button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Марха кхабар а, тарáви́хь ламазаш дар а

СаIдан кIанта СахIлас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Баккъалла а, ялсаманин цхьа неI ю ар-Раййáн олуш, къематдийнахь марханаш кхаьбнарш гIура бу цу (неIарехула) чу. Уьш боцурш цхьа́ а гIура вац цу (неIарехула) чу. Олучо эра ду: «Марханаш кхаьбнарш мичахь бу?» ТIаккха уьш (цу неIарехула чу баха) хьалагIовттур бу, уьш бен цхьа́ а гIура а вац цу (неIарехула) чу. Ткъа уьш чубахана бевлча, и неI дIачIогIур ю, кхин цу чухула цхьа́ гIура а вац цу чу». Бухарий, Муслим.

Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIах теша а тешаш, Цуьнгара ял хиларе са а туьйсуш Рамадан (бутт) кхаьбначунна, цуьнан дIадаханчу къиношна гечдийра ду. Иштта, Рамадан баттахь АллахIах теша а тешаш, Цуьнгара йоле са а туьйсуш тарáви́хь ламазаш диначунна, цуьнан дIадахана долчу къиношна гечдийра ду. «Лайлатул-къадр» буьйсанна АллахIах тешаш а тешаш, Цуьнгара ял а езаш и буьйса денйина волчунна, цуьнан дIадаханчу къиношна гечдийра ду». Бухарий, Муслим.

Comments are closed.