8 — Сýрат Альанфáл [Х1онсаш] [Мадийнатахь доьссина ‚ 75 аят ду]
Аллáх1а ц1арца къинхетаме , къинхéтам беш волчу
1.Цáра хьоьга хоьтту х1онсех [уьш éкъарх лаьцна] , ахь áла :»Х1онсаш Аллах1ан а , [Цуьнан] элчан а ю . Аллах1ах кхéра , шайн юкъаметтиг тóйé , Аллáх1анá а , Цуьнан элчаннá а муьт1ахь хила , шу муъманах делахь .
2.Баккъаллá а муъманах , Аллах1 хьахийча шайн дегнаш [Цуьнах] óзаделларш [кхийранарш] бу , шайна Цуьнан áяташ дешча , цáра шаьш иймáнехь сов баьхнарш бу , шайн Дáлла т1етевжарш бу .
3.Шаьш лáмаз [х1отта] деш , Оха шайна деллачу рицкъанах [диканна] харжйеш [берш бу].
4.Уьш бу уьш муъманах боккъалàъ , царна шайн Дáлла гергахь даржаш а , гечдар а , лéрамé [беркатé] рицкъá а ду .
5.Хьо хьан Дáла хьан х1усамéра бакъонца [г1áзóтана] áра ма-ваккхара , баккъалла а муъманахах цхьа тóба [и] цадéзаш ма бу .
6.Цáра къуьйсу хьоьца бакъ долчуьнгахь , и билгала даьллачул т1аьхьа , баккъаллá а шаьш баларé бáлош санна , шаьш хьоьжуш болуш .
7.Аллах1а шуна ч1áг1о йо шина тóбанах цхьаьнца , баккъаллá а и шун [дуьхьал кхéтар] ю [аьлла] , шуна дéза баккъалла а ницкъ [г1óра] дóцург шайна [дуьхьал кхéташ] хилар , Аллах1ана лаьа Шен дешнашца бакъдерг д1ах1оттó а , керстанéхан óрам д1ахáдо [цéран х1удай-á] а .
8.Бакъдерг д1ах1оттó а , харцдерг [дóхийна] д1адаккхá а , къадечарна [и] цадезнехь а .
9.Шайн Дéла орцахваьккхира аша , т1аккха Цо жопделира шуна :»Баккъалла а Аса шуна г1одийр ду т1етт1а [охьадуьссучу] эзар маликца» [аьлла].
10.Аллáх1а ца дира и [малийкаш диссор шуна] кхаъ [хилийтá] бен , цуьнца шун дегнаш парг1ат довлийтá [бен] . Тóлам бац [г1о дац] Аллах1ан гергара бен . Баккъалла а Аллах1 сийлахь верг , кхéтамé верг ву .
11.[шу цáрех кхéрацадалийта] Нáб т1етосу Цó шуна Шéгара маьршонца , стиглара [дог1ан] хи доссадо Цó шуна т1е , цуьнца шу ц1андархьамá а , шух шайт1ан боьхалла [цó дагчу хьоьхург] д1атилорхьамá а , шун дегнаш [сóбарца] дехкархьамá а , цуьнца шун кóгаш ч1аг1бархьамá а .
12.Хьан Дáла малийкашка хьоьху , баккъалла а Со шоьца ву [шуна] , аша ч1аг1бé шаьш [Соьх] тешнарш , шаьш [Соьх] цатешначéран дегнашчу Аса кхéрам тосур бу [шуна] , аша [шаьлта] тóха [цéран] вортанашна т1оьхула [цéран кортош дóхуш] , аша [шаьлта] тóха цáрех массó [п1елга] юьхьигна .
13.Иза , баккъаллá а уьш Аллáх1ана а , Цуьнан элчанна а дуьхьала [бертаза] хиларна ду . Ткъа шá Аллах1анá а , Цуьнан элчаннá а дуьхьало йийриг [милла велахь] , баккъалла а Аллах1 [цунна] та1зар ч1óг1а [дийр] долуш ву .
