3 — Сýрат Áли 1имрáн [1имрáнан доьзал] [Мадúнатехь доьссина ‚ 200 áят ду]
Аллáх1а ц1арца къинхéтаме , къинхéтам беш волу
1.Aлиф-лáм-мúм .
2.Аллах1 [ву] — кхин дéла вац [кхолламехь] Изá бен , [Шá] дийна , [адамийн хьашташна] д1ах1оьттина волу .
3.Цó хьýна т1е бакъонца [дáкъошкахь доссош] жайна доссийна , шел хьалхарниг [шá] бакъдеш . [иштта] Цó доссийна Таврáт а , Инжийл а ,
4.[Къуръáнал] Хьалха , [цу заманара] нáхана нийса некъ хилийта . [иштта] Доссийна [бакъ-хáрц] Къастóриг а . Баккъалла а шаьш Аллах1ан áятех цатешнарш , цáрна ч1óг1а 1áзап [хир] ду . Аллах1 сийлахь , бéкхаман Дá ву .
5.Баккъалла а Аллах1 — Цунах хьуллуш дац цхьá х1ума лаьттахь а , дац стиглахь а .
6.И ву шу [нáнойн] кийранашкахь [тайп-тайпана] кéпé [сибтé] дерзош , Шéна ма-лаъара . Кхин дéла вац [кхолламехь] Изá бен , сийлахь , кхéтамé волу .
7.И ву Шá хьýна т1е жайна доссийнарг , цуьнах ду билгала [долу] áяташ а , уьш жайнан нáна [бух лóруш] ду , вуьйш [маь1наш вовшех] терадерш [билгала дóцурш] а . Амма шайн дегнаш чохь [бакъóнах] д1атовжар дерш , уьш т1аьхьах1уьтту цуьнах [вовшех] тера хиллачáрна , [нáхана] питан дáккха г1ерташ а , и тида г1ерташ а . Цуьнан тидар ца хаа [цхьана] Аллах1ана бен . 1илмангахь к1оргé баханчáра óлу :»Тхо тешна цуьнах [билгала дóцучух] . Дерригé [Къуръáн] тхан Дáлла гергара ду». [делахь] Хьéхам ца оьцу хьéкъалан дайша бен .
8.Х1ай тхан Дéла ! [бакъóнах] Д1а ма товжадéхьа тхан дегнаш , Айхьа тхо [цу т1е] нисдинчул т1аьхьа ! Лóхьа тхуна Хьайгара къинхéтам , баккъалла а Хьо ву-кх луш верг.
9.Х1ай тхан Дéла ! Баккъалла а Хьо ву-кх нáх гулбийриг , шéгахь шекó йóцучу [къéмата] дийнахь . Баккъалла а Аллах1а ца йóхайо [Шен] ч1áг1ó .
10.Баккъалла а шаьш [Дéлах] цатешнарш , цéран даьхнешá а , цéран бéрашá а Аллах1ах [цкъá а] х1уммá а хьалха бóхур ма бац уьш . Уьш бу уьш жоьжахатин ц1éран г1ирс .
11.Фир1авнан ох1лунан а , шаьш цáрел хьалхарачéран а хьóлах терра [ду цéран хьал] , Тхан áяташ харцдира цáра , т1аккха Аллах1а цéран къинош бахьанехь [1áзапца] схьалийцира уьш . Аллах1 та1зар ч1óг1а долуш ву .
12.Ахь áла шаьш [Дéлах] цатешначáрга :»[дуьнéнахь] Эшор ду шу , [эхартахь] жоьжахати чу д1агулдийр ду шу . Ма вон мотт бу-кх и [жоьжахати]».
13.Бакъдолуш [т1амна] дуьхь-дуьхьал кхетначу шина тóбанехь билгалó яра шуна , [цáрех цхьа] тóба Аллах1ан нéкъахь т1ом беш ю , важа [тóба] керста ю . Цáрна [бусулбанашна] уьш [керстанаш] го шайл шозза дукха б1аьргана гарехь . [амма] Аллах1а ч1аг1во Шен г1оьнца Шéна [ч1аг1ван] луург . Баккъалла а цунгахь [хьахийначунгахь йоккха] билгалó ма ю [и ган] б1аьрса долчарна .
14.[Дáла] Адамашна хаздина даггара бéзар зударий а , к1ентий а , дешех а , детех а [гулбина] чот йóцу [дукха] бáхамаш а , хаза [тайна] дойш [говраш] а , даьхнеш а , кхаш а . И [дерригé] дуьнéнан дáхаран зовкх ду . Ткъа Аллах1 — Цунна гергахь хаза воьрзийла ю .
15.Ахь áла :»Асa цул дикадерг дийций шуна ? Шаьш [Дéлах] кхийранчáрна шайн Дáлла гергахь шайна к1елахула тáтóлаш лéлаш йолу бошмаш а , [шаьш] гуттар цу чохь лаьттар болуш , ц1ена [оьзда] зударий а , Аллах1éра [ч1óг1а] рéзахилар а ду . Аллах1 гуш [бевзаш] ву [Шен] лайш ,
16.шаьш óлуш болу :»Х1ай тхан Дéла ! Баккъалла а тхо тешна [Хьоьх] , гечдéхьа тхýна тхан къинош , 1áлашдéхьа тхо [жоьжахатин] ц1еран 1áзапах !»
17.[шаьш] Сóбарé а , бакълуьйш а , муьт1ахь а , харжйеш а , 1уьйкъéнашкахь гечдар доьхуш а болу .
18.Аллах1а тоьшалла дина , баккъалла а кхин дéла ца хиларца Шá бен . [иштта мук1арлонца] Малийкашá а , [тéшарца] 1илман дайшá а [тоьшалла дина] . Нийсонца д1ах1оьттина ву [И Аллах1] . Кхин дéла вац , И [Аллах1] бен , сийлахь , кхéтамé волу .
19.Баккъалла а [бакъ] дин Аллах1ан гергахь Ислам [дин] ду . Шайга жайна делларш бéкъа ма ца белира , шайга 1илма деанчул т1аьхьá бен , шайна юккъéрчу хьаг1-гáмонна . Шá Аллах1ан áятех цатéшарг [милла велахь] , баккъалла а Аллах1 [цуна] хьéсап чехка деш ву .
20.Цáра хьоьца [динехь] къевсинехь , ахь áла :»Аса муьт1ахь йина сайн юьхь Аллах1ана , сýна т1аьхьа [мел] х1оьттинчó а [йина и]». Ахь áла шайга жайна деллачáргá а , цаделлачáргá а :»[Дáлла] Муьт1ахь хиллий шу ?» Ткъа уьш [Цунна] муьт1ахь хиллехь , т1аккха бакъдолуш нийсачу новкъа бевлла уьш , ткъа уьш д1абирзанехь , баккъалла а хьýна т1ехь [дерг , деккъа] д1акхайкхор ду . Аллах1 гуш [бевзаш] ву [Шен] лайш .
21.Баккъалла а шаьш Аллах1ан áятех цатéшарш , цхьá бакъó йóцуш пайхамараш бойъурш , нáхах нийсóнца шаьш омар дийраш бойъурш [муьлш белахь] , ахьа цáрга кхаъ бáккха лазóчу 1áзапца .
22.Уьш шайн 1амалаш [эрна] йайнарш бу дуьнéнахь а , эхартахь а . Цéран бац [1áзап духатóха] г1оьнчий .
23.Хьýна ца гина шайга [Дáла] жайнах [цхьа] дáкъа делларш , Аллах1ан жайне кхойкхуш , цунга цáрна юккъехь кхел йайтархьама ? Т1аккха цáрех [цхьа] тóба д1айоьрзу , шаьш [кхéлана] дуьхьал болуш .
24.И [цéран д1аберзар] , баккъалла а цáра :»Тхоьх [жоьжахатин] ц1е хьакхалур ма яц дагардинчу [масситта] дийношкахь бен» — аьлла дéра ду . Уьш 1éхийра [лéбира] шайн динехь шаьш [харц] кхуллуш хиллачó .
