27 — Сурат Аннамл [Зингаташ] [Маккахь доьссина ‚ 93 аят ду]
Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу
1.Т1ó- сúн [Аллах1 т1ех дика хууш ву Шéна х1окхáрех луург] . Х1орш Kъуръáнан а , [бакъ-харц] билгалдечу жайнан а áяташ ду .
2. [шá] Нийса некъ а , муъманáхана [ялсаманийца] кхаъ а болуш ,
3.шаьш [кхáчаме] лáмаз х1оттош [деш] а , закат луш а , эхартах шаьш догтешна болуш а .
4.Баккъалла а шаьш эхартах цатéшарш , Оха цаьрна хазйина шайн [ирча] 1амалш . Боьхна [хьайрé хиле] лéла уьш .
5.Уьш , шайна [дуьнéнахь] 1áзапан вон [гур] дерш бу , уьш бу уьш эхартахь шаьш [массáрал а] сов эшнарш [зен хиндерш] .
6.Баккъалла а хьоьга [Мухьаммад] Къуръáн кхóчу [ахь и схьаоьцу] хьéкъалалла долчуьнгара , хуучуьнгара .
7.Мусас элира шен ох1улунга [зудчуьнга , новкъах тилавелла шá вóг1уш] :»Баккъалла а суна [геннахь цхьа] ц1е хааели [ги] , асa цуьнах [цун т1ебоьдучу нéкъах цхьа] хаам бохьур бу шуна , я асa [цуьнах] шуна хаьштиг — [бóгу] к1éга бохьур бу . [т1аккха] Шу дохдала тарло».
8.Ткъа и цуна т1евеанчу хéна , цуьнга кхайкхира :»Беркате [сийлахь] хили ц1ерна юххехь верг [Мýсá] а , [малийкех] цуна гóнаха [мел] верг а . Ц1ена ву Аллах1 — 1áламийн Дéла .
9.Х1ай Муса ! Баккъалла а , Аллах1 ву Со — сийлахь , хьéкъалалле волу .
10. Охьакхосса [охьатаса] хьан [карар] 1áса !» Шéна и гича меттах-хьуьйш [сетташ] , баккъалла а шá [моьлкъа санна чехка] тéкхарг болуш санна , д1ахьадира иза букътоьхна , [кхéраваларна] юха ца хьаьжира [ца вирзира] иза . [т1аккха Дáла элира] «Х1ай Муса ! Ма кхéра [цуьнах] ! Баккъалла а Со , Сайна гергара гéланчаш [цуьнах , кхéчух] ца кхоьруш [ма] ву .
11.[нáхех] Шá [цхьа] зулам дина , т1аккха [оцу] вóнал т1аьхьа диканца [шá и] хийцанарг вóцург . Баккъалла а Со [ишттачуна] гечдийриг , къинхетам бийриг ву».
12.Хьан [г1аг1ан] чоьта долла хьан куьг , [т1аккха] и áрадéра ду [Сан пурбанца] к1ай [нуьре] долуш , [шéца цхьá] вон [сиркхóнах х1ума] дóцуш . Фир1авнé а , цуьнан къóме а [гайта хьоьга Оха еллачу] исс билгалóнех [цхьа билгало ю и] . Баккъалла а уьш хиллéра пéсакъ къам [нáх].
13.Шайга Тхан билгалóнаш йаьхкинчу хéна [шайна билггала] гуш [йолуш] , цáра элира :»Х1ара билгала [долу] бозбуанчалла ду».
14.Цара [къобал ца деш] юхатуьйхира уьш зуламцá а , дозаллийцá [кураллийцá] а шайн синош цáрех [уьш Дéлера хиларх дог] тешна долушéхьа . Хьажа мýха хилла бóхам [талхам] бечéран чаккхе [т1аьхье] .