14.И ду шуна , аша 1овша и , баккъалла а керстанашна [жоьжахатин] ц1еран 1áзап ду .
15.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Шуна [г1áзóтехь] дуьхьалкхетча шаьш [Дéлаx] цатешнарш т1елеташ [т1ебóг1уш , д1адовдé] царна баккъаш ма дерзадéлаш !
16.Шá оцу дийнахь [кхéравелла] царна шен букъ берзийнарг [милла велахь , шá кхéчахь] лата вирзина , я [кхéчу] тóбанé [д1аэвала] вирзина бен , бакъдолуш Аллах1éра оьг1азлонца вухавирзина и , цуьнан чуг1ойла жоьжахати ю , ма вон воьрзийла ю-кх [и].
17.Аша [шайн ницкъаца] цабайъина уьш , амма Аллах1а [кадáлийтина] байъина уьш . Ахьа [хьайн ницкъаца] ца кхоьссина айхьа [герзах] кхоьссинарг , Амма Аллах1а кхоьссина . Шá муъманах зерхьама Шéгарчу хазчу зерца . Баккъаллá а Аллах1 хезаш , хууш ву .
18.И ду шуна , баккъаллá а Аллах1а г1елйо керстанехан мéкарло .
19.Аша [мостаг1на т1ехь] г1о дéхча , бакъдолуш шуна г1о деана . Шу [хьáрамчух] совцахь , и тоьлуш ду шуна . Шу [г1одéхарé] духадерзахь , Тхо а доьрзур ду [г1одарé] . Шун тóбанo шух х1уммá хьалхадоккхур ма дац и [мел] дукха хилчá а . Баккъалла а Аллах1 муъманáхаца ву .
20.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Аллах1анá а , Цуьнан элчаннá а муьт1ахь хила , шу д1амадерза цуьнах шаьш [цо дуьйцург] хезаш долуш !
21.Шу ма хила шаьш :»Тхýна хезна»- аьлларш санна , шаьш хезаш [ладýг1уш] бóцуш .
22.Баккъалла а Аллах1ан гергахь хьайбанех [уггар] вóниг , [бакъдолчух] къора берш , моттцахуурш бу , шаьш хьéкъелé бóцуш [болу].
23.Аллах1ана цаьргахь дика хааделлéхьáра , Цо царна [и бакъдерг] хазийтина [кхéтийна] хир ма дара . [ткъа] Цо царна [и] хазийтича [кхéтийча] , уьш букътоьхна д1аг1ýр ма бара .
24.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Жоп ло Аллах1анá а , [Цуьнан] элчаннá а Цо шу кхайкхича шá шу дендечуьнга . Шуна хаийла баккъалла а Аллах1 стагнá а , цуьнан дагнá а юкъах1уттий а , баккъалла а шаьш Цуьнга д1агулдийр дуй а .
25.Питанах кхéралаш , и т1едóг1ур ма дац шух шаьш зуламдинчарна къаьсттана , шуна хаийла баккъалла а Аллах1 , та1зар ч1óг1а долуш вуйла .
26.Дагадаийта , шу к1еззиг долуш , лаьттахь г1ийла долуш , нáха шайх катóхарна кхоьруш долу хан , т1аккха Цо т1еóзийра шу , Шен г1оьнца ч1аг1дира , ц1еначáрех [хьáналчух] рицкъаделира , ашa баркалла áла тарло .
27. Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Ямарт ма хилалуш Аллах1анá а , Цуьнан элчаннá а , т1аккха аша шайн тéшамаш бóхор [ма] бу , шаьш [и цамагар] хууш долуш .
28.Шуна хаийла баккъалла а шун даьхнеш а , шун доьзалш а [шу] зер хилар а [Дáла шéца шу зуьйш долу] , баккъалла а Аллах1 – Цунна гергахь [шуна] йоккха ял [хирг] хилар а .
