4 — Сýрат Аннисáъ [Зударий] [Мадúнатахь доьссина ‚ 176 аят ду]
Аллáх1а ц1арца къинхéтамé , къинхéтам беш волчу
1.Х1ай нáх ! Кхéра шайн Дéлах , Шá шу цхьана [Áдаман] дéг1ах кхоьллинчу , цуьнах [цуьнан п1енданах] цуьнан зуда [Хьава] кхоьллинчу , цаьршиннах дуккхá бóжарий а , зударий а [кхоьллина уьш дуьнé мел ду] бáржийначу . Кхéра аша Шéца вовшашка дéхарш дечу Аллах1ах а , гергарлóнех [хáдарх] а . Баккъалла а Аллах1 шуна т1ехьожург [тергамхó] ву .
2.Д1ало байшна цéран даьхнеш . Ма хийца боьханиг ц1еначуьнца . Ма даа шайн даьхнешна т1е цéран даьхнеш а . Баккъалла а иза доккха къа хилла .
3.Шу кхийранехь шаьш байшкахь нийсо ца йарна , т1аккха аша йáлайé зударех шайна тáмехь [хьáнал] йолу шиъ , кхоъ , йиъ . Ткъа шу кхийранехь шаьш [цáрна юккъехь] нийсó ца ярна , т1аккха цхьаъ [йáлайé] , йа шун аьтту куьйгаш [г1арбех] дóладинарг [йáлайé]. Иза герга ду шу харцонга ца товжа .
4.Д1алó зударшна цéран тéмаш совг1атна . Цáра дикчу лаамца шуна цуьнах цхьаъ [юха] лахь , аша йаа и [сина] г1óзá , [чóмана] тáмехь .
5.Ма лó сонтачáрга шайн даьхнеш , шаьш Аллах1а шуна [дáхарехь] г1оьнна хилийтана долу . Цáрех цáрна рицкъá лó , цáрна т1éдýха , цáрга диканца девзина [тóмé] дош áла !
6.Байш зéлуш [тергалабéлуш] , уьш зудайáлориг хиллалц , ткъа шайна уьш кхиар хааделча д1алó цáрга цéран даьхнеш , аша ма даа уьш т1áламзá а , сихаллехь а , уьш баккхий хиларна [кхоьруш] . Шá тарó йолуш хилларг [милла велахь , бóбéран даьхнех] юхаóзалойла иза , ткъа шá къен хилларг , цó даийла диканца девзина [г1еххьа] дерг . Аша цéран даьхнеш цáрга д1аделча , цáрна т1ехь тéшаш х1иттабé . [амма] Аллах1 тоьуш ву [шуна] хьéсапхó .
7.Бóжаршна дáкъа ду [д1акхелхинчу] дáс-нáнас а , гергарчáрá а бухадитанчух , [иштта] зударшнá а ду дáкъа [д1акхелхинчу] дáс-нáнас а , гергарчáрá а бухадитанчух , цунах к1еззиг хиллачух а , йа дукха хиллачух — [Дáла х1óраннá а] х1оттийна [перза] дáкъа [ду].
8.Шерéтé [ирс дéкъаре] гергарнаш а , байш а , мисканáх а баьхкинехь , аша [цхьа дáкъа] лó цáрна цунах [шайна лаахь] , цáрга диканца девзина [хаза] дош áла .
9.[Дéлах] Кхоьрийла шаьш шайл т1аьхьа г1ийла доьзал битча , цáрна [цхьаъ хиларна] кхийранарш [сагатдинарш] . Аллах1ах кхоьрийла уьш , нийса дош óлийла цáра .
10.Баккъалла а шаьш зуламца байшин даьхний дуурш [муьлш белахь] , баккъалла а [жоьжахатин] ц1е юу цáра шайн гайш чохь , уьш г1ýр бу [шаьш бáгóчу] ц1ерга .
11.Аллах1а весет до шоьга шун бéрийн хьокъехь ; [цáрех] бóжанна шина стечунна долчул дáкъа ду . Уьш [бéраш] шиннал сов зударий [зудабéраш] хиллехь , т1аккха цáрна кхаа дéкъах ши дáкъа ду [веллачó] бухадитанчух . [ткъа] И [зудабéр] цхьаъ хиллехь , т1аккха цунна áх [дáкъа] ду . Ткъа цуьнан дéна-нáнна — цаьршиннах х1óраннá — йолхалг1а дáкъа ду [веллачó] бухадитанчух , [нагахь санна] цуьнан [веллачун] бéр хиллехь . Ткъа цуьнан бер хиллá дóцуш , цуьнан дáс-нáнас цуьнгара ирс эцнехь , т1аккха нáнна кхоалг1а [дáкъа] ду . Ткъа цуьнан вежарий хиллехь , т1аккха нáнна йолхалг1а [дáкъа лур] ду , цó [веллачó] шéца весет дечу весéтал а , йа [цунна т1éра такха дéзачу] дéкхарал а т1аьхьа . Шун дай а , шун к1ентий а — шуна ца хаа цáрех мила ву шуна пайдабарехь герга верг . Аллах1éра перз ду [и шерет дар] . Баккъалла а Аллах1 ву хууш , кхéтамé .
12.Шуна шун зударш бухадитанчух ах [дáкъа] ду , цéран бер ца хиллехь , ткъа цéран бер хиллехь , т1аккха шуна доьалг1а [дáкъа] ду цáра бухадитанчух , цáра шéца весет дечу весéтал а , йа [цáрна т1éра такха дéзачу] дéкхарал а т1аьхьа . Цáрна доьалг1а дáкъа ду аша бухадитанчух , шун бéр ца хиллехь , ткъа шун бéр хиллехь , т1аккха цáрна борх1алг1а дáкъа ду , аша бухадитанчух , аша шéца весет дечу весéтал а , йа [аша такха дéзачу] дéкхарал а т1аьхьа . [нагахь санна] Стегéра , йа зудчунгара ирс оьцуш делахь уллéра гергарниг [бер , йа дá] вóцуш , [делахь] ваша йа йиша ю цуьнан , т1аккха цáршиннах х1óраннá йолхалг1а дáкъа ду , ткъа уьш цул сов хиллехь , т1аккха уьш дéкъахой бу йолхалг1а дéкъехь , [веллачó] шéца весет дечу весéтал а , йа [такха дéзачу] дéкхарал а т1аьхьа , [вéрасех цхьаненнá] зен ца деш . Аллах1éра весет до [цó шоьга] . Аллах1 хууш , эсалá [к1éда-мерзá] ву .
13.Уьш — Аллах1ан дóзанаш ду . Шá Аллах1анá а , Цуьнан элчаннá а мут1ахь верг , Цó иза вохуьйтур ву шайна к1елахула тáтóлаш лéлачу [ялсаманин] бошмашчу , гуттар лаьтташ цу чохь . Иза боккха тóлам бу .
14.Шá Аллах1анá а , Цуьнан элчаннá а 1éса верг а , Цуьнан дóзанел т1ехвуьйлург а , Цó иза вохуьйтур ву [жоьжахатин] ц1ерга , гуттар лаьтташ цу чохь , цунна сийсазвен 1áзап ду .
15.Шун зударех шаьш нáхацалéларш — цáрна т1ехь шайха [волу] виъ теш х1оттавé ! Ткъа цáра тоьшалла динехь , аша совцабé уьш [шайн] х1усамашкахь , валарó уьш д1аэццалц , йа Аллах1а цáрна цхьа некъ [билгала] баллалц .
16.Шоьх и [телхинарг] лéлóш долу шиъ — аша та1зар-дé цáршинна ! Ткъа и шиъ дохкóдáлахь , цáршимма дика 1амал яхь , т1аккха 1аддадита аш и шиъ . Баккъалла а Аллах1 ву тóба къóбалдийриг , къинхéтамéниг .
17.Баккъалла а Аллах1ан т1ехь гечдар ду , ца хаарца шаьш вон дечарна , цул т1аьхьа сихха дохкó бовлуш . Уьш — Аллах1а тóба къóбал до цéран . Аллах1 ву хууш верг , кхéтамéниг .
18.[Дéлéра] Гечдар дац , [хаарца] шаьш вóнаш [къинош] дечáрна . Цáрех цхьанна т1е валар деача цó элира :»Баккъалла а со дохкóваьлла х1инца». [гечдар] Дац шаьш керстá болуш лечáрнá а . Уьш — Óха цáрна кечдина лазош [долу] 1áзап .