25.Мýха [хир ду цéран хьал] , Óха уьш шéгахь шéко йóцучу [бéкхаман] денна гулбина , х1óра дéг1ана шá гулдинарг кхоччуш д1аделлачу хенахь , цáрна [цхьá] харцó ца еш ?
26.Ахь áла :»Йá Аллах1 ! Х1ай паччахьаллин Паччахь ! Хьайна луучунна паччахьалла ло Ахьа , Хьайна луучунгара паччахьалла схьадоккху Ахьа , Хьайна луург сийлахь во Ахьа , Хьайна луург сийсаза во Ахьа . Хьан карахь [дóлахь] ду [массó] дика . Баккъалла а Хьо массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш [Эла] ву .
27.Буьйса дийнан чуйуллу Ахьа , де буьйсан чудуллу Ахьа [и шиъ хийцадалийтарца] , деллачух дийна дерг схьадоккху [делларг дендо] Ахьа , дийначух делларг схьадоккху [дийнадерг кхалхадо] Ахьа , Хьайна луучунна рицкъа ло Ахьа чот йóцуш [дукха].
28.Ма лéцийла муъманáха керстанаш гергара [шаьш санна болу] муъманáх [1адда] битина ! — Шá [цáрца] и [гергарлó] деш верг [милла велахь] , т1аккха Аллах1éра [гергарлóнах] х1уммá дац [цуна] — Цáрех лардалархьама Шу кхéрар дóцург . Аллах1а Шéца [Шен 1áзапца] кхéрамтосу шуна . Аллах1é ду [шун] дерзар».
29.Ахь áла :»Шайн кийранашкахь [дегнашкахь] дерг аша хьулдичá а , йа аша и гучудаьккхичá а , Аллах1ана хууш ду и . Цуна хаа стигланашкахь [мел] дерг а , лаьттахь [мел] дерг а . Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .
30.Х1óра дéг1ана шá диканах динарг а , шá вóчух динарг а схьадáлийна карор долчу дийнахь луур ду , баккъалла а шéнá а , цуннá а юккъехь геннара хан хулийла . Аллах1а Шéца [Шен 1áзапца] кхéрамтосу шуна . Аллах1 [Шен] лайшха къахéташ ву».
31.Ахь áла :»Шу делахь Аллах1 вéзаш , сýна т1аьхьадáза , [т1аккха] Аллах1ана дéзар ду шу , шун къиношна шуна гечдийр ду Цó . Аллах1 гечдеш , къинхéтамé ву».
32.Ахь áла :»Муьт1ахь хила Аллах1анá а , элчаннá а». Ткъа уьш [муьт1ахьаллех] д1абирзанехь , баккъалла а Аллах1ана ца бéза керстанаш .
33.Баккъалла а Аллах1а [пайхамараллийца] хаьржина Áдам а , Нýхь а , Ибрáх1иман ох1лý а , 1имрáнан ох1лý а 1áламашна т1ехь —
34.Шех цхьаберш вýкхáрех [схьабевлла] болу т1аьхьé . Аллах1 хезаш , хууш ву .
35.1имрáнан зудчó элира :»Х1ай сан Дéла ! Баккъалла а асa Хьýна [1úбáдатна] мукъадаьккхина хьажийна [д1аделла] сайн кийрахь дерг , къóбал дéхьа соьгара [и] . Баккъалла а Хьо хезаш , хууш ву».
36.[к1ант хиларе сатуьйсуш йолу] Шá и [йо1] йинчу хéнахь [бехкала йахна] цó элира :»Х1ай сан Дéла ! Баккъалла а асa йина и стé». Аллах1 вунó дика хууш ву цó йинарг [йо1 юйла] . Бóжа дац стé санна . Баккъалла а асa цуна Марьйам ц1е тиллина . Баккъалла а асa Хьоьца ларйо изá а , цуьнан т1аьхьé а [шéна Хьан] не1алт дахначу шайт1анах».
37.Т1аккха цуьнан Дáла хаза къóбалйарца къóбул йира и , хаза кхиорца кхиийра и , Закрийга цуьнан дóладайтира . Закрий и йолчу х1усамé мел вóг1у , цунна гергахь рицкъа карадóра цунна . Цó [Закрийс] элира :»Х1ай Марьйам ! Мичахьáра [даьлла] ду хьýна х1ара [рицкъа] ?» Цó элира :»Иза Аллах1ан гергара ду . Баккъалла а Аллах1а Шéна луучунна рицкъа ло [цхьа] хьéсап дóцуш».
38.Цигахь кхайкхира Закрийс шен Дéлé , цó элира :»Х1ай сан Дéла ! Лóхьа сýна Хьайгара дика [оьзда] т1аьхьé ! Баккъалла а Хьо , до1а хезаш ву».
39.Т1аккха малийкаша кхайкхира цунга , иза [маьждиган] михьрáб чохь д1ах1оьттина лáмаз деш волуш , баккъалла а Аллах1а кхаъ боккху хьоьга [хьан хир волчу к1антаца] Яхьйáца — [шá] Аллах1éра [долу 1ийса дуьнен т1е вáлар] дош бакъдеш волу , тхьамда [хир] волу , [зударех] вухакхетна волу , диканáхах [схьаваьлла] пайхамар волу .
40.Цó элира :»Х1ай сан Дéла ! Сан мýха хуьлу к1ант , бакъдолуш къáналла т1е ма еана сýна , сан зудá ю бéр ца хуьлуш ?» Цó [Дала] элира :»Иштта , Аллах1а до Шéна луург».
41.Цó [Закрийс] элира :»Х1ай сан Дéла ! Билгалó éхьа сýна !» Цó [Дáла] элира :»Хьан билгалó — кхá дийнахь ишарца бен хьо нáхé вист ца хилар ю . Хьайн Дéла хьахавé дуккхá , вазвé [Иза] суьйраннá а , 1уьйраннá а».
42.Малийкаша элира :»Х1ай Марьйам ! Баккъалла а Аллах1а хаьржина хьо , ц1анйина хьо , [цу зáман] 1áламийн зударашлахь хаьржина [йазйина] хьо .
43.Х1ай Марьйам ! [хьастаелла 1ибáдат дарца] Муьт1ахь хила хьан Дáлла , сужда-дé , руку1 дечáрца руку1-дé !»
44.И [хьахийнарг] къайлахчу хабарех ду , Óха шá хьоьга хьоьхуш . Хьо цáрца вáцара , цáра шайн [палтосу] къóламаш [пхерчий хи чу] кхуьйсучу хéнахь , Марьйаман дóла шайха хьá дийр ду [хьовсуш] , хьо цáрца вáцара цáра къуьйсучу хéнахь .
45.Малийкаша элира :»Х1ай Марьйам ! Баккъалла а Аллах1а кхаъ боккху хьоьга Шéгарчу дашца , цуьнан ц1е «Масийхь» — Марьйаман к1ант 1ийсá ю , дуьнéнахь а , эхартахь юхьк1áмé волуш , [Дáла Шéна] гергаоьзначáрех волуш ,
46.И вист хир ву нáхе áганахь волуш а , воккха волуш а , диканáхах [цхьаъ] хир волуш».
47.Цó элира :»Х1ай сан Дéла ! Мýха хуьлу сан бéра , соьх [цхьá] стаг хьакхавеллá ца хилча ?» Цó элира :»Иштта , Аллах1а кхуллу Шéна [кхолла] луург . Шá [цхьана] белхан сацам бича , баккъалла а Цó óлу цунга :»Хила !» — т1аккха и хуьлу .
48.Цó цуна 1áмор ду йóзá а , кхéтамаллá а , Таврат а , Инжийл а .
