button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

26 — Сурат Ашшу1арáъ

26 — Сурат Ашшу1арáъ [Илланчаш] [Маккахь доьссина ‚ 227 аят ду]

Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу

1.Т1ó- сúн-мúм [Аллах1 т1ех дика хууш ву Шéна цáрех луург] .
2.Х1орш — билгалчу [харц-бакъ гучудоккхучу] жайнан [Kъуръáнан] áйаташ ду .
3.Хьо [Мухьаммад] хьан дег1 къиза хьийзош [дуьйш] хила тарло уьш [Дéлах тéшаш] муъманах ца хиларна [г1айг1анна] .
4.Тхуна [цáра имдилла] лиъча , Оха цаьрна т1е стиглара [цхьа] билгало йоссор яра , т1аккха цéран [кортойн] вортанаш лаьттар яра [хьастаелла] охьатаь1на .
5. Къинхéтамечуьнгара керла хьéхам ца бóг1у цаьрна , уьш цуьнах [юхá а] д1абирзина хиллá бен .
6.Бакъдолуш харцбира цáра [и хьéхам , цундела] цаьрна дóг1ур ду уьш шех цабéшаш [кхаьрдаш] хиллачуьнан хаамаш .
7.Лаьтте ца хьаьвсина уьш , хийла [мел] кхиийна [дáлийтана] Оха цу т1ехь массó а лéрамечу [тоьллачу óраматийн] тайпанах ?
8.Баккъалла а цуьнгахь билгало ма ю . Цáрех дукхахберш бáцара [Дéлах тешаш] муъманах .
9.Баккъалла а хьан Дéла , Иза ма ву [керстанера ч1ирэцарехь] нуьцкъал [сийлахь] , [муъманáхаца] къинхетаме .
10.[хьахаде Мухьаммад] Хьан Дáла кхайкхира Мусáга :»Хьо г1yo зуламéчу къóмана т1е ,
11.Фир1авнан къóмана т1е . [Дéлах] Ца кхоьру те уьш ?»
12.Цо [Мусас] элира :»Х1ай сан Дéла ! Баккъалла а со кхоьру цáра со харцварна .
13.[т1аккха халахетта] Сан кийра гатлур бу , сан мотт бист хир [керчар] бац . Х1áрон волчу [пайхамараллийца Жабрáил-малик] дахийтахь .
14.Цéран [стаг вéран] къа ду суна т1ехь . [цундела] Со кхоьру цáра со [цунна дуьхьал] верна».
15.Цо [Дáла] элира :»Х1ан-х1á [ма кхéра] ! Шу шиъ г1yо Тхан áйаташца [билгалóнашца] , баккъалла а Тхо шоьца [хир] ду , [шоьга] ладýг1уш».
16.Фир1авн волче г1ой , ашa шимма цуьнга áла :»Баккъалла а Тхо 1áламийн Дéлан хабар [дохьу элчанаш] ду .
17.Тхоьца бахкийта Исрáилан к1ентий [бéраш]».
18.Цо [Фир1авнас] элира :»Оха ца кхиийра хьо тхайна юккъехь [хьо жима] бер долуш ? Хьо [вéхаш] 1ийра тхýна юккъехь хьан оьмарх шерашкахь .
19.Ахьa шá дин долу [стаг вер] хьан г1уллакх а дина ахьa . [сан диканна] Баркалле вац хьо».
20.Цо элира :»Асa дина и [къа] цу хéна со тиллачáрех [и ца магар цадевзачáрех] волуш .
21.Со ведара шоьх , со шоьх кхéравеллачу хéна . Т1аккха сан Дáла суна 1илма [хаар , пох1мá] а делира , со гéланчех [элчанех] а вира .
22.И зовкх [дика] ду ахьa суна шá деш дерг , Исрáилан к1ентийх [бéрех] айхьа [хьайна] лайш бина .
23.Фир1авна элира :»Мила ву [И хьо ваийтина] 1áламийн Дéла ?»
24.Цо [Мусас] элира :»[Иза] Стигланашин а , лаьттан а , цаьршинна юккъехь [мел] долчуьнан а Дéла ву . [Цó уьш кхолларх] Шу догтешна делахь [имдилла Цуьнца]».
25.Цо элира шена гóнаха болчаьрга :»Шуна ца хеза [цо дуьйцург] ?»