19.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Шуна мегаш дац аша зударий бертаза ирсана схьаэца . Ма сéца-бé уьш , шаьш цáрна делла цхьа дерг схьаэцахьарма , цáра билгала [долу] боьханиг дахь бен . Шу дáха цаьрца диканца девзинчунца [оьзда] . Ткъа шуна уьш ца безнехь [а , х1еттé сатóхалуш , х1унда аьлча] шуна цхьа х1ума ца дéза герга ду , Аллах1а шéна чохь шорта дика деш [долу].
20.Ткъа шуна лиънехь зудчун меттана [кхи] зуда хийца [йáлó] , цáрех цхьанна аша [тáмана] делла шортта даьхни долуш , т1аккха аша схьамаэца цунах х1уммá . Аш и схьаоьцу тов хáрцонцá а , билгала къа дарцá а ?
21.Аш и схьа мýха оьцу , бакъдолуш шоьх цхьаберш вýкхáрна [хьáнал хилла] кхаьчна болуш , цáра шоьгара луьра ч1áг1ó эцнá йолуш ?
22.Аша ма бáлабé шайн дайш бáлийна [хилла] зударий , бакъдолуш [х1окхул] хьалха хилларг дóцург . Баккъалла а и хилла дáстамаллá а , [Дéлан] оьг1азлó а . Нéкъехь вон хилла и [1áдат].
23.Шуна [бáлó] ца магийна шун нáной а , шун йо1арий а , шун йижарий а , шун ден-йижарий а , шун ненайижарий а , вешин-йо1арий а , йишин-йо1арий а , шаьш шу дакхийна [болу] шун нáной [лóрурш] а , [нáнас] бакхийна [хилла] шун йижарий а , шун зударийн нáной а , шун шайца эвхьаза юкъаметтиг хилла болчу шун зударийн [кхéчáрна бина] йо1арий а шаьш [шоьца] шун х1усамашкахь 1еш болу , ткъа шун цáрца эвхьаза юкъаметтиг ца хиллехь , т1аккха [уьш бáлóр] къа дац шуна , шаьш шун букъсуртех [схьабоьвлла] болчу шун к1ентийн зударий а , аша ши йиша цхьанатóхар а , бакъдолуш [х1окхул] хьалха хилларг дóцург . Баккъалла а Аллах1 ву гечдеш , къинхéтамé .
24.Мáрехь болу [маьрша оьзда] зударий а [бу шуна ца магийна] , шун аьтту куьйгаша [т1амехь йийсар бина керстанех] дóладинарш бóцурш . Шуна т1éра Аллах1ан [хьукман] йóза [иштта] ду . Шуна магийна [уьш бóцуш] цул дéхьáрнаш шайн бáхамашца аша лаха [уьш шайна] бáлош долуш , [цаьрца] нáхацалéлаш дóцуш . Шéца цáрех шайна баьллачу тáмана [зовкхана дуьхьал] , аша цáрна д1алó цéран мéхаш [тéмаш , урдош , шар1ан] х1оттамца . Шуна т1ехь къа дац , шу шéца рéзахиллачунгахь [оцу] х1оттамал т1аьхьа . Баккъалла а Аллах1 ву хууш , кхéтамé .
25.Шоьх шá маьрша , муъмазуда йáлó тарó ца хилларг [милла велахь] , т1аккха [цó йáлор ю] шун аьтту куьйгаш [г1арбех] дóладинчех [болчу] муъма мехкарех [ерг] . Аллах1 вунó дика девзаш ву шун ийман . Шоьх цхьаберш вýкхáрех бу [динехь цхьатерра ду шу] . Аш уьш бáлабé цéран ох1лун пурбанца , д1алó цéран мéхаш [тéмаш] диканца девзинчунца , оьзда [ц1ена] болуш , нáхацалéлаш бóцуш , [къайлаха] вéзарш лоьцуш бóцуш . Шаьш мáрé бигча уьш дастамéчунца баьхкинехь , т1аккха цáрна т1ехь маьршачáрна т1ехь долчух ах 1áзап ду . И [хьукма] — шоьх [дáстамéчун] халóнах кхийранчунна ду . Аш [уьш бáлóрах] сатóхар шуна г1óли ду . Аллах1 гечдийриг , къинхéтамéниг ву .
26.Аллах1ана лаьа шуна [шар1] билгалдá а , шаьш шоьл хьалха хиллачéран некъашка шу нисдá а , шун тóба къóбалдá а . Аллах1 хууш , кхéтамé ву .
27.Аллах1 шун тóба къóбалда лууш ву , [ткъа] шаьш [шайн] дéг1ан лаамашна т1аьхьабóзурш лууш бу шу [къинош дина бакъóнах] ч1óг1а д1атовжа
28.Аллах1 лууш ву Шá шуна [ахькáмаш] дайдан . [Дáла] Адам г1ийла [заь1ап] кхоьллина .
29.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Ма даа вовшийн даьхнеш шайна юкъахь харцонца , и [даьхнеш] шу вовшийн рéза долу совдéгар [даьхнеш] хилча бен . Ма дайъа шайн дог1маш . Баккъалла а Аллах1 ву шоьца къинхéтамé .
30.Мостаг1аллийцá [т1ехвáларцá] а , зуламцá а шá и [цамагийнарг] дийриг [милла велахь] , Óха иза вохуьйтур [кхуссур] ву [жоьжахатин] ц1ерга . И ду Аллах1ана áтта .
31.Шу гéнадовлахь , шайна цамагош долчу даккхий къинойх , Óха шуна шун [кегий вóнаш [къинош] гечдийр ду , [иштта] лéрамéчу чуг1ойлан [ялсамани] чудохуьйтур ду .
32.Шуна ма дéзийла [дуьнéнах , динах] Аллах1а шоьх цхьаберш вýкхáрна т1ехь тóлийнарг [т1аккха шуна юкъахь хьаг1-гамó хила] ! Бóжаршнá дáкъа ду цáра [дика 1амалшца] гулдинчух , [иштта] зударшнá дáкъа ду цáра гулдинчух . Аш Аллах1é дéха [шайна оьшург] Цуьнан комаьршаллех [Цó лур ма ду шуна] . Баккъалла а Аллах1 ву массó х1ума хууш .
33.[бóжарех , зударех] Х1ораннá [гергара] вéрасаш бина Óха [шаьш] дáс-нáнас а , гергарчáрá а бухадитинчух [ирс оьцуш болу] . Шун дуйша шайца барт бинарш [муьлш белахь] , аша цáрна д1алó цéран дáкъа . Баккъалла а Аллах1 хилла массó х1уманна т1ехь теш .
34.Стегарий зударшна т1ехь урхалахой [1уналхой] бу , Аллах1а цáрех цхьаберш вýкхарна т1ехь тóлорнá а , шайн даьхнех цáра [зударшна] харж йарнá а . Диказударий — [шайн майранашна] муьт1ахь бу , [шаьш цáрех] хьуламехь [болуш] ларлуш бу , Аллах1а шаьш ларбарна . [шун зударех] Шайн 1éсаллех [дуьхьала йáларх] шу [билггала] кхоьруш берш , аша [Дéлан дашца] хьéхам бé цáрна , [г1уллакх ца хилахь буьйсана] меттахь [букътóхé] д1ахила цáрех , [т1аккха г1уллакх ца хилахь] тóха цáрна . [цул т1аьхьа] Шуна уьш муьт1ахь хиллехь , т1аккха ашп ма лéха цáрна т1ехь [зулам дан] некъ . Баккъалла а Аллах1 ву лекха , воккха .
35.Цáршинна юккъера барт бóхарх [уьш эг1арх] шу кхéраделлехь , аша хьажавé цуьнан [стеган] ох1лунах [волу] кхéлахó а , цуьнан [зудчуьнан] ох1лунах [волу] кхéлахó а , цáршинна масла1ат [дан] лаахь Аллах1а аьттó бийр бу царшинна юкъахь . Баккъалла а Аллах1 ву [гуш дерг] хууш , [къайлах дерг] девзаш .
36.Аллах1ан [цхьаъварца] 1ибáдат-дé , дéкъахó ма вé Цунна [цхьá] х1умá , дика хила дéца-нéнацá а , гергарчунцá а , байшцá а , мискачáрцá а , лýларчу лýлахóчунца а , гéнарчу лýлахóчунцá а , уллерчу нáкъостацá а , нéкъахóчунцá а , шун аьтту куьйгаша [г1арбех] дóладинчáрцá а . Баккъалла а Аллах1ана ца вéза шá шех тáмаш бийриг , [нáхана] куралла йийриг а ,
37.шаьш б1аьрмециг берш а , нáхé б1аьрмецигаллийца омар дийраш а , Аллах1а Шен комаьршаллех шайна делларг хьулдийраш а . Сийсазбóху 1áзап кечдина Óха керстанашна а ,
38.шаьш нáхана гайтархьама шайн даьхнешца харжйечáрнá а . Уьш цатéша Аллах1ах а , т1аьхьарчу [эхарт] дийнах а . Шайт1а шен доттаг1 дерг [милла велахь , ма] вон доттаг1 ду [и цуна].