49.Исрáилан к1енташка элчá а [вийр ву цунах , шá óлуш] :»Баккъалла а со шоьга веана шун Дéлéра билгалонца — баккъалла а асa шуна поппарх олхазаран санна кеп йийр ю , т1аккха цу чу 1а тýхур ю , т1аккха цунах олхазар хир ду Аллах1ан пурбанца . Асa тóвийр ву б1аьрзéниг а , «прокáза» [цамгар] ерг а , денбийр бу белларш а Аллах1ан пурбанца . Асa шуна дуьйцур ду ашa юучух а , шайн х1усамашкахь ашa хьулдечух а дерг , Баккъалла а цу [хьахийна] чохь , шуна билгалó ма ю , шу маъманáх делахь .
50.[иштта , со шуна веана] Сайл хьалха Таврáтах деанарг бакъдан а , [хьáлха] шуна хьáрам дина [хилла] цхьадерг шуна хьáнал дан а . Со шуна веана шун Дéлéра билгалонца . Аллах1ах кхéра , сýна муьт1ахь хила !
51.Баккъалла а Аллах1 — сан Дéлá а , шун Дéлá а ву , Цунна 1ибáдат-дé . Х1ара бу [шуна] нийса некъ».
52.[шéна] Цáргара [билггала] керстаналла хааделча 1ийсáс элира :»Муьлш бу сан г1оьнчий Аллах1ан т1е [боьдучу новкъахь] ?» [1ийсáн] Нáкъосташа элира :»Тхо ду-кх Аллах1ан [динан] г1оьнчий . Тхо тешна Аллах1ах , тоьшалла дéхьа баккъалла а тхо бусулбанаш [Дáлла муьт1ахь] хиларца !
53.Х1ай тхан Дéла ! Тхо тешна Ахьа доссийначух , тхо т1аьхьадаьзна [Хьан] элчанна [1ийсáна] , д1айаздéхьа тхо [Хьó цхьаъ хиларца] тоьшалла дечáрца [цхьана] !»
54.[1ийсáна] Х1илла дира цáра , Аллах1а [дуьхьал] х1илла дира [цáрна] . Аллах1 ву х1илланчех уггар говзаниг .
55.Аллах1а элира :»Баккъалла а Асa хьо д1акхалхор ву , Сайга хьо хьалавоккхур ву , шаьш [Соьх] цатешначáрех хьо ц1анвийр ву , шаьш хьýна т1аьхьах1иттинарш къéматде дáллалц шаьш [Соьх] цатешначáрна т1ехула бийр бу . Цул т1аьхьа Соьга ду шун дерзар , т1аккха Асa кхел йийр ю шуна юккъехь , шу шéгахь дéкъалуш хиллачунгахь .
56.Амма шаьш [Соьх] цатешнарш , Асa цáрна 1áзап дийр ду ч1óг1ачу 1áзапца дуьнéнахь а , эхартахь а , бáц цéран [и юхатóха] г1оьнчий .
57.Амма шаьш [Соьх] тешнарш , диканаш динарш , Цó цáрна кхоччуш д1алур ю шайн éлаш . Аллах1ана цабéза зуламхой .
58.И [хьахийнарг] , Óха и доьшу хьýна áяташна т1éрá а , кхéтамéчу хьéхамна т1éрá а .
59.Баккъалла а 1ийсан [кхолларан] масал Аллах1ан гергахь Áдаман масалах тера ду . Цó и [Áдаман чáрх] кхоьллира лáттах , цул т1аьхьа элира :»[дийна] Хила» — т1аккха и хилира .
60.[и хьахийнарг] Бакъдерг ду хьан Дéлéра , хьо ма хилалахь [цунах] шекболчáрех .
61.Шá хьоьца цу [1ийсáн] хьокъехь къевсинарг [милла велахь] , хьоьга [цунах дерг] хаар деанчул т1аьхьа , ахьa [цáрга] áла :»Схьадуьйла , кхойкхур бу вай тхан к1ентий а , шун к1ентий а , тхан зударий а , шун зударий а , тхан дог1маш а , шун дог1маш а [пхьоьхане] , цул т1аьхьа [не1алт] доьхур ду вай [харцлуьйчунна] , т1аккха [и] Аллах1ан не1алт [вайха] харцлуьйчáрна хьажор ду вай».
62.Баккъалла а х1ара [хьахийнарг , шéгахь шéко йóцуш] бакъ хабар ма ду , [кхин] дéла [ма] вац Аллах1 бен , баккъалла а Аллах1 — Иза сийлахь , кхéтамé ма ву .
63.Ткъа уьш [иймáнах] д1аберазахь , баккъалла а Аллах1 [и] бóхaмхой бевзаш [ма] ву .
64.Ахь áла :»Х1ай жайнан ох1лу ! Схьадуьйла тхýнá а , шунá а юккъехь цхьатерра долчу дашé — [и ду] Аллах1ана бен вай 1ибадат дийр дац , Цунна цхьá х1ума дéкъахó йийр йац , вайха цхьаболчáра вуьйш дéланаш лоьцур бац Аллах1 [1адда] витина . Ткъа уьш [Дéла цхьаъ варх] д1абирзанехь , т1аккха аш áла :»Тоьшалла-дé баккъалла а тхо [Дéла цхьаъ веш] бусулбанаш хиларца».
65.Х1ай жайнан ох1лу ! Х1унда къуьйсу аш Ибрáх1иман хьокъехь , цул т1аьхьá бен доссийнá [ма] дац Таврат а , Инжийл а ? Шу ца кхéта [шаьш харцлуьйш хилар] ?!
66.Шу ду х1орш шаьш къевсинарш , шайгахь шéца хаар долчунгахь ! Ткъа ашa х1унда къуьйсу шайгахь шéца хаар дóцучунгахь ? Аллах1 [цунах дерг] хууш ву , шу хууш дац .
67.Ибрáх1им ца хилла жугтийн динехь а , ца [хилла] ж1áран динехь а , амма и хилла бакъдинé туьйжуш [Дáлла] муьт1ахь [бусулба] , и ца хилла [Дáлла] дéкъахóвечáрех .
68.Ибрáх1имца [хила] сов хьакъ болу нáх , шаьш [цу зáманахь] цунна т1аьхьабаьзнарш а , х1ара [Мухьаммад] пайхамар а , [цуьнан умматах] шаьш [Дéлах] тешнарш а бу . Аллах1 ву муъманéхан 1уналча .
69.Жайнан ох1лунах [цхьана] тóбана дийзира шаьш шу тилóр , [амма] цáра тила ца до шайн дог1маш бен , [делахь] цáрна [и] хаацало .
70.Х1ай жайнан ох1лу ! Х1унда цатéша шу Аллах1ан áятех , шаьш [уьш бакъ хилар] теш долушехь ?!
71.Х1ай жайнан ох1лу ! Х1унда эдо ашa бакъдерг харц долчунца ? Бакъдерг хьулдо ашa , шайна [и бакъ хилар] хууш долушехь .
72.Жайнан ох1лунах [цхьана] тóбанó элира :»Тéша шá имдиллинчáрна т1е доссийначух де дóлалуш , керстаналла-дé цунца и [де] чекхдóлуш ! Уьш бухаберза тарло .
73.Шу ма тéшалуш шайн динна т1аьхьаваьзнaчуннá бен ! — Ахь áла :»Баккъалла а нийса некъ — Аллах1ан некъ бу» — Шоьга [жайнах] делларг саннарг цхьанна даларна , йа цáра шоьца къийсарна шун Дáлла гергахь». Ахь áла :»Баккъалла а комаьршалла Аллах1ан карахь [дóлахь] ю . Цó и ло Шéна луучунна». Аллах1 шортó йолуш , хууш ву .
74.Цó къаставо Шен къинхетамца Шéна лууш верг . Аллах1 [вунó] йоккха комаьршалла йолуш ву .
75.Жайнан ох1лунах ву шéх тешна ахьa шорта даьхни дитча , шá и [тéшамца] хьоьга духадерзóш верг , [амма] цáрех ву шех тешна ахьа [деккъа] цхьа сом [дийнáр] дитча , [шен ямартлонна] хьо шéна т1ех1оьттина мел ву бен шá и хьоьга духа ца дерзош верг , иза — баккъалла а цáра áларна ду :»Тхýна т1еххьа-м бац бóдане [1арбойн] нéхан хьокъехь [къа хила] некъ». Аллах1ан т1ехь харцо óлу [йуьйцу] цáра , шайна [шаьш харцлуьй] хуушехь .