15.[Дéлóра] Бакъдолуш Оха [дала ма] делла Дáвýданá а , Сулайманнá а 1илма [хаар] . Цаьршимма элира :»Хастам бу Аллах1ана , Шá тхо тóлийначу [хаьржинчу] Шен муъма лайшха дукхахболчаьрна т1ехь».
16.Сулаймáна ирс [пайхамаралла , паччахьалла , 1илма] ийцира [шен дéх] Дáвýдах [цул т1аьхьа] . Цо [Сулаймáна] элира :»Х1ай нах ! Тхуна [Дáла] 1áмийна [кхéтийна] олхазарийн мотт , тхуна [сунá а , со санна чаьрнá а] делла массó а [пайхмаршна , паччахьашна лучу] х1уманах . Баккъалла а х1ара , [Дéлера] билгала [йолу] комаьршалла ма ю [суна]».
17.Сулаймáна д1агулдира жинех а , адамех а , олхазарех а [долу] цуьнан эскарш [б1ахой] . Уьш [низамехь] д1асадоькъу [д1анисдо шайн дéкхаршна] .
18.Уьш [Сулайман а , цуьнан эскарш а] зингатийн тóг1е [боьра] кхаьчча , [коьртачу] зингато [шéна уьш гина] элира :»Х1ай зингатий ! [чехка] Шайн баннаш [х1усамаш] чудовла ! Шу ма хьоьшийла [кегдойла] Сулаймáнá а , цуьнан эскаршá а , шайна [шу новкъахь дуй] ца хууш».
19.Вéла къежира иза [Сулайман] цуьнан [зингатан] дешах [тáмашбина] . Цо элира :»Х1ай сан Дéла ! Сан дагчохь сацадéхьа [дагчу диллахь] Хьан зовкхана баркалла áлар , шá Ахьa сунá а , сан дéна-наннá а делла долчу , [иштта] Хьо шéна рéза волу диканиг асa дар а , Хьан къинхетамца Хьан дикачу лайшха со д1атóхахь».
20.Цо лехира [шен хьаштана х1уттут óлу] олхазар , т1аккха [шéна и ца гича] цо элира :»Х1ун ду сýна [хилларг] , х1уттут ма ца го суна ? Я [кхузахь] дóцучáрех дара и [олхазар] ?
21.[Дéлóра] Асa ч1óг1а та1зар дийра ма ду цунна , я [Дéлóра] ас урс хьокхур ма ду цунна , я и суна [яннé а] йóг1ур ма ю билгалчу бухца [бехказлонца]».
22.Гéна [éха] ца лаьттира и . [еана кхаьчна] Цо [х1уттýтa] элира :»Хьуна [х1ай Сулайман] ца девзинарг девзина [хиъна] суна . Асa хьуна деана Сабаэра бакъ [билгала] хабар .
23.Баккъалла а суна карийра [цхьа] зуда , шá цаьрна [Сабаъ къóмана т1ехь] óлалла деш . [паччахьан оьшу] Массó а х1уманах [дáкъа] делла цуна . Йоккха [исбаьхьа] васхал [паднар] а ю цуьнан .
24.Суна карийра изá а , цуьнан къам а маьлхана сужуд [1ибáдат] деш Аллах1 [1аддá] а витина . Шайт1ано хазйира цаьрна шайн [вон] 1амалаш , цо бухатуьйхира [д1ахьовзийра] уьш [нийсачу] новкъах , [цундела] уьш ца нисло [нийсачу новкъа] .
25.[шайт1ано бухатуьйхира] Уьш Аллах1ана гóра [сужуде] ца бахийтархьама , стигланашкахь , лаьттахь хьул [мел] динарг Шá схьадоккхуш [1óрадоккхуш] волу а , ашa хьулдийриг [къайладоккхург] , гучудоккхург хууш волу а .
26.[цхьа] Аллах1 ву [Шéна 1ибáдат дан хьакъ верг] , кхин дéла вац Иза вóцург , сийлахьчу «1аршан» Дéла волу».
