Имам Ибн Абил-Iизз ал-Хьанафийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Баккъала а, АллахIа зуламе паччахьаш вайна тIехIиттош ма бац, вайн къинош бахьан долуш бен. Вай лелош долчуьнга хьаьжжина бу вайна бекхам а. Цундела, АллахIе гечдар доьхуш къахьега деза вай, лелийначунна дохко а дуьйлуш, дика Iамалш а еш. Цхьана нахана зуламхойн зуламах кIелхьарабовла лаахь, шайна юкъахь вовше деш долу зулам а Iаддита деза цара».
[Шархь ат-тIохьавия, агIо 252].