26.Цо [Мусас] элира :»[Иза] Шун Дéлá а , шун хьалхарчу дайн Дéлá а [ву]».
27.Цо [Фир1авнас] элира :»Баккъалла а , шоьга ваийтина волу [и] шун элча хьéраваьлла [хьекъалза] ма ву».
28.Цо [Мусас] элира :»[Иза] Малхбáленан а , малхбузéнан а , цаьршинна юккъехь [мел] долчуьнан а Дéла ву . Шу хьéкъале делахь [имдилла Цуьнца]».
29.Цо [Фир1авна] элира :»[Дéлóра] Ахьa со вóцург [кхин] дéла лаьцнехь , асa хьо тутмакхашех [набахти чубоьхкинчарех] вийра ма ву».
30.Цо [Мусас] элира :»Со хьуна билгалчу х1уманца [тоьшаллийца] веанеххьай ?»
31.Цо [Фир1авнас] элира :Схьадá [схьагайта] и [тáмашийна дерг] , хьо бакълуьйчáрех велахь !»
32.[т1аккха] Шен 1áса охьатесира цо , ткъа и [1áса хилира] билгала [боккха] лаьхьа [тéкхарг] .
33.Шен куьг схьадаьккхира цо [шен чоьтара] , ткъа и [куьг хилира] шурул-к1айн [нуьрех лепаш гуш] ду хьоьжучаьрна .
34.Цо [Фир1авнас] шен гóнаха болчу элашка элира :»Баккъалла а х1ара [Муса] вуно говза бозбуанча ма ву ,
35.шен бозбуанчаллийца шу шайн лаьттара [махкара] áрадаха лууш . Х1ун [дарца] омaр [хьéхар] до ашa [соьга] ?»
36.Цáра элира :»[жимма] Т1аьхьататтахь изá а , цуьнан вашá а . Хьовсабéхьа шахьаршка [бозбуанчаш] гулбийраш ,
37.уьш бóг1ур бу хьуна массó а т1ех говзачу бозбуанчийца».
38.Бозбуанчаш гулбира билгалчу [массарнá а девзачу] дийнан [йилланчу] хáнна .
39.Нáхе элира :»[дерриге] Схьагулделлий шу ?»
40.Вай бозбуанчашна т1аьхьадáза [т1аьхьах1итта] мега , [нагахь Мусана т1ехь] тоьлларш уьш хилахь».
41.Бозбуанчаш баьхкича [схьакхаьчча] , цáра Фир1авне элира :»Баккъалла а тхуна ял [хир ма ю] юй [нагахь] тоьлларш тхо хилахь ?»
42.Цо [Фир1авнас] элира :»Х1аъ [ю] . Баккъалла а шу , т1аккха [суна] гергаоьзначех [гергардинчех хир] ма ду».
43.Мусас цаьрга элира :»Охьатаса [и] шá аш охьатосург !»
44.Шайн машшаш [чуханаш] а , 1áсанаш [г1ожмаш] а охьá а тесна цáра элира :»Фир1авнан сийлаллóра , баккъалла а тхо ма ду тоьлур дерш».
45.[цул т1аьхьа] Мусас охьатесира шен 1áса , т1аккха цо [схьалóцуш] д1акхоллура [д1ахýдара] цáра [бозбуанчаллех] шá кхуллу харцо [моттарг1анаш] .
46.[оцу балхо] Бозбуанчаш [сихонца] гóра [сужуде] эгийра .
47.Цáра элира «Тхо тешна 1áламийн Дéлах —
48.Мýсан а , Х1áрунан а Дéлах».
49.Цо [Фир1авна] элира :»Цуьнах [мýха] тийши шу , асa шайна пурба далале ? Баккъалла а иза [Муса] шоьх воккханиг [коьртаниг] ма ву , шá шуна бозбуанчалла 1áмийна волу . [т1аьхьа] Хаар [гур] ду шуна [асa шайна дийр дерг] . [Дéлóра] Асa [хéдонне а] хéдор ма ду шун куьйгаш а , кóгаш а б1останéхьá , [Дéлóра] асa ж1арах [д1атохнé а] д1атýхар ма ду шу дерригé».
50.Цáра элира :»Зéне [х1уммá] дац . Баккъалла а тхо [эхартахь] тхан Дéле доьрзар ду .
51.Баккъалла а óха сатуьйсу [догдóху] Тхан Дáла тхан г1áлаташ [къинош] тхайна гечдаре , тхо [Мусах] тешначáрех хьалхара хиларна».