27.Цо [Сулаймáна] элира :»Хьовсур ду вай бакълийна хьо , я харцлуьйчáрех хилла хьо .
28.Х1окху сан кéхатца [г1ан] г1ой , цаьрна и охьá а тасé , т1аккха цáрех юьстах а йáле хьажа цáра х1ун сацам бо [жоп ло]».
29.Цо [Билкъийса] элира :»Х1ай [сийдолу] элийн пхьоьха ! Баккъалла а соьга [мух1артоьхна] лéраме кéхат тесна [кхаьчна].
30.Баккъалла а и [кéхат] Сулаймáнера ду . Баккъалла а и ду :»Бисмиллáх1иррохьмáниррохьúм [Аллах1а ц1арца къинхетамечу , къинхетам бечу] .
31.Дазмалó [курамадовла] суна ! [Аллах1ан] Муьт1ахь хилé т1едуьйла суна !»
32.Цо [Билкъийса] элира :»Х1ай [сийдолу] элийн пхьоьха ! Хьéхар дéша суна [х1окху] сан балхан [г1уллакхан] т1ехь , со ма яц х1ума хáдор [луьстур] долуш шу сайна юххехь [теш] дóцуш».
33.Цáра элира :»Вай ницкъан а , ч1óг1ачу г1óран а дай ду . [делахь а] Болх [цуьнан сацам] хьоьга [хьан карахь] бу , хьажахь [тхоьга] х1ун омaр до ахьa [тхо муьт1ахь хир ду хьуна]».
34.Цо [Билкъийса] элира :»Баккъалла а паччахьаш [шайна дуьхьал яьлла] юьрта [тóламца] чубаьхкича , талхийна [йóхийна] и , цуьнан сийлахьнаш [шайна муьт1ахь хилийта] сийсазбина . Иштта до цáра [и] .
35.Баккъалла а асa [гéланчашка] цаьрна совг1ат а дахьийтана [т1аккха] хьожур ю со [ладýг1ур ду асa] стенца буха боьрзу [сан] гéланчаш».
36.И [гéланча шен нáкъосташца совг1аташ дохьуш] Сулайман волчу веача , цо [цаьрга] элира :»Бáхамехь совваккха дохку шу со ? Аллах1а суна [пайхамараллах а , паччахьаллах а] делларг тоьлуш [дика] ма ду [Цо] шуна [дуьнéнан хазаллех] деллачул а . Мелхó а , шайн совг1атах [тáмашбеш] даккхийдоь шу .
37.Вухаверза цаьрга [хьан совг1атца] ! [ахьa д1аáла цаьрга , Дéлора] Тхо цаьрна дóг1ур ма ду цéран шéца [лáро] ницкъ [хир] бóцучу эскаршца . [Дéлóра] Оха áрабóхур ма бу уьш цу [шайн Сабаъ махка] чуьра юьхь1аьржа х1иттийна , шаьш сийсаз болуш [бохийна , охьата1ийна]».
38.Цо [Сулаймана] элира :»Х1ай пхьоьха ! Шоьх муьлхачо йохьур яра суна цуьнан [Билкъийсан] васхал [паднар] , уьш сýна т1екхáчале [т1ебахкале шаьш Аллах1ан] муьт1ахь хилла ?»
39.Жинашха [уггар] буьрсачо [ч1óг1ачо] элира :»Асa йохьур ю-кх хьуна и , хьо хьайн меттигéра [пхьоьханéра] хьалаг1атталé . Баккъалла а со цу т1ехь нуьцкъала , тéшаме ду».
