31 — Сýрат Лукъмáн
[Маккахь доьссина , 34 аят ду]
Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу
1.Алиф-лáм-мúм [Аллах1 т1ех дика хууш ву Цáрех Шéна луург] .
2.Уьш [х1орш] хьéкъалаллéчу жайнан áяташ ду .
3.[и] Нийса некъ а , къинхетам а [бу] дикадечаьрна .
4.Шаьш лáмазаш [х1итта] деш , закат луш , уьш бу уьш эхартах билггала тéшаш берш .
5.Уьш — шайн Дéлера нийсачу новкъа т1ехь бу , уьш бу уьш дéкъалхилларш [тоьлларш] .
6.Адамашха ву шá [дéзарца] синкъéраман къамел оьцург [хоржург] а , шéгахь доцчу 1илманца Аллах1ан [динан] новкъах [нáх] тилорхьама , [иштта] шá цáрех [áятех] кхаьрдарг а . Уьш — цаьрна сийсазбеш [долу] 1áзап [хир] ду .
7.Шéна Тхан [Къуръáнан] áяташ дешча , кураллайой [букътохе] д1авоьрзу иза , шéна уьш ца хезча санна , баккъалла а шен лергашчохь къоралла йолуш санна . Кхаъбаккха-ахь цуьнга лазόчу 1áзапца .
8.Баккъалла а , шаьш [Дéлах] тешна , дика 1амалаш йинарш , цаьрна зовкхе [ялсамани] бошмаш [хир] ю .
9.[шаьш] Гуттара а цу чохь [хир] болуш , Аллах1ан ч1áг1о [шеко йόцуш] бакъ ю , Иза нуьцкъал , хьéкъалаллé ву .
10.Стигланаш кхьоьллина Цо г1ортόлаш а йόцуш шуна шаьш гуш , лаьттах лекха лаьмнаш а доьг1на Цо и шуна [к1елахь] меттахцахьейта . Массό а куьцара дийнаташ а даржийна Цо цу т1ехь . Оха стиглара [дог1ун] хи а доссийна , [т1аккха] массό а хазчу кепара όраматаш а довлийтина цу т1ехь .
11.Х1ара Аллах1ан кхоллам бу , ткъа аша гайтийша Суна , х1ун ду Иза вόцучаьра шаьш кхоьллинарг ? Мелхό а , зуламхой билггалчу тиларехь бу .
12.[Дéлόра] Бакъдолуш , Оха белира Лукъмáнна [хьéкъале] кхéтам [хьéкъалалла] :»Аллах1ан баркалла áла , [ткъа] шá баркалла όлург , баккъалла а шен дéг1ана баркалла όлуш ву . [ткъа] Шá керстаннала динарг [милла велахь , цуна шéна ду и] , баккъалла а Аллах1 [халкъé] хьаштвόцург , хастамениг ву».
13.[хьахаде] Лукъмáна шен к1анте элира , шá цуна хьéхам беш :»Х1ай сан жима-к1ант ! Аллах1аца дéкъахо ма вéлахь ! Баккъалла а [Цуна] дéкъаховар [уггар] доккха зулам ма ду».
14.Адаме шен дéца-нéнаца [дика хиларца] весет дира Оха . Нáнас [шен кийрахь] лéлийра иза халонна т1е а [шéна] хало хуьлуш , [ткъа] иза [декхчуьра] д1акъастар шина шарчохь ду». Сунá а , хьайн дéна-нáннá а баркалла áла , Соьга ду [хьан] верзар .
15.Цаьршимма хьо Сýна дéкъаховарна т1етовжавахь , хьан шех дерг хаар дόцучуьнца , [т1аккха] цаьршинна муьт1ахь ма хила хьо . [амма] Дуьнéнан дáхарехь цаьршинца дика [оьзда] хилалахь . Дохко ваьлла соьга вирзанчуьнан некъ лáцалахь , цул т1аьхьа шун дерзар Соьга ду , т1аккха Аса д1ахоуьйтур ду шуна аша деш хилларг».
16.»Х1ай сан жима-к1ант ! Баккъалла а и [дика-вон] хилча [цхьана] к1оллин буьртиган бáрамехь жима , [т1аккха] и тархах , я стигланашкахь , я лаьттах [хьулдина] хилча , Аллах1а гучудоккхур ма дара и . Баккъалла а , Аллах1 [х1уманна] т1екхуьуш , [цуьнах дерг] хууш ву .
17.Х1ай сан жима-к1ант ! Лáмаз [х1отта] делахь , диканца девзинчуьнца омар дéлахь , вόчух [нах] юхатόхалахь , хьайна хуьлучу халонна сόбаре хилалахь , баккъалла а и [хáдош ч1аг1дина] т1едихкинчу белхашха ду .
18.[къамелехь] Хьайн бесни [кураллийца] нáхах д1амаерзаéлахь . Хьо ма лéлалахь лаьттахула дозаллийца . Баккъалла а , Аллах1ана ца вéза [хьýна] массό а [шех] тáмаш бийриг , доззалла дийриг .
19.Хьан бόлар дай дéлахь , хьан áз лаг1дéлахь [г1елделахь] , баккъалла а аьзнашха т1ех ирчаниг варрашин áз ма ду».
20.Шуна ца гира [цахиира] , баккъалла а Аллах1а стигланашкахь [мел] дерг а , лаьттахь [мел] дерг а шайна муьт1ахь дар ? [иштта] Шайна [Цо] кхоччуш шорта дар гуш [девзаш] а , къайлах [ца девзаш] а долу зовкхаш . Адамашха ву шá къуьйсург Аллах1ан хьокхехь [шéгахь цхьá] 1илмá дόцуш , [я элчанера] нийса некъ бόцуш , [я т1етовжа] нуьре жайнá а дόцуш .