29.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Шу Аллах1ах кхéрахь , Цо шуна [бакъóнан , харцóнан] къастам хулуьйтур бу , шух шун вóнаш д1атилор ду , шуна гечдийр ду . Аллах1 — йоккхачу комаьршаллин Дá ву .
30.Хьуна мéкарло йо шаьш [Дéлах] цатешначáра хьо [лаьцна] чуволлархьама , я хьо верхьама , я хьо [Маккара] áраваккхархьама . [шайн] Мéкарло йо цáра [хьуна] , Аллах1á [йóха] йо [цéран] мéкарло , Аллах1 — мекарло [йóха] ечáрех [уггар] тоьлуш [говза] верг ву .
31.Тхан áяташ шайна дешча , цáра [керстанаша] элира :»Бакъдолуш , Тхýна хезна [х1орш] , тхайна лиъча óхá эра ма дара х1ара саннарг , х1ара [ма] дац , хьалхалéрачийн [д1абаханчéран] туьйранаш бен».
32.Цáра элира :»Йá Аллах1 ! [нагахь санна] Х1ара Хьýна гергара бакъдерг делахь , тхýна т1е стиглара [дог1а санна] т1улгаш делхадéхьа , я тхýна лазóш долу 1áзап дáладéхьа !»
33.Аллах1 вáцара Шá цáрна 1áзап дийр долуш , хьо царна юккъехь волуш , Аллах1 вáцара царна 1áзап дийриг , уьш [Дéлé] гечдар доьхуш болуш .
34.Аллах1а царна 1áзап мýха ца до , цáра [вочух] дихкинчу [Xьарам] маьждигах [нах] бухабетташ хилча ? Уьш ца хилла цуьнан дóладийраш . Цуьнан дóладийраш бац , [Дéлах] кхоьрурш бен , делахь а цáрех дукхахболчарна ца хаа [и].
35.[хьажин] Ц1енна гергахь [цáра деш] долу цéран лáмаз [ма] дáцара , шок еттар а , т1áраш деттар а бен . [цаьрга элира] :»1áзап 1овша аша , шаьш [Дéлах] цаéшаш хиларна».
36.Баккъаллá а шаьш [Дéлах] цатешначáра харж йо шайн даьхнешца Аллах1ан новкъах [нах] бухатóхархьама . Цáра харж йийр ю цаьрца , т1аккха цáрех царна бáла хир бу , т1аккха уьш эшор бу . Шаьш [Дéлах] цатешнарш жоьжахати [чу] д1агулбийр бу .
37.Аллах1а къасторхьама боьханиг ц1еначух , боьханиг – цуьнах цхьадерг вýкхуьнна т1ехь хилийтархьама , т1аккха и дерриге т1ек1елдиллархьама , т1аккха и жоьжахатехь хилийтархьама . Уьш бу уьш эшнарш .
38.Ахь áла шаьш [Дéлах] цатешначарга , уьш [керстаналлех] совцахь , [Дáла] царна гечдийр ду шá хьалхадаханарг [цáрех даьлларг] , ткъа [цуьнга] уьш бухаберзахь [цасовцахь] , бакъдолуш д1адахна хьалхалéрачийн [къиношна та1зар даран] лáмаст [1áдат].
39.Т1ом бé цаьрца [шайна цáрех] питана ца хилийтархьама , и дерриге дин Аллах1ан [доьхьа] хилийтархьама . Ткъа уьш [керстаналлех] севццехь , баккъалла а Аллах1 цáра дийриг гуш ву .
40.Ткъа уьш [цасовцуш] д1абирзинехь , шуна хаийла баккъалла а Аллах1 шун Эла вуйла . [ма] Дика Эла ву [Иза , ма] дика г1оьнча ву [Иза].
41.Шуна хаийла баккъалла а аша х1онсана яьккхина х1ума , баккъалла а Аллах1анá а , [Цуьнан] элчаннá а , [цуьнан] гергарчарнá а , байшнá а , мисканашнá а , некъан к1антанá [некъахóчуннá] а цуьнан пхоьалаг1а дáкъа дуйла , шу тешна хиллехь Аллах1ах а , Оха Тхайн лайна [бакъ-харц] къастаман дийнахь [х1онс éкъарх] т1едоссийначух а , ши тóба дуьхьалкхетначу дийнахь . Аллах1 массó х1уманна т1ехь ницкъ кхóчуш ву .
