Абу Дардаъах дийцина (АллахI реза хуьлда цунна), цо элира аьлла: «Пайхамарна тIе (ﷺ) цхьа стаг веара дог дакъаделла-кх шен аьлла, шен дог далхош. ТIаккха пайхамара (ﷺ) элира цуьнга: “Хьайн дог кIеда хила а, хьайн хьашташ кхочуш хила а лаьий хьуна?! (Лаахь) Боберах къа хета, цуьнан коьртах куьг а хьакха, хьайн даарха цунна юург а ло, тIаккха дог (къинхетаме) кIеда хир ду хьан, хьашташ кхочуш а хир ду хьан”».
Сахьихьул-джамиI, 80.