button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Тхуна хилларг хIун ду те?!

АдхIам кIант ИбрахIим (АллахIа къинхетам бойла цунах) Басра олучу шахьаран базара кхаьчна хилла. Цунна тIегулбеллачу наха хаьттина цуьнга: «ХIай Абу Исхьакъ, тхуна хилларг хIун ду-те, АллахIе доIанаш до оха, жоп ма ца ло тхуна»? – аьлла.

ИбрахIима аьлла: «Шуна жоп ца ло, шун дегнаш итт хIума бахьана долуш делла хиларна:

  1. АллахI вевзина шуна, амма Цуьнан хьакъ кхочуш ца дина аша.
  2. АллахIан Элча (ﷺ) везар чIагIдо аша, ткъа цуьнан суннат дIатесна аша.
  3. Къуръан доьшу аша, амма цуьнца Iамал ца йо аша.
  4. АллахIан ниIматаш дууш ду шу, ткъа царна богIуш болу хастам кхочуш ца бина аша.
  5. Аша боху: «Бакъдолуш, шайтIа шайн мостагI ду», амма цуьнан тай хадош а дац шу.
  6. Аша боху: «Ялсамани хилар бакъ ду», амма цу чу дахаран дуьхьа Iамал ца йо аша.
  7. Аша боху «Жоьжахати хилар бакъ ду», амма цунах къаьхкаш дац шу.
  8. Аша боху: «Валар бакъ ду», амма цунна кечам беш дац шу.
  9. Шаьш набарха самадевлча нехан сакхташ дийца хIуьтту шу, шайн сакхташ диц а дой.
  10. Шайн белларш дIабухкуш ду шу, амма цунах хьехам хуьлуш дац шу».
[ДжáмиIу байáнил-Iилми ва фадлихI, 2/12 ].

Comments are closed.