76.Х1аъ бу [царна т1ехь къа хила некъ] . Шá шен ч1áг1ó кхочуш йинарг , [Дéлах] кхийринарг [милла велахь] , баккъалла а Аллах1 [Шех] кхоьрурш дукхабéзаш ву .
77.Баккъалла а шаьш Аллах1ан [шаьш йина] ч1áг1óнах а , шайн дуйнех а [бохкабаларца] к1еззиг мах оьцурш , уьш — цáрна эхартахь [цхьá] дáкъá дац , [цéран дог оьцуш] Аллах1 вистхир вац цáрга , къéмат дийнахь [Шен къинхéтамца] цáрга хьожур вац , уьш [къиношха] ц1анбийр бац . Цáрна лазош [долу] 1áзап [хир] ду .
78.Баккъалла а цáрех [цхьа] тóба ма ю , жайница [цуьнан маь1на талхорхьама] шайн меттанаш керчош [хьийзош] , шуна и жайнара ду моттийта . И [ма] дац жайнара . Цáра óлу [йуьйцу] Аллах1ан т1ехь харцó , шайна [шаьш харц хилар] хуушехь .
79.[цхьанá] Стагца дóг1уш ца хилла , Аллах1а шéга жайнá , кхéтамаллá , пайхамараллá делча , т1аккха цó нáхé áлар :»Шу хила сан лайш Аллах1 [1адда] витина !», делахь а [цунца дóг1уш ду цó áлар] :»Шу хила [даккхий] устáзаш [к1орггéра 1éламнáх , суьпанáх] , шу жайна хьоьхуш хиларнá а , шу доьшуш хиларнá а».
80.Цó шоьга омар дийр дац аша малийкаш а , пайхамараш а дéланаш лéцарца . Цó шоьга керстаналлийца омар [мýха] до тов , шу бусалбанаш хиллачул т1аьхьа ?
81.Аллах1а пайхамарашкара ч1áг1ó ийцира :»Х1ара Аса шоьга жайнах а , кхéтамаллах а луш дерг ду . Т1аккха шуна вóг1ур ву элча , шоьгахь дерг бакъдеш . Шу цунах [шéкó йóцуш] тéшар ма ду , аша цуна г1ó дийр ма ду . Цó элира :»Дарé [мук1арло] диний аша , цу т1ехь сан ч1áг1ó къóбал йиний аша ?» Цáра элира :»Дарéдина óха». Цó элира :»Т1аккха тоьшалла-дé , Сó [хир] ву шоьца тоьшалладечáрех».
82.Ткъа шá цул т1аьхьа [иймáнах] д1авирзинарг [милла велахь] , уьш — пéсакънáх бу уьш .
83.Аллах1ан дóцу дин лоьху тов цáра ? Цунна муьт1ахь [ма] хилла шá стигланашкахь , лаьттахь [мел] дерг [бертахь] лаамцá а , [бертаза] лаамзá а . Цунга боьрзур [болуш ма] бу уьш .
84.Ахь áла :»Тхо тешна Аллах1ах а , тхайна т1е доссийначух а , Ибрáх1имна , Исмá1илнá , Исхьáкъанá , Я1къýбанá т1едоссийначух а , Мýсáгá , 1ийсáгá , пайхамарашка шайн Дéлéра деллачух а . Óха цáрех цхьанненнá юккъехь къестамаш ца бо . Тхо Цунна муьт1ахь ду».
85.Шá Ислам дóцуш [кхи] дин лууш верг [милла велахь] , и [цкъá а] цунгара къóбал дийр ма дац . Иза эхартахь эшначáрех [хир] ву .
86.Мýха нисбийр бу [тов] Аллах1а шайн иймáнал т1аьхьа керстаналла дина нáх , баккъалла а элча бакъ хиларца шаьш тоьшалла дина [болу] , шайга билгалóнаш йаьхкина [болу] ?! Аллах1а нис [ма] ца бо зуламé [болу] нáх .
87.Уьш — цéран бекхам — баккъалла а шайна т1ехь Аллах1ан а , малийкин а , массó адамин а не1алт хилар бу .
88.[шаьш] Гуттар цу [не1алт] чохь лаьтташ . Цáрна 1áзап дайдийр дац , уьш т1аьхьáтоттур бац .
89.Шаьш цул т1аьхьа дохкóбевлларш а , дика 1амалш йинарш а бóцурш . Баккъалла а Аллах1 гечдеш , къинхéтамé ву .
90.Баккъалла а шаьш , шайн иймáнал т1аьхьа керстаналлá дина , цул т1аьхьа керстаналлехь сов бевлларш , цéран дохкóбовлар [цкъá а] къóбал дийр ма дац . Уьш бу уьш тилларш .
91.Баккъалла а шаьш керстаналлá а дина , шаьш керстá болуш белларш , цáрех цхьанггéрá [цкъá а] къóбал дийр ма дац латта дуьззина деши , цó и [шен дéг1ана] махийна даларх . Уьш — лазош [долу] 1áзап ду цáрна . Цéран бац [и духатóха] г1оьнчий .
92.Шу [цкъá а] дикаллé кхóчур ма дац , шайна дукхадéзачух аша харж йаллац . Аша цхьанá х1уманца харж йийр [ма] яц , баккъалла а Аллах1ана и хууш долуш бен .
93.Массó юург [йаа] хьáнал хилла Исрáилан к1енташна , Исрáила [Я1къýба] шен дéг1ана хьáрам динарг дóцург , [Дáла] Таврат доссóрал хьалха . Ахь áла :»Cхьадá [и] Таврат , дéша и , [нагахь] шу бакълуьйш делахь».
94.Цул т1аьхьа Аллах1ан т1ехь шá харцó кхоьллинарг [милла велахь] , уьш бу уьш зуламхой .
95.Ахь áла :»Бакълийна Аллах1 . Т1аьхьадáза [бакъóнé] тевжаш волчу Ибрáх1иман динна ! Иза ца хилла [Дáлла] дéкъахóвечáрех».
96.Баккъалла а нáхана [1ибáдатна] доьг1на [долу] дуьххьарлéра ц1а , шá Маккахь [доьг1на] дерг ду , беркатé а , 1áламашна нийса некъ а [хилла] долу .
97.Цу чохь б1аьрла [къеггина] билгалóнаш ю — [цáрех ю] Ибрáх1им [х1оьттина] меттиг . Шá цу чуваьлларг , маьрша хилла . Нáхана т1ехь ду Аллах1ан дуьхьа [хьаж] ц1а бахар — [цáрех] цига ваха нéкъаца ницкъ кхаьчначунна . Шá керстаналла динарг [мила велахь] , баккъалла а Аллах1 хьашт вац 1áламашка .
98.Ахь áла :»Х1ай жайнан ох1лу ! Шу х1унда цатéша Аллах1ан áятех , [И] Аллах1 теш ма ву аша дечунна т1ехь ?»
99.Ахь áла :»Х1ай жайнан ох1лу ! Х1унда юхаветта аш Аллах1ан некъах шá [Цунах] тешнарг , шайна и [некъ] гамбан лууш , шу ма ду [и нийса хилар] теш ? Аллах1 [ма] вац аша дечух чидамза [тергамза]».
100.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! [нагахь] Шу муьт1ахь хилахь , шайна жайна деллачáрех [йолчу цхьана] тóбанна , [т1аккха] цáра шу дерзор [ма] ду шун иймáнал т1аьхьа керстанаш хилла .
101.Ашa керстаналла мýха до [тов] , шайна т1ехь доьшуш Аллах1ан áяташ долуш , шайна юкъахь Цуьнан элчá волуш ? Шá Аллах1ах [тéшарх] тасалург [милла велахь] , бакъдолуш нийсачу новкъа нисвина [Цó] иза .
