Веллачо ша юха дуьненчу верзийча «сагIа далар» хIунда хоржура дара те? Сийлахь-Везачу АллахIа ма-аллара: «…Сан Дела! КIеззиг ханна тIаьхьатеттина велара Ахь со, сагIанаш лур ма дара ас…».
Веллачо ца аьлла: «Iумрат дийра дара-кх ас, ламаз дийра дара-кх ас, я марха кхобур дара-кх ас…».
Iеламнаха аьлла: «Веллачо сагIа хьаха ма ца дина, ша веллачул тIаьхьа сагIа даларан йоккха ял шена гичий бен».
Дуккха а сагIанаш даха аш, баккъалла а, АллахIах тешаш хилларг, къематдийнахь шен сагIанан IиндагIехь хир волуш ву шуна.