39.Цáрна х1ун [халó] хуьлу уьш Аллах1ах , т1аьхьарчу дийнах тешчá а , Аллах1а шайна деллачу рицкъанах цáра харжйичá а [дéкъал хилар бен] ?! Аллах1 ву цáрех дерг хууш .
40.Баккъалла а Аллах1а [цхьанá дéна] мискъáла зарратал [бáрамехь] хáрцó ца йо . И [цó динарг] дика делахь , шалха [шозза] сов доккху Цó и , [цул совнаха] Шéгара [кхи т1е] йоккха йáл лó Цó [цунна].
41.[керстанийн хьал] Мýха [хир] ду Óха х1óр умматах [шайна т1ехь] теш вáлийча , х1окхарна т1ехь Óха хьо теш вáлийча ?!
42.Оцу дийнахь луур ду шаьш [Дéлах] цатешначáрнá а , элчанна 1éсахиллачáрнá а [Óха] шайца лáтта д1анисдан [д1ашáрдан , шаьш] Аллах1ах хьул ца деш [шайца] хилларг [лелларг].
43.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Лáмазна герга ма г1ó шаьш [мелла] дехна [кеп хилла] долуш а , шаьш дуьйцург [х1ун ду] шайна хаъалц , [шайна] т1ехь лийчар долуш а — [шаьш] некъ хáдош [нéкъаца долуш] бен — шаьш лийчалц . Ткъа шу [хи лéлó ца мегаш] цомгуш , йа [т1ехь лийчар долуш] нéкъахь делахь , йа шоьх цхьаъ хьоштаг1éра [нишкара] веанехь , йа шу зударех хьакхаделлехь — т1аккха шуна [лийча] хи ца карийнехь — т1аккха тéма дé аша ц1еначу латтаца , [ши куьг шозза чéнала тóхé] аша хьакха [и чáн] шайн яххьашех а , шайн куьйгех а . Баккъалла а Аллах1 ву къинхéтамé , гечдеш .
44.Хьýна ца гина [Дáла] шайна жайнах [цхьа] дáкъа делларш ?! [нийсóнах] Тилар оьцуш , шу [нийсачу] новкъах [шаьш санна] тилар лууш бу уьш .
45.Аллах1ан [шул] г1óли бевза шун мостаг1ий . Аллах1 тоьар ву [шуна] 1уналхó а , Аллах1 тоьар ву [шуна] г1оьнчá а .
46.Шаьш жуьгтийн динехь болчáрех [цхьа нáх] бу [Дéлан] дош шен меттигашкара [шех лиъначух] хуьйцуш , шаьш [пайхамарéга] óлуш :»[хьан дош] Хезна тхýна , [амма цунна] 1éса хили тхо , ладóг1ал [тхоьга хьайна] ма хазарг , [тхоьх кхéта] тхо [хьайхá] кхéтадé» , шайн меттанаш [харцонга] тийжош а , [Дéла] динна луьйш а . Баккъалла а цáра аьллéхьáра :»[хьан дош] Хезна тхýна , муьт1ахь хили тхо , [деккъа] ладóг1ахь [тхоьга] , хьажахь [тхоьга]» , и хир ма дара цáрна г1óлú а , нийсá а . Делахь а Аллах1а не1алт аьлла цáрна уьш [Шех] цатéшарна . Уьш цатéша к1еззиг бен .
47.Х1ай шайга [хьáлха] жайна делларш ! Шу тéша Óха шá шоьгахь дерг бакъдеш доссийначух , [цхьа] яххьаш [лар ца юьтуш] Óха д1ашарйалé , т1аккха Óха уьш шайн т1éхьéнашка юхаерзор ю , йа не1алт эра ду цáрна , [цáрех] шоьта дийнан дайшна Óха не1алт ма-аллара . Аллах1ан [кхéлан] омар хилла кхóчушдина .
48.Баккъалла а Аллах1а ца гечдо Шéна [цхьаъ] дéкъахó вар , [делахь] Цó гечдо и дóцург , Шéна луучунна . Шá Аллах1ана дéкъахó вийриг [милла велахь] , бакъдолуш [Дáлла т1ехь] доккха къа [харцó] кхоьллина цо .
49.Хьýна ца гина шаьш шайн дог1маш [хестош , уьш къинойх] ц1андийраш ? Мелхó а Аллах1а ц1анво-кх Шéна [ц1анван] луург , цáрна хáрцó ца йо [х1уьнан] моьрдагел [чкъóрел].
50.Хьажа , цáра Аллах1ан т1ехь хáрцдерг мýха кхуллу ! И тоьар дар-кх билгала къа латóрехь .
51.Хьýна ца гина шайна жайнах дáкъа делларш , [шаьш] «Джибтах» , «Т1áг1ýтах» тéшаш а , шаьш [Дéлах] цатешначáрга :»Х1орш [шу] шаьш [Дéлах] тешначáрел нийса бу нéкъана» — óлуш а ?
52.Уьш — шайна Аллах1а не1алт аьлларш бу . Ткъа Аллах1а шéна не1алт аьлларг [милла велахь] , хьýна карор [ма] вац [Дéлан 1áзап духатóха] цунна [цхьá] г1оьнча .
53.Йа паччахьаллех [цхьа] дáкъа ду цéран ? [хилча] Т1аккха цáра лур [ма] дáцара нáхана [хурман леган] хоршал [бáрамехь х1умá] а .
54.Йа нáхаца хьаг1 лéлайо цáра , Аллах1а Шен комаьршаллех цáрна деллачунна т1ехь ? Бакъдолуш Óха делира Ибрах1иман ох1лунна жайнá а , кхéтамаллá а , [иштта Óха] делира цáрна доккха óлаллá а .
55.Цáрех ву шá цунах тешнарг а , цáрех ву шá цунах [тéшарх] вухакхетнарг а . Жоьжахати тоьар ю [уьш] бáгóрехь .
56.Баккъалла а шаьш Тхан áйатех цатешнарш , Óха уьш бáгор бу [жоьжахатин] ц1ергахь . Цéран чкъоьрнаш даьгна мел довлу , Óха цáрна хуьйцу кхин чкъоьрнаш , цáрга 1áзап 1овшийтархьама . Баккъалла а Аллах1 ву сийлахь-воккхá , кхéтамé .
57.Шаьш [Дéлах] тешна , диканаш динарш , Óха уьш бохуьйтур бу шайна к1елахула тáтóлаш лéлачу [ялсаманин] бошмашка , [шаьш] цу чохь гуттар лаьтташ . Цáрна цу чохь ц1éна зударий [хир] бу . Óха чубохуьйтур бу уьш шийлачу [доккхачу] 1индаг1é .
58.Баккъалла а Аллах1а шоьга омар до , ашa [шайна т1éра] тéшамаш цéран дайшка д1акхáчорцá а , шаьш нáхана юкъахь кхел йича , ашa нийсонца кхелйарцá а . Баккъалла а ма хаза ду-кх Аллах1а шéца хьéхам бийриг . Баккъалла а Аллах1 ву хезаш , гуш .
59.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Шу муьт1ахь хила Аллах1ана , муьт1ахь хила элчаннá а , шоьх [болчу] омран [1илман , урхаллин] дайшнá а ! Ткъа шу цхьана х1уманна т1ехь вовшашца къовсаделлехь , аш и дерзадé Аллах1é а , элчанé а , [нагахь санна] шу Аллах1ах а , т1аьхьарчу [эхарт] дийнах а тéшаш делахь . Иза [шуна] г1óли а ду, чаккхенгахь тоьлуш а ду .
60.Хьýна ца гина тов , баккъалла а хьоьга досийначух а , хьоьл хьалха доссийначух а шаьш тешна бóхурш , «Т1áг1ýте» шайна юкъахь кхелйайта лууш ? Бакъдолуш цáрга омар [ма] динéра цунах цатéшарца . [ткъа] Шайт1а [ма] ду уьш геннарчу тиларца тилó лууш .
61.Цáрга аьлча :»Схьадуьйла Аллах1а доссийначунгá а , элчангá а», хьýна гира мунéпикъаш чехкка хьоьх д1абоьрзуш .
62.Мýха [хéта хьýна уьш] цáрна т1е шайн куьйгаша динарг бахьан долуш [цхьа] бáла беача , т1аккха уьш баьхкира хьýна т1е [шаьш моттарг1анна] Аллах1аца дуйнаш бууш :»[Дéлóра] Тхýна лиъна [ма] дáцара дикадар а , аьттóбар а бен» [бóхуш] ?!