52.Оха [вахьйанца] Мусан дагчухьийхира :»Буса áравáла [Миср шахьар чуьра] Сан лайшца . Баккъалла а [Фир1авн шен эскарца] шуна т1аьхьавéра [волуш] ву».
53.Фир1авнас бахийтира шахьаршка [эскар] гулдийраш [шá óлуш] 54.»Баккъалла а х1орш к1еззиг [жима] ж1уга [тóба] ю .
55.Баккъалла а цáра вай дáр [оьг1азé] ма дина .
56.Баккъалла а вай дерригé сема [хила дéзаш] ма ду».
57.Оха áрабехира уьш бошмашкарá а , шовданашкарá [тáтолашкарá] а ,
58.хазнашкарá [бáхамашкарá] а , лéрамéчу [сийлахьчу] меттигéрá а .
59.Иштта , Оха [ирсана] йитира и Исрáилан к1енташна .
60.Цаьрна т1аьхьабоьвлира уьш [1уьйрана] садаьржаш .
61.Шина тóбана вовшийн гинчу хéна , Мусан нáкъосташа элира :»Баккъалла а вайна т1екхуьуш ма бу [уьшшам]».
62.Цо [Мусас] элира :»Х1ан-х1á [самагатде] !Баккъалла а соьца сан Дéла ву , со [нийсачу новкъа] нисвийр ву Цó».
63.Оха Мусан дагчухьийхира :»Хьан 1áса х1ордах тóха !» [аьлла] . [цо и тоьхна] Бéкъабелира и [х1орд шен] х1óр áг1о [йист] боккха лам санна [лекха] хилла .
64.Оха гергабáлийра цига вуьйш .
65.Оха к1елхьарбéхира Мусá а , цуьнца берш а [уьш] берригé .
66.Т1аккха хибуха бахийтира Оха вуьйш .
67.Баккъалла а цу [дийцар] чохь [хьéхаме] билгало ма ю [т1аьхьа бóг1учаьрна] . [амма] Цáрех дукхахберш [Дéлах] тéшаш [ма] бáцара .
68.Баккъалла а хьан Дéла , Иза нуьцкъал [сийлахь] , къинхетаме ма ву .
69.Дéша [дийца] цаьрна Ибрáх1иман хабар .
70.Цо шен дéгá а , шен къóме а элира :»Cтенна лолла [1ибáдат] деш ду шу ?»
71.Цáра элира :»Ц1уйшна лолла до оха , цаьрна [1ибадатна] д1ахиттина 1еш ду-кх [лаьтта-кх] тхо».
72.Цо [Ибрах1има] элира :»Ткъа хезий царна шу , ашa [шайга] кхойкхучу хéна ?
73.Я шуна пайда бой цáра [ашa шайна 1ибáдат дóра аьлла] , я [шуна] зен дой цáра [ашa шайна 1ибáдат ца дича] ?»
74.Цáра элира :»[х1ан-х1á] Мелхó а , тхýна тхайн дай карийна-кх шаьш иштта [из-за] деш [цундела охá а до-кх из-за]».
75.Цо [Ибрах1има] элира :»Шуна гиний и ашa [шéна] 1ибáдат деш хилларг ,
76.Ашá а , шун хьалхара [шира] дайш а ?
77.Баккъалла а уьш [шун дéланаш] сан мостаг1ий [ма] бу , 1áламийн Дéла вóцург ,
78.Шá со кхоьллина волу , Иза ву со нисвийриг ,
79.Иза ву Шá суна даá луш верг , мала луш верг ,
80.Со цомгуш хилча , Иза ву сýна г1óли йийриг [со тóвийриг] ,
81.Шá со кхалхóриг , цул т1аьхьа Шá со денвийриг ,
82.Шá сан г1áлат [къа] , бéкхаман дийнахь , суна гечдаре асa сатуьйсарг [догдóхург] .
83.[х1ай] Сан Дéла ! Лóхьа суна хьукма дар [хаар 1илма] , д1атóхахь [вéхьа] со [Хьан лайшха] дикачáрах .
84.Дéхьа суна т1аьхьарчарна юккъехь диканца хьахор [хаза ц1е яккхар].
85.Вéхьа со зовкхечу ялсаманин вéрасашха [дайшха].
86.Гечдéхьа сан дéна , баккъалла а тиллачáрех вар-кха иза .