40.Шéгахь жайнара 1илма [хаар] долчо элира :» Асa йохьур ю-кх хьуна и , ахьa б1аьрг-нег1ар тóхале». [ткъа] Цуна и [васхал] гича шена хьалха [гергахь] лаьтташ , цо элира :»Х1ара сан Дéлан комаьршаллах ду , Шá со зерхьама ; асa [зовкхана] баркалла óлу , йа керстаналла до [те] . Шá баркалла аьллачо , баккъалла а шен дéг1ана [шéна] баркалла óлу , ткъа шá [зовкхаца] керстаналла динчо [шéна до и] , баккъалла а сан Дéла [баркаллé] хьаштвóцуш [таро йолуш] , лéраме ву».
41.Цо [Сулаймана] элира :»[хийцé] Цуна йоьвзар йóцучу яккха шен васхал [паднар] , вай хьовсур ду иза нисло [шен васхал йовзар т1е] , йа шаьш ца нислочáрех хир ю иза».
42.Ткъа иза [Билкъийс] схьаеанчу хéна , [цуьнга] элира :»Иштта юй хьан васхал [паднар] ?» Цо [жоп луш] элира :»Баккъалла а и йолуш санна ю-кх и . Тхуна [Дáла] хаар делла цул хьалха , тхо хилира [Дáлла] муьт1ахь».
43.Аллах1 [1адда] витина цо [шéна] 1ибáдат деш хиллачо [Дáлла 1ибáдат дарха] юхатуьйхира [сацийра] иза . Баккъалла а иза [Билкъийс] керстачу къóмах яра .
44.Цуьнга элира :»[аьнгалин] Г1ишло чуйáла !» Шéна и гинчу хéна , [чекхсагуш хиларна] хина к1урк1мане ю моттаделира цуна и , [т1аккха] шен [кýчан юх т1ад ца ялийта хьалатесна шен] шиъ ност гучуйаьккхира цо . Цо [Сулаймана цуьнга] элира :»Баккъалла а и аьнгалин [шéра] лекха [нуьцкъал] г1ишло ю». Цо элира :»Х1ай сан Дéла ! Баккъалла а асa зулам дина сайн дéг1ана [айса лелийначуьнца] . [х1инца] Сулайманца [цхьана] муьт1ахь хили со Аллах1ана — 1áламин Дáлла».
45.[Дéлóра] Бакъдолуш , Оха хьажийра [вахийтара] Самýдашка цéран [тайпан] ваша — Сáлихь [пайхамар] :»Аллах1ана 1ибáдат де !» [áларца] . Ткъа уьш [цáрех] къийсало шиъ тóба [хилира] .
46.Цо [Сáлихьа] элира :»Х1ай сан къам ! Х1унда сихдо ашa вóниг [1áзап] дикачул [къинхéтамал] хьалха ? Аллах1е гечдардéхахьáра ашa , [Цó] шоьх къинхетам бан тарлора».
47.Цара элира :»Ойла йоьжна [дог даьлла] тхан хьоьх а , хьоьца болчех а». Цо элира :»Шун ойла йóжар [дог дáлар] Аллах1ан гергахь [хууш] ду [бéкхам бийр болуш] . Мелхó а , шу зуьйш къам ду».
48.Оцу шахьарехь [коьрта] исс стаг [нáкъост] вара , [цу] лаьттахь бóхамаш лéлош , диканиг ца деш .
49.Цара [вовшашка] элира :»Аллах1аца дуй баа [ч1áг1о йé массáра] , [Дéлóра] х1окху буса вай х1аллаквийра ма ву изá а , цуьнан ох1лá [динвежарий] а [áлé] . [Дéлóра] Цул т1аьхьа вай эра ма ду цуьнан вéрасе :»Тхо ма дáцара цуьнан доьзал х1аллакбечохь . Баккъалла а тхо бакълуьйш [ма] ду».
50.Ямартлонца [тешнабехкаца] мéкарло йира цáра [Сáлихьна] . [т1аккха] Охá а йира [цаьрна] дуьхьал [бéкхаман] мéкарло . Царна [и та1зар т1едóг1ий] хаалуш дóцуш .