63.Уьш — Аллах1ана шайн дегнашкахь дерг хууш берш бу . [уьш 1аддáбитé] Д1аверза цáрех , [Дéлаца] хьéхам-бé цáрна , áла цáрга шайн дог1мийн хьокъехь [уьш бухатýхур болун] чулáцамé дош !
64.Óха ца ваийтина цхьá элча , цунна [нах] муьт1ахь хилийтархьамá бен , Аллах1ан пурбанца . Баккъалла а уьш — шаьш шайн дог1машна зулам дича , [дохкó боьвла] хьо волчу баьхкинéхьáра , т1аккха цáра Аллах1é гечдар дехнехь а , элчанó цáрна [Дéлé] гечдар [шафá1ат] дехнехь а , цáрна карор ма вара Аллах1 тóба къóбул деш , къинхéтам беш .
65.Ткъа х1ан-х1á ! Хьан Дéлóра , уьш тéшаш [ма] бац , цáра хьо шайна юкъахь къовсаделлачунгахь кхéлахо валлалц а , т1аккха ахьa йинчу кхéлах цáрна шайн дог1машкахь гаттó [шéкó] кара ца яллалц а , [хьан кхéлана] кхоччуш уьш муьт1ахь хиллалц а .
66.Óха [яздина] цáрна т1едиллинéхьáра :»Дайъа шайн дог1маш , йа áрадовла шайн х1усамашкара !» [аьлла] , цáра и дина хир ма дáцара , цáрех к1еззиг болчáра бен . Баккъалла а цáра динéхьáра шайга шéца хьéхам бийриг , цáрна и [дуьнéнахь , эхартахь] тоьлуш а , [иймáн] ч1аг1дарехь вунó ч1óг1á а хир ма дара .
67.Т1аккха Óха Тхайгара йоккха йáл елла хир ма яра царна .
68.Óха уьш нийсачу новкъа нисбинá хир ма бара .
69.Шаьш Аллах1анá а , элчаннá а муьт1ахь берш — уьш бу Аллах1а шайна зовкх деллачáрца — пайхамарех а , бакълуьйчáрех а , г1áзóтдайх а , диканáхах а . Хаза хилла уьш нáкъосталлехь .
70.И комаьршалла Аллах1éра ю . Аллах1 тоьур ву хаарехь .
71.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! [мостаг1ех] Ларлóлаш , шу áрадовла [цунах лата] тóбанашкахь , йа áрадовла дерриге цхьана !
72.[Дéлóра] Баккъалла а шоьх ма ву шá [áравáларх] хьéлург [соцург] . Ткъа шуна т1е цхьа бóхам [эшам] беача , цó элира [воккхавéвеш] :»Бакъдолуш Аллах1а [ма доккха] дика дина-кх сýна , со цáрца юкъахь [дáкъалóцуш] ца хилла [т1аккха сýнá хир ма бара и бóхам]».
73.Ткъа шуна т1е Аллах1éра комаьршалла [х1онс] еача , [Дéлóра] цó эра ма ду , шунá а , цуннá а юкъахь марзó ца хилча санна :»Дáвис-кха , цáрца хилла велира со , т1аккха аса боккхур [ма] бара боккха тóлам».
74.Аллах1ан [дин айдаран] новкъахь т1ом бойла шаьш дуьнéнан дáхарх эхарт оьцучáра . Шá Аллах1ан новкъахь т1ом беш верг , шá [цáра] вуьйр верг , йа шá [цáрна т1ехь] толам боккхун верг [милла велахь] , Óха цунна лур ма ю йоккха йáл .
75.Х1ун хилла шуна , т1ом [ма] ца бо аш Аллах1ан новкъахь а , бóжарех а , зударех а , бéрех а [болчу] г1ийлачéран дуьхьá а , шаьш óлуш [доьхуш] болчу :»Х1ай тхан Дéла ! Áрадáхахь тхо , шен ох1лу зуламé долчу , х1окху юьртара ! Вéхьа тхýна Хьайгара вéрас , вéхьа тхýна Хьайгара г1оьнча !»
76.Шаьш [Дéлах] тешначáра Аллах1ан новкъахь т1ом бо , шаьш [Дéлах] цатешначáра «Т1áг1ýтан» [шайт1ан] новкъахь т1ом бо . [цундéла] Аша т1ом-бé шайт1ан г1оьнчашца ! Баккъалла а шат1ан мекарлó хилла ледара .
77.Хьýна ца гина [т1ом лоьхучу хéна] шайга [Дáла] аьлларш :»[цкъачунна] Шайн куьйгаш [т1амах] совцадé , лáмаз [х1отта] дé , закат лó !» Ткъа шайна [Дéлан дин айдарехь] т1ом бар [яздина] т1едиллинчу хéна , т1аккха цáрех цхьа [йолу] тóба [керста] нáхах [лата] кхоьру , Аллах1ах [цуьнан 1áзапах шаьш] кхерарх терра , йа кхин ч1óг1а [бу уьш цáрех] кхéрарехь . Цáра элира [рéза бóцуш] :»Х1ай тхан Дéла ! Х1унда т1едиллина Ахьа тхýна т1ом бар . Ахьа тхо гергарчу хéнá т1аьхьа теттинéхьáра !» ? Ахь áла [цáрга] :»Дуьнéнан зовкх к1еззиг [х1ума] ду [шуна] , эхарт тоьлуш [г1óли] ду шá [Дéлан 1áзапах] кхийринчунна . Шуна хáрцó йийр яц [х1уьнан] моьрдагел [чкъóрел].
78.Шу миччахьá делахь а , даларó лóцур [ма] ду шу , [нуьцкъала] йоьг1начу б1аьвнашчохь шу хилчá а . Шайна т1е [цхьа] дика деача цáра óлу :»Х1ара Аллах1ан гергара ду» , ткъа шайна т1е [цхьа] вон деача цáра óлу :»Х1ара хьоьгара ду [х1ай Мухьаммад]». Ахьа [цáрга] áла :»Массó [хумá] ду Аллах1ан гергара». Х1ун ду тé х1окху къóмана [хилларг] , уьш герга [ма] бац [шайга] дуьйцучух кхéта ?!
79.Хьýна т1едеана [массó] дика — Аллах1éра ду , [ткъа] хьýна т1едеана [массó] вон — хьоьгара ду . Óха хьо нáхана ваийтина элча хилла . Аллах1 тоьур ву [цу т1ехь] теш .
80.Элчанна муьт1ахь верг — бакъдолуш Аллах1ан муьт1ахь хилла , ткъа шá д1авирзинарг — Óха хьо ца ваийтина цáрна т1ехь г1áрол [дан].
81.Цáра óлу :»[тхоьгара] Муьт1ахьалла [ду хьýна]». Ткъа хьо волчура áрабоьвлча , цáрех [цхьана] тóбанó буьйсана [хьулдо] дагалоьцу ахьа [шайга] бóхуш дерг дóцург . Аллах1а д1аяздо цáра буьйсана дагалоьцург . Хьо д1аверза цáрех [уьш 1аддабитé] , Аллах1ан т1етовжа . Аллах1 тоьур ву т1етовжарехь .
82.Къуръáнан [чулáцаман] ойла ца йо тé цáра ?! Аллах1 вóцучунгара и делхьáра , цáрна цу чохь [маь1нийн] дуккхá цхьанацадáр карор ма дара 83.Шайна т1е цхьа г1уллакх деача — кхéрамзаллах [доьзна хуьлийла и] йа кхéрамаллах [хуьлийла] — [сихха] нáхаладоккху цáра и [хабар] . Цáра и [хабар] дерзийнéхьара элчанга , йа шайха [болчу] омрун [кхéтам] дайшка , и [даржó оьшу йа ца оьшу] хуур ма дара цáрех шаьш цунна т1екхиа г1ертачáрна . Шуна т1ехь Аллах1ан комаьршаллá а , Цуьнан къинхéтам а бáцахьáра , шайт1анна т1аьхьах1уьттур ма дара шу — к1еззиг дóцурш .
84.Т1ом-бé Аллах1ан новкъахь ! Хьан дéг1ах бен жоьпалла вац хьо , муъманах [т1аман] иракарах1иттабé . Аллах1 герга ву [Шех] цатешначéран [т1еман] ницкъ бухатóха , Аллах1 ч1óг1а ву ницкъехь а , ч1óг1а ву та1зарехь а . 85.Шá дикачу т1ех1оттарца [нáхана] т1ех1оьттинарг [милла велахь] , цунна хир ду цуьнах [цхьа мéлан] дáкъа , ткъа шá вóчу т1ех1оттарца [вонна] т1ех1оьттинарг [милла велахь] , цунна хир ду цуьнах [цхьа къинан] дáкъа . Аллах1 хилла массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш .
86.Шайга [цхьамма] салам делча , аша [цуьнга] салам лó цул тоьлучунца , йа изза юхалó ! Баккъалла а Аллах1 хилла массó х1уманна т1ехь хьéсапхó .
87.Аллах1 — кхин дéла вац Изá бен . [Дéлóра] Цó шу гулдийр ма ду къéмата дийнé , шéкó яц цуьнгахь . Мила ву дашехь Аллах1ал сов бакъ [верг] ?!
88.Х1унда ду шу мунéпикъийн хьокъехь шиъ тóба ? Аллах1а уьш [шайн хьóлé] берзийна цáра [1éсаллех] гулдинарг бахьанехь . Аллах1а шá тилийнарг нисван лаьашшам дац шу ? Аллах1а шá тилош верг [милла велахь] , хьýна карор ма бац цунна [нисвала] некъ .
89.Цáрна лиара шу [Дéлах] цатéша , шаьш ма-цатешшара , т1аккха шу цхьатерра хир дара [цатéшарехь] . Аша ма лéца цáрех доттаг1ий , уьш [Дéлах тешна] Аллах1ан новкъахь махкахабовллалц . Ткъа уьш [иймáнах] юхабовлахь , т1аккха аша схьалéца уьш , шайна карийначохь байъа уьш . Аша ма лáца цáрех вéрас а , ма [лáца] г1оьнчá а ,
90.шаьш д1акхетнарш бóцурш [цхьана] къóмах , цуннá а шунá а юкъахь барт болчу , йа шаьш шу долчу баьхкинарш бóцурш , [бакъдолуш] шайн кийранаш гатбеллá болуш , [шайн къóмаца цхьана] шоьца т1омбарх а , йа [шоьца цхьана] шайн къóмаца т1омбарх а . Аллах1ана лиънéхьáра Цó шуна т1ех1иттийна [т1елатийтана] хир ма бара уьш , т1аккха цáра шоьца т1ом бина хир ма бара . Ткъа уьш шуна гéнабоьвллехь , цáра шоьца т1ом ца бинехь , цáра шоьга мáшар кховдийнехь , т1аккха Аллах1а шуна ца бина цáрна т1ехь [та1зардан] некъ .
91.Шуна карор бу кхиберш [мунéпикъаш] шоьца [шу лéдина] тéшамé хилá а , шайн къóмаца тéшамé хилá а лууш . Шаьш [Дéлаца декъахóваран] питанé мел кхойкху , цу чу эгна уьш . Ткъа уьш шуна гéна ца боьвллехь , цáра шоьга мáшар ца кховдийнехь , [шоьца т1омбарх] цáра шайн куьйгаш ца совцийнехь , т1аккха аша [йийсар беш] схьалéца уьш , байъа уьш шайна уьш карабаьхкинчохь . Уьш — Óха бина шуна царна т1ехь [та1зардан] билгала бух .
92.Муъмастагана [бакъó] ца хилла муъмастаг вен , цахууш [галваьлла] бен . Ткъа шá муъмастаг цахууш вийнарг [милла велахь] , муъма лай [лоллех] маьршаваккхар а , цуьнан охлунна луш долу «дийат» [даьхни д1адалар] а ду [цунна т1ехь] , цáра [цунна шá] сáг1адеш [гечдеш] дóцург . Ткъа и [вийнарг] хиллехь шун мостаг1 [долчу] къóмах , [шá] муъмастаг волуш , т1аккха муъма лай [лоллех] маьршаваккхар ду [цунна т1ехь] . Ткъа и [вийнарг] хиллехь шунá а , шайнá а юкъахь бартболчу къóмах , т1аккха цуьнан охлунна луш долу «дийат» [даьхни д1адалар] а , муъма лай [лоллех] маьршаваккхар а ду [цунна т1ехь] . Ткъа шá [лай] ца карийнарг [милла велахь] , т1етт1а шиъ бутт марханаш кхáбар ду [цунна т1ехь] , Аллах1éра гечдар дéхархьама . Аллах1 ву хууш , кхéтамé .
93.Шá хуушехь муъмастаг вуьйш верг [милла велахь] , цуьнан бéкхам жоьжахати ю , [шá] цу чохь гуттар лаьтташ . Аллах1 цунна оьг1азвахана , цунна не1алт аьлла , цунна доккха 1áзап кечдина .
94.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Аллах1ан новкъахь [г1áзот дан] шу áрадоьвлача , [шаьш вуьйш верг мила ву] билгалдáккха [шайна] , аша ма áла шайга мáшар кховдийначунга :»Муъма вац хьо» , шаьш [и верца] дуьнéнан дáхаран тарó лоьхуш , Аллах1ан гергахь ю [шуна] шорта х1онсаш . Иштта хилла хьалха шý а . [х1еттé] Аллах1а дика дина шуна . Билгалдаккха [Дéлан дика] ! Баккъалла а Аллах1 ву аша дийриг хууш .
95.Цхьатерра бац муъманáхах [шаьш] заь1апаллин [бехказлон] дай бóцуш [г1áзóтах] бухабисинарш а , Аллах1ан новкъахь шайн даьхнешцá а , шайн дог1машцá а [г1áзот дарца] къахьоьгурш а . Аллах1а даржехь сов баьхна шайн даьхнешцá а , шайн дог1машцá а [г1áзотдеш] къахьоьгурш [г1áзóтах] бухабисинчáрна т1ехь . Аллах1а ч1áг1ó йина массáрнá [ялсаманин] диканца —
96.Шéгара даржашцá а , гечдарцá а , къинхéтамцá а . Аллах1 ву гечдеш , къинхéтамé .
97.Баккъаллá а шаьш , шайн дог1машна зуламé болуш , [саоьцу] малийкаш д1акхалхийнарш [х1аллак хилла] , цáра [малийкаш] элира :»Муьлхачу хьóлехь дара шу [шайн динах] ?» Цáра элира :»Тхо дара дуьнéнахь г1óрасиза». Цáра [малийкаша] элира :»Аллах1ан латта шуьйра дáцара ткъа , т1аккха аша цу чохь кхалхар [х1ижрат] дан ?» Уьш — цéран чуг1ойла жоьжахати ю , ма вон хилла-кх [и] берзарехь .
98.Стегарех а , зударех а , бéрех а г1óрасиза берш бóцурш , [х1ижрат дан] шайна х1илла ца далуш , [нийса] некъ ца карош [болу].
99.Уьш — Аллах1 цáрна къинт1éра вáла герга ву . Аллах1 ву къинт1éра вóлург , гечдийриг .
100.Шá Аллах1ан новкъахь [Дéлан дуьхьа] махках вóлург [милла велахь] , цунна карор ю дуккхá кхалха меттигаш а , [рицкъан] шортó а . Шá шен ц1éра Аллахé а , Цýьнан элчанé а кхелхаш áравóлург [милла велахь] , цул т1аьхьа [нéкъахь] цунна т1е валар деача , т1аккха бакъдолуш цуьнан йáл Аллах1ана т1ейоьжна . Аллах1 ву гечдийриг , къинхéтамениг .
101.Шу лаьттахула [генна] д1асхьадахча , шуна т1ехь къа дац аша лáмаз дацдарехь , [нагахь санна] шу кхийранехь шаьш [Дéлах] цатешначáра [т1елетна] шу питнé дарна . Баккъалла а [Дéлах] цатешнарш хилла шуна билгала мостаг1 .
102.Хьо цáрна юккъехь волуш , цáрна [хьалха ваьлла] ахьа лáмаз динехь , цáрех цхьа тóба хьоьца д1ах1оттийла , цáра схьаоьцийла шайн герзаш . Ткъа шаьш сужда [цхьа рака1ат] дина [даьлча шу лардан] шуна т1éхьа [д1ах1иттан] хулийла уьш , [т1аккха] лáмаз цадина [йолу] кхин тóба йóг1ийла , хьоьца лáмаз дойла цáра , ларлойла уьш , шайн герзаш схьаоьцийла ! Шаьш [Дéлах] цатешначáрна лиира [шу ламазна д1ах1иттача] шайн герзех а , г1ирсех а шу чидамза [тергамза] хилар , т1аккха шуна т1ег1оьртар бара уьш цхьана т1ег1ортарца . Шуна т1ехь къа дац , [нагахь санна] шуна дог1анах [цхьа] новкъарлó елахь , йа шу цомгуш делахь , ашп шайн герзаш охьадехкарехь . Ларлойла шу . Баккъалла а Аллах1а кечдина [Шех] цатешначáрна [уьш] сийсаза [бен] 1áзап .