102.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Аллах1ах кхéра , Цунах кхéра ма-дезза , шу дала ма лойла шаьш бусалбанаш долуш бен !
103.Шу тасалó Аллах1ан [динан] муьшах дерригé , къеста ма лó [динехь] , ашa хьахадé шайна т1éра Аллах1ан зовкх ; мостаг1ий дара шу , т1аккха Цó [динца] барт бира шун дегнашна юкъахь , т1аккха шу хилира Цуьнан къинхéтамца [дина] вежарий . Шу дара [жоьжахатин] ц1еран óран йистехь [цу чуэгга дохкуш] , т1аккха Цó [ийманца] к1елхьара дéхира шу цунах . Иштта , Аллах1а шуна билгалдо Шен áяташ . Шу нисдала тарло .
104.Шоьх [цхьа] тóба хулийла , [нах] диканé кхойкхуш , диканца девзинчунца [цáрга] омар деш , вóчух [уьш] юхатýхуш . Уьш бу уьш дéкъалдай .
105.Шу ма хилалуш шаьш [динехь] къаьстинарш а , шайга билгалóнаш йаьхкинчул т1аьхьа бéкъабелларш а санна ! Уьш — цáрна доккха 1áзап [хир] ду .
106.Цу [къéмата] дийнахь [цхьаболчéран] яххьаш к1айлур ю , [вýкхеран] яххьаш 1аржлур ю . Амма шайн яххьаш 1аржйелларш [цáрга эра ду] :»Керстаналла [х1унда] дира ашa шайн иймáнал т1аьхьа ? 1овша [х1инца] 1áзап , шаьш керстаналла деш хиларна !»
107.Амма шайн яххьаш к1аййелларш , Аллах1ан къинхéтам чохь [хир] бу , уьш цу чохь гуттар лаьттар бу .
108.Уьш [х1орш] Аллах1ан áяташ ду , Óха доьшу уьш хьýна бакъонца . Аллах1 [ма] вац , 1áламашна зулам [харцó] лууш .
109.Аллах1ан [дóлахь] ду шá стигланашкахь [мел] дерг а , шá лаьттахь [мел] дерг а . Аллах1éга дерзор ду [массó] г1уллакхаш .
110.Уггар тоьлуш [долу] уммат дара шу , шá нáхана [диканна] гучудаьккхина [долу] , диканца девзинчунца омар деш , [массó] вóчух [нах] юхатýхуш , Аллах1ах тéшаш . Жайнан ох1лу [тéша ма-дезза] тешнехь , цáрна и г1óли [хилла] хир ма дара . Цáрех бу муъманáх а , [амма] цáрех дукхах берш пéсакънáх бу .
111.Шуна цхьá зен дийр ма дац цáра [маттаца] вас яр дóцург . Шоьх летча [эшна] баккъаш берзор бу цáра , т1аккха цáрна [цхьаммó] г1о дийр дац .
112.[Дáла] Сийсаза бина уьш , миччахьá [бéхаш] белахь а , Аллах1éра [эцна] ч1áг1онцá а , нáхéра [эцна] ч1áг1онцá а бен [к1елхьара бевра бóцуш] . Аллах1éра оьг1азлó [хьакъ] хилира царна , [Дáла] мискалла т1еяийтира цáрна . Иза — баккъалла а уьш Аллах1ан áятех цатéшаш а , [цхьá] бакъó йóцуш пайхамараш бойъуш а хиларна ду . Иза — уьш [Дáлла] 1éса хиларнá а , [Цуьнан дóзанел] т1ехбуьйлуш хиларнá а ду .
113.[делахь] Цхьатерра бац уьш . Жайнан ох1лунах [цхьайолу] тóба ю , [бакъонна т1ехь] нисйелла , буьйсан хéнашкахь Аллах1ан áяташ доьшуш шаьш сужудехь болуш .
114.Уьш тéша Аллах1ах а , т1аьхьарчу дийнах а , цáра омар до диканца девзинчунца , вóчух [нах] юхатýху , цáра сихó йо диканашкахь . Уьш — диканáхах бу .
115.Цáра деш долу [цхьá] дика , [Дáла] цéран и [ял йóцуш] хьулдийр [дойъур] дац . Аллах1ан бевзаш бу [Шех] кхоьруш берш .
116.Баккъалла а шаьш [Дéлах] цатешнарш , уьш Дéлах [Цуьнан 1áзапах] х1уммá а хьалха бóхур ма бац цéран даьхнеш а , цéран доьзалш а . Уьш — [жоьжахатин] ц1еран дай бу , шаьш цу чохь гуттар лаьттар болуш .
117.Цáра х1окху дуьнéнан дáхарехь ечу харжан масал , шéна чохь [вáгош] шéлó йолчу [я шакарéчу] махé тера ду , шайн дог1машна зуламé хиллачу нéхан ялтийна шá т1ебеана и х1аллак динчу . Аллах1а [и х1аллак дарца] зулам ца дина цáрна , делахь а [1éса хиларца] шайн дог1машна зулам до цáра .
118.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Аша ма лéца шаьш дóцучáрех [болу] хьéший ! Цáра ледарлó ца йо шуна новкъарлó ярехь . Цáрна лиара шуна халó хилар . Бакъдолуш цабéзам гучубаьлла цéран батóшех , ткъа цéран кийранаш хьулдийриг [цул] доккха ду . Бакъдолуш Óха шуна билгалдина áяташ , шу хьéкъалé хиллехь .
119.Шу ду х1орш шаьш уьш бéзаш , цáрна шу-м ца дéза . Шу ду дуьззина жайнах тéшаш [уьшша-м ца тéша шун жайнах] . Шаьш шуна духьал кхетча , цáра óлу :»Тхо тешна». Ткъа шаьшша бисча , шоьга [йолчу] оьг1азлонна [шайн] п1елгех кадетта цáра . Ахь áла :»Лé шайн оьг1азлонца . Баккъалла а Аллах1 хууш ву [шу] кийранаш чохь дерг».
120.Шоьх [цхьа] дика хьакхалахь , цó г1айг1анé бо уьш . Ткъа шуна [цхьа] вóн т1едáг1ахь , цунах баккхийбоь уьш . Ашa [цéран новкъарлонна] сатóхахь , шу [Дéлах] кхéрахь , цéран мéкарлóнó х1уммá а зен дийр дац шуна . Баккъалла а Аллах1 цáра дечунна [хаарца] гóбина ву .
121.[дагадаийта] 1уьррé хьан доьзал болчура áравéлира хьо , муъманáх т1амна меттигашка д1ах1иттош . Аллах1 [шун къамéлаш] хезаш , [шун хьéлаш] хууш ву .
122.[т1амах óзаелла] Юхайáлар дагчу дуьйжира шоьх [йолчу] шина тóбанна , Аллах1 ву цéран г1оьнча . Аллах1ана т1е товжийла муъманáх .
123.[Дéлóра] Бакъдолуш Аллах1а г1о ма дина шуна «Бадрехь» , шу г1ийла долуш . Кхéра Аллах1ах . Баркалла áла тарло ашa .
124.Муъманáхé óлу ахьa :»Шуна ца тоьу ткъа , шун Дáла шуна кхо эзар малик доссош г1одар ?!»
125.Х1аъ [дéра тоьу] , ашa [мостаг1на] сáтóхахь , шу [Дéлах] кхéрахь , уьш шуна х1окху сохьтехь бáг1ахь , шун Дáла шуна г1одийр [ма] ду [шайна] билгалонаш йинчу пхé эзар маликца .
126.Аллах1а и [г1о] ца дина шуна [тóламца] кхаъ хилийтá а , цунца шун дегнаш д1атейтá а бен . Тóлам [ма] бац , Аллах1ана гергара бен , Сийлахь , Кхéтамé волчу .
127.Шаьш [Дéлах] цатешначáрех [цхьа] áг1ó д1ахáдорхьама , йа уьш сийсаза бархьама , т1аккха уьш [цхьá] кхиам бóцуш юхабоьрзур бу .