42.Шу уллерчу [тóг1ин] йистехь [диссана] долуш , уьш гéнарчу [тóг1ин] йистехь [биссана] болуш , къéпал шуна лахóхьа йолуш [де дара и] . Аша [цхьанахь вовшахкхета] барт бина хиллехьáра , аш и барт бóхор ма бара . Делахь а , [Шá ч1аг1] дина даьлла г1уллакх Аллах1а чекхдаккхархьама ; шá х1аллак хилларг билгалóнал т1аьхьа х1аллак хилийтá а , шá ваьхнарг билгалóнал т1аьхьа вáхийтá а . Баккъалла а Аллах1 хезаш , хууш ма ву .
43.Аллах1а уьш к1еззиг гойту хьуна хьан г1éнаха . Цо хьуна уьш дукха гайтинехьáра , шу доьхнá а , [оцу] г1уллакхехь къовсаделлá а хир ма дара , делахь а Аллах1а хьалхадаьхна [шу оцу бáланах] . Баккъалла а Иза хууш ву кийранашкахь дерг .
44.Шу [дуьхь] дуьхьалкхетча , шун б1аьрахь Цо шуна уьш к1еззиг гойту , цéран б1аьрахь шу к1еззиг хулуьйту , [Шá ч1аг1] дина даьлла г1уллакх Аллах1а чекхдаккхархьама . Аллах1е дерзадо [дерриге] г1уллакхаш .
45.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Шаьш [т1ам т1ехь] цхьана тóбанна дуьхьалкхетча , ч1аг1лóлаш [майра д1ах1итталуш] , Аллах1 хьахавéлуш дуккхá , шу аьтто хила тарло .
46.Аллах1анá а , Цуьнан элчаннá а муьт1ахь хилалуш , [вовшашца] ма къийсалуш т1аккха шу оьшур ду , шун ницкъ д1абер бу , сóбарé хилалуш [сатóхалуш] , баккъалла а Аллах1 сóбарéчаьрца ву [шуна].
47.Шу ма хилалуш шаьш , шайн х1усамашкара кураллийнá [дозаллийнá] а , нáхана моттарг1аннá [гайтархьамá] а [т1амна] áрабевлларш санна , Аллах1ан новкъах [нах] бухабетташ . Аллах1 цáра лéлочунна [и хаарца] гó биллина ву .
48.Шайт1ано хазйира цáрна шайн 1амалаш , цó [цаьрга] элира :»Тахана шу эшó адамех цхьá [дá] вац , баккъалла а со шуна лýлахо [нáкъост] ду». [ткъа] Ши тóба дуьхь-дуьхьала кхетначу хéна , [кхéраделла] шен шина к1áжан т1ехь юхá а даьлла цо элира :»Баккъалла а со ц1ена ду шоьх , баккъалла а суна гуш ду [малийкин орцех] , шуна шá гуш дóцург , баккъаллá а со кхоьру Аллах1ах . Аллах1 та1зар ч1óг1а долуш ву».
49.Мунéпикъашá а , шайн дегнашкахь цамгар йолчáрá а óлу :»Х1орш шайн динó 1éхийна» . Шá Аллах1ана т1етевжинарг [милла велахь , цунна хаийла] баккъалла а Аллах1 сийлахь верг , кхéтамé верг вуй .
50.Хьýна гича , малийкаша шаьш [Дéлах] цатешнарш [синош оьцуш] д1акхалхош , цéран яххьашнá а , цéран т1éхьешнá а т1е [х1ума] етташ [шаьш óлуш] :»1овша [жоьжахатехь] вáгóран 1áзап !» [инзарé сурт гур дара хьуна].