103.Шаьш лáмаз дина доьвлача , Аллах1 хьахавéлуш ирахь а , охьахевшинá а , шайн аг1óнаш т1ехь [д1атевжина] а . Ткъа шаьш [кхéрамах] маьршадоьвлача , т1аккха ашп [дуьззана] лáмаз [х1отта] дé , баккъалла а лáмаз хилла муъманáхана хан тоьхна т1едиллина .
104.Шу г1ел ма лó [керста] нáх [х1аллакбан] лахарехь . Шу [чевнаш] лазош делахь , баккъалла а уьш ма бу [цáра] лазош шу лаза ма-дарра [х1еттé а юха ца бовлу] . Аша догдóху Аллах1éра , цáра шéга дог ца дóхучунга . Аллах1 ву хууш , кхéтамé .
105.Баккъалла а Óха доссийна хьоьга [Къуръáн] жайна [шá] бакъонца [долуш] , хьоьга нáхана юккъехь кхел йайтархьама Аллах1а хьайна [цу чохь] гайтанчунца . Хьо ма хила йáмартхошна [т1ех1оьттина] довхо .
106.Аллах1é гечдардéха ! Баккъалла а Аллах1 ву гечдеш , къинхéтамé .
107.Хьо къийса ма лó шайн дог1машна шаьш йáмарта хуьлучéран дуьхьа . Баккъалла а Аллах1ана ца вéза шá [дукха] йáмарта , къинош лéтош хилларг .
108.Нáхах хьулло уьш , Аллах1ах ца хьулло , Иза цáрца ву , цáра буьйсана Иза рéза вóцу къамел дуьйцучу хéнá . Аллах1 ву цáра дечунна [хаарца] гó биллина .
109.Х1ай [нáх] шу ду-кх х1орш , дуьнéнан дáхарехь цéран дуьхьа къийсаделларш . Ткъа къéмата дийнахь Аллах1аца хьá къуьйсур ду цéран дуьхьа ? Мила хир ву цáрна т1ехь векал [вéрас] ?
110.Шá вóниг деш , йа шен дéг1ана зулам деш [милла велахь] , цул т1аьхьа цó Аллах1é гечдар дéхча , цунна карор ву Аллах1 гечдеш , къинхéтам беш .
111.Шá къа-деш [милла велахь] , баккъалла а шен дéг1ана деш ду цо и . Баккъалла а Аллах1 ву хууш , кхéтамé .
112.Шá хатар [г1áлат] , йа къа-деш [милла велахь] , цул т1аьхьа и бехкбóцучунна т1етоьттуш , т1аккха бакъдолуш цó [шéна] т1елаьцна харцдерг а , билгала къá а .
113.Хьýна т1éра Аллах1ан комаьршаллá а , Цуьнан къинхéтам а ца хиллехь , цáрех [цхьа] тóба г1оьртина хир ма яра хьо [бакъóнах] тилó . [амма] Цáра шайн дог1маш бен тилор дац , хьýна х1уммá а зен дийр дац . Аллах1а доссийна хьýна т1е жайнá а , кхéтам а . Цó хьýна 1áмийна шá хьýна ца хууш хилларг . Хьýна т1éра Аллах1ан комаьршалла ю [вунó] йоккха .
114.[цхьá] Хайр дац цáра къайлаха дуьйцучу дукхах долчу къамéлашкахь , шá сáг1а даларцá а , диканца [девзинчунца] а , нáхана юкъахь масла1ат дарца а омар деш [дуьйцуш] дóцучунгахь . Ткъа [шéна] Аллах1 рéза хилар лоьхуш шá и [хьахийнарг] деш верг [милла велахь] , Óха цунна лур ю [вунó] йоккха йáл .
115.Нийса некъ шéна билгала баьллачул т1аьхьа шá элчанна дуьхьалó еш верг а , муъманéхан бóцучу нéкъана т1аьхьах1уттуш верг [милла велахь] а , Óха иза верзор ву [тиларах] шá вирзанчу [нéкъа] т1е , Óха вохуьйтур ву иза жоьжахати чу . Вон хилла и [некъ] воьрзийлехь .
116.Баккъалла а Аллах1а геч ца до Шéца декъахó вар , Цó гечдо и дóцург Шéна луучунна . Ткъа шá Аллах1аца декъахó веш верг [милла велахь] , бакъдолуш и тилла геннарчу тиларца .
117.Цáра ца кхойкху — И [Аллах1 1адда] витина — стешкá бен , цáра ца кхойкху 1éсадаьллачу шайт1анé бен .
118.Аллах1а не1алт аьлла цунна , цó [Иблийсó] элира :»[Хьан сийлаллóра] Аса схьаоьцур ма ду [сайна] Хьан лешха [схьаэца] тарлуш долу дáкъа .
119.[Хьан сийлаллóра] Аса уьш [бакъóнах] тилор ма бу , аса цáрга [кхóчуш хир бóцучу сатийсамашка] сатуьйсуьйтур ма ду , аса цáрга [дохкóбовлар д1ататтарца] омар дийр ма ду , цáра хéдадойла [шайн] хьайбан лергаш [даа ца магаран билгалонна] , аса цáрга омар дийр ма ду , цáра хуьйцийла Аллах1ан кхоллам !» Аллах1 [1адда] витина , шá шайт1а [шен] дéла лóцург [милла велахь] , бакъдолуш эшна иза билгалчу эшарца .
120.Цáрна ч1áг1ó йо цó , цáрга сатуьйсуьйту цó . [амма] Цó цáрна ч1áг1ó [ма] ца йо 1éхорца бен .
121.Уьш — цéран чуг1ойла жоьжахати ю . Цáрна карор яц цуьнах к1елхьарбовлийла .
122.Шаьш [Дéлах] тешна , дика 1амалаш йинарш , Óха уьш бохуьйтур бу шайна к1елахула тáтóлаш лéлачу [ялсаманин] бошмашка , гуттар цу чохь лаьтташ , Аллах1ан ч1áг1онца бакъйолчу . Мила ву къамéлехь Аллах1ал сов бакъ ?!
123.Дáц и [г1уллакх] шун сатийсамашцá а , дáц жайнан охлун сатийсамашцá а [дихкина] . Шá вóниг деш верг [милла велахь] , цунца бéкхам бийр бу цунна , цуна карор вац Аллах1 вóцург вéрас а , [карор] вац г1оьнчá а .
124.Боьршачух , йа стéчух шá дика 1амалш еш верг [милла велахь] , шá муъмастаг волуш , уьш — ялсаманú чуг1ýр бу , цáрна хáрцó йийр яц [хурман леган] хоршал а .
125.Мила ву динехь г1óли , шá дикадеш волуш шен юьхь Аллах1ана муьт1ахь йинчул а , [бáкъóнга] туьйжуш Ибрáх1иман динна т1аьхьаваьзначул а ? Аллах1а лéцира Ибрáх1им доттаг1 .
126.Аллах1ан [дóлахь] ду шá стигланашкахь а , шá лаьттахь а [мел] дерг . Аллах1 ву массó х1уманна гó биллина .
127.Зударийн хьокъехь сацам боьху цáра хьоьга . Ахь áла [цáрга] :»Шуна цéран хьокъехь сацам лó Аллах1á а , жайнахь шуна доьшучó а — зудбéрех байлахь бисанчéран хьокъехь а , [Дáла] цáрна [шерéтах] яздинарг аша шайна д1а ца луш болу шайна уьш бáлон лууш , бéрех г1ийлачéран хьокъехь а , [Цó шоьга омар до] байшна [шеретехь] нийсóярца шу д1ах1иттарцá а . Аша [цхьа] дика дахь , баккъалла а Аллах1 и хууш ву».
128.[нагахь санна] Зуда шен майра [шéца] галморзахвáларх [эг1арх] , йа херваларх кхийранехь , т1аккха цáршинна къа дац шайна юккъехь цáршимма масла1атца барт барх . Барт [девнал] г1óлú бу . [Дáла] Синошчу сутаралла йиллина [Шá уьш кхуллуш] . [ткъа] Шу [шайн зударшца] дика хилахь , [цáрна зуламдарх] кхéрахь , [т1аккха] баккъалла а Аллах1 ву аша дийриг девзаш [хууш].
129.Шун [цкъá а] ницкъ кхóчур ма бац зударшна юккъехь нийсó ян , шуна [мел] ч1óг1а лиънехь а . Шу ма тийжийла [цáрех цхьанга] дуьззана товжарца , т1аккха аш и [важа] юьтур ю д1атеснарг санна . Ткъа аша [хьал] нисдахь , [зуламдарх] кхéрахь , т1аккха баккъалла а Аллах1 ву гечдеш , къинхéтам беш .