128.Хьан карахь дац [цéран] балхах х1уммá , йа гечдийр Цó цáрна , йа 1áзап дийр цáрна . Баккъалла а уьш зуламхой бу .
129.Аллах1ан [дóлахь] ду шá стигланашкахь [мел] дерг а , шá лаьттахь [мел] дерг а . Шéна луучунна гечдо Цó , Шéна луучунна 1áзап до . Аллах1 гечдеш , къинхéтамé ву .
130.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Ма йаа ял дукхазза шалха . Кхéра Аллах1ах . Дéкъалхила тарло шу .
131.Кхéра шá керстанашна кечйинчу ц1ерах .
132.Муьт1ахь хила Аллах1анá а , элчаннá а . Шоьх къинхéтам бан тарло .
133.Сихлó шайн Дéлéра гечдарé а , ялсаманé а , шен шóралла стигланаш а , лáттá а [санна шуьйра] йолчу , шá [Дéлах] кхоьручáрна кечйина йолчу .
134.Шаьш аттóнехь а , халóнехь а харжйеш болу , оьг1азлó сéцош болу , нáхана къинт1éра бовлуш болу , Аллах1ана дукха бéза дикадийраш .
135.Шаьш [цхьа] дастамéниг дича , йа шайн дог1машна [цхьа] зулам дича , Аллах1 хьахийна , шайн къиношна гечдар дехна болу . Хьá гечдийр ду къиношна Аллах1а бен ? Шаьш динчунна т1ехь ч1аг1 ца белла болу , шайна [и вон дуй] хууш .
136.Уьш — цéран бéкхам шайн Дéлéра гечдар а , шайна к1елахула тáтóлаш лéла [ялсаманин] бошмаш а ю , [шаьш] цу чохь гуттар лаьтташ . Ма хаза ю-кх [дика] 1амал ечéран ял .
137.Бакъдолуш , шоьл хьалха д1адахна нéкъаш . Лаьттахула дуьйлалой хьовса мýха хилла [элчанаш] харцбечéран чаккхé .
138.Х1ара нáхана кхéтор а , [цáрех Дéлах] кхоьручáрна нийса некъ а , а [хаза] хьéхам а бу .
139.Г1ел ма лó , г1айг1анé ма хила , уггар лакхарнаш шу [хир] ду шу [баккъал] муъманáх делахь .
140.Шоьх чов хьакхаеллехь , бакъдолуш [керста] нáхах ма хьакхаелла и санна чов . И дéнош — Óха уьш [муьрашкахь] хуьйцу нáхана юккъехь , Аллах1ана шаьш [Шех] тешнарш бовзархьамá а , шоьх [цхьаберш] «шахúдаш» [г1áзотехь] бархьамá а . Аллах1ана ца бéза зуламхой .
141.Шаьш [Шех] тешнарш Аллах1а [къинойх] ц1анбархьамá а , керстанаш х1аллакбархьамá а .
142.Ткъа шаьш ялсамани г1ур ду моьттинéра шуна , Аллах1ана шоьх шаьш г1áзот динарш а , [халóнашна] сатоьхнарш а бевзинá [билгалбевллá] бóцуш ?!
143.[Дéлóра] Бакъдолуш , [г1áзóтехь] даларé сатуьйсуш дара шу шаьш цунна дуьхьал кхéталé . Бакъдолуш [х1инца] ги-кх шуна и [далар] , шаьш хьоьжуш долуш [дé х1инца г1áзот].
144.Мухьаммад [ма] вац , элчá бен , бакъдолуш шел хьалха элчанаш д1абахана волу . Ткъа и [хан кхаьчна] велча , йа [мостаг1ó] вийча , шайн к1áжашка [юха керстаналлé] духадоьрзур ду шу ? Ткъа шá шен к1áжашка вухавирзинарг [милла велахь] , Аллах1ана х1уммá зен дийра ма дац цó . Аллах1а [диканца] бéкхам бийр [ма] бу баркаллéчáрна .
145.[цхьá] Са далар ца хилла , Аллах1ан пурбанца бен , язйина тоьхначу хéнахь . Шá [шен 1амалца] дуьнéнан ял éзарг [милла велахь] , Óха цунна лур ю цунах . Шá [шен 1амалца] эхартан ял éзарг [милла велахь] , Óха цунна лур ю цунах . Óха [диканца] бéкхам бийр бу баркаллéчáрна .
146.Хийла пайхамар ву шéца цхьана [мостаг1чух] шорта тóбанаш летта . [амма] Аллах1ан нéкъахь [къахьоьгуш] шайна [халóнех] т1едеанчунна г1ел ца белира уьш , ледара ца хилира уьш , къар ца белира . Аллах1ана дукхабéза сóбарéнаш .
147.Цéран дош дáцара цáра áлар бен :»Х1ай тхан Дéла ! Гечдéхьа тхýна тхан къинош а , тхан г1уллакхехь тхо т1ехдийлар а , [г1áзотана] ч1аг1бéхьа тхан кóгаш , тóладéхьа тхо керста нáхана т1ехь !»
148.Аллах1а цáрна елира дуьнéнан ял а , эхартан хаза ял а . Аллах1ана дукхабéза дикадийраш .
149.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Шаьш [Дéлах] цатешначáрна шу муьт1ахь хилахь , цáра шу духадерзор ду шун к1áжашка [керстаналлé] , т1аккха шу доьрзур ду эшна [долуш].
150.Мелхó а , Аллах1 шун вéрас [1уналхó] ву , Иза г1оьнчийх уггар диканиг ву .
151.Шаьш [Дéлах] цатéшачéран дегнашчу кхéрам тосур [ма] бу Óха , цáра Аллах1ана дéкъахó ярна шéца [боьзна] Цó боссийна [цхьá] бух бóцург . Цéран чуг1ойла [жоьжахатин] ц1е ю . Ма вон ю-кх [и] зуламхойн х1усам .
152.[Дéлóра] Бакъдолуш , Аллах1а шуна бакъйира Шен ч1áг1ó , аш уьш Цуьнан пурбанца бойъучу хéна , шаьш к1иллó довллалц а , [пайхамаран] г1уллакхехь шу [шайлахь] къовсадаллалц а , шуна дéзарг Цó шайна гайтинчул т1аьхьа шу [цунна] 1éсадовллалц а . Шá дуьнé дéзаш верг ву шоьх , шá эхарт дéзаш верг ву шоьх . Т1аккха [кхéрамтесна] д1ахьовзийра Цó шу цáрех , шу зерхьама . [Дéлóра] Бакъдолуш , шуна къинт1éра ваьлла Иза . Аллах1 комаьршалла йолуш [ма] ву муъманáхана т1ехь .
153.Шу д1ахьаьвдира цхьанггá а юха ца хьовсуш , шоьх [бухабисина] вýкхáрна юкъахь [волу] элча шайга кхойкхуш волуш . Т1аккха сингаттамна т1е сингаттам белира [Дáла] шуна , шу шайха [х1онсах] д1атиллачуннá а , шайна [эшамах] т1едеанчуннá а г1айг1анé ца хилийта . Аллах1 [вунó дика] девзаш ву аша дийриг .
154.Т1аккха [цу] сингаттамал т1аьхьа Цó шуна т1е тесира синтем беш йолу наб , шá шоьх [цхьа] тóба хьулйеш . [важа] Тóба шайн дог1маша [деккъа] шайна сагатдойтуш ю . Шáйна [мотта] хьакъ дóцург Аллах1аца моьттуш — сонталлин [зáманан бáхархойн] моттар , шаьш óлуш :»Х1уммá [хир долуш] дуй ткъа тхýна [цу тóламан] г1уллакхах ?» Ахь áла [цáрга] :»Баккъалла а , и дерригé г1уллакх Аллах1ан [карахь] ду». Цáра хьулдо шайн дегнашкахь , шаьш хьýна гучу ца доккхург . Цáра óлу :»Тхан [карахь] хиллехь [цу] г1уллакхах [цхьа] х1ума , х1оккхузахь дайъина хир дáцара тхо». Ахь áла [цáрга] :»Шу [т1амна áрá ца довлуш] шайн х1усамашкахь [1ийна] хиллехь а , [шоьх] шайна [Дáла] кхалхар яздинарш áрабевра ма бара шайн 1илларшка [кхалха бéза меттигашка]». Аллах1а шун кийранашкахь дерг зерхьамá а , шун дегнашкахь дерг ц1андархьамá а . Аллах1 хууш ву кийранашкахь дерг .