51.Хьажа муха хилла цéран мéкарлóнан чаккхе [т1аьхье] . Баккъалла а Оха [ц1ог1анца , т1улгашца] х1аллак бира [бóхийра] уьш а , цéран къам а — [уьш] берригé .
52.И цéран х1усамаш ю [цáрех] йаьсса [эрна , йоьхна лаьтташ] цáра динчу зуламна . Баккъалла а цу [та1зар] чохь [кхéтаме] билгало ма ю [Тхан ницкъ мел бу] хуучу [хиъча хьéхам оьцучу] къóмана [нáхана] .
53.Оха [цу та1заран] к1елхьарбéхира шаьш [Сáлихьах] тешнарш а , [Дéлах] кхоьруш хилларш а .
54.Лýт1 а [хьажийра Оха] , цо элира шен къóме :»Ирчаниг [дáстамé боьханиг муха] до ашa , шайна [и 1áсалла хилар] гуш [хууш] долуш ?
55.Баккъалла а шу [муха] дóг1у стегаршна [герга шайн] дéг1ан лаамца [шовкъаца , Дáла шайна бéзамна кхоьллина] зударий [1адда] битина ? Мелхó а , шу сонта къам [ма] ду».
56.Цуьнан къóман жоп [ма] дáцара цáра áлар [дóцург] бен :»Áрадаккха [лáлла] Лýт1ан ох1ла шайн юьртара ! Баккъалла а уьш [вай бóжаршца лéлóчух] ц1анло [рéза дóцуш] адамаш ду».
57.Т1аккха Оха к1елхьарваьккхира изá а , цуьнан доьзал а , цуьнан зуда йóцург . Оха [х1аллак хила] бухабисанчáрех лéрира иза .
58.Оха [т1улге] дог1а делхийра цаьрна т1е . Ма вон ду-кх [1áзапца шайна] кхерамтесначéран дог1а .
59.Ахь áла :»Хастам бу Аллах1ана . [салам] Маршалла ду Цо шаьш хаьржинчу Цуьнан лайшна . Аллах1 тоьлуш [дика] ву , я цáра [Цуна шех] дéкъаховийриг ду [тоьлуш] ?»
60.Я [мелхó а] Шá стигланаш а , латтá а кхоьллина , шуна стиглара [дог1ан] хи доссийнарг [вац ткъа тоьлург] , Оха шéца хаза [исбаьхьа] бошмаш кхиийна . Шун [ницкъехь ма] дáцара цуьнан [деккъа цхьа] дитт кхиор . Вуй ткъа Аллах1аца кхин дéла ? Мелхó а , уьш [бакъóнах] д1адоьрзуш къам [ма] ду .
61.Я Шá латта сецна [ца техкаш] дина , цуна юккъéхула тáтóлаш дáлийна , цуна [т1ехь и ч1агдеш] лаьмнаш доьг1на , шина [дуьра , теза] х1ордан юккъехь [вовшах цаэйта] дуьхьало йинарг [вац ткъа тоьлург] ? Вуй ткъа Аллах1аца кхин дéла ? Мелхó а , цáрех дукхахболчарна ца хаа [и] .
62.Я Шá г1айг1анехь [гаттóнехь] волчуна жоплуш , цо шéга кхайкхача , [цуьнах] вон д1аойъуш [д1адоккхуш] , шу лаьттан вéрасаш деш верг [вац ткъа тоьлург] ? Вуй ткъа Аллах1аца кхин дéла ? Ма к1еззиг ойла йо-кх ашa !
63.Я Шá áрéнан а , х1ордан а бóданашкахь шу [сéдарчашца , билгалóнашца] нисдеш , Шá Шен къинхетаман [дог1ан] хьалхá кхаъца [мела] мехаш хьежóриг [дохкуьйтург вац ткъа тоьлург] ? Вуй ткъа Аллах1аца кхин дéла ? Аллах1 лакхавели [ц1анвели] цáра [Шéца] дéкъашховечух [ц1уйх] .