87.Ма вéхьа со сийсаз уьш [нах] г1овтточу дийнахь .
88.Бáхамо а , к1енташá [бéрашá] а [цхьаннá а] пайда ца бечу дийнахь ,
89.шá ц1енчу [бехдаза] дагца Аллах1ан т1евеанарг вóцучунна».
90.[оцу дийнахь] Ялсамани гергайáлийра [Дéлах] кхоьручаьрна [кечйина] .
91.Жоьжахати гучуяьккхира 1éха [тила] беллачаьрна [цуьнан чам хаийта].
92.[т1аккха] Цаьрга элира :»Мичахь ду ашa [дуьнéнахь] шéна 1ибáдат деш хилларг ,
93.Аллах1 [1адда] витина ? Дой цáра шуна [тахана] г1о , я шайна [мукъане] г1о дой цáра ?
94.Цу [жоьжахати] чу [вовший] т1ек1ел юьхьарбиттира [кхийсира] уьш а , 1éха [мел] белларш [тилабелларш] а ,
95.[иштта] Иблийсан эскарш а — берригé .
96.Цáра элира , шаьш цу чохь [ц1уйшца] къийсалуш :
97.»Аллах1óра , Баккъалла а тхо билгалчу тиларехь ма хилла ,
98.оха шу 1áламийн Дéлаца нисдечу [тардечу] хéна .
99.Тхо [бакъóнах] тилийна [ма] дац , къадечáра бен .
100.Тхан бац [шафá1атна] т1ех1уьттарш а ,
101.вац [тхоьца бáла болуш гергар] хьоме доттаг1 а .
102. Баккъалла а тхан цкъа [дуьненчу] юхадерзар делхьáра , [т1аккха имдиллана] тхо [Дéлах] тешначáрех хир дара».
103.Баккъалла а цу [хьахийна] чохь билгало ма ю [ойлаечунна] , [делахь а] цáрех дукхахберш [Дéлах] тéшаш бáцара .
104.Баккъалла а хьан Дéла , Иза [сийлахь] нуьцкъал , къинхетаме ма ву .
105.Харцбира Нýхьан къóмо [Дéлан] гéланчаш .
106.Цéран вашас — Нýхьас цаьрга элира :»Шу [Дéлах х1унда] ца кхоьру ?! 107.Баккъалла а со шуна тéшаме элча [ма] ву .
108.Кхéра Аллах1ах , хила сýна муьт1ахь .
109.Асa ца йоьху шоьга цу т1ехь [сайна] цхьá ял [сá] . Сан ял ма яц 1áламийн Дáлла т1ехь бен .
110.Кхéра Аллах1ах , хила суна муьт1ахь .
111.Цáра элира :Тхо хьоьх [мýха] тéша , хьуна т1аьхьах1иттанарш [уггар] г1аддайнарш [дéкъазнаш] хилча ?»
112.Цо элира :»Соьгахь х1ун хаар ду цáра деш [лéлош] хиллачунца ?
113.Цéран хьéсап [дар ма] дац , Сан Дáлла т1ехь бен . Шуна [и] хаалахьáра [ларлур дара шу] .
114.Со ма вац муъманах [сайха] лелхор [къахкор] болуш .
115.Со ма вац , билгала д1ахьéдархо [кхéрамтасархо] бен».
116.Цáра элира :»Х1ай Нýхь ! [Дéлóра] Хьо [хьан кхайкхамах] ца сацахь , [шайна] т1улгаш диттанчáрех [човхийначáрех] хир ма ву хьо».
117.Цо элира :»Х1ай сан Дéла ! Баккъалла а сан къóмо харцви со .
118.Кхел éхьа сунá а , царнá а юккъехь . К1елхьарваккхахь со а , муъманáхех соьца [мел] верг а».
119.Оха к1елхьарваьккхира изá а , шá цуьнца [мел] верг а [дийнатех] доьттинчу [дуьзначу] х1ордкéманахь .
120.Цул т1аьхьа Оха хибухабахийтира бисанарш .
121.Баккъалла а цу [хьахийна] чохь билгало ма ю [ойлаечунна] , [делахь а] цáрех дукхахберш [Дéлах] тéшаш бáцара .
122.Баккъалла а хьан Дéла , Иза [сийлахь] нуьцкъал , къинхетаме ма ву .
123.Харцбира 1áдаша [Дéлан] гéланчаш .