51.Иза шун куьйгаша [хьалха] динчунна [бéкхамна] ду , баккъалла а Аллах1 вац [Шен] лайшна зуламé .
52.Фир1авнан ох1лунан а , шаьш цáрел хьалхарачéран а хьóлах терра [ду цéран хьал] , Аллах1ан áятех цатийшира уьш , т1аккха Аллах1а схьалийцира уьш шайн къиношна . Баккъалла а Аллах1 нуьцкъала , та1зар ч1óг1а долуш ву .
53.Иза , баккъалла а Аллах1а , Ша цхьана къóманна делла [долу] и зовкх хуьйцуш цахилла дéла ду , цáра шайн дог1машца дерг хийццалц . Баккъалла а Аллах1 хезаш , хууш ву .
54.Фир1авнан ох1лунан а , шаьш цáрел хьалхарачéран а хьóлах терра [ду цéран хьал] , Аллах1ан áятех цатийшира уьш , т1аккха Оха х1аллак бира уьш шайн къиношна , Оха хибуха дахийтира Фир1авнан ох1лу . [уьш] Массо зуламхой хиллера .
55.Баккъалла а Аллах1ана гергахь хьайбанех уггар вóниг , шаьш [Дéлах] цатешнарш бу , цáра иман ца дуьллу .
56.Ахьа шайца барт бинарш , т1аккха х1оразза шайн барт бóха бо цáра , уьш ца кхоьру [Дéлах].
57.Хьо царна т1енислахь т1ам т1ехь , лàхка [шóга хила] цаьрца цáрел т1аьхьа бог1урш а [óзабалийтархьама] . Цáра ойла ян тарло .
58.Хьо [хьайца барт бинчу] къóмах ямартлóнах кхéрахь , кхосса цаьрга [цéран барт , айхьа цаьрга] нийсса [барт бóхош буй д1ахаийтархьама] . Баккъалла а Аллах1ан ца бéза ямарт берш .
59.Шаьш [Дéлах] цатешначарна ма моттийла [шаьш 1áзапах] хьалха [к1елхьара] бевлла . Баккъалла а цáра [Дéла] г1óрасиз ца во .
60.Кечбé царна шай ма-хуьллу [т1еман говзаллин] ницкъ а , [г1áзóтана] д1атесна дин а , шéца Аллах1ан мостаг1 а , шайн мостаг1 а шаьш 1áдош [кхéрош] , уьш бóцуш кхиберш а , шуна ца бевза уьш , Аллах1ана бевза уьш . Аш Аллах1ан новкъахь [муьлххачу] цхьана х1уманца йина харж , [Дáла] шуна и кхоччуш [дéбá а йина] юхалур ю , шуна [и эшорца] зулам ца деш .
61.[нагахь] Уьш мáшарé тевжинехь , хьо а товжа цуьнга . [айхьа цаьрца барт барехь] Аллах1ана т1етовжа , баккъалла а Иза хезаш , хууш ву .
62.Цáрна хьо 1éхó [хьýна тешнабехк бан] лаахь , баккъалла а [хьо тóлó] хьýна тоьуш верг Аллах1 ву . Иза ву Шá хьо Шен г1оьнцá а , муъманáхацá а ч1аг1винарг а ,
63.цéран дегнашна юккъехь мáшар [барт] бинарг [уьш ийман т1ехь гулдинарг] а . Ахьа лаьттахь мел дерг дерриге доьхкичá а , мáшар бийр ма бáцара цéран дегнашна юккъехь , делахь а Аллах1а мáшар бина цáрна юккъехь . Баккъалла а Иза сийлахь верг , кхéтам берг ву .
64.Х1ай пайхамар ! Хьýна а , муъманáхах хьýна т1аьхьах1оьттинчунна а тоьуш ву Аллах1 .
65.Х1ай пайхамар ! Муъманах т1амна иракарах1иттабé ! Шоьх сóбарé ткъа [стаг] хилахь , цáра эшор ву ши б1е [стаг , ткъа] шоьх б1е хилахь , цара эшор ву шаьш [Дéлах] цатешначáрех эзар , баккъалла а уьш цакхéташ къам хиларна .