155.Баккъалла а ши тóба дуьхь-дуьхьала кхетначу дийнахь шоьх шаьш [т1амах] бухабевлларш , баккъалла а шайт1анó бóхийна [галбаьхна] уьш цхьадолчу [къинойх] цáра гулдинчунца . [Дéлóра] Бакъдолуш Аллах1 къинт1éра ма ваьлла цáрна . Баккъалла а Аллах1 гечдеш , сóбарé [ма] ву .
156.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Шу ма хила шаьш [Дéлах] цатешна , шайн вежарех [лаьцна] шаьш аьлларш санна , уьш лаьттахула [совдéгарна] д1асхьабахача , йа г1áзóтехь хилча :»Уьш тхýна гергахь [ц1ахь 1ийна] хиллехь , [нéкъаца] беллá хир [ма] бáцара , [я т1ам т1ехь] байъинá хир [ма] бáцара». Аллах1а цунах цéран дегнашкахь бáла бархьама . Аллах1 ву [уьш] денбеш верг а , болуьйтуш верг а [кхи х1уммá дац] . Аллах1 аша дийриг гуш ву .
157.[Дéлóра] Шу Аллах1ан нéкъахь [къахьоьгуш] дайъахь , йа лахь , Аллах1éра гечдар а , къинхéтам а цáра [дуьнéнан даьхнех] гулдечул а [вунó] тоьлуш ма ду .
158.[Дéлóра] Шу лахь , йа дайъахь Аллах1é д1агулдийр [долуш] ма ду .
159.Аллахéра къинхéтамца к1éда-мерза хили хьо цáрца . Хьо [дашна] к1оршамé [шóга] , буьрса [къиза] дог долуш хиллехь , хьýна гóнахьáра [хьо д1атесна] д1асабевлла хир ма бара уьш . Цáрна къинт1éра вáла , цáрна гечдар дéха , [хьан] г1уллакхехь цáрца дагавáла . Ткъа ахьа сацам бинехь , Аллах1ана т1е товжа . Баккъалла а Аллах1ана дукхабéза [Шéна] т1етевжарш .
160.Аллах1а шуна г1о дахь , шуна т1ехь [цхьá] тóламхó [хир] вац . Ткъа Цó шу д1атасахь , [т1аккха] мила ву и шá шуна г1одийр дерг Цул т1аьхьа ?! [веккъа] Аллах1ана т1е товжийла муъманáх !
161.Пайхамарца дóг1уш [ма] дац [шен асхьáбашна] йáмарт хилар . Шá йáмарт верг [милла велахь] , и вóг1ур ву къéмат дийнахь шá йинчу йáмартлонца . Т1аккха х1óра дéг1ана шá [гул] динарг [кхоччуш] д1алур ду , цáрна зулам дийр дац .
162.Шá Аллах1 рéзахиларна т1аьхьаваьлларг , шá Аллах1éра оьг1азлонца вухавирзинарг санна ву ткъа ? Цуьнан чуг1ойла жоьжахати ю . Ма вон воьрзийла ю-кх [и].
163.Уьш Аллах1ан гергахь [тайп-тайпана] даржаш [долуш] бу . Аллах1 гуш ву цáра дийриг .
164.[Дéлóра] Аллах1а [боккха] дика болх ма бина муъманáхана , цáрна юккъехь шайха [волу] элча ваийтинчу хéна , цáрна Шен áяташ доьшуш , уьш [къинойх] ц1анбеш , цáрна жайнá а , [суннатан] кхéтамаллá а 1áмадеш , баккъалла а уьш [цул] хьáлха билгалчу тиларехь бара .
165.Шайна т1е [цхьа] сингаттам [эшам] беанчу хéна — бакъдолуш и санна ши сингаттам бинéра аша [хьáлха цáрна] — аша элира :»Мичхьáра [баьлла] бу [тхýна] х1ара [сингаттам , тхо бусалба ма дара] ?» Ахь áла :»Иза шух шайха [баьлла] бу-кх». Баккъалла а Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .
166.Ши тóба дуьхь-дуьхьал кхетначу дийнахь шуна т1е беана сингаттам [эшам] , Аллах1ан пурбанца бу , Цуна муъманáх бовзархьамá а ,
167.шаьш мунéпикъалла динарш бовзархьамá а . Цáрга элира :»Схьадуьйла т1ом бé [мостаг1ца] Аллах1ан новкъахь , йа бухатóха [уьш] !» Цáра элира :»Тхо т1ом бан хууш делхьáра , шуна т1аьхьах1иттана хир ма дара». Уьш цу дийнахь керстаналлийна герга бу , шаьш иймáнна [герга] хиллачул а . Цáра óлу шайн батошца шайн дегнаш чохь дóцург . Аллах1 [вунó] дика хууш ву цáра [мунéпикъаллах] хьулдеш дерг .
168.Шаьш — [т1аман áрабовларх] ц1ахь 1ийна — шайн [динан] вежаршка аьлла [болу] :»Уьш тхýна муьт1ахь [хилла óха бóхург дина] хиллехь , уьш байъина хир [ма] бáцара». Ахь áла [цáрга] :»Юхатóха шайха далар , шу бакълуьйш делахь».
169.Ахьа лáра ма лóрийла шаьш Аллах1ан новкъахь кхелхинарш белла . Мелхó а дийна бу [уьш] , шайн Дáлла гергахь шайна [ялсаманин] рицкъá долуш .
170.Аллах1а Шен комаьршаллах шайна деллачух баккхийбеш , шайла т1аьхьа [т1емалойх дийна бисина] шайха д1ацакхетначáрга кхаьънаш бóхуш , цáрна [цигахь] кхéрам [хирг] ца хиларцá а , уьш г1айг1анé [хирг] ца хиларцá а .
171.Цáра кхаьънаш бóху Аллах1éра зовкхацá а , комаьршаллийцá а , баккъалла а Аллах1а муъманéхан ял йойъуш ца хиларцá а .
172.Шаьш Аллах1анá а , элчаннá а [кхайкхамна] жоп делла болу , шайна [г1áзóтехь] чов хиллачул т1аьхьа . Цáрех дикадинчáрнá а , кхийринчáрнá а йоккха ял [хир] ю .
173.Нáха шайга аьлла [болу] :»Баккъалла а , нáх гулбелла шуна [дуьхьал] , цáрех кхéралуш !» Цó ийманехь сов бéхира уьш . Цáра элира :»Аллах1 тоьуш ву тхýна , ма дика векал ву-кх Иза».
174.Аллах1éра зовкхацá а , комаьршаллийцá а бухабирзира уьш , шайха [цхьá] вон ца хьакхалуш , Аллах1 рéзахиларна т1аьхьабевлира уьш . Аллах1 йоккхачу комаьршаллин Дá ву .
175.Баккъалла а и [дуьйцург , адам] йилбаз ду шуна , шен гергарнаш [долу шу] кхéрош . Шу цáрех ма кхéра Соьх кхéра , шу муъманах делахь .
176.Хьо г1айг1анé ма войла шаьш [Дéлах] цатéшарехь сихó ечáра . Баккъалла а цáра Аллах1ана цхьá зен дийр ма дац . Аллах1ана лаьа цáрна [цхьá] дáкъа ца дан эхартахь , цáрна доккха 1áзап [хир] ду .
177.Баккъалла а шаьш иймáнах керстаналла эцнарш , цáра Аллах1ана цхьá зен дийр ма дац , цáрна лазош [долу] 1áзап [хир] ду .
