекхара, веза, сийлахь дела» бохучуьнца Хьо оццул кIеда-мерза хилча, ткъа «ЦIена ву сан лекха Дела», бохучучуьнца Хьо мел къинхетаме хир ву?!”.

📕 Тафсир ал-БагIавий, 1/274.

Сивак

Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Сайн умматна хало хиларна ца кхерахьара, хIора ламазал хьалха сивак хьакха аьлла омра дийра ма дара ас цаьрга».

Муслим 252.

Ахьмад Хьамза | Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 13-гIа дарс, 2-гIа дакъа

Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 13-гIа дарс, 2-гIа дакъа — скачать

Абу IабдуллахI: Iáиша бинт Абу Бакр (22.12.2017).

Iáиша бинт Абу Бакр — АллахI реза хуьлда цунна (Рузбан хьехам, 22.12.2017) — скачать