66.Аллах1а х1инца дайдина шуна [и дéкхар] , Цунна хиъна баккъалла а шоьца г1éло юй . Шоьх сóбаре б1е [стаг] велахь , цáра эшор ву ши б1е , [ткъа] шоьх эзар велахь , цáра эшор ву ши эзар , Аллах1ан пурбанца . Аллах1 сóбарéчарца ву .
67.Пайхамаран [бакъó] ца хилла шен йийсарш хила , лаьттахь [уьш] х1аллак баллалц . Дуьненан хилам [маха] бéза шуна , Аллах1ан эхарт дéза . Аллах1 сийлахь верг , кхéтамé верг ву .
68.Алах1ера [х1онсаш магош] хьалха даьлла дош ца хиллехьáра , шоьх хьакхаделла хир ма дара , аша [йийсаршкара] эцначуьнгахь , лазош долу 1áзап .
69.Аша даа шаьш яьккхинчу х1онсах хьáнал , ц1ена [дерг] . Аллах1ах кхéра . Баккъалла а Аллах1 гечдеш , къинéтам беш ву .
70.Х1ай пайхамар ! Ахь áла йийсарех шайн карахь болчаьрга :»Аллах1ана шун дегнашкахь диканиг хаалахь , Цо шуна шоьгара схьадаьккхинчул тоьлуш дерг лур ду , шуна геч дийр ду . Аллах1 гечдеш , къинхéтам беш ву .
71.Ткъа цáрна [багахь áларца] хьуна тешнабехк бан лаахь , бакъдолуш [Бадрал] хьалха Аллах1анá а [керста хиларца] ямартхилла уьш , т1аккха Цо [хьан] аьтто бина [кадáлийтина] царна т1ехь [уьш йийсар барца] . Аллах1 хууш верг , кхéтам берг ву .
72.Баккъалла а шаьш [Дéлах] тешнарш а , [Дéла дуьхьа шайн] махках бевлларш а , шайн даьхнешца , шайн дог1машца Аллах1ан новкъахь г1áзот динарш а , шаьш [шайгахь бусалба вежарий] т1елецнарш а , [элчанна] г1одинарш а , уьш – цáрех цхьаберш вýкхéран вéрасаш бу . [ткъа] Шаьш [Дéлах] тешна , [делахь а Дéла дуьхьа шайн] махках ца бевлларш , шуна [т1ехь] дац цéран 1уналлех [цáрна дáкъа дарх] цхьá х1умá , уьш махкаха бовллалц . Цáра шоьга динехь г1одéхахь , шуна т1ехь ду [цáрна] г1одар , шунá а , шайнá а юккъехь барт болу къоманна т1ехь дóцуш [и делахь] . Аллах1 аша дийриг гуш ву [шуна].
73.Шаьш [Дéлах] цатешнарш – цáрех цхьаберш вýкхéран [гергара] вéрасаш бу . Аш и [вéрасалла лар] ца дахь , лаьттахь хир ду питан а , [даьржар ду] доккха маьттазаллá а .
74.Шаьш [Дéлах] тешнарш а , [Дéла дуьхьа шайн] махках бевлларш а , шайн даьхнешца , шайн дог1машца Аллах1ан новкъахь г1áзот динарш а , шаьш [шайгахь бусалба вежарий] т1елецнарш а , [элчанна] г1одинарш а , уьш бу уьш боккъалаъ муъманах . Царна гечдар а , лéраме [беркате , шорта] рицкъá а [хир] ду .
75.Шаьш [цул] т1аьхьа [Дéлах] тешнарш а , [Дéла дуьхьа шайн] махках бевлларш а , шоьца [цхьана] г1áзот динарш а — уьш шоьх бу . Гергарнаш – цáрех цхьаберш вýкхаьрца хьакъ бу Аллах1ан жайнахь . баккъалла а Аллах1 массо а х1ума хууш ву.
13/01/2016