Цхьана стага шен доттагIчуьнга хаьттина: «Хьайн хIусамера балха тIекхаччалца новкъахь мел хан йолу хьан?» — аьлла.
Цо жоп делла: «Некъахь пробкаш йолчу хенахь 800 тасбихь даккхал хан йолу, ткъа некъ паргIат болчу хенахь 250 тасбихь даккхал хан йолу» — аьлла.
Ма хаза жоп ду-кх иза!
Цхьана сахьабийчо (АллахI реза хуьлда цунна), аьлла:
«АллахIан элчанца (ﷺ) цхьана Iуьйкъе а йина, цул тIаьхьа ламаз дан дIахIиттира тхо. цхьамма хаьттира: “Мел хан яра царшинна юкъахь яьлларг?” — аьлла. Цу сахьабийчо жоп делира: “50 аят дешшала (хан елира)” — аьлла.
Ма сийлахь синош ду-кх уьш, Къуръанан сий дар бахьана долуш сийлахь хилла!