124.Цéран вашас — Х1ýдас цаьрга элира :»Шу [Дéлах] ца кхоьру [ткъа] ?!
125.Баккъалла а со тéшаме элча [ма] ву шуна .
126.Кхéра Аллах1ах , хила суна муьт1ахь .
127.Асa ца йоьху шоьга цу т1ехь [сайна] цхьá ял [сá] . Сан ял ма яц 1áламийн Дáлла т1ехь бен .
128.Ашa [х1унда] йýг1у х1ор гу [бáрз , нéкъа] т1ехь [г1ишлóнах] билгало [цуьнга хьашто йоцушехь] шаьш [эрна] ловзуш ,
129.б1аьвнаш [г1áланаш х1итта] йо ашa , шаьш [ца леш] гуттар латтаре догдóхуш ,
130.шаьш ка тоьхча [та1зар дича] , къиза [къинхéтамаза] ка туьйхира ашa ?
131.Кхéра Аллах1ах , хила суна муьт1ахь .
132.Кхéра , Шá шуна [зовкхашха] девзариг деллачух .
133.Цо шуна делла даьхни [хьайбанаш] а , к1ентий [бéраш] а ,
134бошмаш а , шовданаш [тáтóлаш] а .
135.Баккъалла а со кхоьру шуна т1ехь [х1уттур долчу] доккхачу дийнан 1áзапах».
136.Цáра элира :»Цхьатерра ду тхуна , ахьa [тхуна] хьéхам бичá а , я хьéхам бечáрех хьо ца хилчá а .
137.Х1ара [ахьa дуьйцург] ма дац , хьалхалéрчийн [харцо кхолларан] г1иллакх [лáмаст] бен .
138.Тхуна ма дац [цхьá] 1áзап дийра».
139.Цáра харцвира иза , т1аккха Оха х1аллакбира уьш . Баккъалла а цу [хьéхам] чохь билгало ма ю [ойла ечунна , делахь а] цáрех дукхахберш [Дéлах] тéшаш бáцара .
140.Баккъалла а хьан Дéла , Иза [сийлахь] нуьцкъал , къинхетаме ма ву .
141.Харцбина Самýдаша [Дéлан] гéланчаш .
142.Цéран вашас — Сáлихьас цаьрга элира :»Шу [Дéлах] ца кхоьру [ткъа] ?!
143.Баккъалла а со шуна тéшаме элча [ма] ву .
144.Кхéра Аллах1ах , хила суна муьт1ахь .
145.Асa ца йоьху шоьга цу т1ехь [сайна] цхьá ял [сá] . Сан ял ма яц 1áламийн Дáлла т1ехь бен .
146.Шу [шаьш] дуьтур ду [моьттуш ду] тов х1окху [зовкхехь] кхузахь [дуьнéнахь] маьрша ,
147.бошмашкахь а , шовданашкахь [тáтóлашкахь] а ,
148.ялташкахь а , шен ч1ениг ховха [экам] йолчу хурманашкахь а ,
149.лаьмнех ц1éнош цоьстуш [деш] а говза [дозаллийца] ?
150.Кхéра Аллах1ах , хила суна муьт1ахь !
151.Ма хила телханчéран [1áсаллехь т1ехбуьйлучéран] балхана мут1ахь ,
152.шаьш лаьттахь [баккхий] бóхамаш беш , диканиг ца деш болчу».
153.Цáра элира :»Баккъалла а хьо [ма] ву [хьайна] бозбуанчалла [г1óмалла] хиллачáрех .
154.Хьо [ма] дац тхоьга терра [долу] адам бен . Йáлайе [цхьа] билгало хьо бакълуьйчáрех велахь «.
155.Цо элира :»Х1ара стен эмкал ю , цунá а [хи] малар [дáкъа] ду , шунá а ду билгалчу дийнан малар [дáкъа] .
156.Цхьá вóниг ма дéлаш цунна , [аш и дахь] т1аккха доккхачу дийнан 1áзапо д1алóцур ду шу !»
157.[амма] Урс хьаькхира цáра цунна , [т1аккха] хилира уьш [шаьш динчуна] дохкобоьвлла .
158.1áзапо лéцира уьш . Баккъалла а цу [хьахийна] чохь билгало ма ю [ойлаечунна] , [делахь а] цáрех дукхахберш [Дéлах] тéшаш бáцара .