178.Шаьш [Дéлах] цатешначáрна мотта ма моттийла , баккъаллá а Óха шайн оьмар яхйар шайна дика ду . Баккъалла а Óха цéран оьмар яхйо уьш къилахь сов бовлийтархьама , цáрна [шаьш] сийсаза [бен] 1áзап [хир] ду .
179.Аллах1 ма ца хилла муъманáх [1адда] буьтур болуш , шу долчу [хьóла] т1ехь , Шá боьханиг ц1еначух къаставаллалц . Аллах1 ма ца хилла Шá цáрна къайлé йовзуьйтур йолуш . Дéлахь а , Аллах1а хоржу Шен элчанех Шéна [къайлé йовзийта] луург . Шу тéша Аллах1ах а , Цуьнан элчанех а . Шу тéшахь , кхéрахь , т1аккха шуна йоккха ял [хир] ю .
180.Аллах1а Шен комаьршаллах шайна деллачунна шаьш б1аьрмециг болчáрна мотта ма моттийла , и [б1аьрмецигалла] шайна дика ду . Мелхó а и цáрна вон ду . Уьш шéца б1аьрмециг хиллачух кóчарш ухкур ду цáрна [логах] къéмат дийнахь . Аллах1ан ду стигланашин а , лаьттан а ирс . Аллах1 аша дийриг девзаш ву .
181.[Дéлóра] Бакъдолуш , Аллах1ана хезна , шаьш :»Баккъалла а Аллах1 къé ву , тхо тарó йолуш ду» — аьллачéран дош . Óха д1аяздийр ду цáра аьлларг а , цхьá бакъó йóцуш цáра пайхамарш байъар а . Óха эра ду :»1овша [жоьжахатин] ц1еран 1áзап !»
182.И [1áзап] шун куьйгаш динчунна [дуьхьал] а , баккъалла а Аллах1 лайшна зуламхó ца хилар а ду .
183.Шаьш аьлла [болу] :»Баккъалла а Аллах1а тхýна т1едиллина тхо [цхьанá] элчанах цатéшар , иза тхýна вáллалц шá ц1арó дууш долчу г1урбанца». Ахь áла [цáрга] :»Бакъдолуш элчанаш [ма] баьхкира шуна соьл хьáлха билгалóнашцá а , аш аьллачунца а , т1áккха уьш [мукъанé а] х1унда байъира аша шаьш бакълуьйш хилча ?»
184.Цáра хьо хáрцвинехь , бакъдолуш хьоьл хьалхá харц [ма] бина цáра элчанаш , шаьш билгалóнашцá а , [Ибрáх1иман санна] тептаршцá а , нуьрéчу жайнийцá а баьхкина болу .
185.Х1óр дег1 валар 1овшур долуш ду . Баккъалла а шуна [кхоччуш] д1алур ю шун éлаш къéмат дийнахь . Шá жоьжахатна гéнаваьккхина , ялсамани чувахийтинарг [милла велахь] , бакъдолуш [боккха] кхиам [тóлам] баьккхина цó . Дуьнéнан дáхар ма дац , 1éхаваларан зовкх бен .
186.[Дéлóра] Шу зуьйр ма ду шайн даьхнешкахь а , шайн дог1машкахь а . [Дéлóра] Шуна хезара ма бу , шоьл хьалха шайга жайна деллачáргарá а , шаьш [Дáлла] дéкъахóвинчáргарá а дуккхá цатам . Аша [цунна] сатóхахь , шу [Дéлах] кхéрахь , баккъалла а и ду-кх доьналлах [Дáлла лиънарг].
187.Аллах1а ч1áг1ó ийцира шайга жайна деллачáргара :»[Дéлóра] Аш и [жайна] нáхана билгалдийр ма ду , аш и хьулдийр ма дац» — [аьлла] . [амма] Цáра [йóхá йина] шайн баккъаш т1éхьá кхоьссира и [ч1аг1ó] . Цáра цунах ийцира к1еззиг мáх . Ма вон ду-кх [и] цáра оьцург .
188.Хьýна мотта ма моттийла — шаьш динчух баккхийбуьйш берш а , шаьш ца динчунца шаьш хестó лууш берш а — уьш 1áзапах к1елхьара бевлла ма моттийла хьýна . Цáрна лазош 1áзап [хир] ду .
189.Аллах1ан ду стигланашин а , лаьттан а óлалла [дóлалла] . Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .
190.Баккъалла а стигланаш , латтá кхолларехь а , буьйса , де хийцадаларехь а [Дéлан ницкъан] билгалóнаш ма ю хьéкъалдолчáрна ,
191.шаьш Аллах1 хьахош болу ирахь а , охьахевшинá а , шайн áг1óнашна т1ехь [áг1орбевллá] а , шаьш ойланаш еш стигланаш а , латтá а [инзарé] кхолларехь , [шаьш óлуш] :»Х1ай тхан Дéла ! Ахьа ца кхоьллина х1ара эрна [бéгашна] . Ц1ена ву-кх Хьо [цунах] . Лардéхьа тхо [жоьжахатин] ц1еран 1áзапах !
192.Х1ай тхан Дéла ! Баккъалла а , Айхьа [жоьжахатин] ц1ерга вохуьйтург , бакъдолуш сийсазвина Ахь иза . Зуламхошна [ма] бац [цхьá] г1оьнчий .
193.Х1ай тхан Дéла ! Баккъалла а , тхýна хезира кхайкхорхó [нáх] иймáнé кхойкхуш :»Шайн Дéлах тéша !» [áларца] , т1аккха тхо тийшира . Х1ай тхан Дéла ! Гечдéхьа тхýна тхан къинош , ц1андéхьа тхо тхан вóнех , далийтахь тхо дикачáрца цхьана !
194.Х1ай тхан Дéла ! Лóхьа тхуна Ахьа хьан элчанашкахула тхýна ч1áг1ó йинарг , cийсаза ма дéхьа тхо къемат дийнахь ! Баккъалла а Ахьа йóха ца йо [Хьан] ч1áг1ó».
195.Жоп делира цáрна цéран Дáла :»Баккъалла а Аса [эрна] йойъур [ма] яц шоьх 1амал еш волчун 1амал — боьршачуни [яц] , стечуни [яц] . Шоьх цхьаберш вýкхáрех [схьабевлла] бу . Шаьш махкахбевлларш а , шайн х1усамашкара áрабаьхнарш а , Сан новкъахь хьийзийнарш а , т1ом бинарш , байъинарш а [Дéлóра] Аса цáрна гечдийр ма ду цéран вóнаш , [Дéлóра] Ас уьш бохуьтур ма бу шайна к1елахула тáтóлаш лéлачу [ялсаманин] бошмашка — Аллах1ана гергара мéлана . Аллах1 Шéна гергахь дика мéла болуш ву».
196.Хьó 1éха ма войла , шаьш [Дéлах] цатешначéран махкахула [дика хьоьгуш] лéларó .
197.К1еззиг зовкх ду [и] . Цул т1аьхьа цéран боьрзийла жоьжахати ю . Ма вон товжийла ю-кх [и].
198.Амма шаьш шайн Дéлах кхийринарш , цáрна шайна к1елахула тáтóлаш лéлаш [ялсаманин] бошмаш ю , цу чохь [шаьш] гуттар лаьтташ . Аллах1ана гергара [хьéшан бо] кéчам бу [и] . Аллах1ан гергахь дерг [дуьнéнан зовкхал] тоьлуш ду дикачáрна .
199.Баккъалла а жайнан ох1лунах ма бу шаьш Аллах1ах а , шоьга доссийначух а , шайга доссийначух а тéшарш , Аллах1ана муьт1ахь болуш . Цáра ца оьцу Аллах1ан áятех к1еззиг [болу] мáх . Уьш — цáрна шайн ял ю шайн Дáлла гергахь . Баккъалла а Аллах1 чехка хьéсап долуш ву .
200.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Сóбарé хилалуш , [халóнашна] сатóхалуш , [Дéлан дуьхьа] г1одаюкъ ехкалуш , Аллах1ах кхéралуш . Шу дéкъал хила тарло .