64.Я Шá [халкъ] кхоллар дóлош , цул т1аьхьа и [кхелхача] юхакхуллуш , Шá шуна стигларá а , лаьттарá а рицкъа луш верг [вац ткъа тоьлург] ? Вуй ткъа Аллах1аца кхин дéла ? Ахьa [цаьрга] áла :»Схьабáлабе [схьагайта] шайн [бакъ хиларан] бух . Шу бакълуьйш хиллехь».
65.Ахьa [цаьрга] áла :»Стигланашкахь а , лаьттахь а болчарна къайле ца хаа , Аллах1ана бен . [делахь а] Царна тýса ца ло [ца хаа шаьш] маца г1иттор [дендийр] ду».
66.Мелхó а , цéран [цуьнах долу] хаар эхартахь [бен] т1екхиъна [дац] . Мелхó а , уьш цуьнах шéконехь бу . Мелхó а , уьш цуьнах б1аьрзе бу .
67.Шаьш [Дéлах] цатешначáра элира :»Тхоьх а , тхан дайх а чан хилча , баккъалла а тхо [тхан кешнашчуьра ден дина] хьаладóхур ду те ?
68.[Дéлóра] Бакъдолуш , х1ара ч1áг1о тхунá а , тхан дайшнá а [х1инца чул] хьалха йина ма ю . Х1ара ма дац хьалхалéрчийн туьйранаш [аьшпаш] бен».
69.Ахь áла :»Лаьттахула д1асхьа а дуьйлалой , хьовса муха хилла къадечéран [1éсачéран] чаккхе [т1аьхье] !»
70.Царна [уьш ца тешнéра áле] г1айг1ане ма хила хьо . Цара лéлочу мекарлонна [ямартлонна вóхе] са ма гатделахь !»
71.Цара óлу :»Маца [хир йолуш] ю и [ашa 1áзапца йина] ч1áг1о шу бакълуьйш хилча ?»
72.Ахь áла :»Шуна герга хила тарло ашa [1áзапех] сихден цхьадерг».
73.Баккъалла а хьан Дéла адамашна комаьршаллин [къинхетаман] дá ву , делахь а цáрех дукхахболчáра баркалла ца óлу .
74.Баккъалла а хьан Дáлла [хаа] ма хаа цéран кийранаша [дегнаша] шá хьулдийриг а , [цéран меттанаша] шá гучудоккхург а .
75.Стиглахь а , лаьттахь а цхьá а хьуламéниг [къайлаха х1ума ма] дац [шá] билгалчу [лавхьулмахьфуз] жайнахь [д1аяздина Дáлла хууш] долуш бен .
76.Баккъалла а х1окху Kъуръáно Исрáилан к1енташна дуьйцу уьш шéгахь бéкъабеллачух дукхахдерг [билгалдарха лаьцна] .
77.Баккъалла а и [Kъуръáн] муъманáхана нийса некъ а , къинхетам а ма бу .
78.Баккъалла а хьан Дáла кхел йийра ма ю цаьрна юккъехь Шен [нийсачу] кхоьлаца [хьукманца] . Иза сийлахь [нуьцкъал] верг , [Шá дийриг] хууш верг ву .
79.Аллах1ана т1етовжа [Цуьнах тешна] ! Баккъалла а хьо билгалчу бакъонна т1ехь ву .
80.Баккъалла а хьуна [пайдéниг] д1ахазийталур дац беллачаьрна , хьуна д1ахазийталур бац [хьан] кхайкхам [бакъдолчух] къорачаьрна , [къаьсттина] уьш букътоьхна д1ахьоьвдича .
81.Хьо ма вац б1аьрзéнаш шайн тиларха нисбийр болуш . Хьуна [бакъдерг] д1ахазийта лур ма дац шá Тхан áйатех тéшачуьнгá бен , уьш [Аллах1ана] муьт1ахь [догц1ена] бу .