159.Баккъалла а хьан Дéла , Иза [сийлахь] нуьцкъал , къинхетаме ма ву .
160.Харцбира Лýт1ан къóмо [Дéлан] гéланчаш .
161.Цéран вашас — Лýт1ас цаьрга элира :»Шу [Дéлах] ца кхоьру [ткъа] ?!
162.Баккъалла а со шуна тéшаме элча [ма] ву .
163.Кхéра Аллах1ах , хила суна муьт1ахь !
164.Асa ца йоьху шоьга цу т1ехь [сайна] цхьá ял [сá] . Сан ял ма яц 1áламийн Дáлла т1ехь бен .
165.1áламашха [адамашха бéзамца] бóжаршна [х1унда] дóг1у [т1ег1ерта] шу ,
166.ашa [х1унда] дуьту шун Дáла шун зударех шайна [хьáнал] кхоьллинарг [магийнарг] ? Мелхó а , шу [шайн дастамаллехь , талхарехь] т1ехдаьлла къам ду».
167.Цáра элира :»Х1ай Лýт1 ! [Дéлóра] Хьо [айхьа дуьйцучух] ца сацахь , хир ма ву [махках] áрабаьхначáрех !»
168.Цо [цаьрга] элира :»Баккъалла а со шун 1амална гáмоне [áчоне] чáрех ма ву .
169.Х1ай сан Дéла ! К1елхьарваккхахь со а , сан доьзал а цáра лéлочух !»
170.[т1аккха] Оха к1елхьарваьккхира изá а , цуьнан доьзал а — берригé а ,
171.[х1аллак хила] бухбисанчарна юккъехь [йолу цуьнан] къéна зуда йóцург .
172.Т1аккха Оха х1аллакбира [бухбисана] вуьйш .
173.Оха цаьрна т1е делхийра [т1улген] дог1а . Ма вон [буьрса] дар-кха [шайна] д1ахьединчéран [кхерамтесначéран] дог1а .
174.Баккъалла а цу [хьахийна] чохь билгало ма ю [ойлаечунна] , [делахь а] цáрех дукхахберш [Дéлах] тéшаш бáцара .
175.Баккъалла а хьан Дéла , Иза [сийлахь] нуьцкъала , къинхетаме ма ву .
176.Боьлакан [варшан] дайша харцбира [Дéлан] гéланчаш .
177.Цéран вашас — Шу1айба цаьрга элира :»Шу [Дéлах] ца кхоьру [ткъа] ?!
178.Баккъалла а со шуна тéшаме элча [ма] ву .
179.Кхéра Аллах1ах , хила суна муьт1ахь !
180.Асa ца йоьху шоьга цу т1ехь [сайна] цхьá ял [сá] . Сан ял ма яц 1áламийн Дáлла т1ехь бен .
181.[терзан] Бáрам буьззина [кхоччуш нийса] д1алó , шу ма хила [терза] эшочáрех .
182.Нийсачу терзанца óза .
183.Ма эшайé нáхана цéран х1умнаш , ма лéла лаьттахула бóхамаш беш .
184.Кхéра Шá шу а , [шоьл] хьалхара халкъ [кхоллам] а кхоьллинчух».
185.Цáра элира :»Баккъалла а хьо [ма] ву [хьайна] бозбуанчалла [г1óмалла] хиллачáрех .
186.Хьо [ма] дац тхоьга терра адам бен . Баккъалла а тхуна хьо харцлуьйчáрех ма хетта .
187.Эгайé тхуна т1е [1áзапна] стиглара кескаш [аьхкаш] , хьо бакълуьйчáрех велахь».
188.Цо элира :»Сан Дéла т1ех дика хууш ву ашa дийриг [лéлориг]».
189.Харцвира цáра иза , т1аккха уьш д1алéцира бóдане [мархан] дийнан 1áзапо . Баккъалла а доккхачу дийнан 1áзап дара и .
190.Баккъалла а цу [хьахийна] чохь билгало ма ю [ойлаечунна] , [делахь а] цáрех дукхахберш [Дéлах] тéшаш бáцара .
191.Баккъалла а хьан Дéла , Иза [сийлахь] нуьцкъала , къинхетаме ма ву .
192.Баккъалла а и [Къуръан] , 1áламийн Дéлан доссор ма ду .
193.Тéшаме [Джабрáилан] са доьссина цуьнца
194.хьан даг т1е , хьо хилийтархьама д1ахьедечáрех [кхерамтосучарех] 195.билгалчу 1арбийн маттахь .