21.Цаьрга аьлча :»Аллах1а [элчанна т1е] доссийначуна т1аьхьах1итта» , цáра элира :»Мелхό а , тхан дай шéна т1ехь тхайна карийначуна т1аьхьах1уьттур ду тхо». [Аллах1а элира] «Шайт1ано шаьш жоьжахати 1áзапе кхойкхуш хиллехь а [цунна т1аьхьах1уьтту уьш] ? »
22.Шá шен юьхь [доггах] Аллах1ан [1амал ярна] т1еерзийнарг [милла велахь] , шá дикадеш волуш , бакъдолуш иза тасавелла ондачу [хéдар боцчу муьшан] шедах , [цéран] белхийн [1амалийн] т1аьхьé [дерзар] Аллах1е ю .
23.Шá керстаналла динарг [милла велахь] , хьо [Мухьаммад] г1айг1ане ма войла цуьнан керстаналло , Тхоьга ду цéран берзар , т1аккха Оха д1ахоуьйтур ду цаьрна шаьш динарг . Баккъалла а , Аллах1 [цéран] кийранашкахь дерг вуно дика хууш ву [хьуна] .
24.[дуьнéнахь] Жимма зовкх хьогуьйтур ду Оха цаьрга , т1аккха [эхартахь] к1оршаме [шόга] 1áзапе бáлор бу уьш .
25.[Дéлόра] Ахьа цаьрга хаьттича :»Хьá кхоьллина стигланаш а , латтá а ?» , цáра áлнé а эра ма ду :»Аллах1а [кхоьллина]». Ахь áла :»Хастам бу Аллах1ана». Х1еттé а цáрех дукхах болчаьрна [и хаам] ца хаа .
26.Аллах1ан [дόлахь] ду стигланашкахь а , лаьттахь а [мел] дерг . Баккъалла а , Аллах1 — Иза [х1умане] хьаштвόцург , [Шéна] хастам берг ву .
27.Баккъалла а лаьттахь мел долу дитт къόламаш долуш , [ткъа] х1орд [шéкъана метта хилча] шел т1аьхьа ворх1 х1ордо [шéкъанца] совбоккхуш [дéбош] болуш , Аллах1ан дешнаш [цаьрца яздарх] кхáчор ма дáцара , баккъалла а Аллах1 , нуьцкъал , хьéкъалаллé [ма] ву .
28.Шун [массéран] кхоллар дац , [я ден дина] шун г1овттор дац , цхьа са [кхоллар] санна бен . Баккъалла а , Аллах1 хезаш , гуш ву .
29.Хьуна ца гина [ца хаа] , баккъалла а , Аллах1а буьйса [цуьнах цхьа кийсак] дийнан чуйоллар [и де дáхдеш] , де [цуьнах цхьа дáкъа] буьйсанна чудоллар [и буьйса яхйеш] , [иштта] малх а , бутт а [шуна] муьт1ахь [пайден] бар , [цаьршинах] х1ор а [Дáла] ц1етоьхначу хáнналц лéлар а , баккъалла а Аллах1 аша дийриг хууш хилар а .
30.И [хьахийнарг] баккъалла а Аллах1 — Иза [шéко йόцуш] хьакъ [бакъ] хилар а , баккъалла а Иза 1аддавитина цáра [лоллана] кхойкхург харц хилар а , баккъалла а Аллах1- [ницкъехь] Иза т1ех лекха , воккха хилар [ч1аг1деш] ду .
31.Хьуна ца гина [ца хаа] , баккъалла а х1ордкéма Аллах1ан зовкхаца х1ордахула лéлар , Шен [ницкъ хиларан] билгалόнаш Шá шуна гайтархьама , баккъалла а цу чохь билгалόнаш ма ю массό а [халонна] т1ех сόбаре , [зовкхана] баркаллé волчунна .
32.[х1орд ловзабаьлла] Лаьмнаш санна [лекхачу] тулг1ийно шаьш хьулбича , доггаха Аллах1е [цхьаьнга] кхайкхира цáра , [ткъа] Цо шаьш лаьтте к1елхьарбаьхча , цáрех ву [нисваларехь] г1éхьаллехь верг . Тхан билгалόнаш юхацатýху массό а вунό ямарт , ч1όг1а керста волчо бен .
33.Х1ай адамаш ! Шайн Дéлах кхéра ! Дáс шен доьзалхочуна [бáлех х1уммá] хьалхадоккхур доцчý а , доьзалхочо шен дéна [бáлех] х1уммá хьалхадоккхур доцчý а дийнах ларлό [кхéра] ! Баккъалла а Аллах1ан ч1áг1о бакъ ю [шуна] , [цундéла] шу 1éха ма дойла дуьнéнан дáхаро , шу 1éха ма дойла Аллах1аца [Цуьнан къинхéтамца] 1éхочо [шайт1ано] .
34.Баккъалла а Аллах1 , Цуьнгахь ду [къéматде х1оттар] сахьт [маца ду] хаар . Цό доуьйту дог1у . Цуна хаа кийранашкахь [долчу синойх] дерг . [цхьанá] Сина ца хаа шá кхáна х1ун лéлор ду , [цхьанá] сина ца хаа шá муьлхачу лаьттахь [махкахь] лийр ду . Баккъалла а Аллах1 т1ех дика хуург , [г1όли] девзарг ву .
17/11/2015