82.[1áзапца ч1áг1о йина] Дош цаьрна [бакъ хилла] т1едоьжча [т1ех1оьттича] , Оха цаьрна лаьттара хьаладоккхур ду шá цаьрга дистхуьлу цхьа хьайба [дийнат] , баккъалла а адамаш Тхан [Kъуръáнан] áйаташха догцатéшаш хиллера [áларца] .
83.Оцу [къемат] дийнахь х1ор умматах [къóмах] цхьа тóба схьагулйийр ю Оха , Тхан áйаташ харцдечáрех [йолу] . Уьш [т1аьхьара] лоьхкур [тоьттур] бу .
84.Уьш [хьéсапе] д1акхаьчча , Цо [Дáла цаьрга] элира :»Ашa [х1унда] харцдира Сан áйаташ [билгалóнаш] , шаьш цéран гуобинá бóцуш хаарца [довзарца] ? Йа [шайга омaр динчуьнах] х1ун деш дара шу ?»
85.[т1аккха 1áзапан] Дош [хьакъ хилла] т1едуьйжира цаьрна , зулам дарна цара . Уьш бист ца хуьлу [дала жоп ца хиларна] .
86.Царна ца гина ткъа , баккъалла а Оха царга шéна чохь сада1ийта [бóдане] буьйса яр [кхоллар] а , [шайн г1уллакх дан] гуш [сирла] де дар а ? Баккъалла а цу [кхолларна] чохь билгалóнаш ма ю [Дéлах] тéшачу къóмана [нáхана] .
87.[Исрáпил малийко шен] Зурманчу «х1уп» — óлучу дийнахь , стигаланашкахь а , лаьттахь а [мел] дерг [кхéраделла] 1áдийра , шá Аллах1ана [кхéра ца валийта] лиънарг вóцург . Массó а баьхкира Цуна [хьалха] муьт1ахь хилла [хьастабелла] .
88.[оцу хéнахь] Хьуна го и лаьмнаш , [даккхий хиларна] хьайна шаьш севцина [лаьтташ] хéташ [моьттуш] , ткъа уьш лéлаш ду [мох баьлча] марха ма-леллара [чехка] . Аллах1ан болх [кхоллам] бу [и] , Шá массó а х1ума говза [кхáчаме] динчу . Баккъалла а Иза , хууш ву ашq дийриг .
89.Шá [оцу къематдийнахь] диканца веанарг [милла велахь] , цуна [бéкхамна] цул диканиг [хир] ду . Уьш 1áдóрах [кхéрамах] оцу дийнахь маьрша [хир] бу .
90.Шá вонца веанарг , цéран яххьаш [уьш] ц1ерга тийсина [эгийна] . «Шуна бéкхам бой ткъа ашa [дуьненахь] деш хилларг [бахьанца] бен ?»
91.Баккъалла а соьга [Дáла] омaр дина , х1окху [Макка] шахьаран Дáлла 1ибáдат дарца , Шá и [вóчух] йихкина волчу . Цуьнан [дóлахь] ду массó а х1ума . [иштта] Соьга [Цó] омaр дина бусулбанех хиларцá а ,
92.ас Къуръáн дéшарцá а . Ткъа шá нисвелларг , баккъалла а шен дéг1ана [шéна] нисло . Ткъа шá [нийсачу новкъах] тилларг [милла велахь] , ахьa [цуьнга] áла :»Баккъалла а со [деккъа] д1ехьéдечáрех [кхерамтосучáрех] ву».
93.Ахь áла :»Хастам бу Аллах1ана . Цо шуна гойтур ю Шен билгалóнаш , [т1аккха] шуна евзар ю уьш . Хьан Дéла ма вац ашa дечух чидам бóцуш [и ца хууш]».
12.11.2006