196.Баккъалла а и [Kъуръан хьахор] хьалхарчéран жайнашкахь ма ду ,
197.Исрáилан к1ентийн [жуьгтийн] 1éламнáхана и хаар , билгало ца хилла-те цаьрна [Маккий ох1лунна] ?
198.Оха и [Kъуръан 1арбой бóцуш] кхéчу къаьмнех цхьанна т1е а доссийна ,
199.цо цаьрна и дешча , [куралла йина] тéшар [ма] бáцара уьш цуьнах .
200.Иштта , Óха диллина и [харцдар] къадечéран дегнашчу .
201.Уьш ца тéша цуьнах [бакъдолчух] , лазош [долу] 1áзап шайна галлалц .
202.Ц1аьххьана дóг1ур ду цаьрна и [1áзап] , [шá дóг1уш] цаьрна хаá ца луш .
203.[т1аккха] Цáра [дохкобоьвлла] эра ду :»Вай [1áзапна к1еззиг] т1аьхьатоттий-те [имдуьллур дара вай] ?»
204.Тхан 1áзап сихдо цáра ?!
205.[дийцахь] Хьуна гирий , Оха цаьрга [дуккхá а] шерашкахь [зáманахь] зовкх хьегийтана ,
206.цул т1аьхьа [1áзапех] шайна ч1áг1ойеш хилларг цаьрна деача ,
207.уьш [цуьнах] хьалхабóхур ма бáцара шайга хьегийтана хиллачу зовкхо ?
208.Оха цхьá юрт х1аллак ма ца йина , цуьнан [юьртана баьхкина] д1ахьедийраш [кхéрамтосурш , элчанаш] болуш бен
209.[цаьрна] хьехамна . Тхо дáцара [уьш цул т1аьхьа х1аллакбарехь] зуламхой .
210.Ца диссана цуьнца [Kъуръанца] шайт1анаш ,
211.цаьрца дóг1уш [мегаш] дац [и] , [хилчá а] цéран ницкъ [ма] ца кхóчу [и дан] .
212.Баккъалла а уьш [шайт1анаш , охьадоссóчу Kъуръане] ладóг1арха гéнадаьхна [духатоьхна] ма ду .
213.Ахьa ма кхайкха Аллах1аца кхин цхьá дéла , т1аккха хьо [шайна] 1áзапдечáрех хир ву .
214.Д1ахьéдé [кхéрамтаса] уллерачу [юххерачу] хьан тайпане [ц1ийна нáхе] .
215.К1éда-мерза хила муъманáхех хьайна т1аьхьах1иттанчаьрца .
216.Уьш хьайна 1éса хилахь , ахьa [цаьрга] áла :» Баккъалла а со ц1ена ву-кх ашa дечух [лéлочух]».
217.Хьо т1етовжа нуьцкъалчуна , къинхетамечуна ,
218.Шá гушволчу хьо а , [лáмазна] хьо д1ах1уттучу хéна ,
219.хьан д1асхьахьéжар [хилар] а , гóрабахначарна юккъехь .
220.Баккъалла а И ву Иза хезаш верг , хууш верг .
221.Асa д1ахаийтий шуна шайт1анаш хьанна т1едуьссу ?
222.Уьш [дéра] дуьссу х1óр харцлуьйчунна , къадечунна т1е .
223.[малийкашка] Ладýг1у цáра [къайле хаархьама] , [делахь а] цáрех дукхахдерш харцлуьйш ду .
224.Илланчаш — цаьрна т1аьхьах1уьтту [шайн сонталлийна] 1ехабелларш [тилларш] .
225.Хьуна ца гина [ца хиъна] , баккъалла а уьш массó а [къамéлан] тóг1ехь кхерстар [сов бийлар] а ,
226.баккъалла а цáра шаьш ца дийриг [дина] áлар [дийцар] а ,
227.[цáрех] шаьш [Дéлах] тешнарш а , диканаш динарш а , [шайн къамелехь] Аллах1 дукха хьахийнарш а , [керстано маттаца] шайна зуламдинчул т1аьхьа [маттаца цаьрна т1ехь] тоьлларш а бóцурш . Шаьш зуладинчарна хуур [гур ма] ду , муьлхачу боьрзийле [чаккхене] шаьш боьрзур бу .

Comments are closed.