130.Ткъа и шиъ д1асакъáстахь , [т1аккха] Аллах1а х1óраннá кхáчó йийр ю Шен шортóнах . Аллах1 ву шортó йолуш , кхéтамé .
131.Аллах1ан [дóлахь] ду шá стигланашкахь а , шá лаьттахь а [мел] дерг . [Дéлóра] Óха весет [ма] дира шоьл хьáлха шайна жайна деллачáргá а , шоьгá а Аллах1ах кхéрарца . Ткъа шу [Дéлах] цатешахь , баккъалла а Аллах1ан [дóлахь ма] ду шá стигланашкахь а , шá лаьттахь а [мел] дерг . Аллах1 ву кхáчамé , хастамé .
132.Аллах1ан [дóлахь] ду шá стигланашкахь а , шá лаьттахь а [мел] дерг . Аллах1 тоьур ву 1уналлехь .
133.Шéна лаахь шу [дуьненчура] д1атилор ду Цó , х1ай нáх , [т1аккха] кхинаш бáлор бу . Аллах1 ву цу т1ехь ницкъ кхóчуш .
134.Шá [шен 1амалца] дуьнéнан ял éзаш хилларг [милла велахь] , Аллах1ан гергахь дуьнéнан а , эхартан а ял [ма] ю [éзачунна , эхарт х1унда ца лоьху цó ?] . Аллах1 ву хезаш , гуш .
135.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Шу хила нийсонца д1ах1иттана , Аллах1ан доьхьа тéшаш , и [тоьшалла] делахь а шайн дог1машнá а , йа дéна-нáннá а , гергарчáрнá а т1ехь . Иза тарó йолуш , йа къé велахь а [тоьшалла дойла цó цунна дуьхьал] , Аллах1 [шоьл] хьáлха [ма] ву цáршинца [дика хиларехь] . Шу т1аьхьа ма дáза [óзабéзамца шайн] дéг1ан лаамна [бáкъóнах] д1атовжархьама . [тоьшаллехь] Аша кéгари бахь , йа [и дарх] шу д1адерзахь , баккъалла а Аллах1 ву аша дийриг девзаш [хууш].
136.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Шу тéша Аллах1ах а , Цуьнан элчанах а , Цó Шен элчанна т1едоссийначу жайнах а , [цул] хьалха Цó доссийначу жайнах а ! Шá Аллах1ах а , Цуьнан малийкашах а , Цуьнан жайнашах а , Цуьнан элчанашах а , т1аьхьарчу [къéмат] дийнах а цатешнарг [милла велахь] , бакъдолуш и тилла генначу тиларца .
137.Баккъалла а шаьш [Дéлах] тешна , т1аккха керстаналла динарш , т1аккха [юхá а] тешна , юхá а керстаналла динарш , цул т1аьхьа керстаналлехь сов бевлларш [муьлш белахь] , Аллах1 вац цáрна гечдийр долуш а , уьш [нийса] новкъа нисбийр болуш а .
138.Мунéпикъашка кхаъ баккха , баккъалла а цáрна [къéмат дийнахь] лозош [долу] 1áзап хирг хиларца ,
139.шаьш керстанаш доттаг1ий лоьцуш болу , муъманах [1адда] битина . Цáрна гергахь сийлалла лоьху [тов] цáра ? Баккъалла а сийлалла Аллах1ан [ма] ю ерриге .
140.Цó жайнахь шуна т1едоссийна , [нагахь] баккъалла а шуна хезнехь Аллах1ан áйаташ — [нáха] шайца керстаналла деш а , шайха кхаьрдаш а — шу цáрца охьа ма ховша , уьш кхéчу къамел т1ебовллалц . Баккъалла а шу [цáрца охьаховшахь] т1аккха [шу] цáрех терра [къилахь] ду . Баккъалла а Аллах1а д1агулбийр бу мунéпикъаш а , керстанаш а жоьжахатехь — [уьш] берригé .
141.Шаьш шоьга [цхьа вóниг дáрé] хьоьжуш болу . Ткъа шуна Аллах1éра [цхьа] тóлам хилча , цáра óлу :»Тхó дáцара [тов] шоьца ?» Ткъа керстанашна [цхьа] дáкъа хилча , цáра óлу :»Óха [хьалха] эша цадинéра шу [делахь цадайъаркх óха шу] , óха лар ца дира шу муъманáхах ?» Аллах1а кхелйийр ю шуна юккъехь къéмата дийнахь . Аллах1а [цкъá а] бийр ма бац муъманáхана т1ехь керстанашна [цхьá] некъ .
142.Баккъалла а мунéпикъаш [ийман гучудаккхарца] Аллах1 леван г1ерта , Иза ву уьш [шайн хьолах 1éхабалийтарца] лéбеш . Шаьш ламазна х1иттича , малончаш болуш х1уьтту уьш , нáхана моттарг1анаш лéлош , Аллах1 к1еззиг бен ца хьахош ,
143.[шаьш ойланашкахь] техкаш цу [ийманнá , керстаналлúнá] юккъехь [боьхна хьийзарна] , х1окхáрах [д1акхеттá] бóцуш , [йа] вýкхáрах [д1акхеттá] бóцуш . Аллах1а [шá] тилóш верг [милла велахь] , хьýна [цкъá а] карор ма бац цунна [нийса] некъ .
144.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Ма лéца керстанаш доттаг1ий муъманáх [1аддá] битина ! Шу лууш ду ткъа Аллах1ана шайна т1ехь [та1зар дан] билгала бух бан ?!
145.Баккъалла а мунéпикъаш [жоьжахатин] ц1еран [т1éг1анийн] уггар лахарчу т1éг1анехь [бухехь хир ма] бу , хьýна карор ма вац цáрна [цхьá] г1оьнча .
146.Шаьш [лéлийначунна] дохкóбевлла , диканаш дина , Аллах1ах тасабелла , шайн дин [лéлор] доггах [моттарг1анаш йóцуш] Аллах1ана [доьхьа] динарш бóцурш . Ткъа уьш — муъманáхаца [ялсаманехь хир] бу , Аллах1а [цу чохь] муъманáхана йоккха ял лур [йолуш] ю .
147.Х1ун до Аллах1а шуна 1áзап дарца ?! Аша [Цуьнан зовкхашна] баркаллá аьлча , шу [Цунах тéшá] тешча [т1аккха шуна 1áзап дан хьаштó ма яц] . Аллах1 [ма] ву [аша динчу диканна] баркаллé , [Шен лéшан хьéлаш] хууш .
148.Аллах1ана ца дéза [нáха] къамéлах вóниг гучудáккхар , шéна [цхьамма] зулам динчó [гучудоккхург] бен . Аллах1 ву хезаш , хууш .
149.Ашa диканиг гучудаккхахь , йа аш и къайладаккхахь , йа вóчунна шу къинт1éра довлахь , баккъалла а Аллах1 ву гечдеш , ницкъ кхóчуш .
150.Баккъалла а шаьш Аллах1ах а , Цуьнан элчанех а цатéшарш , Аллах1анá а , Цуьнан элчанашнá а юккъехь къестамаш бан луурш , шаьш óлурш :»[элчанех] Цхьаболчáрех тéша тхо , вýкхáрех цатéша тхо» , [шайна] цу юккъехь [боьду] некъ лáца луурш —
151.уьш бу уьш бакъ болу керстанаш . Óха кечдина керстанашна [уьш] сийсаза [бен] 1áзап .
152.Шаьш Аллах1ах а , Цуьнан элчанех а тешнарш , цáрех цхьаннé юккъехь къестамаш ца бинарш , уьш — Цó цáрна шайн éлаш лур ю . Аллах1 ву гечдеш , къинхéтамé .
153.Жайнан ох1лунó хьоьга доьху ахьa шайна т1е стиглара жайна доссор . [ткъа хьо цу дéхарх цецваьллехь] Бакъдолуш цáра [жуьгташа] Мýсáга цул доккханиг дехнéра , цáра элира :»Гайтахь тхýна Аллах1 б1аьргана гучохь» , т1аккха уьш лéцира стéлахаьштиго цéран зулам бахьанехь . Т1аккха эса [дéла вина] лéцира цáра , шайна билгалóнаш яьхкинчул т1аьхьа . Óха гечдира [цáрна] и . Óха делира Мýсáна [цáрна т1ехь] билгала хьаькамалла .
154.Цéран ч1áг1ó бахьанехь [уьш кхéрабалийта] цáрна т1ехула [Сийнáъ] лам айбина , Óха цáрга элира :»Чоьхьадовла не1арéхула [шаьш] гордахна [долуш] !» [иштта] Óха цáрга элира :»Т1ехмадийла шоьтан дийнахь [ч1éрий лéцарца] !» Óха ийцира цáргара 1алáмат ч1óг1а [буьрса] ч1áг1ó .
155.[Óха цáрна наь1алт аьлла] Цáра шайн ч1áг1ó йóхорнá а , цáра Аллах1ан áяташца керстаналла дарнá а , цáра [цхьá] бакъó йóцуш пайхамараш байъарнá а , цáра áларнá а :»Тхан дегнаш аьрта [къиза] ду». Мелхó а цáра керстаналла дарна Аллах1а мух1ар тоьхна цáрна т1е , уьш цатéша к1еззиг [ханна] бен .
156.[иштта] Цáра керстаналла дарнá а , цáра Марйаман т1ехь доккха харцдерг áларнá а .
157.Цáра [куралла еш] áларнá а :»Баккъалла а óха вийна Марйаман к1ант 1ийсá — Аллах1ан элча». Цáра [вен] ца вийна иза , [йа] цáра [ж1áра т1е] д1áцатоьхна иза , делахь а цáрна [1ийсáх] тарвалийтина и [шаьш вийнарг] . Баккъалла а шаьш цуьнгахь бéкъабелларш , цунах [хиллачух] шек ма бу . Цáргахь дац цунца [хиллачух цхьá] хаар , [шайна] моьттучунна т1аьхьах1иттар бен . Цáра ца вийна иза , боккъалаъ а .
158.Мелхó а Аллах1а [стигал] хьалаваьккхина иза . Аллах1 ву сийлахь , кхéтам дá .
159.Жайнан ох1лунах [цхьá] вац , [Дéлóра] шá валалé цунах тéшар вóцург [амма пайден дац и ийман] . Къéмата дийнахь и хир ву цáрна т1ехь теш .
160.Шаьш жуьгтийн динехь болчáргара [даьллачу] зуламнá а , цáра дуккхá [нах] Аллах1ан нéкъах бóхорнá а Óха хьáрам дира цáрна ц1енадерш [тáмехь дерш , хьалха] цáрна хьáнал дина [хилла] долу .
161.Цáра [духалург деллачу даьхний т1éра] ял эцарнá а , бакъдолуш [Дáла Товрат чохь] дихкинéра цáрна и , [иштта] цáра харцонца нéхан даьхнеш даарнá а . Óха кечдина керстанашна лазош [долу] 1áзап .
162.Дéлахь а цáрех 1илмангахь к1оргé баханарш а , муъманáх а тéшаш бу хьоьга доссийначух а , хьоьл хьалха доссийначух а . Лáмаз х1оттóраш а , закат лурш а , Аллах1ах , т1аьхьарчу [эхарт] дийнах тéшарш а , уьш — Óха цáрна лур ю йоккха ял .
163.Баккъалла а Óха хьоьга [хьан дагчу] хьехна , Тхаьш ма-хьеххара Нýхьé а , цул т1аьхьа [баьхкинчу] пайхамаршкá а . [иштта] Óха хьехна Ибрáх1имé а , Исмá1илé а , Исхьáкъé а , Я1къýбé а , [цуьнан] т1аьхьéнашкá а , 1úсáгá а , Аюбé а , Юнусé а , Х1áрýнé а , Сулаймáнé а . Óха делира Дáвýдé Забýр [жайна].
164.[Óха бахкийтина] Бакъдолуш Тхаьш хьоьга хьалха бийцина элчанаш а , хьоьга ца бийцина элчанаш а . Аллах1 вистхилла Мýсáца [цхьá юкъарлó йóцуш] вистхиларца .
165.Элчанаш [бахкийтина Óха] кхаьънаш дóхуш а , [та1зар хирг хилар] д1ахьéдеш а адамийн Аллах1ана дуьхьал [бáккха] элчанашал т1аьхьа [цхьá] бух ца хилийтархьама . Аллах1 ву сийлахь , кхéтамé .
166.[цáра тоьшалла ца дарх] Делахь а Аллах1а тоьшалла до Шá хьоьга доссийначунца . Цó и доссийна Шен хаарца . Малийкаша а до [хьýна] тоьшалла . Аллах1 тоьуш ву [цу т1ехь] теш .
167.Баккъалла а шаьш [Дéлах] цатешнарш а , Аллах1ан нéкъах нах бухатоьхнарш а , бакъдолуш уьш тилла геннарчу тиларца .
168.Баккъалла а шаьш [Дéлах] цатешнарш а , зулам динарш а [шайн хьал т1ехь мел бу] , Аллах1 вац Шá цáрна гечдийр долуш а , Шá уьш [нийсачу] новкъа [т1е] нисбийр болуш а .
169.Жоьжахати новкъа бен , [шаьш] цу чохь гуттар лаьттар болуш . И ду Аллах1ана атта .
170.Х1ай нáх ! Бакъдолуш элча веана шуна , шун Дéлéра бакъонца , тéша [цунах и] г1óлú [хир] ду шуна . Шу [цунах] цатéшахь , баккъалла а Аллах1ан [дóлахь] ду стигланашкахь а , лаьттахь а [мел] дерг . Аллах1 ву хууш , кхéтамé .
171.Х1ай жайнан ох1лу ! Т1ех ма дийла шайн динехь , ма áла Аллах1ан т1ехь бакъдерг бен ! Баккъалла а Марьяман к1ант Масийхь — 1ийсá Аллах1ан элчá а , Цó шá [Жабраилéхула] Марьямé кхáчийна [долу] , Цуьнан [«Кун» — хила — боху] дош а , Цуьнгара сá а ду . Тéша Аллах1ах а , Цуьнан элчанех а ! Ма áла :»[уьш] Кхоъ [ву]» ! Совца , [и] г1óлú [хир] ду шуна ! Баккъалла а Аллах1 — цхьаъ Дéла ву , ц1ена ву Иза Шен бéр хиларх . Цуьнан [дóлахь] ду стигланашкахь а , лаьттахь а [мел] дерг . Аллах1 тоьур ву [цу т1ехь] векал .
172.»Масийхь» [цкъá а] вазлур ма вац шá Аллах1ан лай хиларх , [дазлур] дац [Дáла Шéна гергаоьзна [долу] малийкаш а . Шá Цуна 1ибáдат дарх вазлург а , куралла йийриг а [милла велахь] , Цó уьш [эхартахь] Шéна т1е гулбийр бу — берригé .
173.Амма шаьш [Дéлах] тешнарш а , диканаш динарш а , Цó цáрна кхоччуш д1алур ю шайн [1амалийн] éлаш , Цо уьш сов бóхур бу Шен комаьршаллах . Амма шаьш [Дáлла 1ибáдат дарх] базбелларш а , куралла йинарш а , Цó цáрна дийр ду [уьш] лазош [долу] 1áзап . Цáрна карор вац Аллах1 вóцург вéрас а , [карор] вац г1оьнчá а .
174.Х1ай нáх ! Бакъдолуш шуна шун Дéлéра [тоьшалла] бух беана . Óха шоьга билгала серлó йоссийна .
175.Амма шаьш Аллах1ах тешнарш , Цунах тасабелларш , Цó уьш Шéгара [болчу] къинхéтамчý а , комаьршаллийчý а бохуьйтур бу , Шéна т1е [бóг1учу] нийсачу новкъá а нисбийр бу .
176.Хьоьга [уллéра гергарниг вóцучун хьокъехь шар1ан] сацам боьху цáра , ахь áла :»Аллах1а сацам бо шуна уллéра гергарниг [бер , йа дá] вóцучун хьокъехь . [нагахь цхьа] Стаг веллехь , шен [цхьá] бер [йа дá-нáнá] дóцуш , [делахь] шен [цхьа] йиша йолуш , т1аккха цунна цо бухадитанчух áх [дáкъа дóг1уш] ду , [иштта] цó [вашас] а оьцу цунах [шен йишех] ирс цуьнан [шá леш] бер ца хиллехь . Ткъа уьш [йижарий] шиъ [йа сов] хиллехь , т1аккха цáршинна кхаа дéкъах ши дáкъа ду цó [вашас] бухадитанчух . Ткъа и [бухадисана] йиша-ваша бóжарий а , зударий а хиллехь , т1аккха бóжана шина стéчунна дóг1учул дáкъа [дóг1уш] ду . Аллах1а билгала до шуна [и хьукманаш] шу [шерет дарехь] тила ца далийтархьама . Аллах1 массó х1ума хууш ву .